Перейти к содержанию

Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор:

Категория
Историческая литература
Год издания
Издательство
Издательские решения
ISBN
9785006072909
Возрастное ограничение
12+
Обновлено
25.09.2026

Аннотация

Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.

Читать «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь» — Мзия Ратиани онлайн

Страница 2 из 2



Борзак бекхаман новкъахь

I

Цхьа мIаьрго санна дIаиккхира обарган доьзална ши кIира. Довта-МартантIехь цкъа а ишта дукха хан йаьккхина вацара Кута. Ца лаьара цунна щен доьзалан а, гергара нехан а дахарна ша бахьанехь зулам хилийта.

Буьйсанан боданехь, чабол болар оьцуьйтуш, дIахехкира Кутас, тешаме накъост хилла шен аьрха – Эла цIе йолу дин. Чов дIайоьрзуш, доьзалан гуонехь дикка садоIуш, хан йаьккхина волу Кута ницкъах, дахаре болчу безамах, сатийсамах вуьзна вара. Чергизара Хатухшукай цIе йолчу ломара йуьрта воьдуш вара Кута, шен дуй биъна доттагIа, чергизойн обарг Хьапагож волчу. Шоптакхан говраш Прохладнера сехьа йохучу хенахь иза лазийна аьлла хезнера Кутина. Карабулакийн латтанийн хьаннашкахула ламанийн кIаже боьдура обарга арабаьккхина некъ. Ассински чIожана тIехваьлла, Джейрахе а кхаьчна, ткъа цигара Несаран гIопана ирхнехьа, ХIирийчоь йолчу агIор вахара Кута. Буро-ГIалина а, Бесланна а тIехваьлла дигорски латтанашка кхечира обарг. Кхузахь цо хьошалла лелош, шортта хIирий накъостий бара Кутин, амма цигахь ца соцуш, кхин дIа ГIебарта некъ бира обарга.

Эла цIе йолчу кхуьнан говрана дика девзара хIара некъаш, цундела буьйсанан йуккъехь атталица чекхлелхара иза мел дуьткъачу ламанан тачанашкахула. Амма Урух хих гечохула болуш, кхуьнан дин цIеххьана терсира. Хетарехь говрана бевзира шен Даймохк. Масех чаккхарма бен генахь ма йацара хIара говр йина а, кхиъна а йолу йурт. Дер дика ма йевзара Кутина Кургакора эцна, эла Шарданов Берда кхунна совгIатна йеллачу говран амал. Кхийтира обарг говран аьрха са Даймехкан хIаваъ девзина терсаш хилар.

Кутина цIеххьана дагатессира ГIебартара Урух хи йистехь йолу Прямая пядь цIе йолчу йуьртара Кургако волчу цо шена цIе тоьхна йитина хIара говр иэца ша веана де. ХIетахь билггал хIара говр иэца цига веана хиллера гIебартойн эла Шарданов Берд а.

– Дер ма ирча тIаьхьалонаш хила тарлора цу дийнан нагахь санна Шарданов Берда шен амал хьалхатоттуш, Кутин биллам тIеэцнехь, говр тарраш тIехь къевссинчун хир йу аьлла, амма гIебартойн эла йаьхь а, кхетам а, лаккхара син-оьздангалла а йолуш хиллера. Цо обаргана совгIатна ийцира хIара дин, цул совнаха обарге шен хьошалла а кховдийра. – Ваха веза цхьаьна дийнахь эла волчу хьошалгIа дика совгIат а иэцна – ойла йира Кутас, ткъа шен динан кхесах дайн куьйг а хьокхуш, элира:

– Шек ма вала хьо, сан тешаме доттагIа Эла! Цкъачуна шортта чекхдаккха дезаш гIуллакхаш ду вайшинан, амма Дала мукъ лахь кестта ас гойтур бу хьуна хьан Даймокх, хьо лерина лелийна волу Кургако а, хьан доттагIий хилла гIебартойн дой а, хьо вина хилла кхал – хьан нана Псыдахэ а. Иза а хир ма йу хьуна сагатдеш…

Аьрру агIор Нальчик а йуьтуш, Кушмэзыкъуей (хIинцалера Баксан гIала) олучу йуьрта хьажийра цо шен говр. Нальчик гIалина шийтта-пхийтта чаккхарма гена йоцуш Iуьллучу цу йуьртахь бехара Кутин ден уллера накъостий. Уьш болчохь буьйса а йоккхуш, жимма садаIа сацам бира Кутас. Обарган ден тешам болу хилла накъостий бара уьш – гIебартойн элий. Кутина хаьара дахарехь муьлхха а чолхе киртиг тIеIоттайелча, царех теша мегар дуй. Буьззина къонахийн а, Кавказан бакъ болчу ламанхойн а масала дара и гIебартой.

Сийна Iуьйре стиглахь йаьржачу хенахь кхечира Кута Кушмэзыкъуей йуьрта. Говре меллаша ког боккхуьйтуш воьдура иза Алхасан кIентан Мисостан цIа долчу агIор. ЦIеххьана цхьаммо мохь туьйхира:

– Кута! Хьо вац иза?!

Шена тоьпан лаг озо кийча, йухахьаьжира нохчийн обарг. Цуьнга мохь тоьхнарг хиллера Мисостан маьхча Тембот. Кута сиха говрара вуссуш дегайовхонца маракхийтира ша гина хазахеттачу гIебарточунна.

– Хьо-м дийна хиларал совнаха, могуш а хилла! – велавелира Тембот. – Хьо чIогIа лазийна аьлла хезнера тхуна. Мисостаца а, Танаца хьо волчу Довта-МартантIе догIур ду аьлла а дара тхо-м. – Тембота эккхийтинчу гIовгIанна арабевлира луларчу керташкара ламанхой, амма Кутина хаьара вежараллин йовха уьйраш йолчу ГIебартан йуьртахь шена кхераме хIумма а доций. ХIара Темботаца къамел деш воллушшехь, ламанхойх цхьаммо Мисосте хаам бина хилла Кута Кушмэзыкъуевохь ву аьлла. Ша мох санна сихвелла кхечира Мисост. Обаргана уллохь гулделла адам дIасатоьттуш, маравоьллира цо Кута.

– Ассаламу Iалайкум, сан ваша! Ма воккхаве со хьо могуш-маьрша сайна гуш. Мисоста цIехьа вигира обарг, ткъа Темботе а, кхин болчу ламанхошка а элира:

– Кута, гена некъ бина гIелвелла ву, буьйсанна наб йина вац. Цундела цкъа садоIур ду цо, тIаккха сарахь со волчу гуллур ду вай массо а, дууш-молуш, цхьаьна мерза хан йаьккха. Ламанхой реза хилла дIасабахара, суьйрене сатуьйсуш. ГIебартахь чIогIа лоруш вара нохчийн обарг, цундела хIоранна а лаьара, цуьнан доьналлех дуьзначу сибатах бIаьрг тоха а, цуьнан къамелашка ладогIа а.

Олхазаро тIам тоьхча а хезар долуш, тийналла йоьссира Мусостан кертахь. Хьаша-да сий долуш тIеэцаро йоккха меттиг дIалоцу гIебартойн къоман амалехь, цундела жима а, воккха а Куте наб йайта а, садаIийта а лууш, совнаха гIовгIанаш йеш вацара. Ткъа Кута-м дукха ца виссира мерзачу набаран йийсарехь. Дечиган маьнги тIехь Iуьллура иза, шен дахаран ойланаш йеш. Кху чохь шен дахаран ткъе итт шо хан ма йаьккхинера кхуьнан дас – Довта-МартантIера ГIезин кIанта Маьхьдис, цундела кху йуьрта а, кху хIусаме а кхаьчча, ша сийлахь йезачу Макке кхаьчча санна ма хетара Кутина. Кху маьнги тIехь хийлозза набаро товжийна хир ву кхуьнан да.

– ХIун ойланаш хилла те цуьнан? Хиллий те кханенга сатийсам, йа цуьнан берриге а лаамаш мостагIашна йекха йезачу чIираца боьзна хилла теша? – ойла йора Кутас. ХIоразза а ша кху хIусаме веъча, Кутас даггара баркалла олура гIебартошна, цара хIара чоь хийцам боцуш йитарна. Обаргана сел хьалхе шен дахарера дIавахана волчу ден амат, ша Iаба ца кхиъна цуьнан йовхо а, марзо а кхузахь йехаш санна хетара. Обарган ойланаш йукъахйохуш, цхьаммо меллаша неI туьйхира. Иза хиллера Мисост.

– Ассаламу Iалайкум! – самаваьккхина хир ву ас хьо? Цхьа жимма мукъне а садаIар хиллий хьан? – Кутина улло охьалахвелира гIебарто.

– ВаIалайкум ассалам! – дегI нисдеш, гIаьттира Кута. – ЧIогIа дика наб йира ас хIумма а новкъа доцуш. Кху хIусамехь дукха наб йан дог ца догIу сан. Йерриге а ойланаш дIалоцу дех боьзна болчу дагалецамаша. Кхета лаьа муха хилла теша цуьнан ойланаш, дахар. Цхьа чIир йоцург, дуьнен чохь цо сатуьйсуш а, сагатдеш, хIума хилла хир ма дай.

– Кушмэзыкъуевохь хьошалла деш ву сан дешича – Атажукон кIант Жанхот. Цунна дукха хIума хаьа хьан дех лаьцна. Кегий нах болчу хенахь, сан деца цхьаьна дукхозза хьан да волчохь хьошалгIахь хилла бу уьш. Вайга вогIур ву иза тахана. – элира Мисоста.

Цара къамел дечу хенахь делкъ ламазана молла кхайкхира.

– Доккхачу цIа чохь хьоьга хьоьжуш хир ду тхо. Цигахь цхьаьна ламазаш дийр ду вай, кхачанах а кхетар бу. Кестта лор а вогIур ву хьан чевне хьажа – элира Мисоста.

Делкъе йеш, Мисост волчохь гулбеллера КушмэзыкъуевгIеран тайпанера шортта йаьхь йолу гIебартой. Царна йукъахь вара къано Жанхот а, Мисостан шича Тауби а, иштта Аслангери а, Джилйахстан а, Закирей а, Гошанашхо а, Тембот а, Тан а. Кута уггаре а хьалха къано Жанхотана маракхийтира.

– Де дика дойла хьан, Жанхот! Ма хазахета суна хьо тхайн гуонехь могуш-маьрша гуш. ГIебартойшна хилла ца Iаш, йерриге а Кавказана оьшуш стаг ма ву хьо! МостагIаша новкъарло йеш ца хилча, йерриге а Кавказехула дIасалело везаш вара хьо, вайн дайша вовшашца латтийначу ларамах а, церан уьйрашах а хьоьга дуьйцутуш! – элира Кутас.

– Диканца дукха вехийла хьо! Ма хаза хета тхуна хьо ГIебартахь гича! Хьайн ден весеташ кхочуш дан араваьлла хила тарло хьо. Цуьнан боккха лаам бара Кавказан тоьлла къонахий вовшахтоха оьрсийшна дуьхьал бечу къиссамехь. Цуьнан иза кхочуш дан аьтто ца белира, амма ахь цу гIуллакхехь баккхий кхиамаш баьхна. Кавказхой теша хьоьх, хьуна тIаьхьахIитта кийча а бу уьш. Адыгаш даима хир бу хьоьца! – Жанхота куьйг кховдош, массо а стоьла хьалха кхайкхира.

– Кута, кхузахь вовшахкхеттарш, хьо теша мегар долуш, хьан вежарий бу хьуна. Хьан ден а ца байнера тхоьх тешам, цундела хьан тешам ца байта а хьовсур ду тхо. – элира обарге Мисоста.

Йуучух кхеттачул тIаьхьа, чай молуш, Iаш болу ламанхой Жанхоте хьоьжура, цо цхьаъ дийцаре сатуьйсуш. Ишта ду Кавказан сирла ламаст – хуьлийла иза той йа тезет, амма къаночунгара зеделлачух пайда иэца безаш хуьлу ламанхой. Жанхот кхийтира ламанхой шен къамеле ладогIа хьаьгна хиларах. Мисоста элира соьга, хьайн дас ГIебартахь лелийнарг а, цо кхузахь дIакхехьна некъаш а довза лууш ву хьо аьлла – вистхилира Жанхот Куте. Йерриге а ГIебартана девзара хьан ден йист йоцу доьналла, амма сан иэсехь даима баха биссина цуьнан дахарера цхьа шатайпа хилам – генарчу паналле хьоьжуш, велакъежара къано. Хетарехь иза дагалецамийн йийсарехь вара.

– Хьан да Маьхьди шатайпа стаг вара. Шу нохчий наггахь сонта а, чIогIа аьрха амал йолуш а, собар доцуш а къам ду. Амма цуьнгахь цхьа шатайпа кIоргера синтем бара. Дийнна де доккхура цо цхьа дош ца олуш, цхьаьнга а вист ца хуьлуш. Ца хаьа, балано ша Iовжорна а хила тарлора иза ишта. Амма цуьнгахь болчу синтема, иза тIех тийна а, паргIат а хиларо ма чIогIа Iехабора цуьнан мостагIий. Къиссамашкахь самайолура цуьнан кийрахь нохчочун кIоршамалла а, аьрхалла а. Сан дас дукха дуьйцура цо гайтинчу доьналлех лаьцна, амма суна тахана дийца лаьа суо теш хилларг. Мисостан деца Алхасаца дукха жима волуш дуьйна хьан деца йовха уьйр хилла ву со. ГIебартахь Iаш вара иза хIетахь, Довта-Мартанан бахархойх чIир иэца делла дош кхочуш деш. Цуьнца цхьаьна нохчий а хуьлура – дукха хьолахь Маьхьдин шичой Нохмарза а, Ахмарза а, амма коьртачу декъехь Маьхьдица лелаш гIебартой бара, тхан кучмузуково тайпанера нах.

Цара кIело йеш хиллачу оьрсийн эскархошна хIинцале хууш дара, Маьхьди шайна тIаьхьаваьлла лелар, цундела чIогIа ларбора цара шайн меттамотт дукха хьолахь жIаьлешца. Хилозза чевнаш хилла йухавоьрзура Маьхьди, шен накъостийн декъий а дохьуш, амма йухавала дагахь вацара шен йуьртах а, доьзалах а чIир иэца хьаьгна волу нохчо. Дукха хьолахь цунна новкъарло йеш хилларш оьрсийн Iамийна жIаьлеш дара. Геннара а обаргаш гучубевлча, гIовгIа йоккхий, самабохура цара эскархой. Цкъа цхьаьна дийнахь тхан кIотарахь хьошалгIахь вара Приэльбрусьера цхьа къена балкхархо. Цу дийнахь цига кхечира чевнаш хилла нохчочунца Маьхьди а, цуьнан кхин болу ГIебартара накъостий а. Йуха а аьтто ца баьлла вас хиллачу ламанхоша дийцира къаночуьнга оьрсийша хIилла долуш шайна йиначу дуьхьалонах.

– Борз оьшу шуна! – меллаша вистхилира дукха ойла ца йеш воккха стаг. Цунах цхьа а башца ца кхийтира, амма балкхархочо йуха а элира – нагахь санна шуьца борз хилахь, иза тосайелла жIаьлеш, кхераделла, дIалечкъар ду. Воккхачу стагана дагадеанарг хьекъале хIума дара, амма мичахь карор йу борз? Йа муьлха борз лелар йу кхара аьлларг деш, кхарна тIахьа а йаьлла?

Атажуко, сиха воккхачу стагана улло охьахууш, вистхилира:

– Балкхарера лаьмнашкахь каро мегар дара борзан кIеза. Ма чIогIа оьшура иза тхуна. Муха карор дара теша иза?

Ткъа Маьхьдим-м вистхуьлуш вацара, гулбеллачаьрга лерина ладугIуш.

Балкхархойн къаночо, вехха ойла йина жоп делира:

– КIеза оьшу шуна, амма нохчаша цкъа а доккхур дац ненах берзан кIеза. Нохчийн ламастехь дац борз йийсаре латто.

Цуьнан къамелах реза хуьлуш вистхилира Маьхьди:

– Нийса боху ахь. Хьуна дика девзаш хилла тхан къам. Ша тхо санна цхьаьнга а караIамайелла йац борз, цундела хаьржина и экха цкъа а цхьаьнга а къарбелла боцучу нохчаша шайн къоман билгало…


II

И къамел церан бIаьстенан йуьххьехь хиллера, ткъа масех бутт баьлча, йуха а кхечира тхан кIотара воккха стаг балкхархо. Кучукан керта волуш, мохь туьйхира цо:

– Мичахь ву шун нохчо? Берзан кIеза йеана ас цунна.

Массо а арахьедира. Маьхьди а чохь хиллера. Балкхархо забар йеш йа шаьш Iехош ву моьттира ламанхошна, амма цуьнан карахь долчу гали чуьра кIоршаме массеран а бIаьра хьоьжуш, гIигI деш боккъалла а берзан кIеза йара. Цо шех куьйг Iотта а ца вуьтура цхьа а.

– Тхан ломахь догIанаш бахьана долуш дистинчу хис йохийна хиллачух тера ду кхеран Iуьрг. Ша цхьалха карийнера хIара хи йистехь. Леррина хьуна хIара йалош веана со. ХIара кхио а, кхунах хьайна гIуллакх хуьлий а хьажа. Борз барзах кхетар йу – элира балкхархочо Маьхьдига кIеза дIакховдош. – Дуьнен чохь цхьанна а хиъна дац борз караIамо, йа хьоьга а Iамалур йац иза, амма цхьа хIума ду, хьоьх берзан амал шена гича, иза кхетар йу хьо шех лай йан гIерташ воций, цундела хьуна накъост хир йу цунах, ткъа хьо нохчо хиларе терра цкъа а гIертар вац барзах лай йан.

Маьхьдис меллаша караийцира берзан кIеза. Иза лерина хьоьжура цуьнан бIаьра – гIо дехьа суна бехк боцуш Iанийна нохчийн цIих чIир иэца бохуш санна. Дуьнен чохь ша цхьалха виссинчу Маьхьдин дерриге а дахаран маьIна хилира Борзак аьлла цIе тиллинчу берзан кIезах. Нанас бер санна лерина лелош йара цо кIорни. Маьхьдис цкъа а човха ца дора берзан кIеза, хIунда аьлча цунна хаьара борз иза жIаьла дац, цо цкъа а дуьтур дац шена динарг. Бешахь кхобуш, лелош дара цо берзан кIеза. ХIора а буса цуьнан гIийла угIаро шатайпа гIайгIа йоссайора Маьхьдин кийра. ДIаделира цхьа шо. Де дийне долуш, кIезанах къона борз кхиира. Маьхьдина чIогIа тIера йара иза. Иза цIера ваьлча йуучух ца кхеташ, сингаттамо хьовзайора Борзак. Хан мел йоьду, боккхачу балехь вара Маьхьди. Дукха ойланаш йора цо Борзаках. Дала маьрша кхоьллина долу и экха тахана йийсаре хиларна шен бехк хетара цунна. Эххар а сацам бира цо Борзак дIахеца. Iуьйранна сатоссуш, Кушмэзыкъуей йуьртара ламанхошца цхьаьна новкъавелира иза Борзак лаьмнашка дIахеца. Лаьмнийн когашкахь Iуьллучу хьаннийн хотешка кхечира уьш, вордан чохь къона борз а йалош. Маьхьдис меллаша схьадиллира ога:

– ДIагIо, Борзак… хьо маьрша йу хIинца. КъинтIера йалалахь суна.

Борз оган чуьра ара а йаьлла, акха дIасхьахьоьжура, ша боккъалла а маьрша йаларах ца кхеташ, луьстачу хьаннийн цIеначу хIаваах ца Iебаш, хийлозза замано зийначу Кавказан лаьмнийн муьлха дуьткъа тача ша хоржур те ца хууш.

– ДIагIо, Борзак! Маьрша хуьлда хьо лела некъаш! – гIайгIане элира Маьхьдис, ша дагна гергара накъостаца къаьсташ волуш санна.

Борз меллаша хьуьнан йисте дIайолайелира, амма масех гIулч а йаьккхина, йуха хьаьжира иза.

– ДIагIо, Борзак! ДIагIо – йуха а элира Маьхьдис. Борз хьаннийн хотехь къайлайелира. Вехха цунна тIаьхьа хьоьжура Маьхьди. Ма дукха йара цуьнан коьртехь хьере ойланаш. Иза хьоьгура къоначу экханах, цуьнан маьршачу сих а, дегIах а, ткъа хIара-м бекхаман гураша лаьцна ма вара.

Къона ламанхой ворда йоьжначу говраца цIехьа а бахийтина Маьхьди а, Кучук а кхузара гена воцуш Iаш волу шайн хьаша волчу вахара. Иза волчохь дууш-молуш хан а йаьккхина, шолгIачу Iуьйранна Кушмэзыкъуей цIа вогIуш вара Маьхьди шен накъостаца. Кавказан ламастехь ма-хиллара хIусамда хьеший новкъабаха вахара. Йуьрта йисте кхаччалц уьш новкъа бехира цо. Вовшийн Iадика йеш лаьттачу царна цIеххьана хезира адамийн маьхьарий а, жIаьлейн летар а цхьаьна ийна йоккха гIовгIа. Дукха ойла ца йеш цу агIор дIахехкира ламанхоша шайн дой. Дукха хан йалале царна гира ведда вогIу жима кIант, хетарехь иза йуьрта вогIуш вара. – ХIун хилла цигахь аьлла шега деллачу хаттарна бен доцуш жоп делира кIанта – борз лаьцна.

Ловв аьлла цIе летира Маьхьдин кийра.

– Борзак! – мохь белира цуьнга! Багош шен динна шед тоьхна, цуьнга чабол болар оьцуьйтуш, дIахаьхкира цо иза бохам баьллачу меттиге. Цунна тIаьхьахIиттира накъостий а. Борз лаца шайн аьтто баьлла, баккхийбеш болчу ламанхоша тидам а ца бира, Маьхьдин. ГIора дайна, йерриге а цIийх йуьзна Iуьллура Борзак, амма хIете а ша къарйелла ца хилар гойтуш, цергаш хьекхайора цуо.

– Борзак! – мохь туьйхира Маьхьдис, адамийн тобанна йукъаэккхаш. Хьоме аз девзина, къона борз тохайелира. Иза лаьттара хьалагIатта гIертара, амма гIора дацара цуьнгахь.

– Совцаде шайн жIаьлеш! – оьгIазе мохь туьйхира Маьхьдин накъоста Кучука. Маьхьди меллаша барзана улло охьалахвелира. Цо сихонца теллира берзан дегI, хиллачу чевнийн йозаллин барам буста гIерташ.

– ХIун хиллера кхузахь? ХIунда йина аш цунна и гIело? Жима ма йу иза.



ХIун зен динера цо шуна? – оьгIазе хаьттира адамашка Кучука.

– Сийсара йуьрта йистехь жIаьлешна тоссайеллера иза. Ши жIаьла этIийнера цо. Тхо цецдевллера борз ишта йуьртана улло кхачарна. Иза сиха йедда хьуьнха дIагIур йу моьттура тхуна. Амма тахана Iуьйранна сатоссуш, жIаьлейн летаро йерриге а йурт гIаттийнера. Цундела барзана кIело йан арадевллера тхо массо а. Тхуна-м иза шортта ламанца лелла гила борз йу моьттура, ткъа хIара-м цхьа кIеза хилла. – бехказала вахана жоп делира ламанхошна йукъара цхьаммо.

Кучука куьйг кховдийра цуьнга:

– ХIумма а дац. Шу бехке дац. Шуна хала ца хетахь, тхайца дIайуьгур йара оха иза – элира цо.

– Вай дер хетар дац тхуна-м хала – реза хилира гIебарто.

Халла садоьIуш йара Борзак. Цуьнан чевнийн йозалле хьаьжча, иза дийна йуьссур хиларан жимма а догдохийла йацара. Бехчалга йукъа а хьарчийна, говрахь Iаш волчу Маьхьдига дIакховдийра ламанхоша чевнаша гIелйина къона борз. Жима бер санна шен мара къевлира дагна хьоме и ларча Маьхьдис.

– Кхоьлиначу бIаьргашца хьоьжура борз Маьхьдига.

– ХIинца кхетар йу хьо соьх, Борзак. ХIинца цхьаьнахьаьрчи вайшинан дахаран некъаш. Ишта ас а Iевшина хьуна къизачу дахаран къаьхьо. Тахана хьо санна хийлозза мецачу жIаьлейн гуонехь цхьалха виссинера хьуна со дала орца доцуш. Цундела оьшура суна хьоьгара гIо, амма хьо соьх ца кхийтира. Хьо дукха къона йара, хьуна маршо йезара, хьуо ас йийсаре латтош йу моьттура хьуна, цундела сан кийра шийла ша буьллуш угIура хьо, тIаккха ас хьо кхин тоха са ца хилла маьрша йитира, амма кхолламна лиъна хилла вайшиъ йуха а заманан майданехь цхьаьна нисдан. Варийлахь, хьан йала йиш йац хьуна, хьайн ма-хуьллу тассалолахь кху мекара дахарах. Хьо лийр йац суна хаьа, хьо талур йу. Хьо бекхам иэца безаш ма йу, ша со санна, ткъа бекхам бан, чIир эца хуьлу лаам ду хьуна кху дуьнен чохь уггаре а тоьлла молха. Цо кошан бисте вахнарг а йухаверзаво хьуна – барзе адаме санна къамел дора Маьхьдис, ткъа хетарехь иза цунах кхетара…

Маьхьдис лерина лелор бахьана долуш, масех бутт балале тайелира борз, амма цунна хIинца а ца хаьара берзан дагахь дерг – йуха а йист йоцу маршо хоржур йу цо йа Маьхьдин накъост хир йу. Йуха а гулбелира Маьхьдин кертахь ламанхой. Борзак массеран а лерина бIаьра хьоьжура, боккъалла а цхьа мехала сацам тIеэца ша кечйелла йолуш санна.

Маьхьдис йуха а схьадиллира ога.

– Борзак, дIагIо хьайна лаахь. Ас маьрша йуьту хьо! – элира цо йуха а.

Борз меллаша оган чуьра ара а йаьлла, лерина Маьхьдига хьожуш, цуьнан когах муцIар а Iуттуш, охьахиира. Массо а кхийтира – барзо Маьхьди хаьржина. Нохчо шен тешаме доттагIчунна улло охьалахвелира, цуьнан месала корта шен мара а къовлуш:

– Шек ма йала хьо, Борзак! Хийла мостагIчун дог перпош, толлур ду вайшиммо кху лаьмнийн некъаш. Со а ву хьуна хьо санна маьрша! – элира Маьхьдис.

– Маржа нохчий йаI! Ма эрна ца олу шуьх берзалой! – велавелира Атажуко. Берзан а, Маьхьдин а гергарлонан сийна доккха той хIоттийра цу дийнахь гIебартоша.


III

Ши-кхо шо даьлча Борзаках гила борз хилира. Иза боккъалла а тешаме, дика накъост йара Маьхьдин. Хийла мостагIчунна тIелатар динера цу шиммо цхьаьна. Оьрсийн эскархошна йевзинера иза. Маьхьдил а хьалха, уггаре а чIогIа лаьара царна и борз хIаллак йан. Цара-м тоьллачу обаргах санна берзан коьртах мах а хIоттийнера.

Шен йерриге а къоналла, синтем, дегIан а, синан а паргIато дIайеллера Маьхьдис шен йуьртана тIелатар дан омра деш хилла болчу эскархошна чIир эца. Царма байинера хьан де йуьртахой а, хан де моссоа доьзалла а – зуда а, пхиъ бер а. Заманан йохалла уьш массо а карийра цунна. ТIаьххьара виссинера цхьа гIалгIазкхи майор. Маьхьди-м и лохуш Царицынь гIала а кхаьчна хиллера, амма цуьнан талламашца майора-м генахь ца хиллера. Белхан декхара кхиамца кхочуш дина волчу эскархочунна бакъо йеллера Россин Къилбахь – Кубанера станицехь ваха. ХIинца иза тIеман гIуллакхах мокъа вара, цундела майор маьрша а, синтеме а дахарах марзо оьцуш, шен доьзалан гуонехь, паргIат вехаш вара, ша хийла цIий Iенийна долчу Кавказан лаьттахь, амма цхьаьна аьхкенан буса оьрсийн эсrархочун неIсагIе хIоьттира бекхам – Маьхьдина карийнера цуьнан лар. Иза йара нохчочо чIир иэца арабаьккхинчу некъан тIаьххьара гIулч. Вехха хьаьжира Маьхьди стигланан бIаьра. Кхо йуьхьаьрлаьцна Iалашо къобалйеш санна къегина лепара седарчий, ткъа буьйсанан тийналла йохош наг-нагахь хезара Iаламан аьзнаш. Шен тешаме накъосташца цхьаьна Маьхьди гIовгIа йоцуш керта велира. Цу сарахь цуьнца вара шен шича – Нохмарза а.

МостагIчун корехь богура чиркх. КIедачу меттахь паргIатваьлла Iуьллуш вара майор, набарна товжа кийча. Цунна уллохь хьийзара тайначу аматехь зуда, хезаш дара берийн аьзнаш. Цхьа а шатайпалла йацара Маьхьдина гиначу суьртаца – ишта хуьлу доьзалан ирс. Ткъе итт шеран йохаллехь тIулг санна чIагIделла нохчочун дог ца Iевжира, ца делхийра цо тахана ирсах марзо оьцучу мостагIчо хIаллак дина долу шен ирс…

Иза меллаша чоьхьавелира, топ йулуш, ткъа цуьнан накъосташа цIенон гуо лецира. Герзах воьттина, цIий Iано хьаьгна экха санна дера нохчо шена йуьхьдуьхьал хIоьттича, дерригенах а кхийтира майор – бекхаман мах дIабала хан кхаьчна. Пенаца нийсса лаьттара майоран Iадийна зуда, шийла кхерам кегийчу дегнашка буссуш, дIатийра бераш. Йа мостагIа а йа чIирхо а вовшашка вистхуьлуш вацара. Майор цецваьллера шен кертара жIаьла а ца леташ, Маьхьди чоьхьаваларах. Маьхьдис айдира герз, амма цу мIаьргонехь чоьхьавелира, хетарехь майоран уггаре а жимох волу кIант. Стигла санна сийна а, цIена а долчу беран бIаьргаш чохь бацара жимма а кхерам – иза ца кхетара хуьлуш долчунах. Жима кIант велакъажарца хьаьжира кхайкхаза веанчу хьаше, ткъа йуха шен дена доггах марахьаьрчира, тховса иза шена тIаьххьара гуш хилар жимачу даго хьехча санна. Шен ден некха тIе корта а биллина, вехха хьоьжура жима кIант Маьхьдин бIаьра. Маьхьди кхетара шен кийрахь йаьлла цIе мостагIчун беран бIаьргийн сийналло йойуш хиларах…

ХIинца а чIагделла ца хилла замано шерашца чахчийна дог. Дуьхьал тессира шен делла Iуьллуш хилла пхи бер. Йеллачу ненан дегI маракъевлина хилла церан кегий куьйгаш, йаьххьаш тIехь йиссина нуьре серло, хьомечу йуьрта тIехула айделла хилла сийна кIараш, къиза байинчу махкахойн декъий. ХIун ойла хилла те кхуьнан доьзалан дахаран тIаьххьарчу мIаьргонехь? Кхойкхуш хиллий те уьш хьомсара дега, боьхуш хиллий те цара мостагIчунга къинхетам? Кхуьнан дахар а ма дара ишта ирсе а, токхе а, тахана хIара кхайкхаза хьаша хилла чоьхьаваьллачу кхуьнан мостагIчун санна. Безам а бара, синтем а бара, дахаре шовкъ а йара, кхууьш тIаьхье а йара, чуверза хIусам а йара. Цу ша дерригенах а цхьаьна дийнахь ваьллера Маьхьди, ткъа цул тIаьхьа дерриге а дахар чIир хилла дIаделира. Кхуьнан дахарехь хIинца диссина хIумма а дацара, бекхам боцург. ЧIир иэца хIоттийначу Iалашоно дузийнера кхуьнан дахар маьIнехь, ткъа кху буса бекхаман рузманехь дIалуьстур йу тIаьххьара агIо. Довта-Мартанна къиза тIелатар дан омра луш, куьйгаллехь мел хилларг ткъе итта шеран йохаллехь хIаллак вина Маьхьдис, тIаьххьара виссинарг хIара майор ву. Тоьпан лаг озо кийча вара нохчо, амма цунна гуш вацара мостагIа, цуьнан цIийх Iийдалучу деган уггаре а йаьккхийчу кIоргенашка кхийдаш хьоьжура жимачу беран сийна ши бIаьрг. Цо маракъуьйлура шен да, цуьнан йовхонах ца Iебаш санна. Эххар а, арахь лаьтташ, хIара сурт тергал деш болуш шен накъостий а, и майор а, цуьнан зуда а – массо а инзар воккхуш, Маьхьдис охьадахийтира герз. Цо меллаша тIевахана беран хьаьрса месаш ловзош, коьртах куьйг хьаькхира кIантана. Бер хазахетта доьлура, шен корта ден некха тIехь лачкъо а гIерташ…

Маьхьди аравелира, Iадийна доьзал а буьтуш. Корах ара хьаьжначу майорана гира говрашка хиъна масех бере кертара ара волуш, ткъа царна йуккъехь, говрана тIаьхьа йаьлла бекъа санна, когашка а хьерчаш доьдура йуьхьанцара цунна жIаьлех тарделла цхьа экха.

– Борз хир ма йац иза?! – цецвелира майор, ткъа йуха цIеххьана дагатессира шен кертара жIаьла летта ца хилар…

ХIумма а ца хилча санна лепара стиглахь седарчий, ткъа Маьхьдис цу буса йерзийра ткъе итта шарна йахйелла хилла ша мостагIашна кхайкхийна чIир. Цуьнан кийрахь къинхетам нуьцкъаха хиллера мостагIашка болчу цабезамал а, чIир эца болчу лаамал а, бекхаман ницкъал а. Маржа-йаI, стенах дина хилла теша цуьнан сел онда а, цуьнца нийсса кIеда а хилла, баланаша мел чахчорах чIагI ца делла дог.

Масех шо даьлча, цхьаьна къизачу къиссамехь оьрсийша герз тоьхна йийра Борзак. Ишта виссира, Кута, хьан да шен тешаме накъост воцуш, ткъа цуьнан дахарера и хилам тахана санна сан бIаьргаш хьалха лаьтта. Ма ларамза дац хьо доьналлех вуьзна хилар… – элира къена гIебарточо Жанхота. Иза хьалагIаьттира дIаваха ойла йолуш. Цунна тIаьхье хьалагIевттира кхин болу ламанхой а.

– Мел хан йаккха дагахь ву хьо тхо долчохь? – хаьттира Жанхота.

– Тахана дIаваха дагахь ву со. Шу гина суна, шун рицкъанах а кхетта со, ткъа сарахь новкъавала мегар ду – велакъежира Кута.

– Тахана оха дIавохуьйтур вац хьо. Хьоьга хьоьжуш лор ву. Иза хьан чевне хьожур ву, тIаккха Iуьйранна сатоссуш, ГIебартара цхьаьна арадевр ду вай. Соьца Тембот а, Тан а хир ву. Оха новкъавоккхур ву хьо хьан доттагIа Хьапагож волчу – элира Мисоста, ткъа цо аьллачунна реза хуьлуш, корта теIош вара къано Жанхот а.

– Вайн чергизойн вежаршка доккха салам-маршалла дIало. ЦIа воьдучу хенахь, тхуна тIех ца волуш, Кушмэзыкъуей а вола – элира Жанхота, шайн йуьртан гIебартойн маттахь бакъ йолу цIе йоккхуш.


Хапагож

I

Iуьйренан ламазаш диначул тIаьхьа, сиха марта а дина, Чергизара Хатухшукай кIотаре новкъабевлира накъостий. КушмэзыкъуейгIера тайпанера гIебартойн элийн гуонехь дийнахь аравала а кхераме дацара Кутина, нагахь санна йуьртан йистог толлуш лелаш йолу гIалгIазкхийн тоба кхетахь а. ЙуьхьтIе башлакх оьзна волу иза цхьанна а вевзар вацара, ткъа кхуьнца цхьаьна болу гIебартой махкахь лоруш а, бевзаш а нах бара.

МаьркIажен бодано ламанийн баххьаш хьулдечу хенахь, кхин новкъахьовзам боцуш, чергизойн кIотаре кхечира ламанхой. Кутина дика йевзара кIотар – иза дукхозза хиллера кхузахь. Хьапагожан кевна кхаьчча, говрашкара биссира ламанхой. Кевнаш схьадоьллуш, араваьллачу къона чергизочунна сиха вевзира нохчийн обарг.

– Ассаламу Iалайкум! – дегайовхонца маракъевлира цо Кута, ткъа къона ламанхочунна кхин а чIогIа хазахийтира Мисост чергизойн маттахь шега вистхилча. Хьеший Хьапагож волчу чоьхьабевлира. Ша волчу накъосташца Кута веъний, хиъна волу Хьапагож хьалагIатта гIерташ воллура, амма Кутас ца магийра цунна.

– Ассаламу Iалайкум! Оха пурба ца делла хьуна меттахвала а! – Кутас доггах маравоьллира шен дуй биъна ваша Хьапагож. ГIебартой гина а хазахийтира Хьапагожана. Цунна Мисост дика вевзара. Кутица буьйса йоккхуш цуьнан хIусамехь хиллера иза.

– Лараме Хьапагож! Кута ша дIавахийта ца лиира тхуна. Чевнаш хиллачу хьоьга хьажа-хIотта вогIуш вуйла хиъча-м мелхо а ца лиира иза ша вахийта. ХIорш вайн вежарий бу хьуна – Тан а, Тембот а! – бовзийтира гIебарточо шен цIийнах нах.

– Барам боцуш хазахета суна шу гина. Ма дика ду-кх аш сан ваша ша новкъа ца валийтина – баркалла элира Хьапагожа гIебартошна. Кута чергизойн обаргана улло охьалахвелира.

– Мичахь лазийна хьо? – цуьнан чевнан йозаллех кхета гIертара Кута.

– Тхайна тIаьхьабевлларш тило гIерташ, балкхархошца цхьаьна Майски станица йолчу агIор дIадуьйладелира тхо, цигара уьш Лаккхарчу Балкхаре гIур бара, ткъа тхо Исламейхула Чергиза дехьадевр дара. Майски станицина го баьккхина, оха кхин дIа некъ беш, тхуна тIаьхьайелира гIлагIазкхийн тоба. Со, сайци кхин виъ ламанхо а волуш, царна кIело йан сецира, уьш совцо. Уьш тхуна улло кхаьчча, оха тIе герз долийра царна, масех стаг говрара вожош. Уьш боьхна, баьржина боллушшехь, оха сихонца тхайчарна тIаьхьа хехкира говраш. Тхуна тIаьхьа герзаш детта долийра гIалгIазкхиша. Суна аьрру белшах кхийтира даьндарг. Жимма лахахь кхеттехь, дагах чекхйер йара, амма цкъачунна висси со – элира Хьапагожа.

– Вайх хIоранна а Дала билгалйина хан йу, цундела цхьа а тIаьхьа а вуьссур вац, йа хьалха а вер вац! – элира Хьапагожан белшах куьйг тухуш, гIебарточо.

– Кута, шуна стол мичахь кечйича нийса хир дара теша? – хаьттира Хьапагожа.

– Стол хьо волчу чохь кечйича нийса хир ду. Хьуна а луур ма ду, хьайн хьешашца цхьаьна кхачанах кхеташ марзо иэца! – хьехар дира Мисоста.

– ХIумма а дац! Цхьа ши де даьлча, сан хIусамнана цIа йогIур йу, тIаккха цо дика лелор ду вай. Шен ден цIа йахана йу иза! – элира чергизочо.

– Кута! Хьапагож! Тхо хIинца меца а дац, садаIа аьтто а баьлла, цундела ГIебарта дIадахча нийса хир ду. ХIинца тхан ваша Кута шух тешна а вуьтуш, майрра дIадаха мегар ду тхо шун пурбанца! – элира Мисоста.

– И санна дерг дийца а ца оьшу! И хIун къамел ду? Ас шаьш дIадохуьйтур доций ца хууш ду шу? – реза воцуш цкъа цаьрга, йуха Куте хьоьжура Хьапагож.

– Мисост! Хьапагож нийса луьйш ву! Суна ца лаьа шуьгара сан доттагIчунна вас хилийта. Шу дуьххьара хьошалгIахь ду цуьнан хIусамехь, цундела буьйса ца йоккхуш, новкъадовлар гIиллакхехь хир дац. – элира Кутас, хьалагIаьттина хилла гIебарто, белша тIе куьйг диллина охьахаавеш.

– Дер тхуна дагахь ма дацара хьан доттагIчунна а, хьуна а вас йар. Цундела къинтIера довла тхуна! – элира Мисоста, Хьапагожан хьошалла а, цо кховдийна довха вошалла а хазахетарца тIеоьцуш. – Амма цхьа хаттар кхолладелла тхан. Хьапагож дуй биъна ваша хIунда ву, ткъа тхо уллера доттагIий бен дац? – лерина Куте хьаьжира Мисост. Цу хаттаро самукъадаьккхина буьйлура ламанхой.

– ХIусамден бакъонаш лоруш, Хьапагоже дийцийта деза иза, цул совнаха иза ша ву со шен дуй биъна ваша ву аьлларг, оцу кепара тхан йукъаметтигаш жоьпаллин лаккхарчу тIегIане а йохуш! – элира Кутас.

Хьапагож велакъежира. Гуш дара мел беза а, сирла а бу цунна тахана ша Iора баха безаш болу дагалецамаш.

– Иза сан дахарера шатайпа хилам бара. Цуьнан орамехь Кавказан къаьмнийн доттагIаллин гIиллакх ду. И гIиллакх лело а, ларда а деза вай массара а! – элира Хьапагожа, маьнги тIехь хьалахууш.

– Пхийттара ваьллачу дийнахь дуьйна вайн мостагIашца къиссам латтош ву со. ВуьрхIитта шо долчу хенахь, голех чов йинера суна. ХIетахь дуьйна виссина со астагIа. Цундела олуш ду соьх халкълахь астагIа Хьапагож – велавелира чергизойн обарг, ткъа йуха лерина хьешашка а хьаьжна, дIадолийра цо шен къамел.

– ХIетахь Кавказехь со дика вевзаш жима стаг вара. Цхьаьна дийнахь, Бесленейхь Iаш болчу сайн ненахойн тойнехь суна йевзира исбаьхьа хаза йоI. Иза хиллера ногIийн эланан йоI. Ханна чIогIа жима йара иза, амма цуьнан хазалло бен доцуш ца вуьтура цхьа а. Цу тойнехь со вуй хиъча, со шена гайта аьлла дехара дина хиллера цо. Соьга сиха хаам бира Ураковски ногIийн эланан йоI, хазаллица цIейаххана йолу Сююмбике йу аьлла со ган лууш. Цу дийнахь девзира тхойшиъ. Цул тIаьхьа наг-нагахь цхьацца тойнашкахь гар нислора. Ма-дарра аьлча, тхан дегнаш вовшашка кхийдара. Цунах лаьцна хиъначу Сююмбикен дас дIахьединера шен йоI элийшка бен маре йаха мегар дац аьлла, ткъа со-м шуна хууш ма хиллара маьрша чергизо ву. Сан тайпанна йукъахь цкъа а ца хилла йа элий а, йа леш а. Со-м дог диллина Iаш вара, амма Сююмбике ца хиллера йухайер йолуш. НогIийн арахь хьоькху мох санна чехка йара йоьIан амал. – велавелира Хьапагож. Цуьнан бIаьргийн лепарехь хIинца а гуш бара хIусамнене болу безам. – Тхойшиъ тIаьххьара гиначу хенахь, Сююмбикес суна эхь дуьллуш, эли-кх – Кавказехь цIейаххана обарг вац хьо? Хьайга луш ца хилча, йадийна йаккха йеза-кх! Ас сайн накъосташца йадийра Сююмбике. ХIетахь доладелира ша дерриге а. ЙоьIан лаамца, иза Хьапагожана йалийна аьлла хаам эцна бахийтина геланчаш, ногIийша лелхийнера, ткъа тхуна мостагIалла кхайкхийнера. Сан ненахой – Бесленеера элий а гIоьртира суна гIо дан, амма церан а гIуллакх ца хилира. НогIийша шайн йоI цIа йалайе бохура, ткъа Сююмбике цIа йаха туьгуш йацара. НогIийшца барт бан аьтто бео боций хиъча, Бесленейра къаночо сацам бира нохчашка гIо деха. Цо кехатаца геланча вахийтира Имам Шемалан наиб хилла волу Довта-МартантIера Эза волчу.

НогIийн коьрта къано Эзин доттагIа вара, кест-кеста чIинхой болчохь хьошалгIахь хуьлуш а, цара чIогIа лоруш стаг а вара. Амма хала хеташ делахь а, Эзин аьтто ца белира тхо долчу ван, ткъа шен метта цо шен вешин кIант, хIинцале Кавказехь дика вевхаш волу обарг Кута ваийтира. Цо Бесленей Эзера кехат деара. – дегайовхонца Куте хьаьжира чергизо. – ХIетахь цо Эзера кехат ногIийн Ураковски тайпанера къаночунна а деара. Суна-м хIетахь моьттура кху жима стаге муха дерзалур ду Бесленейра элийшка а ца дерзалуш долу дов. Кута-м Кавказехь вевзаш вара, адыгийн йукъараллехь къаьсттина чIогIа ларам болуш а вара, амма хIете а уьш дахарехь зеделларг долуш, дуьне диъна къаной бара. Амма со гIалатваьлла хиллера. НогIийшца барт барал совнаха, Кутин аьтто белира цаьрга тхан къоначу доьзална латта билгалдайта а. – доккхачу баркаллица, дегайовхонца шен дуй биъначу вешин бIаьра хьоьжура хIинцалц къовламе а, буьрса а амалца къаьсташ хилла чергизойн обарг.

– Ас-м доккха дакъа ца диллинера цу гIуллакхехь. Сан девашас Эзис къастийнера и дов. Заманан йохалла ногIийшца доттагIалла лелийна вара иза, цундела цуьнца ларам латтош, шайн сий лардира ногIийша. – жоп делира Кутас.

Накъостийша шуьнехь дуккха а хан йаьккхира, дIаэхна зама дагалецамашкахь луьстуш. Шортта дара ламанхой дийца. Кавказехь цхьаьна а къоман дахар цкъа а ца хилла атта. Ломара охьахецаделла догIу дистина хи санна буьрса а, чехка а бу кавказхойн кхолламаш…

Пхьуйра ламаз а дина, дIасабахара накъостий, хIусамдега а, иштта кхана Iуьйранна новкъабовла безаш болчу гIебартошка а садаIийта…

II

Ахбуьйса йаьллачу хенахь, нохчийн обаргана хезира кертахь йаьлла гIовгIа. Меллаша шен топ караоьцуш, кора йисте вахара иза. Керта веара масех бере, царна йукъахь цхьаъ хиллера Хьапагожан зуда Сююмбике. Цу мIаьргонехь Кута волчу IиндагIа санна меллаша чоьхьа велира Мисост:

– Кута, и хIун гIовгIа йу арахь йаьлларг? – гIебарточун карахь а йара дIатоха кийча топ.

– Со суо а вац цкъачуна кхеташ. Хьапагожин зуда цIа йеана, амма со кхеташ вац буьйсанна стенна баьхкина уьш, цул совнаха говраш а йу церан гIора дайна. – лерина корах ара а хьоьжуш, жоп делира Кутас.

– Хьапагоже хатта дезара вай – элира кхолладеллачу хьолах сагатдеш волчу гIебарточо.

– Собар де. Нагахь санна вай оьшуш хилахь, Хьапагож ца олуш Iийр вац. – Кута ша а вара собар кхачийна, хилларг хаьа лууш, амма ламанхойн гIиллакхехь дац хьеший буьйса йуккъе йаьллачу хенахь доьзалийн гIуллакхашна йукъагIерта.

Дукха хан йалале къона ламанхочо Хьапагож волчу дIакхайкхира Кута а, Мисост а, ишта церан накъостий – Тан а, Тембот а. Чергизо воьхна вара, амма хьешашка шен дагара ца хаийта гIертара иза.

– Хьапагож, муха ду хьоьгара хьал? Чевно сагатдеш-м вац хьо? – хаьттира хилларг хIун ду хаьа сатесна волчу Кутас.

– Сингаттаме хIумма а дац. ХIусамнана цIа кхаьчна. – шега делла хаттар тергал ца дан гIертара Хьапагож.

– Дика ду тIаккха, сингаттаме хIума ца хилчхьана, амма нагахь санна цхьаъ хиллехь, тхоьх лечкъо ца оьшу хьуна. – элира Кутас, ткъа цо аьллачух реза хилла, кортош теIош бара гIебартой.

Накъосташа къамел дечу хенахь, чоьхьайелира Сююмбике. Шен хIусамден накъосташна тIейахара иза:

– Кута, марша вогIийла хьо! Хазахета хьо а, хьан накъостий а тхан хIусамехь гуш. Со цIахь ца хиллехь а, шуна дика хьошалла дина хир ду аьлла тешна йу со. – дукха йилхина, цIийделла бIаьргаш лечкъо гIерташ, йуьхь тIе йовлакх уьйзура зудчо.

– Хьо а йогIийла маьрша, сан йиша. Хьапагожа элира тхоьга хьо ден цIа йаханера аьлла. Муха Iаш бу вайн гергара нах? ХIун ду ногIийн арахь? – хаьттира обарга, зудчун бIаьра а ца хьожуш.

– Дика ду ша дерриге а. Сан да-нана а, тхан гергара нах а Каспийн уллохь бехачу ногIийн тойне бахана. ЦIахь цхьа а вац. – Сююмбике къаьхьачу къурдашца сецо гIертара бIаьрхиш, амма кхин са ца тохаделла, мелачу догIанца охьайилхира зуда.

– Хилларг хIун ду? Тхоьгара гIо оьший? – хаьттира Мисоста. Цхьа а вист хуьлуш вацара. Эххар а тийналла йохош, Хьапагожа элира зудчунга:

– Царна иза ишта а хуур ду, цундела дIаала мегар ду хьуна.

Сююмбикен совнаха дош ала а ницкъ ца хуьлура, амма хIете а йелхаран къурдашца долийра цо шен къамел:

– Да-нана цIахь доцуш, хIусаман терго йан йаханера со ден цIа, ма-дарра аьлча жимох волчу вешин терго йан. Цуьнан вуьрхIитта шо ду. Кхин бер хир дац аьлла дог диллинчу хенахь, Дала совгIатна велла ву иза сан дена а, нанна а. Цхьаъ бен воцу кIант йоI-бIаьрг санна ларвеш ву дас-нанас. Цара-м иза тойне а ца вигна, новкъахь цхьаъ хиларна кхоьруш. Сан ден а, ненан а дахаран маьIна ду сан жимох волу ваша. Цунна цхьаъ хилахь, цаьрга лалур дац иза. – йуха а йелхайолайелира Сююмбике, тIаккха йистинчу йуьхьтIехула бIаьрхиш дIасахоькхуш, кхин дIа дийцира зудчо шайна тIехIоьттинчу киртигах лаьцна:

– Армавирехь аьчка некъ буьллучохь болх беш бу цхьа болу ногIий. Йуьхьанцара лур ду аьлла долу алапа луш дацахь а, амма кхин болчу белхашкахьчул совнаха хуьлу церан алапа. ТIаьхьарчу кхаа баттахь алапа делла а дац царна. Шаьш къахьегна даьккхина рицкъа деха вахана хилла цига масех стаг. Царна йиттина, ткъа цхьаъ дIалаьцна. Цунах лаьцна сийсара хиънера сан вешина. НогIийн тобанца цхьаьна, тхан махкахо маьрша ваккха Армавире вахана иза. Уьш цига кхочур буй хууш, цаьрга хьоьжуш хиллера бухахь берш. Гуо лаьцна, къиза йиттина царна. Сан вашас герз тоьхна. Цунна а кхетта герз. Цунна чевнаш йина хила тарло, йа иза-м дуьнен чохь вуй а ца хаьа! – шийлачу маьхьарца дехьа чу дIайедира Хьапагожан зуда. Тийналло дIалецира чоь. Кхузахь чергизочун зуда схьайалош веана ураковски масех ногIи а вара.

– Шуна йукъахь цхьа а вуй Армавирехь царна кIело йинарг мила ву хууш? – хаьттира ногIийшка Кутас. Царех цхьаммо жоп делира, Кута а, Мисост а волчу агIор дIавоьрзуш:

– Со вара цаьрца Армавирехь. Тхаьш болх беш хилла эрмало волчу доьлхуш дара тхо, амма тхо йуьрта чоьхьадовллушшехь, тхуна гуо а лоцуш, шед йетта йолийра. Цара дойура дара тхо, нагахь санна Сююмбикен вашас Мухарбис герз ца тоьхнехь. Герзан тата хезча, дIасабевдира уьш. Тхайн гIуллакх хир доций кхеттачу оха, говраш йухайерзийра, амма цара тхуна тIаьхьа герз детта долийра. Чов хилла Мухарби говрара охьавуьйжира. Цо омра дира тхоьга орца даккха аьлла. Тхуна йукъара цхьа накъост цуьнца виссира, ткъа тхо Мухарбис делла омра кхочуш деш, гIо деха арадевлла. – бехказала вахана, дийцира шайна хиллачу бохамах лаьцна къона ногIийчо.

– Нийса арадевлла. Шу массо а дойур дара цара, тIаккха хиллачунна тIаьхьа а кхууьр вацара цхьа а – элира Хьапагожа.

– Муха йу хьан цIе? – хаьттира Кутас, шен керла ногIийн накъостий бовза лууш.

– Сан цIе Калибек йу, ткъа хIара Хьасан ву – вовзийтира шаьшиъ къона ногIийчо.

– Кхолладеллачу хьолах вай кхеташ ду. Бохам мичахь хилла а вайна хууш ду. НогIийшна дика бевза цига боьду некъ. Эрмалой болчохь латтош а хир ву цара шаьш йийсаре лаьцна кIант. – ойланашка вахара Кута.

– ТIаккха? Аралелхий вай? – хетарехь Тембот сатесна вара кхераме некъ йуьхьарлаца.

– Шу ГIебарта дIагIо. Кхузахь, Хьапагож волчохь шортта адам ду. НогIийшна йукъахь а бу дика къонахий. Адам оьшуш хьал дац вайгахь – элира Кутас Мисосте, ткъа гIебарто-м шен буйнахь топ а къуьйлуш, велакъежира:

– Кута, цу къамелашна хан ма йайа. И гIуллакх къасто вай цхьаьна доьлху, ткъа вайца кхин а мила вига веза хьуна а, Хьапагожна а дикох хуур ду. Оха цкъа а буьтур бац ногIийн вежарий де доьхначу дийнахь тесна! – элира Мисоста.

Цо аьлларг тIечIагIдеш, кIоршаме вистхилира Тан а:

– Тхо а доцуш, цхьа а цхьанхьа а воьдуш вац!

– Шу цу йукъаийзо ца лаьара суна. Со суо шуна ма-гарра гIатталуш вац, цундела чергизой гулбе аьлла нах дIахьовсийна ас. – бехказала воьдуш, элира Хьапагожа.

– Чергизой а оьшур бу. Хан йалийта мегар дац вай. – нохчийн обарг ойланашка вахана хьоьжура ГIебартара шен доттагIашка. Хьапагожана хаьара ша мел дехча а, ламанхой йухабевр боций. Ма-дарра аьлча, ишта царна орцанна хIара а гIоттур ма вара, цундела обарга дуьхьало ца йира лаьмнийн сирлачу гIиллакхна.

– Кута, Армавирехь Iаш Хачатур ву хьуна. Иза вайн къомах схьаваьлла, чергизойн эрмало ву. Хьуна дагавогIу хир ву иза. Цунах теша мегар ду хьуна. – элира Хьапагожа, ткъа гIебартой-м церан къамелана йукъа ца лелхара, хIунда аьлча царна цхьа а вацара Армавирехь вевзаш.

– ТIаьххьара маца хиллера хьо Армавирехь? – хаьттира Хьапагоже Кутас. Хетарехь хIинцале цхьаъ дагатессинера нохчийн обаргана.

– Ахшо хьалха хиллера. Стенна хоьттура ахь? Хьо цигахь хилла а ма ца даьлла цхьа шо а. Бакура цхьа анархист лоьхуш дара-кх вай цигахь. – жоп делира Хьапагожа.

– Армавир йоккха йурт йу. ТIебаьхкина нах дукха хуьлу цигахь. Цигара туьканашка оьху даима луларчу станицашкара гIалгIазкхий. Иштта луларчу кIотарашкара шортта чергизой а, ногIий а хуьлу. Вайн хьолехь иза чIогIа дика ду, хIунда аьлча вайна тIе тидам боьрзур бац нехан. Мухарби дIалаьцначарна хууш хир ду, эла шен кIантана орцах ца волуш Iийр воций, цундела уьш вайга буса хьоьжуш хир бу. Цу тIехь сан шеко йац. Буса ха деш хир бу уьш, ткъа дийнахь садоIуш.

– Делахь, ма нийса лоь хьо. Дагахь доцучу агIор, дийна делкъехь хьошалла дан деза вай царна! – Кутас аьллачух реза хилира Мисост.

– Кхаа тобанна декъадала деза шу! Сан чергизойн коьртехь сан вешин кIант Темрук хир ву. Цунна дика девза Армавире доьлху некъаш. НогIийша а йоккха тоба вовшахтоьхна хир йу. Цара а аш аьлларг дийр ду. – Хьапагож гIайгIане вара. Iемина вацара иза ша вижина а Iуьллуш, кхераме гIуллакх иэцна нах дIаэхийта.

– Дика ду тIаккха. Темрукан чергизошца а, тIаьххьара цигахь хиллачу шина ногIийца а, ГIебартара вайн вежаршца а къилбера Армавирана тIегIур ду тхо Синюхина Сухая Балка йистехула. НогIий Армавире малхабалехьара чу баха беза, Уруп хи йистехула. Кубань хин аьтту агIор Орловски тIай тIехула а бевлла, Армавирехь тхоьга хьоьжуш хир бу уьш. Нагахь санна оьшуш меттиг нислахь, гIо дан кийча хир бу уьш. Делкъ хенахь, туьканаш йолчу могIарашка хIора а тобанера цхьацца векал вогIур ву шаьш схьакхаьчна хиларах хаам беш. Собар дан хан йац вайн, цундела хIинцале новкъадовла деза, цхьа де даьлча, шолгIачу дийнан делкъенехь мукъне а меттиге дIакхача, гIалгIазкхийн гIепашна гуо тоссуш. Вай арабоккхуш берг хIумма а боца некъ бац шуна – цхьа бIе ахбIе чаккхарма хIете а некъ бан беза вай, кхин сов а хила тарло, гуо баьккхина даха дезаш нислахь а. – Кутас хIинцале хIоранан а Iалашо билгалйира, ткъа ша Хьапагожна улло охьалахвелира, ша аьлларг цо къобалдаре сатуьйсуш

– Кута, хьуна и меттигаш дика йевзаш хир йу. Шо а ма ца даьлла, вайшиъ цигхь лелла. – реза хуьлуш, жоп делира чергизойн обарга.

– Цхьа дерг дицделла хила а тарло, амма уггаре а хьалха со вайн доттагIа Оганес волчу гIур ву. Цо довзуьйтур ду тхуна Армавирера ма-дарра хьал.

– Иза мила вара? – ойланашка вахара Хьапагож.

– Алавердян ву-кх – чергизойн эрмало. Дага ца вогIу хьуна? Сурб Геворка килсана гена доцуш Iаш вара-кх иза.

– Дер дагавогIу! Муха ца вогIу?! Вайшиъ хила ма хиллера иза волчохь. – самукъаделира Хьапагожан.

Кута хьалагIаьттира. Хьапагож кхетара уьш сиха хиларах.

– Сан нах кху сохьтехь кийча хир бу. Темрука уьш сихбийр бу, ткъа ногIий ахь ма-аллара, Кута, шиъ шуьца гIур ву, ткъа важа шиъ шайн йуьрта дIагIур ву. Ураковский элий цаьрга хьоьжуш хир бу. – Чергизочо сагатдора шен накъосташна. ХIара цхьаьна а воцуш, дуьххьара боьлхуш бара уьш и тайпа кхераме гIуллакх къасто.

Чоьхьайелира Сююмбике. Иза йоьлхуш а йацара. Хетарехь зудчо дикане дог ца дуьллуш, сатединера шен. Цунна коьрте а догIур дацара шен жимох волчу вешина орцанна Кавказан тоьлла къонахий гIовттур буй.

– КъинтIера довла суна! Шун синтем бохийна ас, лартIахь наб йан а ца дитина шу. Ас хIинцале сайн да волчу Дагестане геланча вахийтина. Кхана Iуьйранна цIа кхочур хир ву иза. Iуьйренан ламазан хан хиллалц, садаIа шайна, тIаккха ас кхача кечбийр бу шуна. – бехказала йаьлла, арайала тохайелира Сююмбике.

– Собар де! – Хьапагожа сацийра шен зуда. – Кутас ламанхой Армавире буьгур бу хьан ваша маьрша ваккха. Царна новкъахь кхалла сиха цхьаъ вовшахтоха. Ламазаш а дина новкъабевр болуш бу уьш.

– Ламазаш а новкъахь дийр ду оха. Iуьйре хиллалц собар дан йиш йац! – элира Кутас. Иза а кхин болу ламанхой а кечам бан арабевлира.

Дукха хан йалале Кута шен тобанца кийча вара Армавирехь йийсарехь волу Сююмбикена ваша маьрша ваккха новкъавала. ХIинцале схьакхаьчнера Темрук коьртехь волу пхийтта чергизочух лаьтта тоба а. Тийналла йоьхуш, куьйг айдира Кутас:

– Армавир кхаа агIор кIоргечу саьнгара гуо лаьцна йу. Цунна чохь боккха гу бу, цу гу тIехь латтанах боьттина пен бу. ЙоьалгIачу агIора и йурт Кубань хин аьрру йиста ларйеш йу. Йуьрта чуваоьдуш кхаа агIонера кевнаш ду, уллохь ха а долуш. Вай массо а кхета деза вай стенга доьлхуш ду а, вайна цигахь мел боккха кхерам бу а. Цундела вай хIинца массо а дагадовла деза. ХIораммо ца лечкъош, шен ойланаш йовзийта йеза – элира Кутас, ткъа гена некъ бан сихйелла йолу обарган говр цхьаьна меттехь соцуш йацара.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «Литрес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.