Мзия Ратиани "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь"

Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш – безам, доттагIалла, сатийсам.

date_range Год издания :

foundation Издательство :Издательские решения

person Автор :

workspaces ISBN :9785006072909

child_care Возрастное ограничение : 12

update Дата обновления : 26.10.2023


– Шек ма вала хьо, сан тешаме доттагIа Эла! Цкъачуна шортта чекхдаккха дезаш гIуллакхаш ду вайшинан, амма Дала мукъ лахь кестта ас гойтур бу хьуна хьан Даймокх, хьо лерина лелийна волу Кургако а, хьан доттагIий хилла гIебартойн дой а, хьо вина хилла кхал – хьан нана Псыдахэ а. Иза а хир ма йу хьуна сагатдеш…

Аьрру агIор Нальчик а йуьтуш, Кушмэзыкъуей (хIинцалера Баксан гIала) олучу йуьрта хьажийра цо шен говр. Нальчик гIалина шийтта-пхийтта чаккхарма гена йоцуш Iуьллучу цу йуьртахь бехара Кутин ден уллера накъостий. Уьш болчохь буьйса а йоккхуш, жимма садаIа сацам бира Кутас. Обарган ден тешам болу хилла накъостий бара уьш – гIебартойн элий. Кутина хаьара дахарехь муьлхха а чолхе киртиг тIеIоттайелча, царех теша мегар дуй. Буьззина къонахийн а, Кавказан бакъ болчу ламанхойн а масала дара и гIебартой.

Сийна Iуьйре стиглахь йаьржачу хенахь кхечира Кута Кушмэзыкъуей йуьрта. Говре меллаша ког боккхуьйтуш воьдура иза Алхасан кIентан Мисостан цIа долчу агIор. ЦIеххьана цхьаммо мохь туьйхира:

– Кута! Хьо вац иза?!

Шена тоьпан лаг озо кийча, йухахьаьжира нохчийн обарг. Цуьнга мохь тоьхнарг хиллера Мисостан маьхча Тембот. Кута сиха говрара вуссуш дегайовхонца маракхийтира ша гина хазахеттачу гIебарточунна.

– Хьо-м дийна хиларал совнаха, могуш а хилла! – велавелира Тембот. – Хьо чIогIа лазийна аьлла хезнера тхуна. Мисостаца а, Танаца хьо волчу Довта-МартантIе догIур ду аьлла а дара тхо-м. – Тембота эккхийтинчу гIовгIанна арабевлира луларчу керташкара ламанхой, амма Кутина хаьара вежараллин йовха уьйраш йолчу ГIебартан йуьртахь шена кхераме хIумма а доций. ХIара Темботаца къамел деш воллушшехь, ламанхойх цхьаммо Мисосте хаам бина хилла Кута Кушмэзыкъуевохь ву аьлла. Ша мох санна сихвелла кхечира Мисост. Обаргана уллохь гулделла адам дIасатоьттуш, маравоьллира цо Кута.

– Ассаламу Iалайкум, сан ваша! Ма воккхаве со хьо могуш-маьрша сайна гуш. Мисоста цIехьа вигира обарг, ткъа Темботе а, кхин болчу ламанхошка а элира:

– Кута, гена некъ бина гIелвелла ву, буьйсанна наб йина вац. Цундела цкъа садоIур ду цо, тIаккха сарахь со волчу гуллур ду вай массо а, дууш-молуш, цхьаьна мерза хан йаьккха. Ламанхой реза хилла дIасабахара, суьйрене сатуьйсуш. ГIебартахь чIогIа лоруш вара нохчийн обарг, цундела хIоранна а лаьара, цуьнан доьналлех дуьзначу сибатах бIаьрг тоха а, цуьнан къамелашка ладогIа а.

Олхазаро тIам тоьхча а хезар долуш, тийналла йоьссира Мусостан кертахь. Хьаша-да сий долуш тIеэцаро йоккха меттиг дIалоцу гIебартойн къоман амалехь, цундела жима а, воккха а Куте наб йайта а, садаIийта а лууш, совнаха гIовгIанаш йеш вацара. Ткъа Кута-м дукха ца виссира мерзачу набаран йийсарехь. Дечиган маьнги тIехь Iуьллура иза, шен дахаран ойланаш йеш. Кху чохь шен дахаран ткъе итт шо хан ма йаьккхинера кхуьнан дас – Довта-МартантIера ГIезин кIанта Маьхьдис, цундела кху йуьрта а, кху хIусаме а кхаьчча, ша сийлахь йезачу Макке кхаьчча санна ма хетара Кутина. Кху маьнги тIехь хийлозза набаро товжийна хир ву кхуьнан да.

– ХIун ойланаш хилла те цуьнан? Хиллий те кханенга сатийсам, йа цуьнан берриге а лаамаш мостагIашна йекха йезачу чIираца боьзна хилла теша? – ойла йора Кутас. ХIоразза а ша кху хIусаме веъча, Кутас даггара баркалла олура гIебартошна, цара хIара чоь хийцам боцуш йитарна. Обаргана сел хьалхе шен дахарера дIавахана волчу ден амат, ша Iаба ца кхиъна цуьнан йовхо а, марзо а кхузахь йехаш санна хетара. Обарган ойланаш йукъахйохуш, цхьаммо меллаша неI туьйхира. Иза хиллера Мисост.

– Ассаламу Iалайкум! – самаваьккхина хир ву ас хьо? Цхьа жимма мукъне а садаIар хиллий хьан? – Кутина улло охьалахвелира гIебарто.

– ВаIалайкум ассалам! – дегI нисдеш, гIаьттира Кута. – ЧIогIа дика наб йира ас хIумма а новкъа доцуш. Кху хIусамехь дукха наб йан дог ца догIу сан. Йерриге а ойланаш дIалоцу дех боьзна болчу дагалецамаша. Кхета лаьа муха хилла теша цуьнан ойланаш, дахар. Цхьа чIир йоцург, дуьнен чохь цо сатуьйсуш а, сагатдеш, хIума хилла хир ма дай.

– Кушмэзыкъуевохь хьошалла деш ву сан дешича – Атажукон кIант Жанхот. Цунна дукха хIума хаьа хьан дех лаьцна. Кегий нах болчу хенахь, сан деца цхьаьна дукхозза хьан да волчохь хьошалгIахь хилла бу уьш. Вайга вогIур ву иза тахана. – элира Мисоста.

Цара къамел дечу хенахь делкъ ламазана молла кхайкхира.

– Доккхачу цIа чохь хьоьга хьоьжуш хир ду тхо. Цигахь цхьаьна ламазаш дийр ду вай, кхачанах а кхетар бу. Кестта лор а вогIур ву хьан чевне хьажа – элира Мисоста.

Делкъе йеш, Мисост волчохь гулбеллера КушмэзыкъуевгIеран тайпанера шортта йаьхь йолу гIебартой. Царна йукъахь вара къано Жанхот а, Мисостан шича Тауби а, иштта Аслангери а, Джилйахстан а, Закирей а, Гошанашхо а, Тембот а, Тан а. Кута уггаре а хьалха къано Жанхотана маракхийтира.

– Де дика дойла хьан, Жанхот! Ма хазахета суна хьо тхайн гуонехь могуш-маьрша гуш. ГIебартойшна хилла ца Iаш, йерриге а Кавказана оьшуш стаг ма ву хьо! МостагIаша новкъарло йеш ца хилча, йерриге а Кавказехула дIасалело везаш вара хьо, вайн дайша вовшашца латтийначу ларамах а, церан уьйрашах а хьоьга дуьйцутуш! – элира Кутас.

– Диканца дукха вехийла хьо! Ма хаза хета тхуна хьо ГIебартахь гича! Хьайн ден весеташ кхочуш дан араваьлла хила тарло хьо. Цуьнан боккха лаам бара Кавказан тоьлла къонахий вовшахтоха оьрсийшна дуьхьал бечу къиссамехь. Цуьнан иза кхочуш дан аьтто ца белира, амма ахь цу гIуллакхехь баккхий кхиамаш баьхна. Кавказхой теша хьоьх, хьуна тIаьхьахIитта кийча а бу уьш. Адыгаш даима хир бу хьоьца! – Жанхота куьйг кховдош, массо а стоьла хьалха кхайкхира.

– Кута, кхузахь вовшахкхеттарш, хьо теша мегар долуш, хьан вежарий бу хьуна. Хьан ден а ца байнера тхоьх тешам, цундела хьан тешам ца байта а хьовсур ду тхо. – элира обарге Мисоста.

Йуучух кхеттачул тIаьхьа, чай молуш, Iаш болу ламанхой Жанхоте хьоьжура, цо цхьаъ дийцаре сатуьйсуш. Ишта ду Кавказан сирла ламаст – хуьлийла иза той йа тезет, амма къаночунгара зеделлачух пайда иэца безаш хуьлу ламанхой. Жанхот кхийтира ламанхой шен къамеле ладогIа хьаьгна хиларах. Мисоста элира соьга, хьайн дас ГIебартахь лелийнарг а, цо кхузахь дIакхехьна некъаш а довза лууш ву хьо аьлла – вистхилира Жанхот Куте. Йерриге а ГIебартана девзара хьан ден йист йоцу доьналла, амма сан иэсехь даима баха биссина цуьнан дахарера цхьа шатайпа хилам – генарчу паналле хьоьжуш, велакъежара къано. Хетарехь иза дагалецамийн йийсарехь вара.

– Хьан да Маьхьди шатайпа стаг вара. Шу нохчий наггахь сонта а, чIогIа аьрха амал йолуш а, собар доцуш а къам ду. Амма цуьнгахь цхьа шатайпа кIоргера синтем бара. Дийнна де доккхура цо цхьа дош ца олуш, цхьаьнга а вист ца хуьлуш. Ца хаьа, балано ша Iовжорна а хила тарлора иза ишта. Амма цуьнгахь болчу синтема, иза тIех тийна а, паргIат а хиларо ма чIогIа Iехабора цуьнан мостагIий. Къиссамашкахь самайолура цуьнан кийрахь нохчочун кIоршамалла а, аьрхалла а. Сан дас дукха дуьйцура цо гайтинчу доьналлех лаьцна, амма суна тахана дийца лаьа суо теш хилларг. Мисостан деца Алхасаца дукха жима волуш дуьйна хьан деца йовха уьйр хилла ву со. ГIебартахь Iаш вара иза хIетахь, Довта-Мартанан бахархойх чIир иэца делла дош кхочуш деш. Цуьнца цхьаьна нохчий а хуьлура – дукха хьолахь Маьхьдин шичой Нохмарза а, Ахмарза а, амма коьртачу декъехь Маьхьдица лелаш гIебартой бара, тхан кучмузуково тайпанера нах.

Цара кIело йеш хиллачу оьрсийн эскархошна хIинцале хууш дара, Маьхьди шайна тIаьхьаваьлла лелар, цундела чIогIа ларбора цара шайн меттамотт дукха хьолахь жIаьлешца. Хилозза чевнаш хилла йухавоьрзура Маьхьди, шен накъостийн декъий а дохьуш, амма йухавала дагахь вацара шен йуьртах а, доьзалах а чIир иэца хьаьгна волу нохчо. Дукха хьолахь цунна новкъарло йеш хилларш оьрсийн Iамийна жIаьлеш дара. Геннара а обаргаш гучубевлча, гIовгIа йоккхий, самабохура цара эскархой. Цкъа цхьаьна дийнахь тхан кIотарахь хьошалгIахь вара Приэльбрусьера цхьа къена балкхархо. Цу дийнахь цига кхечира чевнаш хилла нохчочунца Маьхьди а, цуьнан кхин болу ГIебартара накъостий а. Йуха а аьтто ца баьлла вас хиллачу ламанхоша дийцира къаночуьнга оьрсийша хIилла долуш шайна йиначу дуьхьалонах.

– Борз оьшу шуна! – меллаша вистхилира дукха ойла ца йеш воккха стаг. Цунах цхьа а башца ца кхийтира, амма балкхархочо йуха а элира – нагахь санна шуьца борз хилахь, иза тосайелла жIаьлеш, кхераделла, дIалечкъар ду. Воккхачу стагана дагадеанарг хьекъале хIума дара, амма мичахь карор йу борз? Йа муьлха борз лелар йу кхара аьлларг деш, кхарна тIахьа а йаьлла?

Атажуко, сиха воккхачу стагана улло охьахууш, вистхилира:

– Балкхарера лаьмнашкахь каро мегар дара борзан кIеза. Ма чIогIа оьшура иза тхуна. Муха карор дара теша иза?

Ткъа Маьхьдим-м вистхуьлуш вацара, гулбеллачаьрга лерина ладугIуш.

Балкхархойн къаночо, вехха ойла йина жоп делира:

– КIеза оьшу шуна, амма нохчаша цкъа а доккхур дац ненах берзан кIеза. Нохчийн ламастехь дац борз йийсаре латто.

Цуьнан къамелах реза хуьлуш вистхилира Маьхьди:

– Нийса боху ахь. Хьуна дика девзаш хилла тхан къам. Ша тхо санна цхьаьнга а караIамайелла йац борз, цундела хаьржина и экха цкъа а цхьаьнга а къарбелла боцучу нохчаша шайн къоман билгало…

II

И къамел церан бIаьстенан йуьххьехь хиллера, ткъа масех бутт баьлча, йуха а кхечира тхан кIотара воккха стаг балкхархо. Кучукан керта волуш, мохь туьйхира цо:

– Мичахь ву шун нохчо? Берзан кIеза йеана ас цунна.

Массо а арахьедира. Маьхьди а чохь хиллера. Балкхархо забар йеш йа шаьш Iехош ву моьттира ламанхошна, амма цуьнан карахь долчу гали чуьра кIоршаме массеран а бIаьра хьоьжуш, гIигI деш боккъалла а берзан кIеза йара. Цо шех куьйг Iотта а ца вуьтура цхьа а.

– Тхан ломахь догIанаш бахьана долуш дистинчу хис йохийна хиллачух тера ду кхеран Iуьрг. Ша цхьалха карийнера хIара хи йистехь. Леррина хьуна хIара йалош веана со. ХIара кхио а, кхунах хьайна гIуллакх хуьлий а хьажа. Борз барзах кхетар йу – элира балкхархочо Маьхьдига кIеза дIакховдош. – Дуьнен чохь цхьанна а хиъна дац борз караIамо, йа хьоьга а Iамалур йац иза, амма цхьа хIума ду, хьоьх берзан амал шена гича, иза кхетар йу хьо шех лай йан гIерташ воций, цундела хьуна накъост хир йу цунах, ткъа хьо нохчо хиларе терра цкъа а гIертар вац барзах лай йан.

Маьхьдис меллаша караийцира берзан кIеза. Иза лерина хьоьжура цуьнан бIаьра – гIо дехьа суна бехк боцуш Iанийна нохчийн цIих чIир иэца бохуш санна. Дуьнен чохь ша цхьалха виссинчу Маьхьдин дерриге а дахаран маьIна хилира Борзак аьлла цIе тиллинчу берзан кIезах. Нанас бер санна лерина лелош йара цо кIорни. Маьхьдис цкъа а човха ца дора берзан кIеза, хIунда аьлча цунна хаьара борз иза жIаьла дац, цо цкъа а дуьтур дац шена динарг. Бешахь кхобуш, лелош дара цо берзан кIеза. ХIора а буса цуьнан гIийла угIаро шатайпа гIайгIа йоссайора Маьхьдин кийра. ДIаделира цхьа шо. Де дийне долуш, кIезанах къона борз кхиира. Маьхьдина чIогIа тIера йара иза. Иза цIера ваьлча йуучух ца кхеташ, сингаттамо хьовзайора Борзак. Хан мел йоьду, боккхачу балехь вара Маьхьди. Дукха ойланаш йора цо Борзаках. Дала маьрша кхоьллина долу и экха тахана йийсаре хиларна шен бехк хетара цунна. Эххар а сацам бира цо Борзак дIахеца. Iуьйранна сатоссуш, Кушмэзыкъуей йуьртара ламанхошца цхьаьна новкъавелира иза Борзак лаьмнашка дIахеца. Лаьмнийн когашкахь Iуьллучу хьаннийн хотешка кхечира уьш, вордан чохь къона борз а йалош. Маьхьдис меллаша схьадиллира ога:

– ДIагIо, Борзак… хьо маьрша йу хIинца. КъинтIера йалалахь суна.

Борз оган чуьра ара а йаьлла, акха дIасхьахьоьжура, ша боккъалла а маьрша йаларах ца кхеташ, луьстачу хьаннийн цIеначу хIаваах ца Iебаш, хийлозза замано зийначу Кавказан лаьмнийн муьлха дуьткъа тача ша хоржур те ца хууш.

– ДIагIо, Борзак! Маьрша хуьлда хьо лела некъаш! – гIайгIане элира Маьхьдис, ша дагна гергара накъостаца къаьсташ волуш санна.

Борз меллаша хьуьнан йисте дIайолайелира, амма масех гIулч а йаьккхина, йуха хьаьжира иза.

– ДIагIо, Борзак! ДIагIо – йуха а элира Маьхьдис. Борз хьаннийн хотехь къайлайелира. Вехха цунна тIаьхьа хьоьжура Маьхьди. Ма дукха йара цуьнан коьртехь хьере ойланаш. Иза хьоьгура къоначу экханах, цуьнан маьршачу сих а, дегIах а, ткъа хIара-м бекхаман гураша лаьцна ма вара.

Къона ламанхой ворда йоьжначу говраца цIехьа а бахийтина Маьхьди а, Кучук а кхузара гена воцуш Iаш волу шайн хьаша волчу вахара. Иза волчохь дууш-молуш хан а йаьккхина, шолгIачу Iуьйранна Кушмэзыкъуей цIа вогIуш вара Маьхьди шен накъостаца. Кавказан ламастехь ма-хиллара хIусамда хьеший новкъабаха вахара. Йуьрта йисте кхаччалц уьш новкъа бехира цо. Вовшийн Iадика йеш лаьттачу царна цIеххьана хезира адамийн маьхьарий а, жIаьлейн летар а цхьаьна ийна йоккха гIовгIа. Дукха ойла ца йеш цу агIор дIахехкира ламанхоша шайн дой. Дукха хан йалале царна гира ведда вогIу жима кIант, хетарехь иза йуьрта вогIуш вара. – ХIун хилла цигахь аьлла шега деллачу хаттарна бен доцуш жоп делира кIанта – борз лаьцна.

Ловв аьлла цIе летира Маьхьдин кийра.

– Борзак! – мохь белира цуьнга! Багош шен динна шед тоьхна, цуьнга чабол болар оьцуьйтуш, дIахаьхкира цо иза бохам баьллачу меттиге. Цунна тIаьхьахIиттира накъостий а. Борз лаца шайн аьтто баьлла, баккхийбеш болчу ламанхоша тидам а ца бира, Маьхьдин. ГIора дайна, йерриге а цIийх йуьзна Iуьллура Борзак, амма хIете а ша къарйелла ца хилар гойтуш, цергаш хьекхайора цуо.

– Борзак! – мохь туьйхира Маьхьдис, адамийн тобанна йукъаэккхаш. Хьоме аз девзина, къона борз тохайелира. Иза лаьттара хьалагIатта гIертара, амма гIора дацара цуьнгахь.

– Совцаде шайн жIаьлеш! – оьгIазе мохь туьйхира Маьхьдин накъоста Кучука. Маьхьди меллаша барзана улло охьалахвелира. Цо сихонца теллира берзан дегI, хиллачу чевнийн йозаллин барам буста гIерташ.

– ХIун хиллера кхузахь? ХIунда йина аш цунна и гIело? Жима ма йу иза.

ХIун зен динера цо шуна? – оьгIазе хаьттира адамашка Кучука.

– Сийсара йуьрта йистехь жIаьлешна тоссайеллера иза. Ши жIаьла этIийнера цо. Тхо цецдевллера борз ишта йуьртана улло кхачарна. Иза сиха йедда хьуьнха дIагIур йу моьттура тхуна. Амма тахана Iуьйранна сатоссуш, жIаьлейн летаро йерриге а йурт гIаттийнера. Цундела барзана кIело йан арадевллера тхо массо а. Тхуна-м иза шортта ламанца лелла гила борз йу моьттура, ткъа хIара-м цхьа кIеза хилла. – бехказала вахана жоп делира ламанхошна йукъара цхьаммо.

Кучука куьйг кховдийра цуьнга:

– ХIумма а дац. Шу бехке дац. Шуна хала ца хетахь, тхайца дIайуьгур йара оха иза – элира цо.

– Вай дер хетар дац тхуна-м хала – реза хилира гIебарто.

Халла садоьIуш йара Борзак. Цуьнан чевнийн йозалле хьаьжча, иза дийна йуьссур хиларан жимма а догдохийла йацара. Бехчалга йукъа а хьарчийна, говрахь Iаш волчу Маьхьдига дIакховдийра ламанхоша чевнаша гIелйина къона борз. Жима бер санна шен мара къевлира дагна хьоме и ларча Маьхьдис.

– Кхоьлиначу бIаьргашца хьоьжура борз Маьхьдига.

– ХIинца кхетар йу хьо соьх, Борзак. ХIинца цхьаьнахьаьрчи вайшинан дахаран некъаш. Ишта ас а Iевшина хьуна къизачу дахаран къаьхьо. Тахана хьо санна хийлозза мецачу жIаьлейн гуонехь цхьалха виссинера хьуна со дала орца доцуш. Цундела оьшура суна хьоьгара гIо, амма хьо соьх ца кхийтира. Хьо дукха къона йара, хьуна маршо йезара, хьуо ас йийсаре латтош йу моьттура хьуна, цундела сан кийра шийла ша буьллуш угIура хьо, тIаккха ас хьо кхин тоха са ца хилла маьрша йитира, амма кхолламна лиъна хилла вайшиъ йуха а заманан майданехь цхьаьна нисдан. Варийлахь, хьан йала йиш йац хьуна, хьайн ма-хуьллу тассалолахь кху мекара дахарах. Хьо лийр йац суна хаьа, хьо талур йу. Хьо бекхам иэца безаш ма йу, ша со санна, ткъа бекхам бан, чIир эца хуьлу лаам ду хьуна кху дуьнен чохь уггаре а тоьлла молха. Цо кошан бисте вахнарг а йухаверзаво хьуна – барзе адаме санна къамел дора Маьхьдис, ткъа хетарехь иза цунах кхетара…

Маьхьдис лерина лелор бахьана долуш, масех бутт балале тайелира борз, амма цунна хIинца а ца хаьара берзан дагахь дерг – йуха а йист йоцу маршо хоржур йу цо йа Маьхьдин накъост хир йу. Йуха а гулбелира Маьхьдин кертахь ламанхой. Борзак массеран а лерина бIаьра хьоьжура, боккъалла а цхьа мехала сацам тIеэца ша кечйелла йолуш санна.

Маьхьдис йуха а схьадиллира ога.

– Борзак, дIагIо хьайна лаахь. Ас маьрша йуьту хьо! – элира цо йуха а.

Борз меллаша оган чуьра ара а йаьлла, лерина Маьхьдига хьожуш, цуьнан когах муцIар а Iуттуш, охьахиира. Массо а кхийтира – барзо Маьхьди хаьржина. Нохчо шен тешаме доттагIчунна улло охьалахвелира, цуьнан месала корта шен мара а къовлуш:

– Шек ма йала хьо, Борзак! Хийла мостагIчун дог перпош, толлур ду вайшиммо кху лаьмнийн некъаш. Со а ву хьуна хьо санна маьрша! – элира Маьхьдис.

– Маржа нохчий йаI! Ма эрна ца олу шуьх берзалой! – велавелира Атажуко. Берзан а, Маьхьдин а гергарлонан сийна доккха той хIоттийра цу дийнахь гIебартоша.

III

Ши-кхо шо даьлча Борзаках гила борз хилира. Иза боккъалла а тешаме, дика накъост йара Маьхьдин. Хийла мостагIчунна тIелатар динера цу шиммо цхьаьна. Оьрсийн эскархошна йевзинера иза. Маьхьдил а хьалха, уггаре а чIогIа лаьара царна и борз хIаллак йан. Цара-м тоьллачу обаргах санна берзан коьртах мах а хIоттийнера.

Шен йерриге а къоналла, синтем, дегIан а, синан а паргIато дIайеллера Маьхьдис шен йуьртана тIелатар дан омра деш хилла болчу эскархошна чIир эца. Царма байинера хьан де йуьртахой а, хан де моссоа доьзалла а – зуда а, пхиъ бер а. Заманан йохалла уьш массо а карийра цунна. ТIаьххьара виссинера цхьа гIалгIазкхи майор. Маьхьди-м и лохуш Царицынь гIала а кхаьчна хиллера, амма цуьнан талламашца майора-м генахь ца хиллера. Белхан декхара кхиамца кхочуш дина волчу эскархочунна бакъо йеллера Россин Къилбахь – Кубанера станицехь ваха. ХIинца иза тIеман гIуллакхах мокъа вара, цундела майор маьрша а, синтеме а дахарах марзо оьцуш, шен доьзалан гуонехь, паргIат вехаш вара, ша хийла цIий Iенийна долчу Кавказан лаьттахь, амма цхьаьна аьхкенан буса оьрсийн эсrархочун неIсагIе хIоьттира бекхам – Маьхьдина карийнера цуьнан лар. Иза йара нохчочо чIир иэца арабаьккхинчу некъан тIаьххьара гIулч. Вехха хьаьжира Маьхьди стигланан бIаьра. Кхо йуьхьаьрлаьцна Iалашо къобалйеш санна къегина лепара седарчий, ткъа буьйсанан тийналла йохош наг-нагахь хезара Iаламан аьзнаш. Шен тешаме накъосташца цхьаьна Маьхьди гIовгIа йоцуш керта велира. Цу сарахь цуьнца вара шен шича – Нохмарза а.

МостагIчун корехь богура чиркх. КIедачу меттахь паргIатваьлла Iуьллуш вара майор, набарна товжа кийча. Цунна уллохь хьийзара тайначу аматехь зуда, хезаш дара берийн аьзнаш. Цхьа а шатайпалла йацара Маьхьдина гиначу суьртаца – ишта хуьлу доьзалан ирс. Ткъе итт шеран йохаллехь тIулг санна чIагIделла нохчочун дог ца Iевжира, ца делхийра цо тахана ирсах марзо оьцучу мостагIчо хIаллак дина долу шен ирс…

Иза меллаша чоьхьавелира, топ йулуш, ткъа цуьнан накъосташа цIенон гуо лецира. Герзах воьттина, цIий Iано хьаьгна экха санна дера нохчо шена йуьхьдуьхьал хIоьттича, дерригенах а кхийтира майор – бекхаман мах дIабала хан кхаьчна. Пенаца нийсса лаьттара майоран Iадийна зуда, шийла кхерам кегийчу дегнашка буссуш, дIатийра бераш. Йа мостагIа а йа чIирхо а вовшашка вистхуьлуш вацара. Майор цецваьллера шен кертара жIаьла а ца леташ, Маьхьди чоьхьаваларах. Маьхьдис айдира герз, амма цу мIаьргонехь чоьхьавелира, хетарехь майоран уггаре а жимох волу кIант. Стигла санна сийна а, цIена а долчу беран бIаьргаш чохь бацара жимма а кхерам – иза ца кхетара хуьлуш долчунах. Жима кIант велакъажарца хьаьжира кхайкхаза веанчу хьаше, ткъа йуха шен дена доггах марахьаьрчира, тховса иза шена тIаьххьара гуш хилар жимачу даго хьехча санна. Шен ден некха тIе корта а биллина, вехха хьоьжура жима кIант Маьхьдин бIаьра. Маьхьди кхетара шен кийрахь йаьлла цIе мостагIчун беран бIаьргийн сийналло йойуш хиларах…

ХIинца а чIагделла ца хилла замано шерашца чахчийна дог. Дуьхьал тессира шен делла Iуьллуш хилла пхи бер. Йеллачу ненан дегI маракъевлина хилла церан кегий куьйгаш, йаьххьаш тIехь йиссина нуьре серло, хьомечу йуьрта тIехула айделла хилла сийна кIараш, къиза байинчу махкахойн декъий. ХIун ойла хилла те кхуьнан доьзалан дахаран тIаьххьарчу мIаьргонехь? Кхойкхуш хиллий те уьш хьомсара дега, боьхуш хиллий те цара мостагIчунга къинхетам? Кхуьнан дахар а ма дара ишта ирсе а, токхе а, тахана хIара кхайкхаза хьаша хилла чоьхьаваьллачу кхуьнан мостагIчун санна. Безам а бара, синтем а бара, дахаре шовкъ а йара, кхууьш тIаьхье а йара, чуверза хIусам а йара. Цу ша дерригенах а цхьаьна дийнахь ваьллера Маьхьди, ткъа цул тIаьхьа дерриге а дахар чIир хилла дIаделира. Кхуьнан дахарехь хIинца диссина хIумма а дацара, бекхам боцург. ЧIир иэца хIоттийначу Iалашоно дузийнера кхуьнан дахар маьIнехь, ткъа кху буса бекхаман рузманехь дIалуьстур йу тIаьххьара агIо. Довта-Мартанна къиза тIелатар дан омра луш, куьйгаллехь мел хилларг ткъе итта шеран йохаллехь хIаллак вина Маьхьдис, тIаьххьара виссинарг хIара майор ву. Тоьпан лаг озо кийча вара нохчо, амма цунна гуш вацара мостагIа, цуьнан цIийх Iийдалучу деган уггаре а йаьккхийчу кIоргенашка кхийдаш хьоьжура жимачу беран сийна ши бIаьрг. Цо маракъуьйлура шен да, цуьнан йовхонах ца Iебаш санна. Эххар а, арахь лаьтташ, хIара сурт тергал деш болуш шен накъостий а, и майор а, цуьнан зуда а – массо а инзар воккхуш, Маьхьдис охьадахийтира герз. Цо меллаша тIевахана беран хьаьрса месаш ловзош, коьртах куьйг хьаькхира кIантана. Бер хазахетта доьлура, шен корта ден некха тIехь лачкъо а гIерташ…

Маьхьди аравелира, Iадийна доьзал а буьтуш. Корах ара хьаьжначу майорана гира говрашка хиъна масех бере кертара ара волуш, ткъа царна йуккъехь, говрана тIаьхьа йаьлла бекъа санна, когашка а хьерчаш доьдура йуьхьанцара цунна жIаьлех тарделла цхьа экха.

– Борз хир ма йац иза?! – цецвелира майор, ткъа йуха цIеххьана дагатессира шен кертара жIаьла летта ца хилар…

ХIумма а ца хилча санна лепара стиглахь седарчий, ткъа Маьхьдис цу буса йерзийра ткъе итта шарна йахйелла хилла ша мостагIашна кхайкхийна чIир. Цуьнан кийрахь къинхетам нуьцкъаха хиллера мостагIашка болчу цабезамал а, чIир эца болчу лаамал а, бекхаман ницкъал а. Маржа-йаI, стенах дина хилла теша цуьнан сел онда а, цуьнца нийсса кIеда а хилла, баланаша мел чахчорах чIагI ца делла дог.

Масех шо даьлча, цхьаьна къизачу къиссамехь оьрсийша герз тоьхна йийра Борзак. Ишта виссира, Кута, хьан да шен тешаме накъост воцуш, ткъа цуьнан дахарера и хилам тахана санна сан бIаьргаш хьалха лаьтта. Ма ларамза дац хьо доьналлех вуьзна хилар… – элира къена гIебарточо Жанхота. Иза хьалагIаьттира дIаваха ойла йолуш. Цунна тIаьхье хьалагIевттира кхин болу ламанхой а.

– Мел хан йаккха дагахь ву хьо тхо долчохь? – хаьттира Жанхота.

– Тахана дIаваха дагахь ву со. Шу гина суна, шун рицкъанах а кхетта со, ткъа сарахь новкъавала мегар ду – велакъежира Кута.

– Тахана оха дIавохуьйтур вац хьо. Хьоьга хьоьжуш лор ву. Иза хьан чевне хьожур ву, тIаккха Iуьйранна сатоссуш, ГIебартара цхьаьна арадевр ду вай. Соьца Тембот а, Тан а хир ву. Оха новкъавоккхур ву хьо хьан доттагIа Хьапагож волчу – элира Мисоста, ткъа цо аьллачунна реза хуьлуш, корта теIош вара къано Жанхот а.

– Вайн чергизойн вежаршка доккха салам-маршалла дIало. ЦIа воьдучу хенахь, тхуна тIех ца волуш, Кушмэзыкъуей а вола – элира Жанхота, шайн йуьртан гIебартойн маттахь бакъ йолу цIе йоккхуш.

Хапагож

I

Iуьйренан ламазаш диначул тIаьхьа, сиха марта а дина, Чергизара Хатухшукай кIотаре новкъабевлира накъостий. КушмэзыкъуейгIера тайпанера гIебартойн элийн гуонехь дийнахь аравала а кхераме дацара Кутина, нагахь санна йуьртан йистог толлуш лелаш йолу гIалгIазкхийн тоба кхетахь а. ЙуьхьтIе башлакх оьзна волу иза цхьанна а вевзар вацара, ткъа кхуьнца цхьаьна болу гIебартой махкахь лоруш а, бевзаш а нах бара.

МаьркIажен бодано ламанийн баххьаш хьулдечу хенахь, кхин новкъахьовзам боцуш, чергизойн кIотаре кхечира ламанхой. Кутина дика йевзара кIотар – иза дукхозза хиллера кхузахь. Хьапагожан кевна кхаьчча, говрашкара биссира ламанхой. Кевнаш схьадоьллуш, араваьллачу къона чергизочунна сиха вевзира нохчийн обарг.

– Ассаламу Iалайкум! – дегайовхонца маракъевлира цо Кута, ткъа къона ламанхочунна кхин а чIогIа хазахийтира Мисост чергизойн маттахь шега вистхилча. Хьеший Хьапагож волчу чоьхьабевлира. Ша волчу накъосташца Кута веъний, хиъна волу Хьапагож хьалагIатта гIерташ воллура, амма Кутас ца магийра цунна.

– Ассаламу Iалайкум! Оха пурба ца делла хьуна меттахвала а! – Кутас доггах маравоьллира шен дуй биъна ваша Хьапагож. ГIебартой гина а хазахийтира Хьапагожана. Цунна Мисост дика вевзара. Кутица буьйса йоккхуш цуьнан хIусамехь хиллера иза.

Все книги на сайте предоставены для ознакомления и защищены авторским правом