Читать «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь» — Мзия Ратиани онлайн
Страница 1 из 2
Кавказан баххьаш
III том. Обарган новкъахь
Мурман Ратиани
Мзия Ратиани
ИсмаIал Акаев
Жайна лерина ду Кавказан къаьмнийн Ассамблеян Президентана Кутаев Русланна
Переводчик Янина Дикаева
Редактор ИсмаIал Акаев
Иллюстратор Изнаур Акаев
Дизайнер обложки Изнаур Акаев
© Мурман Ратиани, 2024
© Мзия Ратиани, 2024
© ИсмаIал Акаев, 2024
© Изнаур Акаев, иллюстрации, 2024
ISBN 978-5-0060-7290-9 (т. 3)
ISBN 978-5-0060-7298-5
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
III-гIа том Кавказан баххьаш
Ратиани Мурман – кху жайни бух биллинчу архивни кехатийн а, талламийн а автор
Ратиани Мурман
ХIара жайна йаздина Ратиани Мурмана гулдинчу кехатех пайда оьцуш. Цо доккха дакъа диллина Кавказан обаргех лаьцна хаамаш баржорехь а, Iалашбарехь а. Къилбаседа Кавказехь ша даьккхинчу шерашкахь Ратиани Мурмана Кавказан обаргех лаьцна мах боцу хазна гулйина. Цуьнан тоьшалла ду кху жайнехь Кавказан бакъ болчу турпалхойн дахарера кийсагаш. Йешархоша сатийсина йолу «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том кхоьллина Ратиани Мурмана вовшахтоьхначу архивни гIирсан буха тIехь. Ратиани Мурман вина 1929-чу шеран бекарг беттан 21-чохь, Гуьржийн мехкан Абаша олучу жимачу гIалахь. Ишкол йаьккхинчул тIаьхьа иза Гуьржийн махкара политехнически институтан гIишлошйаран факультете деша хIоьттира. Дешар чекх даьккхинчул тIаьхьа, 1947-1950-чу шерашкахь цо Баку гIалахь эскарехь тIеман декхара дIакхехьнера. Цул тIаьхьа иза Батуми гIалара МКС-е дIахьажийнера. Цигахь цо тайп-тайпанчу даржашкахь болх а бинера. 1962-чу шарахь Ратиани Мурман ГIебартойн Балкхаре а, Къилбаседа ХIирийн Республике а кхаьчнера шен белхан гIуллакхашкахула. Цигахь цунна бевзира Къилбаседа Кавказан шортта цIе йаххана бевзаш болу йаздархой а, кхоллараллин интеллигенцин векалш а. ХIетахь дуьйна цо шен дерриге а дахар паччахьан Россин къизаллина дуьхьал къиссам латтош хиллачу Кавказан турпалхойн кхолламаш талларна а, царех лаьцна хаамаш гулбарна а лерира. Хала хеташ делахь а, Мурманан дахаран некъ чекхбаьлла, амма цуьнан рицкъаца нийсса, Мурманан кхоллараллин некъ ца хаьдда, цуьнан похIма долчу йоьIа Ратиани Мзияс къахьегар бахьана долуш, таханлерачу дийнахь аьтто баьлла Мурманан литературни а, исторически а лехамаш кху пайдехь жайнехь оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь вовшахтоха.
Автор
Ратиани Мзия йина 1962-чу шеран кхолламан беттан 26-чохь Батуми гIалахь. 1979-чу шарахь цо чекхйаьккхина Тбилиси гIалара ишкол. Ратиани Мзияс болх бина заводера комсомолан райкомехь кадрови декъан куьйгалхочун даржехь. 1986-чу шарахь иза деша хIоьттира Рига гIалин 4-чу медицински колледже. Ратиани Мзияс болх бина ЛССР-ан Могашалла Iалашйаран министерствон 4-чу урхаллин 2-чу больницехь. 1989-чу шарахь дуьйна цо белхаш бина Гуьржийн мехкан медицински хьукматашкахь. Гуьржишна а, абхазашна а йукъахь тIом хиллачу хенахь цо болх бина Гори гIалара госпиталехь. 1996-2000-чу шерашкахь цо болх бина Тбилиси гIалара кардиологически клиникехь. 2001-чу шарахь дуьйна иза йукъараллин болх беш йу. 2015-чу шарахь дуьйна къахьоьгуш йу дас йолийна роман чекхйаккхарна тIехь.
Автор
Акаев ИсмаIал – журналист, публицист, редактор, йаздархо, театран а, кинон а гIуллакххо, Лондонера Евразийски Кхоллараллин Гильдин Декъашхо, Кавказан йаздархойн декъашхо. 90-чу шерашкахь дуьйна литературехь жигара къахьоьгуш ву. Акаев ИсмаIалс йазйина, зорбане йевлла хIара тайпа маьIне, кIоргера чулацам болу литературни-исторически говзарш – трилоги «Серебреник», «Дахаран туьха», «Siiver Coin», «Записки штрафника. Млечный путь», «Свобода или смерть», «Маршо йа Iожалла», иштта шортта публицистически статьйаш а, дийцарш а, цул совнаха Акаев ИсмаIал автор ву, Нохчийчоьхь дуьххьара зорбане йаьллачу проектан – «Генеалогическое древо ЧIИНАХ БОКИ-ДУКЪАРХОЙ». Цуьнан литературни говзарш гочйина нохчийн а, Iаьрбойн а, туркойн а, италхойн а, ингалс а меттанашка. 1992-чу шарахь Акаев ИсмаIалс Москва гIалахь схьайиллинера «Исмайл» цIе йолу театр. ТIеман шерашкахь цо журналистан болх бина дуьненйукъара изданишкахь. Карарчу хенахь Акаев ИсмаIалан литературни кхолларалла шуьйра йевза вайн махкахь а, иштта цуьнан дозанал арахьа а.
«БIов»
ТIулг буьллуш тIулгана тIе,
Бохь боккхуш стигалан Iаьрша,
ТIоговзас тарханна тIехь
БIов йотта йолийра Нашхахь.
Шурийца датийра латта,
Буьйр тухуш кечйира маркхал.
Хичуьра ворданахь готта
Чхар-тIулгаш кхийхьира тоъал.
Боккха тIулг зIарзакъца ойуш,
Жиманиг – тIебахьаш карахь,
Оьшучохь гIо-орца кхойкхуш,
БIов йина йелира шарахь.
НеIарна тIехула, куцдеш,
«Кура тIулг» биллира шера.
ЖIоьвнаца, сенаш а нисдеш,
Хьажийра массо а кхера.
ГIат къовлуш хьовзийра кхазарш,
Пенаца нисйира товха.
Дечиган кечдира ламеш,
Кхерчан зIе тесира тховха.
Iад кхосса йитира барол,
ТIо тоха йира мершкхера,
Кор дира дIахIотто гIарол
Тергалъян мостагIийн гIера.
ТIаьххьара бIов йерзош пхьеро,
Ял шен схьаэцале хьалха,
ЦIурко-тIулг буьйгIира чхерах,
Воккхавеш биначу балхах.
//Умхаев Хьамзат//
Суьртан автор Берсаев Абдуллах
Пролог
Обарган новкъахь
Ассаламу Iалайкум, лараме йешархой. Хазахетарца шун тидаме йалайо «Кавказан баххьаш» цIе йолчу романан аш зорбане йаларе сатийсина йолу 3-гIа том. Эрна билгалйаьккхина йац оха – автораша кхоалгIа том «Обарган новкъахь» аьллачу цIарца. Кху агIонашкахь литературни башха исбаьхьаллин маттаца гайтина мел чолхе хилла обарган некъ. Кхузахь йешархочун аьтто хир бу Кутин дахар ма-дара довза, цуьнан да-нана цхьанакхеташ, цара долийна кIоргечу, замано зийначу безаман жайна деша. КхоалгIачу томан коьрта башхалла йоьзна йу кху агIонашкахь йешархочунна йовзуьйтур йолчу хIинцалц цхьанна а йевзина йоцу Кутин дахарера шатайпа кийсагаш. Къаьсттина билгалдаккха деза мел йоккха меттиг дIалоцуш хилла цуьнан дахарехь зудчо. Кху агIонашкахь вайна хуур ду Кутин обарган некъ уггаре а хьалха цуьнан нанас къобалбина хиллий. Цуьнан Iилма а, кIоргера кхетам а бахьана долуш хууш хила Кутина нохчийн маттал совнаха Iаьрбойн а, тюркийн къаьмнийн а, иштта гуьржийн а, оьрсийн а мотт хууш хилла. Нохчаша халкълахь Воккха Хьажи олуш хиллачу Сесанара Ташу-Хьаьжин кIентан йоIа Цацас дагахь КъорIан хууш хьафиз ша хиларе терра, дукха жимчохь дуьйна бусулба динаца а, Iаьрбойн маттаца а цкъа а йовр йоцу уьйр кхоьллина хилла шен кIентан. КхоалгIачу томехь хуур ду вайна го обарган новкъа вала Кутина и некъ баьккхинарг хиллий Кутин да – Маьхьди, ткъа цо халкъана чIир оьцуш, йукъ йехкаран бахьана доьзна ду оьрсийн а, нохчийн бIешерашца лаьттачу мостагIаллица, бIешеран йохаллехь империс нохчийн къомана тIехь латтош хиллачу къизаллица, уьш охьатаIо, къарба цо лелош мел хиллачунца. Кхузахь вайна йуха а го мел доккха маьIна ду адамалла бохучу дешан, хIунда аьлча адамаллин цхьаьна а кепара дозанаш дац. Лаккхара адамалла, син-оьздангалла йолчу йаьхь йолу нах кхолламан майданехь нисбалар бахьана долуш, аьтто болу Кутин Iедалан таIзарах кIелхьарвала.
ХIара дешхьалхе дIайолош, уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, кху книгин коьрта турпалхо нохчийн бакъ волчу къонахчун вастехь доьналла а, майралла а, таханлерачу дийнахь бийца бух а болуш а, тIаьхье а йолуш, тIарикъатан новкъахь а хилла, бусулба динан кIоргера баххаш девзаш, ламаз-марха а долуш, луларчу къаьмнийн меттанаш а хууш, цаьрца доттагIаллин йукъаметтигаш а лелош, нохчийн къоман исторехь йовр йоцу лар йитина стаг хилар. Довта-МартантIера обарг Кутех лаьцна, цхьацца бахьанашца нохчийн йукъараллехь цкъа а шуьйра дуьйцуш хилла дац. Ткъа и бахьанаш вайна ма-хаьара оьрсийн Iедало даима кхуллуш хилла. Нохчийн иэс самадаларан кхерам гуттаренна а хилла оьрсийн Iедалехь.
«Кавказан баххьаш» цIе йолчу кху шатайпа кIоргера жайнахь йешархочунна карор йу Кавказан къаьмнийн а, иштта нохчийн къоман дахарера а хIинцалц шена йевзина йоцу агIонаш. Ратиани Мурмана шен архивашкахь йозанца гулбеш хилла шайн дахар ца кхоош, нийсонан а, диканан а новкъахь лаьтташ хиллачу Кавказан бакъ болчу турпалхойх лаьцна массо а хаамаш. Амма, хала хеташ делахь а, Мурман дуьнен чуьра дIавахана шен йозанашна чакххе йан а, зорба тоха а ца ларош, амма доккха ирс ду Мурманан кхоллараллин некъ ца хадийта, цуьнан йоI Мзия хилар. Иза бахьана долуш, аьтто баьлла вайн тахана, Мурманан архивехь пайда а оьцуш – цуьнан йозанашна тIехь болх бан а, хIара жайна зорбане даккха а.
Кху жайнан тIехь бан беза болх хIинца бина баьлла, амма кестта йешархойн аьтто бер бу йоьалгIа том йовза а. КхоалгIачу томан хIора а агIонехь йешархошна бевзар бу дIаэхначу шерийн исторически хиламаш, маршо а, паргIато а къуьссуш хиллачу турпалхойн майра ойланаш, церан синхаамаш, лехамаш. Со воккхаве кху жайни тIехь мехала дакъа дилла сайн аьтто баларна.
Амма ала догIу – ширачу заманахь дуьйна нохчаша шайн лаьмнашкахь лекха бIевнаш йеш хилла. Цу бIевнашкахь уьш бехаш хилла, цу бIевнашкара мостагIийн бIо а йуха тухуш хилла цара. Заманан йохалла стигла кхийдаш хилла ирхечу тархаш тIехь тIулгах йоьттина нохчийн шира бIевнаш.
Хийла мостагIа вогIура уьш йохош, амма тIаьхьарчу тIаьхена йуха а буьллура тIулг, йуха а йуьллура бIов шайн дай баьхначу лаьмнашкахь. Нохчийн ломахь рогIера тIеман дарц даьлча, хеталора и бIевнаш йан кхин стаг хир вац, уьш кхин цкъа а гур йац цу лаьмнашкахь, амма цу бIевнийн херцаршна тIехь гучуйовлура керла гIаланаш. Даймахкана хьалха долу декхара сил а, дахарал а деза хетачу къоман ницкъ кхочура шайн маршонан билгалонан – керлачу бIевнан тIулг билла.
ХIоразза а летара нохчий мостагIех шайн маршо, паргIато, синтем къуьссуш. МостагIийн терахь алсам мел долу, гIора дайна къам кхин а лекха лаьмнашка хьалагIертара. Лакха хьала мел довлу, цаьргара ницкъаш кхууьра, уьш и лаьмнаш санна онда а, зоьртала а хуьлура, цундела мостагIчо ца боккхура толам, иза иэшамца лаьмнашкара йухавоьрзура.
Цигара охьабиссича, шайн хIусамех йиссина херцарш бен ца карайора царна, амма дахаре болчу безамо, цу дахарца йолчу шовкъа гIо дора царна и хIусамаш тайеш, цу чохь керла дахар кхолла, доьзалаш кхио. Ишта дIаоьхура бIешераш. Карарчу хенахь, 21-чу бIешарехь а дерриге а дуьне теш хилира нохчийн къомана тIебеанчу баланан – йохийна, йаьржийна йарташ, гIаланаш, амма цара шайн дайша санна йухаметтахIоттийра шайн дахар, царна йуха а карийра шайгахь доьналла а, ницкъ а. ХIора а нохчочо шен бIов йуьллуш, лерина тIулгана тIе тIулг буьллу, и тIулг цуьнан къоман историн лард йу. ХIора а тIулг нохчийн Iадат ду – къоман син-оьздангаллин лийр йоцу гIап, и хIора а бIов – къоман тIум йу, цуьнан иэс дийна хиларан билгало йу. Нохчийн лаьмнашкахь лаьтташ йолу бIевнаш шатайпа архитектура хилла ца Iа, иза – нохчалла кхоллалуш йолу пхьаьлгIа йу: – Бусулба дин, Сий, Адамалла, ГIиллакх, Доьналла, Ларам, Оьздангалла, Маршо, Нийсо, Барт, Ийман, Комаьршалла, Къинхетам – къаьсттина и лийр йоцу мехаллаш йеха цу бIевнашкахь, цу мехаллех йоьттина а йу уьш нохчийн къомо. Цу мехаллашна йукъара цхьаъ мукъне а «тIулг» ца хилахь, бIов хаьрцар йу, иштта нохчочун йиш хир йац ша нохчо ву ала, нагахь санна цуьнан дахар цу мехаллех доьзна ца хилахь.
Нохчий цкъа а ца хилла дин доцуш, ийман доцуш. ХIинцалера харц историкаша нохчийн къам Iеса хилла боху ойла йаржо гIерта йукъараллехь, амма нохчийн къам кху дуьнен чохь мел деха, дехаш хиллачу Iадатана чохь гулйелла йу бусулба динан уггаре а йеза мехаллаш. Хийла къахьегна мостагIаша нохчийн къоман цIе йожо гIерташ, цунна ирча цIе кхолла гIерташ. Цу гIуллакхна шайн ницкъаш ца кхоийна цара цкъа а, амма даима а иза эрна хуьлу, хIунда аьлча нохчийн къоман ша мокхазан берд санна йоккха гIортор йу – цуьнан истори, мотт, син-оьздангалла.
Къаьсттина меттан хьокъехь дерг аьлча, билгалдаккха деза нохчийн мотт кху дуьнен чохь уггаре а хьал долчу а, ширачу а меттанашах цхьаъ хилар. Нохчийн меттан хIора а дош кIоргера чулацам а, маьIна а долуш ду. Нохчаша шайн маттахь йитина тIаьхьенна йовр йоцу лар – дуьненан да Дела хилар тешош. Цундела и Дела воцург шайн коьртехь цхьа а гина вац царна цкъа а, цундела ца хиъна царна цкъа а цхьанна а къарбала – йа паччахьан Iедална а, йа аренца тIелеташ хиллачу мостагIашна а, йа къизачу советски политически ражана а.
Нохчочо орамца хадош ду шен тайпанехь а, тукхумехь а ша санна волчу маьрша стагана тIехь олалла дар. Нохчаллехь каро мегар ду хьекъалан, динан бух. Цу буха тIехь кхуллуш хилла къомо шен кхане, нохчаллас къагош хилла цу къоман дахаран некъ.
ХIара книга йешча хуур ду Кавказ цкъа а акха ца хиллий, мелхо а адамаллин а, син-оьздангаллин а масала иза хиллий. Нагахь санна Рим а, цуьнан бакъо а, иштта кхин йолу дуьненан пачхьалкхаллин кепаш а нохчийн Iадатаца дустича, мел дукха хIума Iамо дезар дара царна. ШарIанан бакъонаш а, Iадатан лехамаш а мах боцу хазна йу. Шен дахарехь царна тIетевжаш волчу ламанхочо цкъа а дийр дац зулам.
Адам син-оьздангаллехь кхиорехь Iаламат йоккха меттиг дIалоцу матто, цундела шеко йоцуш ала мегар ду, ишта маьрша, кIоргера мотт болчу къома цкъа а ца айайтина шена тIе шед. Цуьнан тоьшалла ду кху книган хьалхарчу а, шолг1ачу а томашкахь коьрта чулацам хилла кийсаг – къоначу элас тоьхна шед ца ладеллачу нохчочо динарг. Синхаамийн шорте цу маттаца ца хилча, къоман кхетам къен хуьлу. Тайп-тайпанчу меттанашах кхоллабелла болу мотт заманан йохалла бовр бу, иштта ша кхолла гIиртина къам а дIада кхераме ду.
ТкъолгIачу бIешеран йохаллехь Дела вац бохуш хиллачу къомо хIун ойла кховдор йу дуьненна? Хир буй цуьнан дахаре болу хьежамаш сирла а, цIена а? Иштачу къомо дуьненна зен бен дийр дац, цуьнгара синтем а, паргIато а хир йац цхьанна а. Цуьнан даима а лаам хир бу кегийчу къаьмнашна тIехь олалла дан, цу къаьмнийн барт бохош, уьш дохийна даржо, уьш шех дозуш хилийта.
Паччахьан Iедалан къиза а, боьха а хилла политика кхайкхаза хьаша хилла, герзан ницкъаца кхечира Кавказе, шеца зулам а доьхуш. Цу Iаьржачу ницкъаша Кавказан хийла къаьмнаш хIаллак дира. Маьрша адам лайн амале дерзо гIиртиначу цу Iедало бен доцуш цIий Iанийнера Кавказехь. Цуьнан Iалашо цхьаъ йара адаман кхетам кагба, цу адамна ша цхьаммо дола дан дезаш долу дийнат ду моьттийта.
Мел чIогIа ницкъ болу пачхьалкхаш а мацца йоьхна а йухур йу, шаьш дуьненан дай хеттарш белла дIабевлла, амма чаккхе йоцуш йу хир йу бартаца, нийсонца дахар кхуллучу къаьмнаша дуьнен чохь йуьтур йолу лар. Нийсонан бакъонаш йоцучу махкахь даима а коьртехь ницкъ а, ахча а хир ду, цундела ишта пачхьалкхан даима Iалашо хир йу нехан маршо дIакхалла, цуьнан сурсатех а, Iаламех а шена пайда оьцуш. Иштачу ницкъашна дуьхьало йалур йац кIиллошка. Боккъалла а кIоргера кхетам а, майра дегнаш а долчеран бен аьтто бер бац шайн сирла ойла дуьненна кховдош, къиссам латто.
Ширачу заманехь дуьйна даима а мостагIашца латточу къиссамехь кхиъна йу нохчийн къоман лаккхара син-оьздангалла, доьналла, шайн Даймахкана – Кавказана муьтIахь хилар. ХIора а заманехь хиллачу къизачу тIемашкахь, буьйсанан боданехь гучудовлу седарчий санна гучубовлуш хилла нохчийн къонахий. И къонахалла наноша аганехь дуьйна кхиош хилла берашкахь. КIилло хилла дуучу дуьненан мах хетта бац нохчашна цкъа а. Нохчо дегIаца а, сица а кхиар чолхечу хьелашкахь хилла, амма хIете а иза нуьцкъалла а тоьлла а хилла Кавказ къар йан оьхучу мостагIел.
Ишта сица а, дегIаца а турпалалла шегахь йолуш веана кху дуьненчу Довта-МартантIера нохчийн обарг Кута а. Цуьнгахь дегIан хазаллел а, лаккхарчу син-оьздангаллел а, майраллел а кIоргера Iилма а хилла.
Мел зама дIаэхарх, оьрсийн Iедалан Кавказан хьокъехь йолу политика цкъа а хийцайелла йац. Цу Iедалан лаам цхьаъ бу – Кавказан къаьмнаш шайн историх, маттах, Iилманах, оьздангаллех дохуш, уьш сийсаза дар.
ХIара книга, шеко йоцуш боккъалла а Кавказан жайна лара мегар ду, хIунда аьлча кхузахь автора цхьа а озабезам боцуш гойту хIора а Кавказан къоман сирла ламасташ, гIиллакхаш, амалаш. Гойту церан барт а, цхьалла а. Обаргийн вежараллийн уьйраш, уьш вовшашна орцане гIовттар йу кху книгин коьрта башхалла а, кIоргечу чулацаман цхьа агIо а. Автора доккхачу литературни похIмаллица а, исбаьхьаллица а довзийтина коьртачу турпалхочун – нохчийн обарган Кутин васт. Иза къиссамах, цIий Iанорах хьаьгна, хьере зуламхо вац, иза халкъан чIирхо ву. Цуьнан коьрта лехам – нийсо йу. Цу нийсонан новкъахь лела хаьа цунна.
Ала деза, заманан майданехь шена дуьхьал Iоттавеллачу муьлххачу а къомера а, динера а, даржера а волчу стагаца бийца мотт карийна цунна, шен ойла а, ша арабаьккхина некъ бовзийта а хиъна. Кутин ламастехь дацара гIийлачунна тIехь ницкъ бар, иштачу ницкъашна дуьхьало йан даима а доьналла хилла цуьнгахь. Дашца а, гIуллакхца а нийсо къуьссуш хилла иза даима. Цо цкъа а ца къестийна къаьмнаш. Мискачу стеган орца а, мекара мостагIан кхерам а хилла лелла ву обарг. Цуьнан сирла васт дуьненан тIегIанехь дийца хьакъ ду. Билгалдаккха деза, иза бекхаман новкъа валаран коьрта бахьана а. Йезарца шовданехь лаьтташ хиллачу жимачу стаге ца ладеллера нуьцкъала шен махка а кхаьчна, шен къомана тIехь олалла дан гIертачу бийца бух боцучу, мостагIаша, шайн боьхачу ламастехь ма-хиллара нохчийн йоккхачу стагана йина гIело.
Исбаьхьа хазачу нохчийн матто дашо хIур биллина пхьегIа санна хазйина хIара книга. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн мотт кху дуьненчуьра муьлхха а мукъамца богIуш хилар, цу маттахь аьлла муьлхха а дош шатайпа чулацаме доьрзий хазлуш хилар. Ойла йе йешархо, хьайн ненан меттан бекаре, тIаккха хьуна хьайн Даймехкан васт гур ду – ламанца даима а йекхна хуьлу Iуьйре, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Йуьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а.
Цу хьаннашка бIаьрг тоьхча хетало малх хIора а дитте маршалла хоттуш бу, хIунда аьлча цуьнан зIаьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна тIехьара гучудовлу ло санна кIайчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамийн эшарехь цхьа тамашийна мукъам хеза. Цу мукъамехь гIайгIа хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора Iаламан сийлалла. Хетало и мукъам лаьмнаша йазбина бу. Цо тоьшалла дора Iаламан лаккхале адам кхочур ца хиларан.
Цхьаьна а илланчан похIма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта хIаваан къамел а, гIа-патарийн шабарш а, чIург йетташ догIучу шовданан декар а, ламанан чIожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, йуха Таркхойн хIордан сийначу тулгIешца дIаэ хьаьгначу Органан и буьрса гIовгIа а. И ша дерриге а гайта а, хазийта а аьтто хир бац цхьаьна а сурт диллархочун а, йа илланчин а. И тайпа хазачу маттахь довзийтина долу Кавказан хаза гIиллакхаш дагах ца кхетийла йац.
ХIара книга шеко йоцуш мехала дакъа ду нохчийн литература кхиорехь а, Iалашйарехь а. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн меттан хазалла кху книгин агIонашкахь йовзийтиначу гочдархочун корматалла лаккхара хилар. ХIора а кийсаг шатайпа дагах кхеташ, ша зевне мукъам санна йека лерехь. ЧIир, къиссам, цIий Iанор, къизалла, амма цу дерригенна а йуккъахь, Кавказан оьздаллица, кIоргера нохчийн маттахь кху агIонашкахь бовзийтина сирла безам. Масала, кхарачойн эла Бекмирзас нохчийн обарге шен дагара дийцар:
«Кута! Суна чIогIа эхь-м хета хьоьга иза дIаала, амма сан бехк болуш хIума дац иза. Безам бахна сан. БерхIиттара ваьллачу жимхина санна йоI йезаелла суна, цу безамо дIалаьцна сан берриге а кхетам. Со мичча а вахча а, хьаьнца а къамел деш хилча а, хуьлийла со цIахь йа, ломахь, йа хьуьнхахь, йа доьзалан гуонехь, доттагIашца шуьнехь, йа мостагIашца болчу къиссамехь, сан ойланашкахь цуьнан сибат бен кхин хIумма а дац. Де а буьйса а, вижар а, гIаттар а доцуш лелаш ву со. Цуьнан и исбаьхьа хаза амат ша барзана тIаьхьа ваьлла иччархо санна суна тIаьхьа даьлла лелаш ду.
Ас даима а лоьху и амат – гIенахь а самах а, лоьху, марха даста хьаьгначо стиглахь маьркIажен седа лоьхуш санна, ижунна тебначу цIоькъ-лоьмо лоьхуш долу лу санна, диканах дог диллинчо тIаьххьара сатийсам санна, лоьху турпалхочо лоьху шен толам санна. Лехнарг карадо ма олура, ва Кута! Цуьнан и кIоргера, дахаран цIе шайна чохь кхерсташ болу и жугIар ши бIаьрг, ломара шовданан санна долу цуьнан и самукъне йелар – цу дерригено а со хьере вина…»
Ларамза дац нохчийн матта ишта шатайпа боккха тIеIаткъам беш хиларан, хIунда аьлча и мотт ширачу Шумерера схьабеана, Пайхамараша бийцина мотт бу, цундела ду цу меттан бекар ишта шатайпа, цу матто кхуллуш йу нохчийн къоман син-оьздангаллин лард. Шеко йоцуш хIара книга, йерриге а Кавказан исторехь йоккха меттиг дIалоцуш йолу говзар йу. Кху книгас самадоккхур ду нохчийн къоман иэс, тIаьхьарчу тIаьхьенна нийсонан, Бекхаман Новкъахула доьналлица чекхваьлла волу вайн къоман сийлахь турпалхо – Довта-МартантIера, чIинхой тайпанера нохчийн обарг Кута вовзуьйтуш.
Акаев ИсмаIал – Евразийски Кхоллараллин Гильдин декъашхо, Кавказан йаздархойн Клубан декъашхо.
Сурт диллинарг Айтек Дуг
Обарган новкъахь
Шийла буьйса —
Меца кийра.
Дайна гIора,
ГIийла говр а.
Тоьпан гIап а,
Шаьлтан ботт а.
Буьйса Iаьржа
Стиглахь седа…
Дуьне-эхарт,
Упханан тхов а,
Кошан барз а,
КIайн марчо а.
Шийла тIулг а,
Iаьржа верта.
Йоьду зама —
Дог ду цхьалха.
Ненан бIаьргаш —
Шийла шовда.
Деле воьхуш —
Йиша йоьлхуш.
Буьйса Iаьржа,
Борз а угIу…
Шена кIант а
Дена оьшу.
Буйнахь шаьлта,
Топ а, тапча…
Дехен лазам —
Деган чов.
Боьхна новкъахь
Обарг лела —
Цхьалха тIулг а
Хилла шийла.
Йилла къоман
Лекха, чIогIа —
Дехе сийлахь
Лекха бIов…
Ирс а доьхна
КIант а лела,
Шовдан йистехь
КIудал йеса…
Нохчийн обарг Довта-МартантIера Кута
Суртан автор Дикаева Янина
Безаман кхоллам
I
Ши кIира даьллера Кутас къеначу Шоптакхан говраш йухайерзийна. ХIинца обарг шен доьзалца хан йоккхуш, Довта-МартантIехь вара. Ма-дарра аьлча-м иза цIахь хуьлуш а вацара. Стиглахь маьркIажен бода баржарца нийсса, араволура иза луларчу йарташкара а, кIотарашкара а шен накъостий болчу хьошалла дан.
ВаларгтIера аьккхи лор Элмарза волчу а кхечира Кута, шен чов цунна гойтуш. Иштта масех де даьккхира обарга СемаIашкара шен зумсой вежарий болчохь а. Дуй биъна вешица Котар-Йуьртара нашхо ГIирмахаца цхьаьна Йоккхачу АтагIара Тамаев Аюб волчу а вахара Кута, масех де Шелахь а даьккхира. Иштта кхечира дай баьхначу Уьшкхала а. Ма хаза бара Даймохк, ма цIена, ма ирсе, ма сирла хетара обаргана ша кху лаьттахь йоккхуш йолу хIора а гIулч. Бекхаман новкъахь, халкъан чIир оьцуш, хийла Кавказан лаьмнаш толлура цо, амма кхузахь санна цхьа тамашийна мерзачу лазамо ца хьулдора дог. Синтем бойначу кху нохчийн ломахь ма дехара обарган синтем лоьхуш долу са…
Цаца реза йацара кIантана, цо доьзалца хан кIезиг йоккху бохуш.
– Ва Кута, хьан кIентий баккхий хилла. Цхьа жимма мукъне а царна а кхачийта хьо! Царна а оьшу хир ма ду хьоьгара гIо. Уьш-м хьоьх дагабовла, хьан хьехаршка ладогIа сатесна ма бу. Айхьа кху къомана ца кхоош йолу йовхо, тхуна а кхачийта жимма. Хьоьх хьоьгуш, хьо гаре сатесна ма ду тхо, ткъа хьо чувоьрзуш а вац! – йелха озалуш, неIсагIе йахара йоккха стаг.
Кутин дог Iевжира. Ша боккъалла а бехке хийтира цунна доьзална хьалха.
– Нана! Сан дика нана! КъинтIера йалалахь суна. Кху чолхечу дахаран беза мохь бу ас хьан белшашка божийнарг. Хьайн къоналла а, хьайн дерриге а дахар а суна лерина хиллачу ахь, хIинца хьайн дахарехь йаьккха йиссина хан сан берашна дIайелла. Боккъалла а ма бехке ву со хьуна хаьлха – марайоьллира цо нана, цуьнан йерриге а йовхо шен сих а, дегIах а хьарчош. Ишта бара обарган дахаран чолхе некъ. Халкъана, къомана, Даймахкана цо ца кхоийначу безамах а, йовхонах а хьоьгура цуьнан сих баьлла доьзал а, хIара вина нана а.
Кутас сацам бира цхьа кIира цIахь даккха. Ма боккха кхаъ бара иза обарган доьзална. ХIора сарахь шайн деца пхьор дар, шайна дуьненан Iаламат гар санна хетара Кутин берашна. Кута хьешашка хьоьжуш вацара, цундела Хьамида дIакъевлира кевнаш. Могашалла дика тайелла, цIентIехь дезарш деш йара Заза а.
Кутин дахаре ларамза кхаьчна адам дацара Заза. Алдыра хорачочун Ульбин йоI Заза обарг Зеламхин маьхча йара. Ульби – Зеламхин дещича вара. Хазаллица шен бIаьрг бузош йолу къона йоI Кутина дуьххьара гира ша Зеламхица Алды веанчу хенахь. Жималлехь ЦIака олуш хилла йолу Заза йокхха меттиг дIалецира обарган синтем бойначу дахарехь, ткъа дукха хан йалале цуьнан кхерчара цIе латош, обарган хIусамнана а хилира цунах. Нускалан цIе хийца дийзира, хIунда аьлча ЦIака цIе йолуш Кутин гергара стаг йара, ткъа нохчийн Iадатехь марзхойн цIе йаккха магийна дац несаршна. Заза сиха йоьллера шен керлачу цIарах а, керлачу доьзалах а. Цхьа хан йаьлча Зазин доьзалан а дезар ду Алдыра Довта-МартантIе сехьабовла. Алдыхь дов даьллачу хенахь, Ульбин вашас Бенара ши ваша вийна хилла, амма чевнаш хилла ша а дIакхелхинера иза. Нохчийн Iадато ма-бохху цу доьзалца гIиллакх латтош, йуьртах бевллера УльбигIар.
Гергарчаьрна хаьара Кута цIахь хилар, цундела цуьнан паргIато ларйеш, ха деш бара Кутин шичой Эска а, Джама а. Нагахь санна кхерам хилча, сихонца цуьнан гIо даккха а, иза ларва а кийча бара къона ламанхой. Цундела ма ца лаьара Кутина цIахь дукха хан йаьккха, шен гергарчарна а, накъосташца а ша бахьанехь зулам ца хилийта.
ХIара суьйре боккъалла а цхьа шатайпа йовха йеара обарган доьзалехь, ткъа иза хазйинарш бара Цацин жималлин дагалецамаш.
– Мегар дуй со чоьхьайала? – хаьттира Цацас, кIентан неI тухуш.
– Ва дер мегар ду! – сихонца маьнги тIера гIоттуш, нана чуйалийра Кутас.
Шена тIаьхье, берийн бераш а дахкош, чоьхьайелира Цаца. Обарган чоь йоккха йацара. Цхьа кор керта хьоьжуш дара, ткъа важа божалина чу даьккхина дара, Кутин говран са ца гатдалийта. Кора йистехь лаьттара тIетиссина кхакханаш а долуш, дечиган маьнги, ткъа цунна улло беа кога тIехь лоха стол. НеIарна дуьхьал лаьттара доккха тIорказ а, масех гIант а. КIеда йолче шен нана охьахаийтира Кутас, цуьнан букъа тIехьа гIайба а буьллуш. НеIсагIехь эхь хеташ лаьттара бераш.
– Хьамид, чоьхьадовла шу а! – кхайкхира берашка Кутас. Дас аьллачух хилла доза доцу хазахетар ца лечкъош, чоьхьавелира Хьамид а, Ремид а, ткъа царна тIаьхье Бакали а. Меллаша чоьхьайаьлла, Цацин когашка охьалахйелира Заза а. Кутина гуш дара шен дагна безначийн йаьххьаш тIехь йолу нуьре серло. Ма чIогIа сагатдина хилла цара кхунна. Кхуьнан сих а, дегIах а хьаьрчира цхьа шатайпа йовхо, шерашца кхо сатийсина хилла синпаргIато. Кху шатайпа сарахь кхийтира Кута ирс бохучу дешан дуьззинчу маьIнах.
– Муха хир дара те сан дахар ас кхин некъ хаьржинехь? Массара а санна дийнахь аренгахь къахьоьгуш, ткъа сарахь доьзалца цхьаьна пхьор дууш, цхьанна а новкъа а воцуш, цхьаьнгара а кхерам а боцуш, буьйсанна мерзачу набарна а тевжаш, Iуьйранна маьлхан зIаьнарша сама а вохуш? Вахалур варий теша со ишта? – цIеххьана ойла кхоллайелира Кутин. Амма обарган дахар кхин дара. Иза бекхаман новкъахь вара. Кхолламо хаьржинера иза бехк боцуш шен къоман Iенийначу цIийх чIир иэца, цундела йухаволийла дацара, деган кIоргенехь мел чIогIа цо паргIатоне сатийсарх а. Эххар а Кутин ойланаш йукъахйохуш, йистхилира Цаца:
– Дийцал хIинца – элира цо Кутин кIенташка. – Хьоьца цхьа къамел дара кхеран. ЧIогIа сатесна бара хIорш хьоьца ишта паргIат хан йаьккха, къаьсттина Хьамид. Делан къинхетамца вайна а кхечи хIара тховса, цундела хатта шайна луург – элира Цацас.
Хьамида эхь хетта корта оллийра. Жимхас боккъалла а сатийсинера деца дагара дийца, амма и мIаьрго тIекхаьчча, кIант воьхнера. Хьамидана Кута да хилла ца Iара – иза Кавказан тоьлла къонаха, Паччахьан эскарна шен цIарца кхерам тоссу турпалхо вара уггаре а хьалха. Шен кIантана гIоьнна йеара Заза.
– Баба, дукха хан йу Хьамид шен дега хатта лууш волу ша цунна улло хила мегар дарий, цо хаьржинчу некъаца ваха мегар дарий?
Кутас доккха са даьккхира:
– Дер Хьамид воккха ма хилла. Суна накъост хуьлу хан а йу цуьнан. Амма цхьа хIума ду. Цкъа делахь кхолламо ша къастор ду цо муьлха некъ харжа беза. Нагахь санна кхолламан жайнахь Дала йаздинехь иза мацца ваьлла а вер ву со санна бекхаман новкъа, цундела зама сихйан ца оьшу. Заманан дой ахь шед йетта ца оьшуш даима а чехка хуьлу хьуна, Хьамид. Иза цкъа а диц ма делахь. ШолгIа делахь, суна кху хIусамехь оьшу сайн метта тешаме гIортор. Де дийне мел долу, со паргIат хуьлу, сайн хIусамехь, сан доьзалах жоп дала боьрша стаг вуйла хууш. – Вехха кIентан бIаьра хьаьжира Кута. – Сан да а, цуьнан да а, доцца аьлча вайн дайша хаьржина бу бекхаман некъ. Цара ца хаьржина дахарехь паргIато а, синтем а, ирс а, цундела сан ши кIант а кийча хила веза, муьлххачу а мIаьргонехь шайн Даймохк а, шайн къоман сий а, шайн дин а ларда мостагIчунна йуьхьдуьхьал хIотта. Болатал чIогIа хила деза шу дегнаш, цу дегнел чIогIа аш делла дош. Даима дагахь латтаде сий долуш дуьнен чохь ваха хала ду, амма сийлахь ду. Сан дахар атта ду моьтту шуна, мел чIогIа ас мостагIашна кхерам тассарах, мел чIогIа со майра хиларах, цу мостагIех цхьаммо соьл хьалха герз кхоссахь, сан дахаран некъ хедар бу. Ламанца лела берзалой санна бу со а, сан накъостий обаргаш а. Тхуна ца хаьа муьлха Iуьйре хир йу тхайн дахарехь тIаьххьара, амма эзар ирсе некъ тхайна хьалха кхолламо биллича а, оха йуха а хоржур бара бекхаман чолхе некъ, хIунда аьлча тхан ирс тхайн къоман маршонца доьзна ду. – Кутас дехха къамел дира шен кIенташца…
Хетарехь, иза ша а хиллера шен дагахь дерг дийца хьаьгна. Кутин ца хиллера ишта шен ден къамеле ладогIа аьтто. Хин волчу обарган йалх шо бен дацара, да бакъ дуьнене вирзинчу хенахь.
Халла дагайогIура обаргана шен денана Товсари. Иза Тумсой тайпанера йара. Доьзалехь уггаре а йоккха хиларна вежарша чIогIа ларам лелабора цуьнца. Къаьсттина цунах чIогIа ийна вара уггаре а жимох волу ваша Бетамарз. Цундела вара цуьнан ши кIант Ахмарза а, Нохмарза а ишта тIекаре шайн дейишица. Товсарин кIант Эза – Кутин деваша санна Нохмарза а вара Имам Шемалан наиб.
Ткъа да Кутин иэсехь гуттаренна а виссира къовламе а, буьрса а стаг санна. Кутина дага ца догIура цо ша цкъа мукъне а хьостуш йа маравуллуш. Шерашца къуьйлура Кутас шен деган кIоргенехь и вас, цкъа а цхьанна а иза ца йовзуьйтуш. Дегара ца тоьуш хилла безам а, йовхо а девашас Эзас меттахIоттийра кIентан дахарехь. Обарга цIеххьана шен нене хаьттира:
– Нана, со сан дена дукха везарий?
Кутас и хаттар дуьххьара деллера шен нене, цундела Цаца цецйелира:
– Вай дер везара. И стенна хаьттира ахь?
– Суна цкъа а дага ца догIу, цо со хьаьстина, йа довха дош аьлла… цундела хоьттура ас. Суна чIогIа хала а, буьрса а амал йолуш стаг хетара иза.
– Дер везара хьо цунна чIогIа дукха. Хьо бен кхин дахаран маьIна ма дацара цуьнан кху дуьнен чохь. Iуьйранна хьо самаваларе сатуьйсура цо, буьйсанна хьо дIавижча хьуна са гатлора цуьнан, амма къонахийн ламастехь дац синхаамаш Iорабахар, ткъа и санна къонаха суна сайн дахарехь гина вацара. – цIеххьана шен къамел сацийра Цацас. ТIех лазаме бара дагна сел мерза болу къоналлин дагалецамаш. Йоккхачу стеган йуьхь нуьре хуьлуш сирла йелира, Кутин да хьахийча. Цецйаьлла Заза кхийтира бакъ болу безам замано тишбеш ца хиларах.
– Хьан да шен дахарехь атта адаме лалур боцу бала лайна стаг вара, цундела кхоьрура иза вайшинах къастарна. – йоккхачу стеган хебаршка иэхначу йуьхьтIехула охьахьаьдира бIаьрхийн даккхий тIадамаш. Массо а кхийтира дагалецамийн лазамо Цацин дог Iовжийна хиларах. Эххар а гIайгIане тийналла йохош, йистхилира Бакали:
– Баба, дийцахьа хIун хиллера дадина? Ахь цкъа а ца дийцинера тхоьга цуьнан дахарах лаьцна.
– Дер ду и дукха лазаме, дукха Iовжаме дийцар. – доккха са даьккхира Цацас, ткъа йуха жимма соцунгIа а йина, долийра шен дийцар. – Дуккха а, дуккха а шераш хьалха, оьрсийша къиза дийнера цуьнан пхи бер а, Довта-МартантIехь хазаллица цIейаххана хилла зуда а. Шен дахаран ткъе итт шо чIирана дIаделлера шун дедас. ХIара дуьне гатдинера цо шен мостагIашна. Цуьнан аьтто а баьллера уьш массо а вен, цхьаъ виссалц. И цхьаъ таIзар ца деш витинера цо, цуьнан кегий бераш хиларна.
– Баба, хьуна девзарий и бераш? Тхан ден вежарий а, йижарий? – догцIена велакъажарца хаьттира денене Кутин жимох волчу кIанта Ремида.
– Суна муха бевзар бу уьш? Со хIетахь дуьнен чохь а ца хиллера. – йелайелира Цаца.
– Муха? Хьайн майрчун берел жимох йу хьо? – шен цецйалар ца лачкъийра Зазас.
– Сан майра-м сан дел а вара воккха! – йелакъежира Цаца. Мел лазаме хиларх а, амма дагалецамаша хьоьстура цуьнан дахаро Iовжийна дог.
Шен марнана маракъовлуш, Зазас дийхира:
– Баба, дийцахьа муха девзинера шу? Хьо Нохчмахкара ма йу, Органал дехьара.
Сесана…
II
– Йу. Со йина а кхиъна а Нохчмахкара Сесанахь йара. Боккхачу, ирсе доьзалехь кхууьш йара со, ден-ненан безамах а, бахамах а хьаьгна йоцуш. Къаьсттина чIогIа со качйина лелош йара сан денанас. Цунна чIогIа дукха йезара со. Иза Кавказехь цIейаххана волчу шайхан Ташу-Хьаьжин йоI йара. Кесира йара сан дененан цIе. Ши-кхо шо долуш дуьйна цуьнца йуьжуш, гIоттуш, цо лелош йара со. Дукха жима йолуш дуьйна цо сийлахь деза КъорIан а, Iаьрбойн йоза а Iамийра суна. Бабас соьца цхьаьна шен чохь кхин долчу берашна а дара КъорIан Iамош. Шийтта шо кхаьчначу хенахь долийра ас сийлахь деза КъорIан дагахь Iамо. Кертахь, цIентIехь деш долчу массо а гIуллакхах мокъа йаьккхинера со, сан дешарна новкъарло ца йан. Нанас дов дора суна, гIуллакх дан Iама бохуш. Маре йахча, майрчо аракхуссур йу хьо. Хьанна оьшу ишта зуда? – олура соьга нанас. – ненан сирла сибат дагатесначу Цацас соцунгIа йира шен къамелехь. Цхьаммо а сихйеш йацара иза. Массарна а хаьара кийрара охьахецабелла дагалецамаш совцур бац, цундела Цацас йуха а долийра къамел.
– Ткъа шо кхаьчча, дерриге а КъорIан дагахь хаьара суна. ХIетахь сацам хилира сан дененан маьждигехь зудберашна лерина хьуьжар схьайоьллуш, со цигахь хьехархо балха хIотто. Иза сан дахаран йоккха а, шатайпа а агIо йара. Зудбераш сан дешархой хилла ца Iара, со йоьллера церан къоначу кхолламех, дахарех. Суна бевзара церан лаамаш, сатийсамаш, бIаьстенца лаьттахь гучуйевлла зIийдигаш санна болу церан дуьххьара цIена синахаамаш. Тхан гергара масех йоI тхо долчохь Iаш йара дешар чекхдаккхалц. Суна дахарехь гуш кхин хIумма а дацара, айса хаьржина Iилма доцург. Сан коьрта Iалашо йара сайх тешна долу зудберашна буьззинчу барамехь сайн хаарш кховдо. Хан йоьдура. Суна хаьара сан дагна тIедоьлху некъаш лоьхуш дукха кегий нах хилар. Нохчийчоьхь бевзаш болчу Iеламнаха дукха захалонаш кховдийнера сан дега. Цхьаберш духьало йан ца товш хиллал цIейаххана а бара Нохчийчоьхь, амма сан дог къевлина дара, ткъа цуьнан догIа даста церан ницкъ ца кхачарна со ма йацара бехке. Бехке дукха хьолахь сан денана йара. Цо дукха жима йолуш дуьйна дийцинера соьга къонахаллех лаьцна, доьналлех лаьцна. Со жима бер долуш цо туьйранашкара турпалхой буьйцура соьга, ткъа йоккха хилча дуьненахь Нохчийчоьнан цIе йаккхийтина болу турпалхой буьйцура. Шайх Мансур, Имам Шемал, Ташу-Хьаьжи, ШоIайп-Молла… церан цIерш йехара сан синхаамех хьаьгна долчу, къона даг чохь. Ас цаьрца могIаре хIотто мегар долчу къонахчуьнга туьйссура са. Сан ойланашна ца хаьара лаьттахула лела, уьш цу къонахийн сийлалла йехачу стигланан лекхалле кхийдара, церан доьналас дегош хиллачу лаьмнийн ирхенашка кхийдара. Цундела дара суна хала дахаран накъост харжа. – йуха а ойланашка йахара Цаца, ткъа цуьнан дийцаро исбаьхьа туьйрано санна дIалаьцнера массеран а кхетам.
– Цкъа цхьаьна дийнахь тхоьга хьошалгIа веара ЦIоьнтарара ШоIайп-Моллин кIант Мухьаммад-Хьаьжа. – дIадолийра къамел Цацас. – Иза сан дененан генара гергара стаг вара. Чохь кхин хийра стаг ца хиларна, денанна улло охьахиъна, церан къамелашка ладугIуш йара со.
– МостагIашна чIир оьцуш, лелаш хиллачу Довта-МартантIера хьан гергарчу стагах хIун хилира? ЧIир эцна ваьллий иза? Маьрша дахаре йуха ца вирзина? – хаьттира сан денанас Мухьаммаде.
ГIайгIане велакъежира тхан хьаша:
– Наггахь Нохчийчоьхь а хуьлу иза. Масех бутт хьалха Довта-МартантIехь цаьргахь хьошалгIахь волчу хенахь гинера суна иза. Цуьнца цхьаьна бара гIебартойн элий – вежарий Кучук а, Атажуко а. Заманан йохалла цуьнца нийсса и къиссам дIахьош, цуьнан тешаме накъостий хилла схьабогIуш бу уьш. Уьш болчохь Iаш-вехаш а ву иза-м церан тайпанан йуьртахь Кучмазуковохь. Дукха оьрсийшна чIир иэцна цо бохуш дуьйцу наха, амма кхин а цхьаъ лоьхучух тера ду цара.
– Маржа-йаI хьо, зама! Ишта стеган хила ма йезара шорта тIаьхье. Эхартахь са паргIат дер ду цуьнан доьзалан, шайх чIир иэцний а хууш. Кхин зуда йалор нисделлий цуьнан? – хаьттира сан денанас.
– Дер ца хилла. Иза ду-кх доьхнарг. Цуьнан гергарчара чIогIа сагатдо иза тIаьхье йоцуш виссарна, амма зуда йало лаам болуш вац иза хетарехь.
– Бехк бац цаьрга. И санна долу адамаш шайна хилла ца Iаш, дерриге а къомана а пайдехь ма ду. Сихонца зуда йало йеза цара цунна. – холчухIоьттира сан денана.
Цхьа тамашийна тIеIаткъам бира сан дагна цу къамела. Дукха ойла йира ас цу ца вевзачу къонахчун. Денанас туьйранашкахь бийцинчу турпалхойх тарвелира суна иза. Мила ву и дерриге а нохчийн къоман сел ницкъ болчу мостагIчунна чIир кхайкхинарг а, и чIир иэца аьтто баьлларг а?
Масех дийнахь хьийзара сан коьртехь цунах йолу ойланаш. Эххар а денене хаьттира ас:
– Баба, мила ву Мухьаммад-Хьаьжис вийцина Довта-МартантIера и стаг? ХIун хиллера цигахь? Стенна чIир оьцуш ву иза?
Цу дийнахь хиира суна сайн дахарехь коьрта меттиг дIалоцур йолчу стеган къизачу кхолламах лаьцна.
– Хьо дуьнен чу а йалале, аьхкенан цхьаьна довхачу дийнахь оьрсийн эскара Довта-Мартанан гуо лецира. – долийра шен къамел сан денанас. – Йаьккхий тоьпаш йетташ, хIаллак йира цара йурт. Божарий аьхкенан белхаш беш, цIахь боций хууш, тешнабехкаца тIелатар динера оьрсийша. Маьхьди а вацара цIахь. ЦIа кхаьчча цунна гира йохийна шен хIусам а, йийна зуда а. Зудчунна букъа тIехьа, набаро товжийча санна Iохкура делла бераш. Ша чевнаш хилла йоллушшехь, бераш тоьлана чохь дIалачкъо аьтто баьллера зудчун, амма уьш хIете а садукъделла деллера, оьрсийша цIенох цIе тассар бахьана долуш. И сурт шен бIаьргашца гиначу Маьхьдис, цу мIаьргонехь дуй биънера шен доьзалах а, хьомечу йуьртах а чIир иэца. Шен дерриге а дахар чIирана дIаделла цо хIетахь дуьйна. ХIинцалц Дала аьтто беш, схьавогIуш а ву иза – элира сан денанас, ша дийцинарг тIечIагIдеш санна.
Сан кийра цIе латийнера цу дийцаро. ХIетахь хиира суна халкъан чIирхо бохучу дешан маьIна. Суна цкъа а гина вацара и стаг. Суна хаьара иза сан да хила мегар долуш воккха вуй, амма къонахчун амалах хьаьгна долу сан аьрха са, цу стеган сине гIертара. Сино хоржуш хиллера заманан майданахь мила ву шена уллохь оьшург.
– Зуда стенна ца йалайо цо? – хаьттира ас дегочу озаца.
– Дош делла ву иза, герзаца йихкина йукъ, шен доьзал хIаллак хиларна бехке волу, тIаьххьара мостагIа вийча бен йостур йац ша аьлла. – ойланашка йахара сан денана. – Зуда а хилла боху цуьнан исбаьхьа хаза. Иза йицлуш а хир йац цунна, амма мел хаза а, жима а зуда хьакъ йу цунна. И санна волчу къонахийн тIаьхье оьшуш хьал ду вайн къомехь.
Цхьаммо неI тухуш, хадийра сан дененаца хилла къамел. Цул тIахьа Довта-МартантIера доьналла долчу чIинхочух лаьцна кхин хIумма а суна ца хезира. Сан дененаца и къамел хилла кхо-диъ шо дIаделира. ХIетахь суна дуьххьара гира иза со гIумкойн Эндерей олучу йуьртахь хьошалгIахь йолчу хенахь. Сан дененан ден Ташу-Хьаьжин нана тарковски эланашах схьайаьлла гIумко йара. Со бабица кест-кеста цаьргахь хьошалгIахь хуьлура. Тхойшиъ цаьргахь хьошалгIахь йолчу цхьаьна сарахь хIусамдай цIеххьана дIасхьаида буьйлабелира, цIентIехь кечамаш беш. Церан къоначу несе хаьттира ас хIун хилла.
– Цхьа беза хьеший бу боху богIуш! Ламазаш дина, йууучух кхетта, хье ца луш, дIагIур бу уьш – элира соьга йедда йоьддушшехь несо. Церан хIусам йоккха а, сирла а йара. Кертахь кхин а масех гIишло а йара. Со зударийн агIонехь йара, ткъа тхуна дуьххьал долчу цIа чохь кечамаш бара беш, хьеший тIеэца. Сан башха боккха бала бацара цигахь хуьлучун, амма цIеххьана сан дог тIекIалделира зударийн къамелаш хезча. Цара дийцарехь кхуза богIуш берш Довта-МартантIера нохчий а, гIебартой а бара. Со сихонца кора йисте хьедира. Корах тессинчу кIади тIехьа а лечкъина, ара хьаьжира со. Дакххий кевнаш дIадиллича, чоьхьа велира пхи бере. Ламанхой говрашкара каде охьалилхира, ткъа хIусамдайша дегайовхонца маршалла хоттуш, тIеийцира уьш. Хьешийн тобанна хьалхаваьлла вара леккхачу дегIехь, къоьжа маж а йолуш, тайначу аматехь цхьа ламанхо.
– Марша вогIийла хьо, Маьхьди! Ма дика ду хьуна тхан йуьрта богIу некъ бицбелла ца хилла! – маракхийтира цунна хIусамда.
Со кхийтира сайна гуш верг Довта-МартантIера халкъан чIирхо Маьхьди хиларах. Цуьнан къамел суна дика хезаш дацара. КIеззиг сайна хезначух со кхийтира уьш ламазаш а дина, дIагIур хиларах. Суна гира Маьхьдин йуьхь-сибат. Иза хIумма а дахаро а, дахарехь лайначу балано а гIелдина, къандина дацара. Муьлхха а жимха санна доьналлех воьттина вара иза, ткъа цо дIайоккху хIора а гIулчаца, дIакховдош долчу куьйгаца гуш йара нохчийн къонахчун оьзда амал. ГIодайукъ йихкина долу герз а нисдеш, байн ког боккхуш, чоьхьа велира иза. – соцунгIа йира Цацас, йехха коре а хьоьжуш, синтем бойначу шен къоналлера и ирсе сурт бIаьргашна дуьхьалхIоьттича санна, ойланашка а йахана.
Кутас леррина ладугIура цуьнга. Цхьа тамашийна синхаамо дIалаьцнера обарган берриге а кхетам. Цунна цкъа а хезна дацара муха хилла шен ден а, ненан а довзар. ДIаэхначу замано шен кирхьа диллича санна хетара цунна. Тийналла йохош хезира кхойкхучу молланан мукъаме аз. Кутас Хьамиде корта таIийра, ламаз иэца кечам бе аьлла. Дечиган маьнги тIера сиха охьаиккхира Ремид.
– Ас ламаз дан кхакханаш охьатоссур ду. Мегий? – пурба дийхира цо Хьамиде. Хьамида велакъажарца шел хьалха аравалийтира жимох волу ваша, ткъа ша денанна гIо дира маьнги тIера охьайосса.
Массара а ламазаш диначул тIаьхьа, Зазас стол кечйира. Йовха сискал шен нене дIакховдош, стоьла хьалха охьахиира Кута. Уьш пхьор дина бевлча, берашца йуучух кхета охьалахйелира Заза а. ТIейогIучу буьйсанан боданехь йашна дIайолуш йара маьркIаже. Мехкдаьттанан чиркх а латийна, гIийла КъорIан доьшуш вара Кута, Зазас меллаша неI тоьхначу хенахь. Ша долийна айат чекхдокхуш, корта хьалаайбира цо.
– Бабин дийцаре кхин дIа а ладогIа лууш дара-кх чIогIа со а, бераш а. Кхин ишта аьтто болий ца хаьа цуьнан шен дахарера дагалецамаш бовзийта. Хьуна хIун аьлла хета? – дехарца цуьнан бIаьра хьаьжира Заза.
– Нийса боху ахь! – элира Кутас, КъорIан тарха тIе дIахIоттош. Схьакхайкха ахь нана а, бераш а. Со суо а ву, ненан дагалецамашка ладогIа хьаьгна.
Заза хазахетар ца лечкъош, сихонца арайелира. Кутас доза доцуш лорура Заза иза шен ненаца кIеда-мерза хиларна. Боккъалла а йоккха уьйр йара марненан а, несан а. Зазина дахаран масала хетара, син-оьздангаллех дуьзна долу шен къеначу марненан васт…
III
Массо а йуха а Кута волчохь охьахиира Цаце ладогIа. Йехха корах ара а хьоьжуш, шен къамел долийра йоккхачу стага:
– Эндерейхь суна иза гиначул тIаьхьа дIаделира кхин а масех шо. Цул тIаьхьа иза тхо долчу Сесана веара. ХIетахь дуьххьара цхаьнатуьйхира кхолламо тхан дахаран некъаш. Делкъ ламаз диначул тIаьхьа со сайн зудберашца маьждигера хьуьжар йолчу агIор йоьдуш йара. Божарийн некъ ца хадо, пена йисте девлла лаьттара тхо. ЦIонтарара ШоIайп-Моллин кIантаца Мухьаммад-Хьаьжица цхьаьна ламанхойн тобанна йукъахь лаьттара иза. Суна сиха вевзира иза, ткъа дилха дог кийрара араэкха санна тохаделира. Мухьаммад-Хьаьжи иза йуьстах а ваьккхина, цхьаъ дуьйцуш вара цуьнга, тхо долчу агIор бIаьрг а бетташ. Даго цхьаъ хьоьхура суна, амма ас лоьхкура коьртера ойланаш. Эххар а суна йицйелира и мIаьрго. Масех де даьлча, шеца цхьаьна ши-кхо воккха стаг а валош, тхо долчу веара Мухьаммад-Хьаьжи. Денанас кхайкхира соьга. Со чоьхьа йаьлча, суна гира сайн нана а, кхин болу тхан гергара нах а.
– Хьоьга ца хаьттича ца йолу со. – Йехха соьга хьаьжира баба. ХIара лараме нах хьо йеха баьхкина бу.
– Баба, суна ца лаьа маре йаха. Хьуьжарера дешар чекхдаккха дезаш зубераш ду сан. – сиха гайтира ас сайн реза ца хилар. Сан ткъе йалх шо дара. Ма-дарра аьлча со хан йаьлла йара. ХIетахьлера мехкарша дукха хьалхе дуьтура шайн ден цIа, цундела массо а цецволура сан маре йаха ца хуьлучу лаамах, цул совнаха, соьца доьзал кхолла лууш а, соьца безам болуш а дукха тоьлла ламанхой бара.
– Нийса боху Цацас! Сихо йац цуьнгахь. Кхуьнах тешна, Iилма Iамош долу зудбераш а дуьйтийла ма йац ах новкъахь! – реза хилира соьца сан нана. Ма-дарра аьлча со цунах цецйелира. Нана даима сагатдеш хуьлура, со маре ца йоьдуш, ткъа хIинца гуш дара иза духьал хилар.
Со арайолуш, неIсагIе кхаьчначу хенахь, дийкира сан дененан аз:
– Хьо йеха нах бахкийтинарг мила ву хаьий хьуна?
– Мила ву? – хаьттира ас йуха ца йоьрзуш.
– Довта-МартантIера чIинхо Маьхьди. – дозаллица элира бабас. Со Iадийча санна сецира, ткъа йуха массо а цецвоккхуш, йухахьаьжначу ас меллаша сайн денене элира:
– Баба, со реза йу!
Денана соьца арайелира.
– Йелла ма йала хьо! Хьуна гина а ма вац иза! Цкъа мукъне а бIаьрг тоха цуьнга – йоьхнера сан денана.
– Ахь соьга вийцина Маьхьди вуй иза? Валахь суна иза тоьуш ду! Ган оьшуш дац, суна гина ву иза. – сайн дахарера коьрта сацам тIеоьцуш, доцца жоп делира ас бабига.
Тхан къамел хезна, тхуна тIаьхьа арайелира сан нана.
– ЙоI, хьо лартIахь йуй? Хьан дел воккха ма ву иза. Айхьа лелочух кхеташ йуй хьо? – оьгIазйахара сан нана.
Суна чIогIа дукха йезара сайн нана, амма тхойшинан амал къаьсташ йара. Сан санна тIомайевлла йацара сан ненан ойланаш. Дахаран къайленаш йовза ца гIертара цуьнан са. Шен долчунах тоам а беш, ирсе хила хууш стаг йара иза, ткъа со даима лакхене кхийдара, шатайпалле кхийдара. Нохчийн туьйранийн турпалхойн васташ тIехь денанас кхиийна йолчу суна хала дара сайн нийсархойх кхета, цундела хаьржира сан сино, дахаран къаьхьа чам хиъна волу нохчийн къонаха Маьхьди.
– Нана, сан бала бац цуьнан шерашца. Тхан синош ду цхьаьна хеннара, ткъа иза ду коьртаниг. ДегIан хазалла а, къоналла а иза йоцачу хенахь бен хьоьца хир йоцу цIока йу, ткъа абаде кхочур дерш синош ду. Боккъалла а Дала ирсе ван лиъначу стагана бен нисдийр дац заманан майданахь шен сих тера са. Вайн къоман мостагIий шен цIарца кхерош, къонаха ма ву иза! Дозалла а, ирс а дац цуьнан хIусаме кхачар? – хих дуьзначу бIаьргашца, аз айдеш йистхилира со нене. Хетарехь, и къамел деш йерг со йацара, бакъ болчу безамах, йист йоцучу синхаамах шерашца хьаьгначу деган кIоргенашкара декара сан аз.
Нана кхийтира дерригенах а. Эххар а бабига хьаьжна, элира цо:
– Ахь кхиийна иза ишта… сан дан хIума дац.
Бабас тхо массо а ара а даьхна, сан дега кхайкхира. Иза чоьхьа ваьлча, цо элира:
– Ширачу заманехь дуьйна, ден пурбанца бен йоьдуш ца хилла нохчийн йоI маре, амма хIете а вайн дайша ларбина мехкарийн лаам а. Цаца реза йу Довта-МартантIера чIинхочунга Маьхьдига маре йаха, амма хIете а кху доьзалехь тIаьххьара дош хьоьгахь хир ду.
– Нана, тIаккха хьуна хьайна хIун аьлла хета? – хаьттира сан дас. Иза лерина хьоьжура шен нене, Ташу-Хьаьжин йоьIан кIоргера хьекъалан а, син-оьздангаллин а мах хууш вара иза.
– Со реза йу цу захалонна. Цацина къаьсстина ишта цIийнда оьшу – заманан зерах чекхваьлла, йукъараллехь дош лелаш, лаккхара доьналла а, син-оьзаднгалла а йолуш волу. Хан йаьлла ву иза, со кхета, амма Делан лаам хилахь цхьаъ хилла а бер хир ду церан. Къонаха стагана йаьхь йолу тIаьхье кхио хуур долуш йу Цаца – жоп делира сан денанас.
– Ас вай цу захалонна реза ду аьлла жоп лур ду цаьрга. Хан билгалйаьккхий, зударшка шайн кечам бе ала! – аравелира сан да. Бабас соьга дукха дийцинера Маьхьдих лаьцна, цундела ларамза дацара даима лакхене кхийдаш долу сан до цу къонахчун деган ирхенашка кховдаре.
Ахбуьйса йаьллера Цацас шен къамел дерзош. Исбаьхьаллин хатIехь, цхьа шатайпа хаза дийца хууш хиллера цунна, шега ладугIуш болчеран ойланаш шен къоналлин замане а йуьгуш. Кутас доггах маракъевлира нана.
– Маржа-йаI сан нана! Ма дика хаьа хьуна кху дахаран мах. Хьо санна йолчу къонаха зудчунга бен лалур ма дацара хьан белшашка доьжна и деза дукъ. Сан дас къоналлехь а, ткъа ас хIинца къаналлехь а синтемах йаьккхина хьо, амма хIете а хьуна цкъа а ца хетта хьуо ирс дайна. Тхоьца нийсса хьо а ма йу мостагIашца къуьссуш, хьайн собарца, хьайн доIанашца, ахь вайн кхерчахь латийначу цIарца. МостагIаша тIаьхье йоцуш витинчу сан ден хьо бахьана долуш хIу ца хаьдда. Ахь цуьнга кховдийначу безамца иэцна цо шен хIаллак хиллачу доьзалах чIир. Оьрсийшна уггаре а чIогIа лууш дерг ма ду вай доьза дайар, вайн хIу хадор. Сан дас болийна а, ас дIакхоьхьучу а нийсачу къиссамехь хьо ма йу сан коьрта гIортор, нана! Хьан сатийсамаш кхочуш беш, хьо сайх реза йар йу хьуна сан чолхечу дахаран коьрта Iалашо. Деле со воьхуш, ахь дечу цIеначу доIанах тешаш, майрра ма волу со муьлхха а кхераме новкъа – элира Кутас. ХIора а дош даггара олура цо. Цуьнан озехь хаалуш бара нене болу бовха безам а, кIоргера ларам а. Хьомечу кIентан и къамел хилира Цацина дахарехь мел лайначух хьакъ долу совгIат…