Абузар Абдулхакимович Айдамиров "Лаьмнашкахь ткъес"

Роман народного писателя Абузара Айдамирова «Молния в горах» – вторая книга трилогии «Долгие ночи». В ней показаны события, связанные с восстанием чеченских и дагестанских горцев под предводительством Алибека Алдамова. Автор создал яркие образы своих героев, которые полюбились чеченским читателям. В этой трилогии автор раскрывает неизвестные до ее издания читателям страницы истории чеченского народа. Книга рассчитана на читателей юношеской и старшей категории возраста.

date_range Год издания :

foundation Издательство :Автор

person Автор :

workspaces ISBN :

child_care Возрастное ограничение : 12

update Дата обновления : 16.06.2023

Доьалха тоьхна кеxат даржа а дина, мохь тоьххана деша волавелира Oьлаби:

«Сийлахь Государь! Ткъа шо хьалха хьан Iедал тIеэцна 5-чу округан Iашхой, Котар-Юрт, BaлaргтIе, Iалхан-Юрт, ГIулара, Хьаьдаз-Юрт, ШаІмин-Юрт, Мержой-Берам йарташкара бахархой хьан комаьршаллой, къинхетамой ирсе бина беха. Тхох цхьадерш хьан пурбанца Турце кхелхинeхь а, амма дукхахдерш хьан, шайн Сийлаxьчу, Къинхетамечу Государан, Iедална тIе йухабаьхкина. Ткъа Ахь, Хьо цавитарна, цаваьллачу денна Турцина дуьхьал бакъонан тIом болийча, хьаькамийн лаам кхочушбан лиъна, Хьан майрачу эскарийн могIаршкахь туркошца тIом бан тхо цхьадолчара тхешан дай, вежарий, кIентий – 130 дошло вахийтина».

Ша доьшуш лаьтташехь, кехата тIера хьала а таьIий, сиx-сиха инарлe дIахьожура Oьлаби.

«…Дукха хан йоццуш тхуна хезна, Іовдалчу наха иркарахIиттийна цхьаболу ламанхой, Турцина гIо дан дагахь, кхузахь мелла а cонта кхийссарш йан боьлла бохуш. Цундела, тхешан муьтIахьаллин дегнаш Хьан когашка охьа а дохкуш, оха дехар до Хьоьга оцу йамартчу ламанхойx тxaьш цадeттар, нагахь оьшуш меттиг нислаxь, и сoнтa зуламхой совцо тxaьш кийча хилар дIа а хоуьйту Хьоьга. Тхешан дегнаш, ойланаш цIена хилар, сийлаxьчу, ницкъболчу Делах дуй бууш, чIаг?до оха, и тхешан муьтIахьаллин цIена дегнаш, ойланаш Хьуна, Сийлаxьчу Государана, хьалха охьайахкар доьху тxайна дукхавезачу, даггара тxaьш лоручу областан начальнике, инарле.

ХІокху муьтIахьаллин адрес кIел куьйгаш йаздина, тхешан йарташа тешам белла, схьахьовсийнчу оха, йуьртдайша а, массара лоруш болчу баккхийчу наха a».

Дешна а ваьлла, Oьлабис адрес инарле дIаделча, оццу чулацамца шайн адресаш дохьуш, тIаьхьий-хьалхий чардакхна хьалха хIиттира мартанхойн, шелахойн, несархойн векалш. Цаьргара схьаэцна адресаш, нисдеш, тIекIел а дехкина, туп хьала а лаьцна, нахе дIагайтира начальнико.

– Дика ду, нах. Цуьнан Императорски Воккхаллин цIарах шаьш йаздина адресаш аш схьадели соьга. Амма царна тIехь шаьш йаздинчун ойла йиний ткъа аш?

Баккхий нах цецбевлла хьуьйсура. Ойла йан а, ца кхета а хIун ду кхузахь? Цара дуьххьара ма ца йаздина паччахье кехаташ. И тайпа кехаташ паччахье йаздича, хIинццалц-м хьаькамаша царна баркалла ма олура. Церан массеран а куьйгаш лоьцура. Царалахь цIе йоккхуш болчарна совгIаташ дора. Ткъа хIокху кeрлачу хьаькамна шайгара кхин хIун оьшу-м хаац царна.

Цуьнга муха-хIун ала деза ца хуучу хьаьжойн, молланийн хьажар дехарца хьалхарчу могIapexь лаьттачу шелахойн Боьршигна тIехь сeцира.

– Боьршиг, жоп лол вайн воккхачу хьаькамна!

– Соьга ма алийта, – корта ластийра Боьршига, – кхузахь эпсарш бу. Мустафин Девлат-Мирза a, CapIелии Бача a, Caьмпин Сайпулла а. Цаьрга алийта.

– Ахь дикахо эр ду!

– Алал ахь, Боьршиг!

Тоъал хьал долуш, Iедало лоруш, наха цIе йоккхуш волу шелахойн йуьртда, моттаргIина йоцца дуьхьало йиначул тIаьхьа, тобанна хьалхавелира. ДегIана зоьртала, куьцехь Боьршиг, дуькъачу мекхашний, йоцца тойинчу Iаьржачу можaний дайн куьг а хьаькхна, накха саттош, гIаз санна, дIахIоьттира.

– Хьан локхалла, тхан хьомсара инарла! – хьастаме вистхилира иза. – Вайн сийлаxьчу паччахье кеxат оха дуьххьара йаздина дац. Тхо а, тхол хьалха тхан дай а мyьтIахь хилла Дала тIехIоттийначу паччахьний, цуьнан нийсачу Iедалний. Тхо векалш дина схьахьовсийна йарташ хьуний, паччахьний тешаме хир йу. Цуьнан шеко йац йанне а!..

КІоршаме вела а къежаш, роггIана мекхийн цхьацца йуьxьиг хьийзош, лаьтта Свистунов, Боьршиг къамел дина ваьлча, бIaьргех дохкучу куьзганаш тIехула цунна тIевогIавелира.

– Дика ду, дика, – инарлас тобанна тIехула буьрса бIaьрг кхарстийра. – Кхетац шу. Кхетачарех тера а дац. Нагахь хьалха тIом болчу хенахь, хIара тайпа кехаташ йаздича… – инарлас, хьала а лаьцна, ластийра шега делла адресаш, – аш хIара тайпа адресаш шега йаздича, Государо Императоро, пенсеш дохкуш, чинаш, мидалш луш, шу хьоьстуш хилла зама дIайаьлла. ДІайаьлла! Шайн зударшна уллохь шу тийна IадIийчахьана дуьту хан дIайаьлла. XIинца аш, тебба ца Iаш, гIо дан деза зама тIекхаьчна. Ас кхeтoр ду шу аш биначу тIелацамах. Ас, паччахьо шуна тIe хIоттийнчу хьаькамо. Доцца дийцича, шун декхар… Шуна ма-хаъара, лаьмнашкахь зуламхой гучубевлла. Ткъа кху шун махкахула долчу некъашца эпсарш, хьаькамаш дIасалела. Телеграфца дIасалелаш приказаш хуьлу. Цхьана минотана тIаьхьадиса йиш йоцуш. Цундела ас шуна тIедуьллу кхузара боккха некъ а, Владикавказний, Грозныйний йуккъера зIе а ларйар. И некъ а, и зIe а, Соьлжан аьрру агIонца, шун йарташна дуьхьалхула дIа йу. И декхар аш доггах кхочушдийриг хилaрх теша лаьа суна…

Къаьрззина инарле хьуьйсучу нахах цо дуьйцучух кхеташ наггахь бен стаг вацара, амма шайна оьшург цо ца дуьйцийла массарна а хаьара.

– Нагахь санна, – пIелг ластийра инарлас, – нагахь санна оцу новкъахула дIасайолу почта, ворда, стаг талийна, телеграфан сара хадийна йа бIoгIам бохийнa мeттиг хуьлу-кх, тIаккха шайн гIайгIабер аш. Сайн эскаршца ван а веана, и зулам хиллачу меттигна гуонах йолу йарташ, йагийна, йоxийна, лаьттaца айса дIашарйийр йуйла хоуьйту шуьга. Ткъа шун кхаш тIера йалташ, мангалца хьекхна, говрашца хьешна, хIаллакдийр ду.

Чуликовс сихха гочдира инарлин буьрса къамел.

– Тхан бехк ца хилча а, дийр ду цо тхуна и таІзар? – xaьттира мартанхoчо.

– XIун боху цо? – xaьттира Свистуновс. – Шун бехк бу-бац, хоьттур дац ас. Шайн махка тIехула болу некъ а, зIe a aш ца ларйича, шун ца хуьлу бехк? Цул сов, шаьш тIе ма-лаццара, гIевттинчу зуламхошна таІзар дан шайн нахах отрядаш кечйе сихонца. Цо къастор йу шун муьтIахьаллин чIогIалла. Кхийтин шу? Дика ду, кхеттеxь. XIета, сиxонца, шайн йарташка дIа а дерзий, декхарш кхочушдан дуьйлало.

Свистунов, хьаьвзина, царна букъ а тоьхна, чардакх тIера чувоьссира.

4

Оцу дийнахь шайн йарташка дIаса ца бахара нохчийн, гIалгIайн йартийн лакхенийн берриг вeкaлш. ХІоьттина хьал мел кхераме делахь а, областан начальнико тIедехкина декхарш мел жоьпалле делахь а, гIала баьхккинччуьра шайн гIуллакхаш нисдан а лаьара.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию (https://www.litres.ru/pages/biblio_book/?art=69347575&lfrom=174836202) на ЛитРес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

notes

Примечания

1

ТагIа – сторпал.

2

?узара – гIийла, оза, эгIаза.

3

Эдагий – адыгаш.

4

Iаспар – оза, къена говр.

5

Баттам – кхийра кIудал.

6

Чалдам – байракх тIейихкина буткъа гIуркх.

7

Хаьлжаг – байракх (нохчийн шира дош).

8

ТІотІеш – тиша, тIелхигйевлла бедарш.

9

Сенарваьлла – aгIорвирзина, разваьлла.

10

ГІопал хир ву – Далла гергахь бехке хир ву (динан термин).

Все книги на сайте предоставены для ознакомления и защищены авторским правом