9785006072909
ISBN :Возрастное ограничение : 12
Дата обновления : 26.10.2023
Кутас доккха са даьккхира:
– Дер Хьамид воккха ма хилла. Суна накъост хуьлу хан а йу цуьнан. Амма цхьа хIума ду. Цкъа делахь кхолламо ша къастор ду цо муьлха некъ харжа беза. Нагахь санна кхолламан жайнахь Дала йаздинехь иза мацца ваьлла а вер ву со санна бекхаман новкъа, цундела зама сихйан ца оьшу. Заманан дой ахь шед йетта ца оьшуш даима а чехка хуьлу хьуна, Хьамид. Иза цкъа а диц ма делахь. ШолгIа делахь, суна кху хIусамехь оьшу сайн метта тешаме гIортор. Де дийне мел долу, со паргIат хуьлу, сайн хIусамехь, сан доьзалах жоп дала боьрша стаг вуйла хууш. – Вехха кIентан бIаьра хьаьжира Кута. – Сан да а, цуьнан да а, доцца аьлча вайн дайша хаьржина бу бекхаман некъ. Цара ца хаьржина дахарехь паргIато а, синтем а, ирс а, цундела сан ши кIант а кийча хила веза, муьлххачу а мIаьргонехь шайн Даймохк а, шайн къоман сий а, шайн дин а ларда мостагIчунна йуьхьдуьхьал хIотта. Болатал чIогIа хила деза шу дегнаш, цу дегнел чIогIа аш делла дош. Даима дагахь латтаде сий долуш дуьнен чохь ваха хала ду, амма сийлахь ду. Сан дахар атта ду моьтту шуна, мел чIогIа ас мостагIашна кхерам тассарах, мел чIогIа со майра хиларах, цу мостагIех цхьаммо соьл хьалха герз кхоссахь, сан дахаран некъ хедар бу. Ламанца лела берзалой санна бу со а, сан накъостий обаргаш а. Тхуна ца хаьа муьлха Iуьйре хир йу тхайн дахарехь тIаьххьара, амма эзар ирсе некъ тхайна хьалха кхолламо биллича а, оха йуха а хоржур бара бекхаман чолхе некъ, хIунда аьлча тхан ирс тхайн къоман маршонца доьзна ду. – Кутас дехха къамел дира шен кIенташца…
Хетарехь, иза ша а хиллера шен дагахь дерг дийца хьаьгна. Кутин ца хиллера ишта шен ден къамеле ладогIа аьтто. Хин волчу обарган йалх шо бен дацара, да бакъ дуьнене вирзинчу хенахь.
Халла дагайогIура обаргана шен денана Товсари. Иза Тумсой тайпанера йара. Доьзалехь уггаре а йоккха хиларна вежарша чIогIа ларам лелабора цуьнца. Къаьсттина цунах чIогIа ийна вара уггаре а жимох волу ваша Бетамарз. Цундела вара цуьнан ши кIант Ахмарза а, Нохмарза а ишта тIекаре шайн дейишица. Товсарин кIант Эза – Кутин деваша санна Нохмарза а вара Имам Шемалан наиб.
Ткъа да Кутин иэсехь гуттаренна а виссира къовламе а, буьрса а стаг санна. Кутина дага ца догIура цо ша цкъа мукъне а хьостуш йа маравуллуш. Шерашца къуьйлура Кутас шен деган кIоргенехь и вас, цкъа а цхьанна а иза ца йовзуьйтуш. Дегара ца тоьуш хилла безам а, йовхо а девашас Эзас меттахIоттийра кIентан дахарехь. Обарга цIеххьана шен нене хаьттира:
– Нана, со сан дена дукха везарий?
Кутас и хаттар дуьххьара деллера шен нене, цундела Цаца цецйелира:
– Вай дер везара. И стенна хаьттира ахь?
– Суна цкъа а дага ца догIу, цо со хьаьстина, йа довха дош аьлла… цундела хоьттура ас. Суна чIогIа хала а, буьрса а амал йолуш стаг хетара иза.
– Дер везара хьо цунна чIогIа дукха. Хьо бен кхин дахаран маьIна ма дацара цуьнан кху дуьнен чохь. Iуьйранна хьо самаваларе сатуьйсура цо, буьйсанна хьо дIавижча хьуна са гатлора цуьнан, амма къонахийн ламастехь дац синхаамаш Iорабахар, ткъа и санна къонаха суна сайн дахарехь гина вацара. – цIеххьана шен къамел сацийра Цацас. ТIех лазаме бара дагна сел мерза болу къоналлин дагалецамаш. Йоккхачу стеган йуьхь нуьре хуьлуш сирла йелира, Кутин да хьахийча. Цецйаьлла Заза кхийтира бакъ болу безам замано тишбеш ца хиларах.
– Хьан да шен дахарехь атта адаме лалур боцу бала лайна стаг вара, цундела кхоьрура иза вайшинах къастарна. – йоккхачу стеган хебаршка иэхначу йуьхьтIехула охьахьаьдира бIаьрхийн даккхий тIадамаш. Массо а кхийтира дагалецамийн лазамо Цацин дог Iовжийна хиларах. Эххар а гIайгIане тийналла йохош, йистхилира Бакали:
– Баба, дийцахьа хIун хиллера дадина? Ахь цкъа а ца дийцинера тхоьга цуьнан дахарах лаьцна.
– Дер ду и дукха лазаме, дукха Iовжаме дийцар. – доккха са даьккхира Цацас, ткъа йуха жимма соцунгIа а йина, долийра шен дийцар. – Дуккха а, дуккха а шераш хьалха, оьрсийша къиза дийнера цуьнан пхи бер а, Довта-МартантIехь хазаллица цIейаххана хилла зуда а. Шен дахаран ткъе итт шо чIирана дIаделлера шун дедас. ХIара дуьне гатдинера цо шен мостагIашна. Цуьнан аьтто а баьллера уьш массо а вен, цхьаъ виссалц. И цхьаъ таIзар ца деш витинера цо, цуьнан кегий бераш хиларна.
– Баба, хьуна девзарий и бераш? Тхан ден вежарий а, йижарий? – догцIена велакъажарца хаьттира денене Кутин жимох волчу кIанта Ремида.
– Суна муха бевзар бу уьш? Со хIетахь дуьнен чохь а ца хиллера. – йелайелира Цаца.
– Муха? Хьайн майрчун берел жимох йу хьо? – шен цецйалар ца лачкъийра Зазас.
– Сан майра-м сан дел а вара воккха! – йелакъежира Цаца. Мел лазаме хиларх а, амма дагалецамаша хьоьстура цуьнан дахаро Iовжийна дог.
Шен марнана маракъовлуш, Зазас дийхира:
– Баба, дийцахьа муха девзинера шу? Хьо Нохчмахкара ма йу, Органал дехьара.
Сесана…
II
– Йу. Со йина а кхиъна а Нохчмахкара Сесанахь йара. Боккхачу, ирсе доьзалехь кхууьш йара со, ден-ненан безамах а, бахамах а хьаьгна йоцуш. Къаьсттина чIогIа со качйина лелош йара сан денанас. Цунна чIогIа дукха йезара со. Иза Кавказехь цIейаххана волчу шайхан Ташу-Хьаьжин йоI йара. Кесира йара сан дененан цIе. Ши-кхо шо долуш дуьйна цуьнца йуьжуш, гIоттуш, цо лелош йара со. Дукха жима йолуш дуьйна цо сийлахь деза КъорIан а, Iаьрбойн йоза а Iамийра суна. Бабас соьца цхьаьна шен чохь кхин долчу берашна а дара КъорIан Iамош. Шийтта шо кхаьчначу хенахь долийра ас сийлахь деза КъорIан дагахь Iамо. Кертахь, цIентIехь деш долчу массо а гIуллакхах мокъа йаьккхинера со, сан дешарна новкъарло ца йан. Нанас дов дора суна, гIуллакх дан Iама бохуш. Маре йахча, майрчо аракхуссур йу хьо. Хьанна оьшу ишта зуда? – олура соьга нанас. – ненан сирла сибат дагатесначу Цацас соцунгIа йира шен къамелехь. Цхьаммо а сихйеш йацара иза. Массарна а хаьара кийрара охьахецабелла дагалецамаш совцур бац, цундела Цацас йуха а долийра къамел.
– Ткъа шо кхаьчча, дерриге а КъорIан дагахь хаьара суна. ХIетахь сацам хилира сан дененан маьждигехь зудберашна лерина хьуьжар схьайоьллуш, со цигахь хьехархо балха хIотто. Иза сан дахаран йоккха а, шатайпа а агIо йара. Зудбераш сан дешархой хилла ца Iара, со йоьллера церан къоначу кхолламех, дахарех. Суна бевзара церан лаамаш, сатийсамаш, бIаьстенца лаьттахь гучуйевлла зIийдигаш санна болу церан дуьххьара цIена синахаамаш. Тхан гергара масех йоI тхо долчохь Iаш йара дешар чекхдаккхалц. Суна дахарехь гуш кхин хIумма а дацара, айса хаьржина Iилма доцург. Сан коьрта Iалашо йара сайх тешна долу зудберашна буьззинчу барамехь сайн хаарш кховдо. Хан йоьдура. Суна хаьара сан дагна тIедоьлху некъаш лоьхуш дукха кегий нах хилар. Нохчийчоьхь бевзаш болчу Iеламнаха дукха захалонаш кховдийнера сан дега. Цхьаберш духьало йан ца товш хиллал цIейаххана а бара Нохчийчоьхь, амма сан дог къевлина дара, ткъа цуьнан догIа даста церан ницкъ ца кхачарна со ма йацара бехке. Бехке дукха хьолахь сан денана йара. Цо дукха жима йолуш дуьйна дийцинера соьга къонахаллех лаьцна, доьналлех лаьцна. Со жима бер долуш цо туьйранашкара турпалхой буьйцура соьга, ткъа йоккха хилча дуьненахь Нохчийчоьнан цIе йаккхийтина болу турпалхой буьйцура. Шайх Мансур, Имам Шемал, Ташу-Хьаьжи, ШоIайп-Молла… церан цIерш йехара сан синхаамех хьаьгна долчу, къона даг чохь. Ас цаьрца могIаре хIотто мегар долчу къонахчуьнга туьйссура са. Сан ойланашна ца хаьара лаьттахула лела, уьш цу къонахийн сийлалла йехачу стигланан лекхалле кхийдара, церан доьналас дегош хиллачу лаьмнийн ирхенашка кхийдара. Цундела дара суна хала дахаран накъост харжа. – йуха а ойланашка йахара Цаца, ткъа цуьнан дийцаро исбаьхьа туьйрано санна дIалаьцнера массеран а кхетам.
– Цкъа цхьаьна дийнахь тхоьга хьошалгIа веара ЦIоьнтарара ШоIайп-Моллин кIант Мухьаммад-Хьаьжа. – дIадолийра къамел Цацас. – Иза сан дененан генара гергара стаг вара. Чохь кхин хийра стаг ца хиларна, денанна улло охьахиъна, церан къамелашка ладугIуш йара со.
– МостагIашна чIир оьцуш, лелаш хиллачу Довта-МартантIера хьан гергарчу стагах хIун хилира? ЧIир эцна ваьллий иза? Маьрша дахаре йуха ца вирзина? – хаьттира сан денанас Мухьаммаде.
ГIайгIане велакъежира тхан хьаша:
– Наггахь Нохчийчоьхь а хуьлу иза. Масех бутт хьалха Довта-МартантIехь цаьргахь хьошалгIахь волчу хенахь гинера суна иза. Цуьнца цхьаьна бара гIебартойн элий – вежарий Кучук а, Атажуко а. Заманан йохалла цуьнца нийсса и къиссам дIахьош, цуьнан тешаме накъостий хилла схьабогIуш бу уьш. Уьш болчохь Iаш-вехаш а ву иза-м церан тайпанан йуьртахь Кучмазуковохь. Дукха оьрсийшна чIир иэцна цо бохуш дуьйцу наха, амма кхин а цхьаъ лоьхучух тера ду цара.
– Маржа-йаI хьо, зама! Ишта стеган хила ма йезара шорта тIаьхье. Эхартахь са паргIат дер ду цуьнан доьзалан, шайх чIир иэцний а хууш. Кхин зуда йалор нисделлий цуьнан? – хаьттира сан денанас.
– Дер ца хилла. Иза ду-кх доьхнарг. Цуьнан гергарчара чIогIа сагатдо иза тIаьхье йоцуш виссарна, амма зуда йало лаам болуш вац иза хетарехь.
– Бехк бац цаьрга. И санна долу адамаш шайна хилла ца Iаш, дерриге а къомана а пайдехь ма ду. Сихонца зуда йало йеза цара цунна. – холчухIоьттира сан денана.
Цхьа тамашийна тIеIаткъам бира сан дагна цу къамела. Дукха ойла йира ас цу ца вевзачу къонахчун. Денанас туьйранашкахь бийцинчу турпалхойх тарвелира суна иза. Мила ву и дерриге а нохчийн къоман сел ницкъ болчу мостагIчунна чIир кхайкхинарг а, и чIир иэца аьтто баьлларг а?
Масех дийнахь хьийзара сан коьртехь цунах йолу ойланаш. Эххар а денене хаьттира ас:
– Баба, мила ву Мухьаммад-Хьаьжис вийцина Довта-МартантIера и стаг? ХIун хиллера цигахь? Стенна чIир оьцуш ву иза?
Цу дийнахь хиира суна сайн дахарехь коьрта меттиг дIалоцур йолчу стеган къизачу кхолламах лаьцна.
– Хьо дуьнен чу а йалале, аьхкенан цхьаьна довхачу дийнахь оьрсийн эскара Довта-Мартанан гуо лецира. – долийра шен къамел сан денанас. – Йаьккхий тоьпаш йетташ, хIаллак йира цара йурт. Божарий аьхкенан белхаш беш, цIахь боций хууш, тешнабехкаца тIелатар динера оьрсийша. Маьхьди а вацара цIахь. ЦIа кхаьчча цунна гира йохийна шен хIусам а, йийна зуда а. Зудчунна букъа тIехьа, набаро товжийча санна Iохкура делла бераш. Ша чевнаш хилла йоллушшехь, бераш тоьлана чохь дIалачкъо аьтто баьллера зудчун, амма уьш хIете а садукъделла деллера, оьрсийша цIенох цIе тассар бахьана долуш. И сурт шен бIаьргашца гиначу Маьхьдис, цу мIаьргонехь дуй биънера шен доьзалах а, хьомечу йуьртах а чIир иэца. Шен дерриге а дахар чIирана дIаделла цо хIетахь дуьйна. ХIинцалц Дала аьтто беш, схьавогIуш а ву иза – элира сан денанас, ша дийцинарг тIечIагIдеш санна.
Сан кийра цIе латийнера цу дийцаро. ХIетахь хиира суна халкъан чIирхо бохучу дешан маьIна. Суна цкъа а гина вацара и стаг. Суна хаьара иза сан да хила мегар долуш воккха вуй, амма къонахчун амалах хьаьгна долу сан аьрха са, цу стеган сине гIертара. Сино хоржуш хиллера заманан майданахь мила ву шена уллохь оьшург.
– Зуда стенна ца йалайо цо? – хаьттира ас дегочу озаца.
– Дош делла ву иза, герзаца йихкина йукъ, шен доьзал хIаллак хиларна бехке волу, тIаьххьара мостагIа вийча бен йостур йац ша аьлла. – ойланашка йахара сан денана. – Зуда а хилла боху цуьнан исбаьхьа хаза. Иза йицлуш а хир йац цунна, амма мел хаза а, жима а зуда хьакъ йу цунна. И санна волчу къонахийн тIаьхье оьшуш хьал ду вайн къомехь.
Цхьаммо неI тухуш, хадийра сан дененаца хилла къамел. Цул тIахьа Довта-МартантIера доьналла долчу чIинхочух лаьцна кхин хIумма а суна ца хезира. Сан дененаца и къамел хилла кхо-диъ шо дIаделира. ХIетахь суна дуьххьара гира иза со гIумкойн Эндерей олучу йуьртахь хьошалгIахь йолчу хенахь. Сан дененан ден Ташу-Хьаьжин нана тарковски эланашах схьайаьлла гIумко йара. Со бабица кест-кеста цаьргахь хьошалгIахь хуьлура. Тхойшиъ цаьргахь хьошалгIахь йолчу цхьаьна сарахь хIусамдай цIеххьана дIасхьаида буьйлабелира, цIентIехь кечамаш беш. Церан къоначу несе хаьттира ас хIун хилла.
– Цхьа беза хьеший бу боху богIуш! Ламазаш дина, йууучух кхетта, хье ца луш, дIагIур бу уьш – элира соьга йедда йоьддушшехь несо. Церан хIусам йоккха а, сирла а йара. Кертахь кхин а масех гIишло а йара. Со зударийн агIонехь йара, ткъа тхуна дуьххьал долчу цIа чохь кечамаш бара беш, хьеший тIеэца. Сан башха боккха бала бацара цигахь хуьлучун, амма цIеххьана сан дог тIекIалделира зударийн къамелаш хезча. Цара дийцарехь кхуза богIуш берш Довта-МартантIера нохчий а, гIебартой а бара. Со сихонца кора йисте хьедира. Корах тессинчу кIади тIехьа а лечкъина, ара хьаьжира со. Дакххий кевнаш дIадиллича, чоьхьа велира пхи бере. Ламанхой говрашкара каде охьалилхира, ткъа хIусамдайша дегайовхонца маршалла хоттуш, тIеийцира уьш. Хьешийн тобанна хьалхаваьлла вара леккхачу дегIехь, къоьжа маж а йолуш, тайначу аматехь цхьа ламанхо.
– Марша вогIийла хьо, Маьхьди! Ма дика ду хьуна тхан йуьрта богIу некъ бицбелла ца хилла! – маракхийтира цунна хIусамда.
Со кхийтира сайна гуш верг Довта-МартантIера халкъан чIирхо Маьхьди хиларах. Цуьнан къамел суна дика хезаш дацара. КIеззиг сайна хезначух со кхийтира уьш ламазаш а дина, дIагIур хиларах. Суна гира Маьхьдин йуьхь-сибат. Иза хIумма а дахаро а, дахарехь лайначу балано а гIелдина, къандина дацара. Муьлхха а жимха санна доьналлех воьттина вара иза, ткъа цо дIайоккху хIора а гIулчаца, дIакховдош долчу куьйгаца гуш йара нохчийн къонахчун оьзда амал. ГIодайукъ йихкина долу герз а нисдеш, байн ког боккхуш, чоьхьа велира иза. – соцунгIа йира Цацас, йехха коре а хьоьжуш, синтем бойначу шен къоналлера и ирсе сурт бIаьргашна дуьхьалхIоьттича санна, ойланашка а йахана.
Кутас леррина ладугIура цуьнга. Цхьа тамашийна синхаамо дIалаьцнера обарган берриге а кхетам. Цунна цкъа а хезна дацара муха хилла шен ден а, ненан а довзар. ДIаэхначу замано шен кирхьа диллича санна хетара цунна. Тийналла йохош хезира кхойкхучу молланан мукъаме аз. Кутас Хьамиде корта таIийра, ламаз иэца кечам бе аьлла. Дечиган маьнги тIера сиха охьаиккхира Ремид.
– Ас ламаз дан кхакханаш охьатоссур ду. Мегий? – пурба дийхира цо Хьамиде. Хьамида велакъажарца шел хьалха аравалийтира жимох волу ваша, ткъа ша денанна гIо дира маьнги тIера охьайосса.
Массара а ламазаш диначул тIаьхьа, Зазас стол кечйира. Йовха сискал шен нене дIакховдош, стоьла хьалха охьахиира Кута. Уьш пхьор дина бевлча, берашца йуучух кхета охьалахйелира Заза а. ТIейогIучу буьйсанан боданехь йашна дIайолуш йара маьркIаже. Мехкдаьттанан чиркх а латийна, гIийла КъорIан доьшуш вара Кута, Зазас меллаша неI тоьхначу хенахь. Ша долийна айат чекхдокхуш, корта хьалаайбира цо.
– Бабин дийцаре кхин дIа а ладогIа лууш дара-кх чIогIа со а, бераш а. Кхин ишта аьтто болий ца хаьа цуьнан шен дахарера дагалецамаш бовзийта. Хьуна хIун аьлла хета? – дехарца цуьнан бIаьра хьаьжира Заза.
– Нийса боху ахь! – элира Кутас, КъорIан тарха тIе дIахIоттош. Схьакхайкха ахь нана а, бераш а. Со суо а ву, ненан дагалецамашка ладогIа хьаьгна.
Заза хазахетар ца лечкъош, сихонца арайелира. Кутас доза доцуш лорура Заза иза шен ненаца кIеда-мерза хиларна. Боккъалла а йоккха уьйр йара марненан а, несан а. Зазина дахаран масала хетара, син-оьздангаллех дуьзна долу шен къеначу марненан васт…
III
Массо а йуха а Кута волчохь охьахиира Цаце ладогIа. Йехха корах ара а хьоьжуш, шен къамел долийра йоккхачу стага:
– Эндерейхь суна иза гиначул тIаьхьа дIаделира кхин а масех шо. Цул тIаьхьа иза тхо долчу Сесана веара. ХIетахь дуьххьара цхаьнатуьйхира кхолламо тхан дахаран некъаш. Делкъ ламаз диначул тIаьхьа со сайн зудберашца маьждигера хьуьжар йолчу агIор йоьдуш йара. Божарийн некъ ца хадо, пена йисте девлла лаьттара тхо. ЦIонтарара ШоIайп-Моллин кIантаца Мухьаммад-Хьаьжица цхьаьна ламанхойн тобанна йукъахь лаьттара иза. Суна сиха вевзира иза, ткъа дилха дог кийрара араэкха санна тохаделира. Мухьаммад-Хьаьжи иза йуьстах а ваьккхина, цхьаъ дуьйцуш вара цуьнга, тхо долчу агIор бIаьрг а бетташ. Даго цхьаъ хьоьхура суна, амма ас лоьхкура коьртера ойланаш. Эххар а суна йицйелира и мIаьрго. Масех де даьлча, шеца цхьаьна ши-кхо воккха стаг а валош, тхо долчу веара Мухьаммад-Хьаьжи. Денанас кхайкхира соьга. Со чоьхьа йаьлча, суна гира сайн нана а, кхин болу тхан гергара нах а.
– Хьоьга ца хаьттича ца йолу со. – Йехха соьга хьаьжира баба. ХIара лараме нах хьо йеха баьхкина бу.
– Баба, суна ца лаьа маре йаха. Хьуьжарера дешар чекхдаккха дезаш зубераш ду сан. – сиха гайтира ас сайн реза ца хилар. Сан ткъе йалх шо дара. Ма-дарра аьлча со хан йаьлла йара. ХIетахьлера мехкарша дукха хьалхе дуьтура шайн ден цIа, цундела массо а цецволура сан маре йаха ца хуьлучу лаамах, цул совнаха, соьца доьзал кхолла лууш а, соьца безам болуш а дукха тоьлла ламанхой бара.
– Нийса боху Цацас! Сихо йац цуьнгахь. Кхуьнах тешна, Iилма Iамош долу зудбераш а дуьйтийла ма йац ах новкъахь! – реза хилира соьца сан нана. Ма-дарра аьлча со цунах цецйелира. Нана даима сагатдеш хуьлура, со маре ца йоьдуш, ткъа хIинца гуш дара иза духьал хилар.
Со арайолуш, неIсагIе кхаьчначу хенахь, дийкира сан дененан аз:
– Хьо йеха нах бахкийтинарг мила ву хаьий хьуна?
– Мила ву? – хаьттира ас йуха ца йоьрзуш.
– Довта-МартантIера чIинхо Маьхьди. – дозаллица элира бабас. Со Iадийча санна сецира, ткъа йуха массо а цецвоккхуш, йухахьаьжначу ас меллаша сайн денене элира:
– Баба, со реза йу!
Денана соьца арайелира.
– Йелла ма йала хьо! Хьуна гина а ма вац иза! Цкъа мукъне а бIаьрг тоха цуьнга – йоьхнера сан денана.
– Ахь соьга вийцина Маьхьди вуй иза? Валахь суна иза тоьуш ду! Ган оьшуш дац, суна гина ву иза. – сайн дахарера коьрта сацам тIеоьцуш, доцца жоп делира ас бабига.
Тхан къамел хезна, тхуна тIаьхьа арайелира сан нана.
– ЙоI, хьо лартIахь йуй? Хьан дел воккха ма ву иза. Айхьа лелочух кхеташ йуй хьо? – оьгIазйахара сан нана.
Суна чIогIа дукха йезара сайн нана, амма тхойшинан амал къаьсташ йара. Сан санна тIомайевлла йацара сан ненан ойланаш. Дахаран къайленаш йовза ца гIертара цуьнан са. Шен долчунах тоам а беш, ирсе хила хууш стаг йара иза, ткъа со даима лакхене кхийдара, шатайпалле кхийдара. Нохчийн туьйранийн турпалхойн васташ тIехь денанас кхиийна йолчу суна хала дара сайн нийсархойх кхета, цундела хаьржира сан сино, дахаран къаьхьа чам хиъна волу нохчийн къонаха Маьхьди.
– Нана, сан бала бац цуьнан шерашца. Тхан синош ду цхьаьна хеннара, ткъа иза ду коьртаниг. ДегIан хазалла а, къоналла а иза йоцачу хенахь бен хьоьца хир йоцу цIока йу, ткъа абаде кхочур дерш синош ду. Боккъалла а Дала ирсе ван лиъначу стагана бен нисдийр дац заманан майданахь шен сих тера са. Вайн къоман мостагIий шен цIарца кхерош, къонаха ма ву иза! Дозалла а, ирс а дац цуьнан хIусаме кхачар? – хих дуьзначу бIаьргашца, аз айдеш йистхилира со нене. Хетарехь, и къамел деш йерг со йацара, бакъ болчу безамах, йист йоцучу синхаамах шерашца хьаьгначу деган кIоргенашкара декара сан аз.
Нана кхийтира дерригенах а. Эххар а бабига хьаьжна, элира цо:
– Ахь кхиийна иза ишта… сан дан хIума дац.
Бабас тхо массо а ара а даьхна, сан дега кхайкхира. Иза чоьхьа ваьлча, цо элира:
– Ширачу заманехь дуьйна, ден пурбанца бен йоьдуш ца хилла нохчийн йоI маре, амма хIете а вайн дайша ларбина мехкарийн лаам а. Цаца реза йу Довта-МартантIера чIинхочунга Маьхьдига маре йаха, амма хIете а кху доьзалехь тIаьххьара дош хьоьгахь хир ду.
– Нана, тIаккха хьуна хьайна хIун аьлла хета? – хаьттира сан дас. Иза лерина хьоьжура шен нене, Ташу-Хьаьжин йоьIан кIоргера хьекъалан а, син-оьздангаллин а мах хууш вара иза.
– Со реза йу цу захалонна. Цацина къаьсстина ишта цIийнда оьшу – заманан зерах чекхваьлла, йукъараллехь дош лелаш, лаккхара доьналла а, син-оьзаднгалла а йолуш волу. Хан йаьлла ву иза, со кхета, амма Делан лаам хилахь цхьаъ хилла а бер хир ду церан. Къонаха стагана йаьхь йолу тIаьхье кхио хуур долуш йу Цаца – жоп делира сан денанас.
– Ас вай цу захалонна реза ду аьлла жоп лур ду цаьрга. Хан билгалйаьккхий, зударшка шайн кечам бе ала! – аравелира сан да. Бабас соьга дукха дийцинера Маьхьдих лаьцна, цундела ларамза дацара даима лакхене кхийдаш долу сан до цу къонахчун деган ирхенашка кховдаре.
Ахбуьйса йаьллера Цацас шен къамел дерзош. Исбаьхьаллин хатIехь, цхьа шатайпа хаза дийца хууш хиллера цунна, шега ладугIуш болчеран ойланаш шен къоналлин замане а йуьгуш. Кутас доггах маракъевлира нана.
– Маржа-йаI сан нана! Ма дика хаьа хьуна кху дахаран мах. Хьо санна йолчу къонаха зудчунга бен лалур ма дацара хьан белшашка доьжна и деза дукъ. Сан дас къоналлехь а, ткъа ас хIинца къаналлехь а синтемах йаьккхина хьо, амма хIете а хьуна цкъа а ца хетта хьуо ирс дайна. Тхоьца нийсса хьо а ма йу мостагIашца къуьссуш, хьайн собарца, хьайн доIанашца, ахь вайн кхерчахь латийначу цIарца. МостагIаша тIаьхье йоцуш витинчу сан ден хьо бахьана долуш хIу ца хаьдда. Ахь цуьнга кховдийначу безамца иэцна цо шен хIаллак хиллачу доьзалах чIир. Оьрсийшна уггаре а чIогIа лууш дерг ма ду вай доьза дайар, вайн хIу хадор. Сан дас болийна а, ас дIакхоьхьучу а нийсачу къиссамехь хьо ма йу сан коьрта гIортор, нана! Хьан сатийсамаш кхочуш беш, хьо сайх реза йар йу хьуна сан чолхечу дахаран коьрта Iалашо. Деле со воьхуш, ахь дечу цIеначу доIанах тешаш, майрра ма волу со муьлхха а кхераме новкъа – элира Кутас. ХIора а дош даггара олура цо. Цуьнан озехь хаалуш бара нене болу бовха безам а, кIоргера ларам а. Хьомечу кIентан и къамел хилира Цацина дахарехь мел лайначух хьакъ долу совгIат…
Борзак бекхаман новкъахь
I
Цхьа мIаьрго санна дIаиккхира обарган доьзална ши кIира. Довта-МартантIехь цкъа а ишта дукха хан йаьккхина вацара Кута. Ца лаьара цунна щен доьзалан а, гергара нехан а дахарна ша бахьанехь зулам хилийта.
Буьйсанан боданехь, чабол болар оьцуьйтуш, дIахехкира Кутас, тешаме накъост хилла шен аьрха – Эла цIе йолу дин. Чов дIайоьрзуш, доьзалан гуонехь дикка садоIуш, хан йаьккхина волу Кута ницкъах, дахаре болчу безамах, сатийсамах вуьзна вара. Чергизара Хатухшукай цIе йолчу ломара йуьрта воьдуш вара Кута, шен дуй биъна доттагIа, чергизойн обарг Хьапагож волчу. Шоптакхан говраш Прохладнера сехьа йохучу хенахь иза лазийна аьлла хезнера Кутина. Карабулакийн латтанийн хьаннашкахула ламанийн кIаже боьдура обарга арабаьккхина некъ. Ассински чIожана тIехваьлла, Джейрахе а кхаьчна, ткъа цигара Несаран гIопана ирхнехьа, ХIирийчоь йолчу агIор вахара Кута. Буро-ГIалина а, Бесланна а тIехваьлла дигорски латтанашка кхечира обарг. Кхузахь цо хьошалла лелош, шортта хIирий накъостий бара Кутин, амма цигахь ца соцуш, кхин дIа ГIебарта некъ бира обарга.
Эла цIе йолчу кхуьнан говрана дика девзара хIара некъаш, цундела буьйсанан йуккъехь атталица чекхлелхара иза мел дуьткъачу ламанан тачанашкахула. Амма Урух хих гечохула болуш, кхуьнан дин цIеххьана терсира. Хетарехь говрана бевзира шен Даймохк. Масех чаккхарма бен генахь ма йацара хIара говр йина а, кхиъна а йолу йурт. Дер дика ма йевзара Кутина Кургакора эцна, эла Шарданов Берда кхунна совгIатна йеллачу говран амал. Кхийтира обарг говран аьрха са Даймехкан хIаваъ девзина терсаш хилар.
Кутина цIеххьана дагатессира ГIебартара Урух хи йистехь йолу Прямая пядь цIе йолчу йуьртара Кургако волчу цо шена цIе тоьхна йитина хIара говр иэца ша веана де. ХIетахь билггал хIара говр иэца цига веана хиллера гIебартойн эла Шарданов Берд а.
– Дер ма ирча тIаьхьалонаш хила тарлора цу дийнан нагахь санна Шарданов Берда шен амал хьалхатоттуш, Кутин биллам тIеэцнехь, говр тарраш тIехь къевссинчун хир йу аьлла, амма гIебартойн эла йаьхь а, кхетам а, лаккхара син-оьздангалла а йолуш хиллера. Цо обаргана совгIатна ийцира хIара дин, цул совнаха обарге шен хьошалла а кховдийра. – Ваха веза цхьаьна дийнахь эла волчу хьошалгIа дика совгIат а иэцна – ойла йира Кутас, ткъа шен динан кхесах дайн куьйг а хьокхуш, элира:
Все книги на сайте предоставены для ознакомления и защищены авторским правом