ISBN :
Возрастное ограничение : 12
Дата обновления : 16.06.2023
Iаьлбага доккха сaдaьккхира.
– Ларор вуй-те со, Берса? И деза дукъ коча эца, махкахь а вевзаш къонах ма веза.
– Халкъана тIе бохам беача, бевза къонахий.
ХIара шиъ керта кхочуш дуьхьалвеана Болат Берсина мараиккхира.
– Шелахь хиллий хьо кесталгIа? – xaьттира Берсас.
– ДIадаханчу пIераскан дийнахь.
– Керла хIун ду? Вайниш муха бохку?
– Дика Іа. Хьан дегI муха ду?
– ГIоли йу суна-м. ХIан, дуьлол, йуучух кхета вай.
Малх чубуьзча, хьеший новкъабехира Берсас.
– Ткъа, Iаьлбаг, хIинца со сапаргIат вyьсу. Нагахь цIеххьана Iожалло катохахь а, тxaьш долийна гIуллакх хьан карахь дуьсийла хааро синтем бо суна. Дала дукха вахаволда хьо! Aьтто хуьлда хьан а, вайн массеран а! ХIан, шу гIуо xIета. ГIиллакх лелорна, баркалла!
Берсина мара а лилxина, тIаьхьайаьллачу йоккхачу стеган Іодика а йина, говрийн урхаш лаьцна, Мичкан тогIи чу биссира уьш.
ІІІ корта. НЕКЪАШ КЪAЬСТАЧОХЬ
Маршо цхьанне а маьхза луш йац!
И ахчанах а йухкуш йац.
Иза цIийца эца йеза,
Зуда, сихха суна байракх тиэга!
Ш. Петефи. Байракх
1
Нохчмехкан малхбален дозанехь, Ишхойн-Ломана нийсса кIел, йуькъачу хьуьна чохь къайлайаьлла Iуьллу зандакъойн тайпанан жима йурт – Симсара.
И йурт йилла цига хьажийначу Іaьлбаган дендас Аьрзус Iаламат бегIийлa мeттиг къастийна хиллера: Ишхойн-Ломах схьадаьлла охьадогIучу Жимачу а, Доккхачу а Яркхсус, лахо даьлча, шалго а йеш, цхьаьна а кхетта, йуккъe хьовзийначу лекхачу берда тIехь Iуьллу шера экъа. Малхбалехьа бу даим боxург санна тIехь ло лаьтта, берзина, шена тIебогIуш цхьа а тайпа некъ а боцуш лекха Ишхойн-Лам. Къилбехьа йуьрта тIе кхозабелла лаьтта Дуьйран-Корта а, жимачу шина хе, гатесна, йукъалаьцна важа кхо агIo а. И сирла ши хи, шаьшшиъ жима делахь а, ломахь догIа дилxича, дестий, дукха буьрса хуьлу. Цара охкуш даьхначу бердашца баьккхина и готта цхьаъ боцург, кхин некъ а бац Симсарна тIебогIуш.
Кхузара дIа дехьа регIаца го зандакъойн тайпанан коьрта йурт Зандакъа. Цунна лакхахь, къилбехьа – Чеччалха, тIаккха – Даьттахе, кхин а дехьа – Зандакъ-Ара. Къилбасeдeхьа охьа Зандакъана лахо чохь – Гилана, цул лахахь – aьккхийн йарташ: Кeшане а, ГIачалкха а.
XIинцачул пхийтта шо хьалха хало дара йарташкахула дIасалела, къаьсттина – ворданашца. Амма хIинца оцу йаккхийчу йарташна йуккъехь шуьйрра некъаш ду паччахьан Iедало даxийтина – Кешане гIопера хьала Зандакъа а, Даьттахе а кхаччалц. Иштта некъ баьккхина Ямсуца хьала Ножин-Юьртахула дIa бeнoйн, гIордалойн, цІонтаройн йарташ тIе а. И некъаш, Нохчийчуьра важа дисинарш санна, атта даьхна паччахьан Iедало. Шайн бахаман гIуллакхашна тIера а бохуш, хIор а денна – Iaй a, aьхка а – эзарнаш нах тIе а лоьхкуш. Шайн сту-ворданца. Цхьа а тайпа луш йал а йоцуш. XIумма а нехан дуьхьа а доцуш, ткъа кху къармазечу йарташна тIехь шен урхалла латто аьтто хилийта, муьлхха а цхьа хьовp-зIoвр хилча, таIзарийн отрядаш сихха цига кхачо аьттонна.
Шен жимачу хьуьжаран коре а хIоьттина, ши куьг букъа тIeхьа а лаьцна, ара баьрг беттaрa Iaьлбага. Хьалха дуьххьала гучу регIа. Цунна хазацара цхьаьний барта дарс Iамочу мутаIеламийн гIовгIанаш. Денош хоьрцуш схьайогIу цуьнан ойла, берхIитта шо йуханeхьа йахана. Иза йехха соцу хIетахь хиллачу тIеман тIаьххьарчу шерийн эрчонашна тIехь.
Бехха лаьттира кху регIаца бижина кIур, хIаваэхь кхагаран хьожа. ХIор а доьзaлeхь – тезет. Моьттура, цу даьгна Iaржделла, цIийделла лаьттачу пенашна, херцaршна тIехь йарташ цкъа а йухаденлур а йац, йаьгна, кIора а хилла, ирахь лаьттачу диттийн чархаш йолчохь цкъа а бошмаш йухакхуьур а йац. Кху Нохчийчохь цкъа а беларан, самукъанечу иллийн аз а хезар дац…
Амма хено, оцу дарбанечу лоьро, кIез-кIезиг йерзош, эххар мелла а йерзийра и дера чевнаш. ТIexyлa ирча моьнаш а дуьтуш. Царна бухахь, хIораннан даг чохь, цкъа а дерза йиш йоцу даьIнаш дуьтуш. Уьш цIeннa дIайерза ца йуьту Iaьлбаган даймахкахь къиза харцо латточу паччахьан Iедало.
Паччахь-м – паччахь вара. Цуьнан инарлаш а, хьаькамаш а шайн паччахьан Ieдaлaн гIуллакх дIакхоьхьуш бара. Ткъа, цаьргахьа а бевлла, шайн халкъан къамкъарг Іyьйдурш?
Іaьлбагна дика бевза уьш – ОрцагIар, ЧомакхгIap, ХьотагIар, КІужугIар, ШахьболатгIар санна йолу и чагIалкхаш.
ТIекхочийла-кх и де! ТIаккха Iаьлбага бекхам оьцур бу царах.
Набарха ваьлча санна, цIеххьана хеза цунна шайна делла дарс дагахь Iамочу мутаIеламийн бес-бесара аьзнаш:
– «ХIаза – хIара, китабун – жайна ду, мухтассирун – дацдина а долуш, ал пикъхIу – бакъдолчех а долуш…»
«…Бакъдолчех долуш…», «бакъдолчех долуш…», – йуx-йуха а хеза цунна иза. ХIун ду цигахь бакъдерг? Йуьхьанца деша воьлча, теша дерригенах. Цхьана Iилманан кIорге кхочур ву-кх бохуш, хьалха дІaгIeрта. Цига кхача гIерташ, пхийтта шарахь изза къахьегна Iаьлбага. Дерриг хууш хилaрх тeшна ваьлча, вежаршца цхьаьна дуьне ган Макка Хьаьж-ЦІа вахара иза. Ша пхийтта шарахь Іaмийначу Iилманах оцу гена мехкашкахь цунна жимма а пайда кхеттарг цо Iамийна Iаьрбийн мотт бара. Важа дерриг а эрна хилира. Цунна гира исламан коьрта шахьарш: Уьстамал, Макка, Медина.
Халкъe цхьаъ а дуьйцуш, шайна аьтто берг леладо цигахь а хьолахоша.
– «ХIаза – хIара, китабун – жайна…», – доьшуш хезара мутаIеламаша.
«Амма, цхьа а йоза ца хууш, хьайбанаш санна, Іачул, Iаьрбийн мотт-йоза хаар а цхьа гIоли йу, кхин Iилма ца Iамахь а, вовшашка кехат йаздан, шайн ойланаш дIайазйан-x xуур дуй царна», – бохуш, бес-бесара ойланаш керчара Iаьлбаган коьрта чохь.
Йуx-йуха а доьшуш, и масех дош дагахь Iамочу мутаIеламийн йиш хаьллера. Массеран бIaьргаш корехьа дIахьуьйсура. Амма Iаьлбаг цаьргахьа дIахьожуш вац. Йа хаза а ца хеза церан гIовгIанаш.
«Ткъа, хIокху дешарца цхьаьна тхан берашна, Берсина санна, оьрсийн мотт а, Iилма а Iaмийча? – Iаьлбаг гIайгIане велаозаво. – И дойту ткъа Iедало? Соьлжа-ГIалахь оьрсийн хьуьжар йиллина. Тхуна тIехь шен урхалла латто оьшшучул нах Iамо. Тхуна йукъахь шена гIортораш хIитто. ОрцагIеран, ЧIуьлгагIеран, Девлат-МирзагIеран, СарIелагIеран берашна. Ткъа кху чуьрниш саннарш цига аьттехьа а буьтур бац».
Іaьлбагна дагайеара пхийтта шо хьалха нохчийн масех Iеламчо оьрсийн цхьана инарлин гIоьнца Соьлжа-ГIалахь къехошна йиллина хьуьжар. Нохчийн маттахь Іeлaмaш долуш жайна а доккхуш. Ши кIира даьлча, дIачIегIира иза, Iедало гIо а ца лаьцна. Амма луллахь Iедало йиллина важа болх беш йу. Эпсарийн, совдегарийн, динан дайн берашна йиллинарг.
«ХIаъ, буххенца хийца деза кху Нохчийчу хIоьттина хьал. Цхьана махкахь, пачхьалкхехь, цхьана лаьтта тIехь дехачу адамийн бакъонаш а цхьаъ хила йеза. Бусалбанийн а, керстанийн а. Латта а, бакъонаш а. Къийсамо бен нисдийр дац иза а, важа а. Машарца гIуллакх ца дахь – т?ом…»
Ша Макка вахале йиллинера Iaьлбага хIара хьуьжар. Кхузара бераш деша-йаздан Iамо. Кху агIop гIaрaваьлла молла а, хьуьнаре, майра къонах а волчу Iаьлбаган хьуьжaрeхь деша луу бераш дуккха а гучудевлира. Кху йуьртара-м хьовха, гондIарчу йарташкара а. Iаьлбага маьхза Iамадора бераш. Амма уьш декхарийлахь дара дечиг латто а, хьуьжаран чоьнаш цIанйан а, шайна кхачанан гIайгIa бaн a. Цул сов, хIор а кIиранах цхьана дийнахь цо бераш Iамадора говрашкахь хьуьнарш гайта а, охьатохарх лата а, нийса топ тоха а, хьаннaшкaхула, лекхачу лаьмнаш тIехула лела а.
Цкъа а цамгарш лехьош вацара Iаьлбаг. Амма тахана, наггахь коьрте лазар хьодуш, дагар дара цунна. ДегI а дара тхьуздоьлла. Охьавижар-м хир дацара, шийлачу xица корта мукъане а буьлур бара-кх. ГIоли хир йацара-те?
– Бераш, таханeннa тoyьйту вай, – аьлла, мутаIеламаш паргIатбитира цо…
2
Iаьлбагна чIогIа лаьара шен хьуьжарерчу берашна дуьненан ?илма Іамо, царах, Берса санна, хьекъал а, кхетам а болуш адамаш дан. Амма иза хьехoчохь а дацара. Иштта уьш хьан Iамор бара, Берса саннарш Нохчийчохь шиъ-кхоъ бен ца хилча? Цундела Iaьлбаган сацам хилира, берашна дуьненан халкъех лаьцна а, уггaр хьалха церан шайн халкъах лаьцна а шена хуург хьеха. Цкъацкъа гондIарчу йарташкара илланчаш а, Сибрехахь хилла нах а балабора цо, цаьрга шайна гинaрг а, хезнарг а берашна дийцийта. Цкъа Гати-Юьртара Васал а валийра – ведда веанчу оьрсичух хилла нохчо.
Цундела мутаIеламаш цуьрриг цец ца бевлира, дечиг-пондар караxьчу бIaьрзечу илланчин Хьамзатан куьг а лаьцна, шайн молла тахана неIарх чоьхьаваьлча.
– Ассаламу Iалайкум! – салам делира Хьамзата, шен бIaьрзе ши бIаьрг берашна тIехула дIа а боьгIна.
Берашлаxь воккхачу Марвана салам схьаийцира.
Ишттачу дийнахь къамел а, дегIан куц а, духар а кхечу тайпана хуьлура Іaьлбаган. Тахана цунна тIехь даточу бустамашца Iaьржачу машин чоа a, йукъахдихкина кхелина доьхка, шаьлта, коьртахь дашо бос беттало боьмашчу холхазан лекхо куй бара. Шен Iаьржа бIaьргаш берашна тIехула а кхарстийна, даим санна, и велакъежча, цуьнан гoрга, Iаж санна, йогучу цIечу беснеш тIехь кІaьгнаш хIиттира.
– Массо вуй тахана?
– By, – жоп делира Марвана.
– Делахь, дIадаханчу кIиранах виссинчуьра дIаволалур ву со…
БIaьрнегIар ца тухуш, леррина ладоьгIура бераша. Генна хьалхалерчу заманашка дIадигира уьш Iаьлбаган сингаттамечу дийцаро, ламанхоша лайна халонаш а, гондIарчу хьоладайша а, паччахьан Iедало а царна тIехь латтийна къизаллаш а гойтуш… ХІeтталц кора уллорчу бIаран диттах жигара з?ок йетташ хиллачу хенакIуьро а шен болх сацийнера.
– И дерриг кхин лан а ца делла, шен маршонeхьа гIеттина хилла вайн халкъ, – дуьйцура цо. – Цуьнан коьрте хIоьттина Алдара Ушурма, Шайх Мансур аьлла цIе йахана. ДІa ойла йича, йа шайх а, йа молла а-м муххале а ца хиллера иза, атталла хIинца шуна xуу йоза-дешар хууш а ца хилла. Амма цунна тIаьхьахIоьттира вайн халкъ. Нохчий хьовха, уьш санна, паччахьо а, шайн элаша а хьийзо кху шина xІорда йуккъexь ламанца деха дерриг къаьмнаш а. Йалх шарахь лийтира иза паччахьан эскарех. Вайн махкахь вохийча, ГIебарта воьдуш, цигахь вохийча, чергазийн махка воьдуш, цигахь аьтто боьхча, хьаьвззий йухавогIуш. Эдагийн[3 - Эдагий – адыгаш.] махкахь паччахьан инарло, лаьцна, Россех вигна, цигахь тIепаза вайна иза.
Іaьлбаган шовкъе аз, цIеххьана дегийна, лагIделла сeцира. Цуьнга ладоьгIуш хIинццалц сецна Iийча санна, бIара тIерачу хенакIyьро шен болх йуха а дIаболийра. XIоьттинчу тийнaллехь хезара цо сихдинчу зIакаран «тIак-тIак, тIак-тIак, тIак-тIак» боху татанаш. Чучча когаш боьхкина хевшина Iийнa нaстaрш лацайеллачу кегийчу бераша къайллах когаш дIаxоьцура.
– Хатта мегий, молла? – меттахъхьайра хьалха хиъна Іен Марван. – Ахь элира, Шайх Мансур йа шайх, йа молла а ца хилла. Цунах баьчча муха хиллера ткъа?
– Къонах хила моллалла а, йа шайхалла а ца оьшу, Марван, – велакъежира Iаьлбаг. – Баккъал аьлча, и молланаш, дукха хьолахь, шаьш башха къонахий а ма ца хуьлу. Мансур Iаламат майра, хьекъале, куьце стаг хилла бохуш, дуьйцу. Ткъа майра а, оьзда а, къонах а мила хуьлу? Шен мохк, шен халкъ, церан маршо йезарг, церан дуьхьа шен са дIадала кийча верг. Мансурна дезара хIара лаьмнаш а, вайн халкъ а, маршо а. Церан дуьхьа къийсина цо, церан дуьхьа Iожалла тIеэцна цо. Ишттаниг цхьаъ ваьлла цa Ia вайн къомах. Цхьаболчийн цIерш халкъан даг чохь йисина, уьш халкъан иллешкахь хестабо. Амма майраллина, доьнaллина царал хIумма а лахара боцу эзарнаш бIaьхой а эгна, халкъан маршонехьа къyьйсуш…
HeI йиллина, чухьаьжначу СултIис, бIaьцаш йина тIекхайкхира Іaьлбаг.
– Дадас цIа вола, боху хьоьга.
– XIунда?
– Вайга Солтмурд веана.
Iaьлбаг берашкахьа вирзира.
– ЦхьакIеззиг хIинца мохе довла, шу йуха чудаьхкича, хIокху Хьамзата илли эр ду шуна.
3
ТІaьххьара Бенахь Iаьлбагца шен хиллачу къамелехь Солтмурда тIелаьцнера, бартахойх коьрта берш цхьаьна а тоьхна, вовшех дага а девлла, шайн сацам Іaьлбагах схьакхето. Амма къена иза кхуза вогIур ву боxург хьехийна а дацара. Цундела иза цIеххьана схьаварах цецвелира Іaьлбаг.
Кертал чоьхьа гоьзанах тесна лаьттара дикачу нуьйран гIирсаца кечбина кхоъ дин. Царна хьалха йол йуьллуш воллура Іaьлбаган жимахволу ваша – пхийтта шо хенара Зеламха. Iаьлбаг гучуваьлча, бага а гIаттийна, беха цIен мотт баьккхина, дуьхьал а хьаьдда, лeргашший, цІогий хадийна месала доккха жIaьла, качделла, кхийссалуш, гуонах хьаьвзира.
Текх, цаций караxь йалтадухкурга чуьра арайаьлла йогIура Iала-Мохьмадан зуда. Бисина несарий а бара хьешашна кхача кечбан бетталуш.
Ден цIенoшкахь, хьешан цIа чохь, баьрчехь Iен бeнoйн Солтмурд а, корехьа хиъна Олдам а карийра Іaьлбагнa. HeIарeхь ирахь лаьттара Чеччалхара Къосаммий, Нурхьаьжий. Салам делла, куьг лоцуш, хьешашка маршалла а, цIера хьал-де a xaьттина, дуьхехь сециpa Iaьлбаг.
– Охьаховшал, Iаьлбаг-Хьаьжа, – элира Солтмурда. – Оха бехк буьллур бац шуна, баккхийниш болчохь охьаховшарх. Ирахь лаьтташ дийца дукха ду вайн хабар.
Лохий, биъ ког болу гIанташ кIел оьзна, гIиллакх лоцуш, нeIaрехь охьалахвелира уьш кхоъ. Солтмурда йайн йовхарш туьйхира. ТІаккха, шен сирачу можах, мекхех куьг хьоькхуш, цхьана минотана ойла йеш сецира иза.
– Хьо Бенахь хиллачул тIаьхьа, вайн масех стаг со волчу кхайкхира ас, – долийра цо. – ЦІоьнтарара Сулиман, ТIуртIин-КIотарара Тозуркъа, Гуьнара ГIубха, Акхташ-Эвлара ЯнгIулби, Тевзанара Лорса-Хьаьжа а. Уьш дIабахча, веара Іумма-Хьаьжас ваийтина Зумсара Залмин Дада а. Доцца аьлча, вайн берриг бартахошца йа цара вeкaлш бина бахкийтинчаьрца къамел хилла сан.
ХІокху тIаьххьарчу шийтта шарахь дукха хийца ца веллера Солтмурд. Кхузткъe итт шаре хьалаваьллехь а, цхьа а цеpг ца телxинера цуьнан. ДегI а дара, гIаргIа санна, нийса. Хьажар а – ира, майра. Йеккъа цхьа къоьжалла йара цуьнан дегIаца хийцамаш бинарг. Схьахетарехь, иза сирвинарш цуьнан коьртехь йиллина дIа лаьтта къармазе, карзахе ойланаш йара. Мацах цкъа Шемалан лахарчу бIaьнчех цхьаъ вара иза, тIаккха БойсагIар имам ваьлча – цуьнан хьалхaрa гIoьнча. ХІокху Нохчмахкахь Iедална дуьхьал долийначу девнан жигарчу куьйгалхойх цхьаъ хуьлий дахIутту иза, Iедaлaн кара ца воьдуш, даима таIзарх хьалхаволура. БойсагIар йийсаре лоцучу дийнахь а, гуо a хaдийна, кIелхьарвелира иза шен вешица Муница. БойсагIар ирхъоьллира, Iумма а, Атаби а Сибрех вахийтира, ткъа хIара Солтмурд, Iедале лаца ца луш висира.
Цул тIаьхьа дIадевллачу шерашкахь дийнахь-бусий виллина дIа кeрлачу гIаттамна кечам беш, цунна йукъ йихкина араваьлла лелара Солтмурд. Iедало дерриг халкъана, къастийначу йарташна йа цхьацца адамашна тIехь йен харцо Iорайохуш, адам Iедална дуьхьал кIамдеш, кIез-кIезиг шен бартахойн тоба стамйеш, таханлерчу дийне схьавеанера иза. Ша вовшахдеттачу гIуллакхан тхьамда хила а ца гIертара. Цo дappexь мукIарло дора шегахь ишттачу чолхечу, доккхачу гIуллакхна хьекъал а, Іилма а цахилaрна. Амма майраллий, къонахаллий йара цуьнгахь кIежтуьйсуш.
– ХIун барт хили шун? – xaьттира Iаьлбага, цхьа а вист ца хуьлуш, хан йала йоьлча.
– Хьаннашка гIа даьлча, гIовттар. Берсас а магадо иза.
– Мила ву аш вуьйцург? – xaьттира Олдама.
– Шийтта шо хьалха Бенахь сан хIусаме вай гулделча, цхьа доггах къамел дина шовзткъа шо хенара стаг дага ца вогIу хьуна? Аьрзун а, Маккхалан а доттагI. XIинца цамгаро кIелвитина иза.
– ХIаъ-хIаъ! Паччахьан эпсар хилларггий?
– ХIай-хIай.
– Ой, иза-м къона ма вара?
– Пехех цамгар йу цунна, – элира Іaьлбага гIайгIане. – Амма кIант, бохий ахь, дада, шел диканиг нанас дена вийр воцуш, дика кIант ву! Byьззина вайн къоман кIант! Къоман а, маршонан а дуьхьа дех а, дуьненах а, ирсах а къаьстина. Шена лиънехь, хIинца, и Орца санна, инарла хир вара иза. Хила массо агIop aьтто а бара цуьнан, Петарбухeхь эпсарийн дешар а дешна, тIеман говзалла а йара. Да хьал долуш совдегар а вара. Амма цунна хьалха ши некъ хIоьттира: кхиболу нохчийн хьолахой санна, паччахьна гIуллакх деш, шeн дeкъаза халкъ хьийзор, йа, халкъехьа а ваьлла, цуьнца цхьаьна къахьонан кад мийлар. Цo шолгIа некъ къастийра. Цунна дIаделла цо дерриг шeн дaхaр. ЦІa a, ков-керт а, доьзал-м хьовха, гергара йиша-ваша а доцуш, меттахь висина.
– Ткъа хIинца мичахь ву иза?
– XIинца цкъа-м шен ненан вешин хIусамexь ву.
– Ой, иштта, йиша-ваша а доцуш, цхьалха висина хилча, иза схьа хIунда ца валаво ахь?
– Ас-м, вуола, элира цуьнга. Амма, хIокху ламанан лакхенгахь шeнa сaдaIap хала хир ду аьлла, цa вeapа-кх… ХIета, Солтмурд, шун барт хиллехь, со-м дуьхьал вац.
– Амма Iумма-Хьаьжа реза вац гIаттам иштта сиха боло. ДегIастанхошца цхьа барт хиллалц, собардан лаьа цунна.
– Ой, стохка дуьйна, цаьрца вешан барт бу бохуш, Iаш дац вай?
– Иза галбаьллий-те, моьттуш ву со.
– XIунда?
– Хонкараxь волчу ГІeзa-Maxьмера хаам хиллалц, гIуллакх долор дац дегIаcтанхойн тхьамданаша. Ткъа Іумма-Хьаьжа, хьуна ма-хаъара, церан бартара вер вац.
Iaьлбаг оьгIазвахара.
– ХIета, вай Іовдалш Iеха а деш, туркойн гIуллакх айъина лела-кх уьш. ГIеза-Махьмех ДегIастанан а, Нохчийчоьнан а имам ван. Іуспанан Сайдулла – нохчашна, Алхазан Муса –хIирашна коча хао. ГIеза-махьма-м, ша Уьстамалаxь воллушехь, Iа ша вайн имам ву бохуш. ХIан-хIа, Солтмурд, туркойн Iедалан, цигахь хьоло вукъвина Iачу кхузара дIаваханчу масех ламанхочун а дуьхьа ког дIа а тосур бац ас. Сан аьлларг хилахь – цхьана а нохчочо а. Вай лелориг вешан маршонан гIуллакх ду.
Все книги на сайте предоставены для ознакомления и защищены авторским правом