Читать «Лаьмнаша ца дицдо» — Магомет Абуевич Сулаев онлайн
Страница 4 из 6
– Ха-а!.. Ганза мел дукха хан йара!.. Марша вогIийла… Ахь хIун леладо? – хаьттира Тавсолтас, шен цуьнга боцу безам ца гойтуш, кIедочу озахь.
– Делан дуьхьа, Тавсолта, хьо Делах тешаш стаг а вара, ас доьху хьоь, цхьаьнгга а ма хьахадахьара ахь со хьайна кхузахь гар: лаьцначуьра ведда вогIу со, со лоьхуш тIаьхьабевлла а бу. ХIинца дIалачкъа меттиг оьшура… Ца хаьа хьуна бегIийло меттиг?
– Хаац, дера-кх! Карор йара иза-м! – аьлла, Тавсолтас кхин тIе ца лецира Тойсум. Сихха йоьду и машен, Тойсуман охьаэккхан аьтто беш, жимма соцунгIа хилар шеконе лецира Тавсолтас.
– ХIа, со ваха! – аьлла, Тойсум йуьрта йистехула хьуьн чу дIатаьIира.
Тавсолтас, цунна тIаьхьа а хьоьжуш, ойла йора: «Баккъал и лаьцна а ма вара, итт шо хан а тоьхна, амма хIинца цуьнан леларан кеп, и веддачух тера йоцуш, цхьана куьцанна цо хIитточух тера а ма йу… Райкоме дIа ма кхаьчча, Далхьаде-м дуьйцур дара ас иза», – бохуш, Тойсумах шена мел хуурш хIинца дерриш духа дагалоьцуш вогIура Тавсолта.
* * *
Тавсолтас цунах дуьххьара тамаш бинарг дара, I929-чу шарахь, дукха хан йоццуш да велла, ша висинчу Тойсума хIетахь, йуьртахойн гуламехь, шен ден вешех Албастах кулак веш куьг айар. Албаст, болх бан хууш, латта а девзаш, дика ахархо вара, Тойсуман къеначу дена дуккхаза a гlo дина а волуш. Цул тIаьхьа Тойсума, комсомоле а ваьлла, кхин а чIогIа дакъалецира колхозаш йохкуш а, кулакаш йуккъера дIабохуш а.
Тавсолтина дагадогIу: цкъа хьалха, баккъал а кулакех тера волу, иттех гомаш а, ворхI йетт а болуш, эвла йисттехь шенна веха Хьаьрмий, йуьрта йуккъехь, хIинца сельсовет йолчохь, шен туька а йолуш, хилла Бахаттий кулакаш биначул тIаьхьа, йуьртахь кхин кулак ван тамехь цхьа а вацара. Амма Тойсума а, и санначара а хIетахь, Сталинан кхайкхам кхочушбеш, «кулакаш» бу бохуш, шайн сискалх бехира «середнякаш» а. Колхозе бовла резабоцчу къехойх а бира кулакаш, «кулакийн цIонганхой» аьлла, цIерш а техкина. Дукха хан йалале, цу йуьртахь латта дикаха девзачех ах гергга ахархой, кулакаш бу аьлла, бахамах а, йуьртах а бехира. Йурт хьалхачул къийелира, ахархойн дог ийшира: итт шо а ца даьллера цара, латтане сатуьйсуш, иза къуьйсуш, деникинхошна дуьхьал цIечу байракха кIел, Советан Iедал доккхуш, тIом бина, эххар толам а баьккхина, Ленинан партис халкъана и латта делла а. Амма Сталинна хиира иза кестта халкъера йуха дIадаккха, дерриге халкъах шен йалхо а веш. Иза Сталина кхочушдира Тойсум санна болчарна тIе а тевжина.
Ткъа муьлш бара хIетахь йуьртахь Тойсум санна берш? Къехошна йуккъехь а дукха бара, цхьацца бахьанашца де эшарна, къахьега тIера а болуш, амма, аьтто ца нислуш, кIелбиснарш. Делахь а царалахь кхин тайпа а дара: болх бан цахаарна йа и доггах бан мало йарна къийбелла, оцу хьолах а боьлла, и хийца а ца гIерташ, иштта дIа бехарш.
КхоалгIа тайпа а дара – ТойсумгIар: керлачу замано шайна лучу аьттонех кхетта, цунна тIе а тевжина, амма цунна шаьш хьанал а боцуш, ма-хуьллу цунах шайна пайда оьцуш, цуьрриг а кхечарна шайх зулам даларх эхь а ца хеташ. Ишттачара, шаьш башха къа а ца хьоьгуш, Iедалан некъ дIакхоьхьу а бохуш, катоьхнна шайн гIуллакх дора хIетахь.
Тавсолтина дагадогIу: билггал ишттачийн аьтто беш мур бара и, хIетахь Ленинан некъ а хийцина, Сталина йукъабаьккхинарг. Ша йайтинчу коллективизацех а кхачам ца хуьлуш, Сталина кестта хIетахь «сплошной коллективизаци» кхайкхийра. ТIаккха Тойсума, йа къехой а, йа шен тайпанхой а ца кхоош, шена мел цавезарг, кулак а веш, ондда дIайаьхьира йуьртахь «сплошной коллективизаци» а. Тойсум «принципиальни» белхахо ву аьлла, кестта парте ийцира, йуьртда а вира. ХIинца иза кест-кеста НКВД-чу оьхуш а хаалора нахана. Цунна дуьхьал ваьлларг чувуллура йа балхах вохавора. Цунна хIума аларх а ларлора нах. «Сексот» боху цIе, цхьанна а гуш йоцуш, Тойсуман букъа тIелетира кестта. Тавсолтина дагадогIу, ша тIаьхьо Далхьаде хаьттичахь хIун ду и «сексот» бохург? – «къайлаха гlo дийриг» – ву цо аьлла.
– Хьанна до-те цо гlo? Нахана-м зуламаш ма до цо, – элира Тавсолтас.
– Iедална… Хьавха… НКВД-на, – къорра дIахадийра и къамел хIетахь Далхьада, ша а оцу гIуллакхна резавацар гIеххьа схьакъажош.
И тайпа «къайлаха гlo дийраш», миччахь а тосабелча, уьш кхахьпанел а боьха хеташ, ма-хуьллу царех ларлора нах.
Хьаькамаллехь берш а къаьхкара царех: уьш царна а кхераме бара. «Мотт беттарш» аьлла, и кхардаме цIе а тиллира ишттачарна халкъо, шена царех гlo ганне а ца го дела. Амма цу тайпана «къайлаха гIодийраш» – «мотт беттарш» – шен халкъана йуккъехь Сталина шуьйрра баржор дара иза халкъах цатешар гойтуш: Ленин веллачул тIаьхьа ша йукъадаьккхинарг халкъана деза хIума доцийла шена а хаьара цунна. Ленина кхоьллина йолу халкъан пачхьалкх, халкъах а йаьккхина, цунна дуьхьал йерзийра Сталина, цундела и тайпа «къайлаха гIодийраш» Сталина халкъана йуккъехь а, пачхьалкхан маьхькамашлахь а тIех шуьйра баржор, халкъан дуьхьа а доцуш, мелхо а, халкъана дуьхьал дара, и халкъ Сталинан буйнахь латто аьтто беш. Амма халкъана и моттбеттарш ца оьшура.
Баккъал аьлча, халкъан йолчу пачхьалкхехь халкъана дуьхьал цхьамма дийриг, цунна гучу а ца долуш генна дIагIойла а дац, халкъан гIорто ша халкъ хиларна, Ленина и ма-аллара.
Ширачу Египтехь, Римехь, ГIажарийн имперехь, Паччахьийн Россияхь, массо а халкъа йоцчу пачхьалкхашкахь цундела Iедалхоша баржош а хилла и тайпа моттбеттарш шайн халкъана йуккъехь. Цундела Гитлера а, цунах терачу вайзаманахьлерачу кхечу диктаторша а шайн пачхьалкхашкахь вайн заманахь а шуьйрра дIахIоттийра и гIуллакх. Амма массарел а чIогIа, массарел а шорта и гIуллакх шен махкахь дIахIоттийнарг Сталин вара: цо йоьттира шен пачхьалкх сексотех, царех халкъана дуьхьал гIорто йеш, адамаш вовшех цатешарх пайдаоьцуш. Цундела халкъана кIорггера ца безара моттбеттарш. «Дош дацар-кха уьш берриш а лаххьийна дистина доьдучу хиэ ца бахьийтича», – олура Тавсолтас а, царах къамел ма-тасаделли.
Амма Сталинна а, цуьнан коьрта гIорто хилла дIахIоьттинчу НКВД-на а чIогIа оьшура уьш: царна тIе а тевжина латтадора Сталина шен карахь Iедал. НКВД-ссий, и моттбеттачарий гlo дира Сталинна парти шена кIелхьаша а. Цундела Сталина, гарехь, церан а аьтто бора.
Тавсолтина дагадогIу, «сплошной коллективизаци» дIахьош, Тойсуман кхин а майравалар: шеца накъостий а оьций, хьеннан а чу воьдий, цIийнах хьожура, карийна йалта «пачхьалкхана» дIахьора, «совнаха бежана» колхозна дIадуьгура, тIечехара, луъу стаг, лоций, дIавуьгуьйтура. Тойсумна дуьхьал наха оьхуьйтучу аьрзнех а хIума ца хуьлура. Нах Iадийча санна бисира. Тойсума байира цу йуьртахойн Советан Iедале болу тIаьххьара безам. Iедалх а наха дог диллира хIинца.
Тавсолтина, хIинца ша вогIуш, цIеххьашха дагадеара: оццу муьрехь шега цкъа сельсовете кхайкхар. Xlapa а волуш, хIетахь кхеташо йира Тойсума, колхозехь цу шарахь, докъар а ца тоьъна, хIаллакьхилла даьхни йуьртахошкара, хьаьнгара мел, xIун схьайаьккхина меттахIоттаде вай, аьлла.
– Хьуна хIун хета, Тавсолта? – аьлла, Тойсума хIиллане бIаьргаш кхунна тIедуггIушехь, чохь инзаре тата делира, коран рама дIакхоьссира, стол харцийра, чу кIур хIоьттира, нах аркъалъийгира. Амма, цхьадика, цхьа а ца лазийра, кегаберса чкъуран чевнаш хилар доцург.
Хилларг теллича: цхьамма-м, хIорш чу а гулбалале, хьалххехь, кхеран стол кIел чуьйна гIуммагIа йиллина хиллера, тоьпамолханах йуьзна, чу чаччамаш а ца йохкуш, пенан кIелдIахула арахьа даьхьна чимчаргIа а долуш. Гарехь, иза арахь лата а дина, дIавахнера зуламхо, xlopш чугулбеллачул тIаьхьа. Тойсума оцунах а шена пайда ийцира. Цу сохьта кехат дахьийтира НКВД-е: «Йуьртахь Советан Iедална дуьхьал кечбеш кулакийн гIаттам бу. Сельсоветана чохь бомба а эккхийтина. Оцуьнан тхан шеконехь берш хIорш а бу», – аьлла, шена ца везачу исс йуьртахочун цIерш тIейазйина кехат къайллах дIаэцна вахийтира цо пхийтта шо кхаьчна волу ден вешин кIант Эмин. Тавсолтина дагадогIу: сатоссуш йуьрта НКВД-н бIо беана. Шиъ лецира. BopxI, шаьш хоьттийла а хиъна, ведда, ЧIап-ломан хьехахь дIалечкъинера. НКВД-ерчу эскархоша, уьш болу меттиг схьа а карийна, вукху дийннахь гуо лецира царна. Карабахка ца туьгура. ТIом бира. ТIаьххьара а схьайуьйлу тоьпаш севцича, ларлуш тIебахна эскархой хьаьвсича: ворхIе а вийна Iуьллура. Амма цаьргахь шиъ бен топ йацара. Толлуш, церан дегIех хьаьвсича, массо а «бандит» цхьабосса ког-куьг дилина, маIарш дIахедийна, чухула цIена дуьйхина, схьагарехь, шайн дагахь хьалххехь гIазот тIеэца кечбелла нах хиллера. Вала охьавоьж-воьжнарг къилбаседехьа йуьхь йерзийна а Iуьллура…
Цу дийннахь меттигерчу НКВД-н хьаькамо рапорт хьаладахьийтира: «Кулакийн гIаттам бохийна. Исс бандит вийна. Герз схьадаьккхина, биснарш бевдда, уьш схьалеца тIаьхьабевлла бу»… Тойсумна грамота а, меттигерчу НКВД-н хьаькамна орден а йелира. Амма царех цхьамма а хIетахь ойла-м ца йира: и гIаттам «кулакийн» муха хуьлу, кулакаш тоххара бохийна махках баьхна хилча? Дагадеънехь а, и санна дерг хIетахь хьахо цхьа а вер вацара: ТойсумгIар тоьлла мур бара. Тойсумах, дукха хан йалале, райкомпартин пленумехь райкоман а декъашхо вира. Цу муьрехь аьттонаш совбуьйлуш вогIура Тойсум.
Амма цунна а ца хуьлура даим а аьттонаш. Тавсолтина дагадогIу, эвла йисттехь вехачу Бетарца хIетахь Тойсуман иккхина дов. Бетара, шеца цхьаьна кертахь вехачу, шел жимахчу шина вешица а барт бина, шун а, малар а хIоттийна, сарахьо чукхайкхинера Тойсуме, тIаккха, мукъна, IадIийр вацара-те иза аьлла, шайгара ца йогIу, совнаха хIуманаш ца йохуш. ГIеххьа маларх а кхетта, дикка самукъадаьлла Тойсум Iаччохь, кIеззиг гIуллакх хилла, Бетар араваьллера. Керла йуург Тойсумна тIейахьаш чуеана Бетаран къона хаза йиша Совпату, пхьарс а лаьцна, Тойсума шена тIеозийнера. Совпатус мохь хьаькхна, чуиккхинера Бетар а, важа ши ваша а. Тойсумна лога тIе шаьлта а хIоттийна, Бетара хаьттинера:
– Ас цхьа лерг доккху хьан! Харжа: муьлхарг?
– Собар!.. Собар!.. Цхьа дош алийталахь соьга! – леткъира Тойсум. – Аш и дахь, нахала а дер ду и, Iедале а дер ду. Оцунах шуна а доккха зулам хир ду тIаккха! Со къера ву сайгара даьллачунна, – Тойсум цу сохьтта ша меллачу маларх меттавеънера. TIe, иза атта къарлун волучарех а вацара. – Вайнехан Iедалехь аша лелориг нийсо йац. Соьгара шуна хилла эхь цхьанна а хууш а доцуш къайлаха ду. TIe хилаза а ду. Ткъа аша сан лерг даьккхича, и дуьненна а гуш хир ду. TIe, оцуьнан бахьанех нах ца кхуьуш а Iийр бац, тIаккха оцунах шун Совпатуна а сий тIекхетар дац. Цундела ас доьху шуьга, со къера ву сайгара даьллачунна! Сох къинхетам а бай, кхин тайпа, къайлаха дуьсу долу таIзар а дай, витахьара аша со!..
Вежаршна Тойсум нийса луьйш санна хийтира. «Дика ду делахь!» – аьлла, тIе шаьлтанаш а лаьцна, Тойсум нара тIе бертал а вижийтина, цуьнга шен шарбал шега охьа а йаккхийтина, цуьнан охьахуучу кIедачу метте, цIергахь цIиййина, ши кепек йиллира Бетара, кхагаран хьожа а йоккхуш. ЧIикъ ца боккхуш, лайра и Тойсума: «Цига хьоьжуш-м мила воллур вара?» – бохург шена дагахь долуш санна. Амма и гIуллакх чекхдаьлча а, Бетара, цу тIехь а ца соцуш, Тойсуме оьгIазе элира:
– Ахь хIун дей хIинца: дIо уьйтIахь, рагIуна тIехьа, тхуна хьаштагIна ор а доккхур ду ахьа, вукху aгlop а хьайна изза хьал дойла ца лаахь!
Йуххехь лаьтташ, шаьлтанаш а йаьхна, важа ши ваша а вара.
– Гур ма ву со.
– Гур вац. Садовш лаьтта. Гонах керт а йу. Сахилале вер ву хьо… Хабар ма дийца!..
Сатассале, и гIуллакх дина а ваьлла, ша дIавоьдуш, Тойсума дийхира Бетаре церан кетIахь:
– Гой хьуна, Бетар, хьо соьгара богIу мах буьззина дIаэцна а ваьлла, со дIабелла а ваьлла. Вайна йукъахь хIинца йуьззина расчет йу. Вийна стаг витинчул тIаьхьа машар беш Iедал ма ду вайнехан. Цундела ас хьоьга доьху, xlapa гIуллакх цхьаьнгге а цкъа а цахьахадар а, хIинца дуьйна вайна йукъахь машар хилийтар а. Сайн aгlop аса дош ло хьуна: шуьца хIинца дуьйна сайн ма-хуьллу дика хила!
– Дика ду! – резахилира Бетар а.
Вовшашка дегазо куьйгаш а делла, дIасакъаьстира ший а. И дерриге а хIеттехь къайлаха хезнера Тавсолтина: Нурбикин гергара хуьлуш йара Совпату. Амма Тавсолтас, кхин цхьаьнгге а ца хьахош, шеггахь дитира и.
Тойсумна цул тIаьхьа кхин цхьа вас а хилира. Шо чекхдолуш, райисполкомо динчу жамIаца Тойсума куьйгалла ден сельсовет дикка тIаьхьайиснера, тIе, кхуьнан йуьртарчу колхозникийн гайтамаш а ледара бара. Цу хьокъехь, кхуьнга а, кхечу йуьртадайшка а дIа а кхойкхуш, – Тавсолтина дика дагадогIу и – райисполкомо хIетахь райцентрехь гулам бира.
Райкомпартина хьалххехь йолчу майданахь дIахIоттийра аннех йина, тIебоьду некъ а аннийн болуш, айаелла гIопаста. Цу тIе а бохуш, церан цIерш а кхайкхош, тоьллачарна, массарна а гойтуш, «толаман байракхаш» а, кхин тайпа совгIаташ а лора хIетахь. Тойсуме а цига тIекхайкхира. Шена кечдинарг хIун ду а ца хууш, курра дIахIоьттира Тойсум. Тавсолтина дагадогIу иза цигахь, цхьа ког хьалхахьа дIа а тесна, кура дIахIоттар. Шина стага, оззийна тIе а йаьккхина, Тойсумна йуххе дIахIоттийра жима сира вир.
– Xlapa вир… цо цабаьхначу кхиамашна Тойсумна ло вай! – аьлла, схьакхайкхийра. Цу заманахь белхан йохьаллин къовсамехь эшначарна и тайпа совгIаташ деш а Iедал дара оцу районехь. «ГIоггI!» – аьлла, нехан белар иккхира. ТIаккха вир а Iаьхира. Нах кхин а чIогIа бийлабелира, хIаваъ декош. Воьхна, дIасахьаьжира Тойсум, ша хIун дер ца хууш.
ЦIеххьашха, оьгIазвахана, шен куралла дагайеъна, мийра тоьхна, цо и вир Iункарнехьа чуйаийтира, цуьнан цхьа ког а бош. Вир ша йолчохь а йитна, шуьйрра куьйгаш а лестош, курра дIавахара Тойсум, «суна-м аш хIун дер дара?!» – бохучу дагахь…
Цул тIаьхьа кхин цхьа боккха цатам а белира Тойсумна: берриге Советан махкахула, массо радиочухула а, газеташ тIехь а кхайкхош арахийцира Сталинан керла статья: «Кхиамех кортахьовзар». Сталина кхиамаш лорура, йарташкара ах гергга нах, кулакийн цIерш а техкина, шайн бахамах а бохуш, дакъаза бахар а, тIе бисинчу ахархошна тоъал кхачо йеш хиллачу церан бахамийн метта, массанхьа а ша хIетахь – къушний, хьаькамашний бен, аьтто луш а йоцу, колхозаш йаржор а. Ткъа кортахьовзар лорура цо, и гIуллакх кхочушдеш, барамал тIехбуьйлуш меттигерчу хьаькамаша шена хьалха базбала гlepташ, нахана совнаха бина ницкъаш. Сталинна дика хаьара, «сплошной коллективизаци» ечохь, меттигерчу хьаькамаша Iедалан цIарах а, шен цIарах а, нахана совнах ницкъаш бинийла а, шайн дагахь наха хIинца шена а, шен Iедална а бехк буьллийла а. ХIинца нехан оцу бехках шен цIе халкъана гергахь цIанйан лаьара Сталинна, и бехк берриге меттигерчу хьаькамашна тIе а бахийтина. Оцуьнан дуьхьа дара цо и статья арайаккхар а. Сталинан и статья ара ма-елли, цо бохург, гуттар а санна, шуьйрра тIечIагIдеш, массанхьа а Советан махкахь дийнна цхьа мур дIабаьхьира, колхозаш йохкуш, нахана законехь ца богIу ницкъ бина цхьаболу хьаькамаш балхара дIабохуш. И мур кхеран районе а кхечира. Сталинан статья бакъйархьама, дуьххьалдIа оцуьнан дуьхьа, халкъан дуьхьа а доцуш, кху районехь а цхьацца хьаькамаш балхара дIабехира. Мел хазахийтира эскинхойшна, цхьана Iуьйранна районан газето, Тойсум оцу бахьаница йуьртда волчуьра дIаваьккхина аьлла, хаийтича.
Делахь а, Тойсум веха-м ца лийлира балхахь а воцуш: меттигерчу НКВД-н хьаькамо кIелхьарваьккхира иза, партера ца хьавойтуш, тIе, кестта районан хьуьнан верас а –лесничий – вайтира цунах, и меттиг паргIат ма-йелли, «цу меттахь тешаме накъост хила веза», аьлла. Ша хьуьнхо ма-хилли, Тойсума цу сохьта дIахадийра, йуьртахоша хьуьн чуьра дечигаш «лечкъор». Йуьртахойн цIеношкахь шело алсамйелира. Хьуьнах веанчу йуьртахочуьнгара говр а, ворда а дIайоккхура Тойсума, и дан шен бакъо йоццушехь: шена ахча делча, йуха дIа а лора. Хьуьнхара дечиг а, шена мах белча, дохьуьйтура. Bopxle а дех дуьйна а йуьртахоша пайда оьцуш, цара шаьш Iалаш а йеш, церан долахь хилла хьун хIинца Тойсуман дола йирзинера: гонаха ха чIагI а дина («бандиташ ца бахкийта!»), шена ма-луъу хьун йохка йолийра Тойсума ахчанах, харц квитанцеш а луш, нахана и цхьаъ ду а моьттуш. ХIетте а кхуьнан терахьа тIехь гайтамаш лакхарнаш хуьлура, йеанчу ревизино хIоразза а кхуьнан белхан мах дикачех а хIоттабора, районан газето а тоьшалла дора тIаьххьарчу заманахь районан хьуьнхахь нийса низам дIахIоттийна бохуш: хьуьнан боданерчу кIоргехь, цхьанна а ца гучохь, йина безамехь бун йара, кор-неI а, чохь xIиттийна ши маьнга а, стол, гIенташ а долуш. Цу чохь шен-шен хенахь гуллора Тойсуман доттагIий: дукха хьолахь, меттигерчу НКВД-ера а, наггахь райфинотделера а, йукъ-кара редакцера а накъостий.
И болх «дика барна» Тойсум, кхо шо а далале, – Тавсолтина иза а дагадогIу, – райисполкоман председателан заместитель вира, цул тIаьхьа кестта председатель а хилира цунах. Тойсум райисполкоман председатель хIоьттийчхьана районан гайтамаш, дикка лакхабовлар хоуьйтура кест-кеста районерчу а, гIаларчу а газеташа. Цхьадерг, баккъал а, цо, ондда тIетоIIий, дан а дора, нахе дан а дойтура, нах ца кхоош, тIаьххьарниг а цаьргара схьайоккхий: «коьртаниг – пачхьалкхан хьашт ду, неханиг – цара шаьш дер», – бохучу хIетахьлерачу хьесапехь.
Цкъа обкоман пленумехь Тойсума шен къамелехь аьллера (Далхьада, вела а воьлуш, и дийцина дагадогIу Тавсолтина): «Вайн Даймахкана и эшахь, партис, пачхьалкхо и алахь, оха районехь хIинццалцчул кхузза а сов дохур ду йуьртбахаман сурсаташ. ГIалахь шура ца тоьу боху. Оха, иза эшахь, шо далале и хIинцачул пхоьазза сов а йаьккхина, молокопровод а йина, цу чухула схьатоттур йу гIалина и шура, партис алахь»…
Эццигахь, соцунгIа а хилла, зал чу хьаьжира Тойсум, аплодисменташ хуьлий хьоьжуш. Чохь цхьаьнга белар делира, цо аьлларг бух боцуш хетта. Президиумехь а цхьамма-м, лере а таьIна, вукхуьнга элира:
– Вай шурех хьегийта-м ца воллу xlapa!
– Сан нанас а ца йаийна суна оццул шура.., – аьлла, важа а велавелира.
И хезна йуххернаш а бийлабелира. Президиум йоьлуш гича, зала чуьрнаш, оцуьнан дуьхе ца кхиънарш а тIехь, массо а, и чоь а йекош, бийлабелира. Эццахь дуьйхира Тойсуман лоппаг.
ДIаса а хьаьжна, йуха меттавеанчу Тойсума, аз айъина, ондда чекхдаьккхира шен къамел:
– Декъал хуьлда вайн хьоме Парти, вайн сийлахь-воккха тхьамда накъост Сталин!
Ша хьаьгна аплодисменташ а йехира цо эццахь майрра. Амма цу чохь хиллачу Далхьадна, даггара хазахеташ, пленумо цхьадика йуххе а ца дитира молокопроводах лаьцна цо аьлларг. Ткъа нагахь ца хууш а пленумо и тIеэцнехь, – Далхьадна хаьара – Тойсума дакъаза а бохур бара-кх хьуна районера бахархой, и план кхочушйан гIерташ, пачхьалкхан дуьхьа а доцуш (цуьнан ойла-м багахь бен ца йора цо), адамийн дуьхьа а доцуш (уьш-м дага а ца лоцура цо), – дуьххьалдIа хьаькамашна хьалха ша вазваларан дуьхьа, шен цIе йаккхийтаран, ша айъийтаран дуьхьа! Цу заманахь, и воцург а, дукха бара, оцу тайпанчу амалехь хьалакхиъна белхахой. Коьрта долчунна цара хIоттадора цу заманан политикин де а.
ТIехIоьттира эххар а Сталина цIий Iеночу шерашлахь а уггаре а мIаькдаьлла I937-гIа шо. Moгlapepa нах а, баккхий хьаькамаш а, аьтту а, аьрру a aгlop схьа а лоьцуш, гуш бахьана а доцуш, «халкъан мостагIий» бу а бохуш, тIепаза бойуш хан йара. Тойсум санна болчеран дезде хIоьттира. Тойсума массо собранешкахь а массарел чIогIа кхойкхура хIинца, «халкъан мостагIий» шайн орамашца дIабаха беза, бохуш.
Оццу муьрехь кхеран райкоман шолгIа секретарь а ваьхьира, цуьнан метта Далхьад а воккхуш, Далхьадна и хIумма а хаза ца хеташ, амма цунна дуьхьалойар а кхераме дара xleтахь. Хьалхара секретарь а таьIно лелара. Райисполкоман председатель волу Тойсум хIинца цо кхайкхича а дегазо вогIура тIе, ца вогIуш меттиг а йора, тIе, районан активехь цо, демагогех йуьззина, бух боцу критика а йира райкоман хьалхарчу секретарна: «Шен меран кIелахь, ша бIаьрзе волуш санна, ган а ца гуш, «халкъан мостагIа» шолгIа секретарь а вина лелийра цо», – аьлла. Тойсум хIинца, дарехь, нахана а, райкоман куьйгалхошна а цхьабосса чIогIа коьртахвелира. Цунна хIун дийр ду а ца хууш, кIордийнера и массарна а. ТIаккха Далхьада – и хIинца а шерра дагадогIу Тавсолтина – ша волчу дIа а кхайкхина, Тавсолтига шегга къайллаха цхьа хьехам бира Тойсумах лаьцна. Тавсолтас и кхочушбира.
Цул тIаьхьа йуьртахой, Тойсумна луьйчуьра а сецна, мелхо а собранешкахь, хьала а гIуьттуш, шайн къамелашкахь, иза Сталинга дIа нисвеш, хесто буьйлира, тIе xlopа къамел чекхдолуш, массара а, цхьамма санна, мохь туххий кхайкхам а бора:
– Декъала хуьлда халкъийн тхьамда сийлахь-воккха Сталин! Декъала хуьлда вайн тхьамда Тойсум Мотбехов.
Кхин а сонтавелира Тойсум. Цунна ца хаьара и мел кхераме ду! Амма, дукха хан ца йелира: I938-чу шарахь бIаьста, дагахь а доцуш, газето хаийтира, Тойсум, и «халкъан мостагI» хиларна, чувоьллина аьлла.
Цу заманахь керла мур бара Сталина нахана гергахь ша закон мелла а меттадалоран куц xIoттош: ша хIинццалц мел Iенийначу цIийн бехк а халкъана гергахь шена тIера дIахило лууш, Сталина, шен амалехь, лаххьийна цхьаболу лакхара а, меттигера а НКВД-н хьаькамаш, лецна а, байина а, дIа а баьхна, церан цхьа чкъор хийцира. ХIинца тIебаьхкинчу НКВД-н керлачу хьаькамаша гIурбанна шайна эшначохь ТойсумгIар а башха кхоа ца бора: уьш кхин а шортта бара.
Эскинойхь нах къаьсттина баккхийбера, халкъан мостагI ву а аьлла, хIинца эххар а, баккъал а халкъан мостагI волу Тойсум чувоьллина. Амма гойтуш баккхийбе а ца баьхьара: «бIаьрг хиларна» кхоьрура, тIе, «хIун хаьа, цIеххьана схьахоьций а»… – бохург а дара дагахь. Амма, хье ца луш, хIеттахь, районан клубехь суьдан процесс дIайолийра, чубалийна корреспонденташ а Iаш, пропускашца чугулбелла а, арахь лаьтташ а дуккха нах а болуш. НКВД-н хьаькамашна а, Iедалхошна а хаьара и процесс хIинца мелла а «схьайиллина» йолчу хормехьа оьзна йан мегар дуйла: цкъа-делахь, тахана шена тIехь кхел йийриг, халкъана а ца везаш, билггала волу халкъан мостагI ван а вара, меттигерчу Iедалхошна а, нахана а цхьабосса кIордийна. ШозлагIа-делахь, Сталинан Iедал хIинца дуьйна халкъехьа, нийсонгахьа оза даьлла бохург нахана шуьйрра дIагайта дезаш мур а бара. Цхьаболу нах баккъал а, Iехабелла, чу са деъна, хIинца дуьйна-м цхьа диканиг хила а ма мега вайна, бохучу ойлане а бевлира.
Процесс йола ма-елли, церан а ойла хийцайелира: массарна а гира Тойсумна а, цуьнца цхьаьне суьде оьзначу, и санна нахана ца везачу кхин шинна а (районан налоговой инспекторний, Эскинойрчу колхозан председательний) тIетуьтту бехкаш, церан шортта баккъала а болучех а боцуш, мелхо а, чохь ладоьгIучарна а бакъ ца хета бехкаш дара: уьш кхуьй а бехкевора, Тойсум а коьртехь, районехь къайллаха йолу буржуазно-националистически организаци цара кхолларна, халкъан экономикехь зуламаш дарца Советан Iедал харцо дагахь уьш хиларна. Схьагарехь, НКВД-чу хьаькмаша суд йаран хорма, мелла а керлачу Iалашонехьа узуш, нийса хийцинехь а, амма цуьнан чулацаман хатI хьалхалеррачу эшарехь дитинера цара – йа иза оцу Iалашонца нисдан шаьш цакхиарна, йа шайн хьекъал цатоарна: башха хьекъална кIорге йолуш а бацара хIетахьлера НКВД-н белхахой а, йа суьдан куьйгалхой а: уьш дукха хьолахь леррина долу, хьовха, ур-аттал дуьззина йукъара дешар а чекхдаккхаза хуьлура. ГIалитIера ваийтинчу коьрта бехке вечо, прокуроро, дарехь, гIараваьллачу Москварчу генеральни прокурорах – Вышинскийх тарвала гIерташ, аркъал а сетташ, аз стамдина хаьттира:
– Гражданин Мотбехов Тойсум Абастович, даре дой ахьа: айхьа районехь кхоьллинчу къайлахчу буржуазно-националистически организацина коьртехь хьуо хилла хилар?
– Ца до! – доцца, майрра дIатеттира Тойсума шен боцу бехк. – Йа и тайпа организаци кхоьллина а йац ас, йа цуьнан коьртехь а ца хилла, йа и стенца йуу а ца хаьа суна! – тIетуьйхира Тойсума, чуьра цхьаберш бийла а беш.
Оцу тайпана хуьлура цуьнан кхидолу жоьпаш а. Цо бохучуьнга нисдеш, цунна тIаьхьахIуттий, жоьпаш лора вукхашимма а. Амма кхана Iуьйранна арадевллачу районан а, гIаларчу а газеташа зорбатоьхначу репортажехь, нах цец а бохуш, нисса пурхнехьа йаздина хуьлура: «Даре до! Бехке ву со и организаци кхолларна».
Иза а дара цу хенахьлерчу НКВД-н хьаькамийн хьекъалдацар: царна хIунда ца хаьара, пропускашца чубитинчу, шайна тешаме хетачу корреспонденташна а, вукхарна а йуккъехь вер вуй цхьаъ йа шиъ, и репортажаш нийса цахиларх лаьцна кхечаьрга къайллаха аьн дерш?
Йа шайн луьралло уьш массо а совцор бу моьттура?
Къаьсттина эскинхойша тамаш бийриг дара оцу репортажашна кIелахь хIоразза а йазйина «Мотбехов Эмин» – цIе хилар! Иза-х Тойсуман ден вешин кIант вара, да веллачул тIаьхьа Тойсума дола а дина.
Ткъа иза а иштта нисдинера НКВД-рчу хIетахьлерачу хьекъалечу хьаькамаша – цатешарш а тешийта!
Процесс дIаоьхура.
Политически агIонех дерг дийцинчул тIаьхьа, суьдехь хетта долийра Тойсуме а, вукхаьрга а, цара экономикехь динчу зуламех.
Кхузахь йуьхьанца кхин а майра велира Тойсум: цо хецца дагахь охьадагардора ша куьйгалла динчу экономикехь хиллачу кхиамийн терахьаш, уьш зорбатоьхна газеташ а дуьйцуш. Амма кестта йиш йуьйхира Тойсуман а, вукху шиннан а: уьш чубоьхкинчул тIаьхьа йинчу ревизино ма-йарра гучайаьхнера цара мел йина припискаш а, къоланаш а. Царна хьалха уьйхьира цара харц мел йаздина квитанцеш, хIиттийна финансийн ведомосташ. ХIинца-м чохь ладоьгIучарна а дукханне а хуурш дара суьдо Iорадохурш.
Кхааммо а кортош охкийра. Делахь а Тойсум къарвала ца туьгура:
– Аса вайн экономикна дина зулам дац, пайда бина!
– Делахь-хIета, – ша-шех тоьъна элира суьдан председатело. – Ахьа хьайн куьйга колхозан экономикина дина зулам а гойтур ду-кх хьуна вай хIинца!
Тойсум а, чуьранаш а сакх хилира.
– Кху гIуллакхца доьзна долу «вещественни доказательство» схьагайтал хIинца, – элира суьдан председатело неIсагIехь лаьттачу шинга.
Цу шимма вахана, ара а ваьлла, йуха йиллинчу залан неIарех, массарна а гуш, чутеттира цхьа жима астагIа сира вир. Ах чоьхьа а йаьлла, вир цIеххьашха неIсагIехь сецира, шайн виран амалехь, кхин меттах ца хьовш. Арахьа лаьттачаьрца хилла волчу Тавсолтас – (и цIена дагадогIу цунна хIинца а), – тIе а веъна, тIехьашхула теттина, вир йерриг а чоьхьа йаьккхира, ша а чоьхьа валаран дуьхьа. НеIарш тIечIегIира, Тавсолта а чохь вуьсуш. Вир дIахIоттийра нахана гойтуш суьдана хьалха, кхаа кога тIехь, цхьа ког шен кхозуш а болуш.
– Гой хьуна хIинца? И болх ахь биний? Оцу балхана бехке вуй хьо? – хIиллане хаьттира суьдан председатело.
– Ву.., – корта охьабахийтира Тойсума.
– Суьде ала хIума дуй хьан? – йуха а хаттар дира суьдхочо, и кхузахь ала оьшуш а доццушехь, дуьххьалдIа чохь ладоьгIучарна а Тойсум ша ишта говза кIелвитна хилар дIагойтуш.
Тойсум вист ца хуьлура.
– Алал! – йуха а цавашарца хаьттира суьдхочо.
И чоь а йекош, вир Iаьхира.
Зал йатIийра адамийн деларо.
– Арайаккха и чехка! – мохь белира суьдхочун.
Тохарлеррачу шимма, оззийна, вир арайаьккхира. Иза а дара цу заманахьлерчу йуристийн къоьлла гойтуш: бехкебийраш дукха хьолахь буьззина бехке ца хуьлура, Ткъа хIуъа-а тIеоьзна а, церан бехк чIагIбан дезара.
Суьдан председатель, шех тоьъна, хьоьжура зала чу: цхьацца гIалаташ дийлинехь а, суьдан процесс, коьрта долчунна тIехь, чуьра нах а тешош, дика нисъеллачух тера хетара цунна: бехкебечара шайн бехк оццул тIе а лоцуш (Москвахь санна!), хилла а йацара кху районехь и тайпа процессаш…
Коьрта бехкевечо, прокуроро, суьдан процессан жамIдеш, шен дIадерзоран къамелехь дийхира суьде цу кхаанне а, царех цхьаъ ца къастош, тоьпаш туху кхиэл йар.
Чекхволлуш, тIетуьйхира цо, йуха а, гарехь, Москохарчу гlaраваьллачу генеральни прокурорах Вышинскийх тера хила гlepташ, аз а стамдина, аркъал а таьIна:
– Уьш дуьнен чуьра, лар йоцуш, тIепаза бовр бу, шайн халкъан дагахь ца буьсуш, шаьш цунна йамарта хиларе терра. Церан каш а, эрна лаьттар ду, тIе къух а даьлла, тIевогIуш стаг а воцуш, йукъ-кара шайна тIехула къийгаш а хьийзаш, ур-атталл уьш а церан коша тIе ховша а ца йешаш. ХIу дайла халкъан мостагIийн! – зала чу хьаьжира прокурор ша динчу къамелан Iаткъам толлуш. Чохь тIараш дийкира. Прокурор,тоам хилла, охьахиира: цунна дага а ца догIура суьдан кхиэлаца тоьпаш тоьхначеран каш хуьлуш цахилар а, къийгаш адамийн коша тIехула цахьовзар а, хIунда аьлча цу чуьра хьожа цаьрга дIа ца кхочу дела. Прокурорна и бен а дацара: коьртаниг – аплодисменташ дара…
Прокурор а, коьрта суьдхо а (ший а гIалитIера ваийтина волу) мел гIиртинехь а, важа, кхузара йукъавахийтина, ши суьдахо тIе ца верзарна, хIоранна а, тоьпаш туху кхиэл а ца йеш, итт-итт шо хан туьйхира. Иза, цу замане хьаьжча, башха къаьхьа кхаъ а бацара: и-м бехк банне а боцчарна а тухура хIетахь «кхааммо». Тойсуман шина накъосто шайн тIаьххьара олу дош ца олуш дитира.
Тойсума, шен тIаьххьарчу даша тIехь, дегI нисдеш хьала а гIаьттина, суьдехьа а вирзина, элира, чуьранаш сакхбевлла ладоьгIуш а болуш:
– Сан хIумма а дац суьде ала цуьнан кхиэлах лаьцна: и хилла йаьлла. Амма кху чохь прокуроро шен къамелехь элира, тхох кхаьрдаш, ур-атталл къийгаш а йешар йац тхан коша тIе ховша бохург. Цунах лаьцна оцу прокуроре шегга, амма шуна а хозуьйтуш, суна дIаала луур дара: цуьнан коша тIехь къийгаш ур-атталл нишка а ховшур йац!..
Чохь мел верг – Тавсолтина дика дагадогIу, – тоха са доцуш, гIадвахана велавелира. Хьалхахьо Iачу Далхьаде, лере а таьIна, Тавсолтас элира хIетахь:
– ГIеххьа къинтIера вели-кх со цунна, цо и дика аларна!..
* * *
И дерриге дага а лоьцуш, ойла йеш, вогIура Тавсолта: «Дика ду: хIетахь Тойсумна итт шо туьйхира. Ткъа диъ бен а ца даьлла… Веддаволчух иза тера а вац… Ткъа иза схьа хIунда хецна йалх шо хьалха? Цунна хIинца НКВД-с тIедиллинарг a xlyн ду?..» – цу шеконаша садууш вогIучу Тавсолтас сихдира хIинца ша Далхьад волчухьа эцна болар…
IАЬРЖА ЛО
Тавсолта дIакхаьчча, райкомна хьалххахь репродуктор кIел гулбелла нах лаьттара. ТIевахара: хаам бора мостагIаша Малгобек дIалаьцна, Лаха–Неврехьа тIетеIаш а бу, цхьаццанхьа чу бомбанаш а йиттина бохуш. ЛадоьгIучаьрца Далхьад а вара. Маршаллаш хаьттина, ший а йистехьа велира.
– Ахь соьга хIунда кхайкхина? – Далхьаде хьаьжира Тавсолта.
– Корехула хьо вогIуш а гина, аравелира со… Цу чохь а дийца мегар доцуш, сов къайлаха хIума ду хьоь хаийта дезаш.
– Дера, сан а-м ду! – Iа ца велира Тавсолта, шениг хьалха ца даьккхича.
– Делахь, дийцал хьайниг!
Тавсолтас дийцира, ша хIинцца кхуза схьавогIуш, Эскинойн-эвла йистехь шена цIеххьана Тойсум гар а, цуьнан шеконе лелар а, цунах шена хеттарг а. Цеце корта хьовзийра Далхьада:
– Хьо нийсса схьакхаьчна! Цунах доьзна ду ас хьуна кечдинарг а! – Далхьад кхин а йистехьа дIаволавелира:
– Хьуна дагадогIу-кх хьастагIа ЧIап-ломана тIехьа вай десантхой лаьцна. Ткъа цара гIали тIехь а тIечIагIдина, шайна тIаьххье Эскинойхь чукхисса кечбина кхин а десантхой бу, уьш тIеэца кийча берш хьалхехь билгалбаха дезаш а дара шаьш аьлла. Ткъа вайн НКВД-с и тайпа нах, хьалххехь зиэ а зийна, гучу а баьхна, хIинццехь леца план хIоттийна. Кхийтин хьо: хIунда хьажийна шун йуьрта Тойсум, и лаьцначуьра ведда кеп а хIоттийна? Гой хьуна, Тавсолта, и Тойсум а, цо шеца балон берш а, вайнехан гIиллакхе оьзна, тIеоьцу берш а хила тарло йуьртахь. Ткъа вайн НКВД-с и тайпанаш а, бакъ болу мостагIий а лерина чубухкур бу. Ткъа райкомана шен районехь ца оьшу НКВД-хойн и китарло: царна медалш йезара бохуш, тхуна йуьхьIаьржо хьашт йац. Шун йуьртана а и сийлахь хир дац. Ахьа, сихха гIой, йуьртахошка дIахаийта – хьайна тешаме хеттачаьргахула – и тайпа нах тIе ма оьцийла, мелхо а, гучу ма-бевлли, цу сохьта Iедале дIалойла алий.
– Дика ду, – резахилла Тавсолта, сихха Эскиной вухавахара.
* * *
Тойсум, тIай йистехь Тавсолтех ша дIакъаьстинчул тIаьхьа, сарралц Эскинойн хьуьнчухула а лелла, эххар а эвла йисттехь вехачу Бетаран кетIа хIоьттира.
Садовшшехь догIа доладеллера. ТIевахна, Бетаран кор туьйхира Тойсума. Бетар кетIа велира:
– Мила ву хьо? Чувола. ДогIанехь ма латта, – элира Бетара.
Ший а чувахара.
– Бетар! Со ца вевза хьуна? – хаьттира Тойсума, вела а къежна. – Со Тойсум ву. Хьуна ма-хаъара, цхьа а бехк боцуш, итт шо хан тоьхна, Сибрех вахийтира со. ХIинца, аьтто а баьлла, лаьцначуьра ведда со, кхеран зама дIайолуш а гина. Чувитахь со. Цхьана-шина денна, мукъна а. Вайшинна йукъахь, вон деъна меттиг хиллехь а, машар а бара-кха хIоьттина. Вайнехан Iедалехь чIирхо а чувуьтуш дара-кха, цунна орца эшча. Чувитахь со.
– Дика ду. Чувита-м ца везара хьо. Делахь а чувеъна ваьлла. Сан чохь мел ву – сан тIома кIел ву хьо. ДIатарло хIоккхуза. Ши-кхо де йоккха хан йац! – элира Бетара, и кхин дIа Iайта шен ойла йоцийла хоуьйтуш. Тойсум, дагахь ийзалуш Iара, тохарлера Бетаран йиша цIеххьашха гучу ма-йалахьара бохуш.
Бетаран зудчо хьешана хьалхахIоттийра нехча, сискал, кхерзина хIоаш, гIалмакх-чай. Сонехь, нара тIехь вижа мотт а кечбира. ДIадийшира. Кестта Бетаран цIенна тIехула кема хьаьвзира. Тойсумна дика хаьара и хIун кема ду, делахь а, набъечуха, теббина Iapa. Чуьранаш а наб кхетта бара. Кестта тоьпаш йуьйлу а хезира. Тойсум тIаккха а чIоггIа наб кхеттачуха Iуьллура. Тоьпийн татанаш кхеран цIийнегахьа тIехилира. Бетар хьалаиккхира, шаьлта караэцна, Тойсум а меттахваьккхина, лулачуьра шен ши ваша а схьавалийра. Цхьамма-м ков туьйхира. Теббина, дуьхьалвахара массо а.
– Мила ву? – хаьттира Бетара.
– Ков схьаделлахьа! ДогIано вашийна-кх тхойшиъ.
– Ой! Хьабаз вац и?! – аьлла, иза озах вевзинчуха, Бетарна йуххе таьIира Тойсум. – И суна вевзаш тешаме стаг ву.
Бетара чувигира иза а, цуьнца верг a. TIepa церан йашийна плащаш пенаца хьалаоьхкира. Охьаховшийра.
– Марша догIийла. Аш а хIун леладо буса, догIанехула? Тоьпаш йуьйлу а ма хезира? – хаьттира Бетара Хьабазе.
– Тхойшиъ хьуьнчухула схьавогIуш, муьлш бу а ца хуучара тIаьхьа тоьпаш туьйхира тхойшинна. Халла кIелхьаравели. Бодашкахь кхин дIагIойла а ца хилла, шун коран серлонашкахьа схьавирзира тхойшиъ, – дуьйцура Хьабаза.
Цуьнан накъост, вист ца хуьлуш, сапаргIат Iapa, цигаьрка а уьйзуш.
– XIapa мила ву, вовзийтахьа, – элира Бетара.
– XIapa… немец ву… хIинцца кеман тIера чукхоьссина… Со волчу ас дIавуьгуш..
– Ахь хIун до цунах? – шеквелира Бетар.
– Хьошалла до-кх! ДIалачкъош! ХIорш тоьлла богIу! Ткъа суна хьаьхна колхозаш! – бат aгlop а саттош, элира Хьабаза.
– Хьабаз тешаме стаг ву, соьца чохь ваьллина. Стохка дIахецна и, хан чекх а йаьлла, – Бетар, шен лаамехьа узуш, кхетийра Тойсума.
– Делахь а… со волчу вон валийна, – чордо вистхилира Бетар.
– Бехк ма биллалахь. Ца хууш нисдели и… Сатоссуш дIагlyp ву тхойша…
ДIадийшира…
Баккъала а сатоссуш хьалагIаьттира ший а. Сатассалц наб йина а воцу Бетар а, хIинцца хьалагIаьттина Тойсум а тIевеара царна. Бетаран ший ваша а лаьттара йуххехь.
– Со а кхаьрца дIавоьду. Тхо цхьана тайпанах ду! – забар йира Тойсума.
Уьш цхьаьний дIабахара.
Доккха са даьккхира Бетара а, цуьнан вежарша а. Амма цу сохьта, мичара йели ца хууш, церан кетIа грузовик хIоьттира, тIехь шиъ «энкеведхо», шиъ милиционер, «тешална» валийна Тавсолтий, кхин цхьа накъост а волуш. «Энкеведхой», милцой машен тIера сиха охьабиссина, хаттаза-алаза хецца чубахара.
– Мича ваха немцо? – кIоршаме хаьттира НКВД-н лейтенанта.
– Тхоьгахь-м ца хилла цхьа а немцо! – майрра жоп делира Бетара.
ЦIенойх хьаьвсира. Схьакарийра цIенкъахь Iохкуш немцойн цигаьрканийн йуьхкаш, гIутакх, немцойн маттахь газета, оьрсийн маттахь немцоша Советан Iедална дуьхьал арахецна ши кехат.
– Ткъа хIорш хIун йу? – Бетарна уьш вон меракIел уьйхьира лейтенанта. Карийначу хIуманашна акт а хIоттийна, «понятойшка» кIел куьйгаш а теIадайтина, шайца и хIуманаш а, кхоьа ваша а эцна, райцентре дIабахара уьш. Шайн кетIа кхаьчча, Тавсолта, лейтенанте а хаьттина, охьавоьссира. Вехха лаьттара и арахь, догIана кIел, чу а ца воьдуш, грузовикна тIаьхьа хьоьжуш, ша-шена корта лестош, хIинца Далхьадан бIаьра а ша муха хьожур ву ца хууш: ала мел дезачуьнга а аьллера Тавсолтас, амма Бетар… – Бетар цIенна вицвеллера.
* * *
Чувоьллинчу Бетарний, цуьнан шина вешиний таллам болийра лейтенанта шен хьаькаман омранца цу дийннахь, сихонца – тIеман заманан амалца лерина. Шеца кхин цхьа накъост а волуш. НеIарехь кийчча конвой а лаьтташ. Бетара а, шина вашас а тIе ца лоцура шайгахь буьйса йоккхуш немцо хилла бохург.
– Тхуна уьш муьлш бу а ца хаьара. Шиъ вара. Цхьамма дийхира нохчийн маттахь: чувита шаьшшиъ, хьуьнчухула вогIуш, догIанехь вашийна, бодашкахь некъах а тилла шаьшшиъ, сатоссуш дIа a гlyp вара аьлла. Цаьрца верг немцо хилла, йа ца хилла тхуна хаале уьш дIабахара сатоссуш. Хиънехь, оха немцо Iедале дIа а лур вара!.. Чу-м, муххале а, вуьтур вацара…
Шайгахь хилла лаьцначуьра ведда Тойсум хьаха а ца вира вежарша, талламхоша а ца хоттура иза. ХIорш тIебоьрзург а ца хилла, лейтенанта эххар хаьттира:
– И шиъ воцург цу буса кхин цхьа а стаг варий шуьгахь буьйса йоккхуш?
– Вацара! – чIагIдира Бетара.
– Аьшпаш!.. Вара!..
– Вацара!..
– Дийца!
– Вацара!
Бетара хьесап динера: «Вара, аьлла, аса-айса и тIелацахь, тIаккха аса-айса и гучудоккху, тIе, охьадийца а дезар ду. Ткъа иза хIокхарна шайна вуьшта а хууш делахь, кхара и гучудоккхур ду, тIаккха дуьйцур-кх аса а»…
Лейтенант аравелира. Йуха чувеара… Тойсум а валош! И «очни ставке» – йуьхь-дуьхьал xIотто!
Чуваьллачу Тойсума элира, бIаьрга тIе бIаьрг а хIоттийна:
– Со-м вара. Хьуна и немцо вуйла а хаьара!
Дерригенах а цу сохьтта кхийтира Бетар:
– КъутIа!.. Шен хеннахь, хьо кхоа а ца веш, оха хьан лерг даьккхинехьара-м, хьо цу сохьта вовза а вевзина, чувитина а хир вацарий аса! КъутIа!
Бетара лейтенанте дийцира:
– Иза берриге a xIoкxo суна хьалххехь кеч а бина, хIоттийна тешнабехк бу, соьца шен йолчу чIирна. Немцо a xIoкxo ша чу валийна суна, xlapa ша а, суна бодашкахь вовзале, ша чувеъна, йуха, сатоссуш, цаьрцаний дIа а вахара… ДIайазде дерриг а!..
– И хIун «чIир» йу ахь йуьйцург? – хаьттира лейтенанта. Бетара дийцира Тойсума шайн чохь динарг а, шаьш цунна тIаккха йуха динарг а. Шина вашас и тIечIагIдира. Цецваьлла, вовшашка хьаьжира ши талламхо.
Бетара элира:
– Хьовсал шу, шаьш ца тешахь, цуьнан тIехьене? Цигахь оха таIийначу шина кепекан мухIар гур ду шуна! Йа циггахь горга мо хир бу! Хьовсал!..
Тойсум вист ца хуьлуш лаьттара. Иза дIавигира.
Лоьраша чIагIдира Бетара аьлларг.
Ши талламхо шайн хьаькамашца кхеташо йан вахара: цара хьалххехь хIоттийна йолу талламан кеп йоьхнера, xleттe a, xleтахьлерачу йуристийн барамехь кхачаме дара талламан жамI: Бетара а, цуьнан шина вашас а, тIаьххьара а даре ма дира шайгахь буьйса йоккхуш немцо хилар а, лаьцначуьра ведда Тойсум шаьш тIеэцар а, уьш цабовзарна шаьш чубитинера бохург цара мел чIагIдахь а.
Кхеташоно а вежарийн бехкан барам, царна тоьпаш туху кхиэл йаллал (оцунах тешна вара Тойсум!) хьала ца кхачахь а, амма царна тIеман заманахь йаккхий хенаш тоххал боккха лерира. Вежаршна «кхааммо» итт-итт шо хан туьйхира.
Районан НКВД-н хьаькамна а, лейтенантана а лакхарчу Iедало мидалш йелира, райкомна замечани йира, и санна долчу гIуллакхна йуьстаха ма хила аьлла.
Тойсум, и гIуллакх цо «цIена» цадарна, схьа а ца хоьцуш, ша хиллачу лагере шен хан йаккха юхахьажийра: мел хьоьстуш лелабахь а, ТойсумгIар а цу заманахь НКВД–с, шайна гlypбана эшначохь кхоа ца бора – уьш тоъал шорта бара.
* * *
НКВД-с тахана тешаллина кхайкхинчуьра вухавогIу Тавсолта, корта оллийна, шена реза воцуш, бакъонца ша йуьхьIаьржачу хIоьттинарг лоруш, кIоргге ойлане вахана вара: баккъала а цунна оьшуш а, йа сийлахь а дацара, шен зудчун Нурбикин а мелла гергара а хуьлуш, буьззина къонахий болчу, Бетарний, цуьнан шина вешиний, дуьхьал а хIоьттина, и тоьшалла дар, амма ца дича-м ца волура йа xlapa а, йа важа «понятой» а, вухавалан цхьа а некъ боцуш, гуш долу бакъдериг дара иза! Делахь а корта оллийна вогIура Тавсолта…
– Хьо ма кхоьлина ву? – хаьттира Далхьада, иза шен кабинета чу ма-велли.
Тавсолтас дийцира. Вехха вист ца хуьлуш Iийра Далхьад. Эххар а:
– Масаний хуьлу уьш вайна ца луурш!.. Са ма гатде ахь. Хьо царна хьалха бехке вац хьуна. Чу ма битинехь муьлш бу а ца хуу нах тIеман заманахь, массаьрга а шайга и дIааьлла доллушехь! – Тавсолтин дог ийцира Далхьада.
Тавсолтин тидам хилира цуьнан оьздангаллин: хIинца а ца элира Далхьада, и ала шен бух а боллушехь: «Ас ма бехира!.. Ас баьхнарг ма хили!»…
«Хила-м хилира!»… – чIагIдира шен дагахь Тавсолтас. ТIаккха хаьттира:
– Дика ду: Тойсуммий, Хьабазий-м ший а церан къайлаха гIоьнчий хуьлуьйтур вай, ткъа важа – немцо?
– Мичара немцо? – велакъежира Далхьад. – Иза а вар-кха уьш берриш. Кхузахь цхьанна а и ца вовзийта, эццара, лула махкара валийна.
– Ой! Ткъа и дерриге а дехка ма хуьлу! – цецвелира Тавсолта. – Ткъа мега иштта?
– Дера ца мега. Йа Ленина магийтина а ма дац, ур-атталл Революцин дуьхьа а! Цу тIехула ца дира цо Октябрь а хилале гIараваьллачу Камона а выговор.., – дагадеара Далхьадна книги тIехь ша дешнарг. Iийна-а тIетуьйхира: – Ленина хIетахь ца магийна. Амма… Сталина… тахана магийна… шен дуьхьа! – элира реза воцчу Далхьада.
Эмин чувелира, кханалерчу газетан номеран макет а йахьаш, Далхьадана гайта.
– Фронтах йолу материал хIоккхуза йаккха, – тадира Далхьада.
Йуххехь Iачу Тавсолтас цIеххьашха хаьттира Эмине:
– Ва, Эмин, и тохара суьдо хан тоьхна Тойсум хьан гергара ма вара. Ткъа хIетахь xlop газета тIехь цунна дуьхьал йолу заметкаш ахь куьг таIийна ма хуьлура. И хIун дара?
– Ахьа а таIор дара сан метта хиллехь!
– ХIундий?
– «ХIундий»? Хуур дара–кх, суна санна, хIетахь хьуна тIетаьIнехь?
– Муха? Дийцахьа!
– Цкъа хьалха, кхайкхина, дIавигира гIалитIе… «ТIиэ – йуьххье»1… Цигахь цкъа хьалха куьг таIадайтира шаьш хIинца соьга аьндерг аса цхьангга а дуьйцур дац, дийцахь – шаьш тоьпаш тухур ю аьлла…
– ТIаккха?
– ТIаккха… тIаккха суна тIедиллира-кх цара суьдан процессехь хилар а, цигахь Тойсума а, цуьнан шина накъосто а суьдан хеттаршна мел ло жоьпаш, цара ма-аллара а ца йаздеш, суьдана товчу агIорхьа йаздар.
– ХIа-а… Кхийти со хIинца. Ткъа хьан йиш йацара хьайн метта «царна» кхин маго? – («царна» бохург кхузахь «тIиэ йуьххьернаш» бара).
– Йара… Делахь а «цара» билггала со хила веза аьлла сацийра, со цуьнан гергара хиларна – цатешарш а тешийта.
– ХIа-хIа-а!.. Ахь дуьхьало йинехь? Церан стоьла тIехь ма Iохкура Тойсума йина йолла припискаш.
– Iаьхкича хIун дара?..
– Тойсума уьш ша а ца йеш… сан куьйга, соьга йойтуш ма-йара!
– Хьий, жIаьла йаI! Ша хьан гергара а воллушехь, ца кхоийна-кх цо хьо.
– ХIаанний! – газета а эцна, аравелира Эмин…
– И а вац, хьуна, башха Тойсумна генаваьлла, и шиъ хIетахь дуьйна ийгIина велахь а! – элира Далхьада…
Вовшийн Iодика а йина, Тавсолтий, Далхьаддий дIасакъаьстира.