Абузар Абдулхакимович Айдамиров "Лаьмнашкахь ткъес"

Роман народного писателя Абузара Айдамирова «Молния в горах» – вторая книга трилогии «Долгие ночи». В ней показаны события, связанные с восстанием чеченских и дагестанских горцев под предводительством Алибека Алдамова. Автор создал яркие образы своих героев, которые полюбились чеченским читателям. В этой трилогии автор раскрывает неизвестные до ее издания читателям страницы истории чеченского народа. Книга рассчитана на читателей юношеской и старшей категории возраста.

date_range Год издания :

foundation Издательство :Автор

person Автор :

workspaces ISBN :

child_care Возрастное ограничение : 12

update Дата обновления : 16.06.2023

– Со областан начальствон бакъонца лелаш ма ву…

– Гой хьуна, хьелаш хийцаделла…

Догдоьхна Абросимов а витина, шен дагахь цунна лен а луьйш, чехкка дIаволавелира полковник.

ХIара мила ву, мичара ваьлла а ца xуу стаг! Батьяновна дукха гина и тайпа историкаш. Иза-м ша ма-варра вийцинера цунна капитано Рихтера. «Со, ког когах кхетта а, галвалахь, кхана зорбанехь кхайкхор ву. ХIан-хIа, господин демократ, ахь лeвaн Ioвдал а вац со».

ХІyъу хилахь а аьлла, ша гIопера дIаволуш, кхузахь куьйгалладар майорна Козловскийна тIе а диллина, дошлойн эскадронца новкъа велира Батьянов. Кхузара дIа пхийтта чаккхарма бен йацара Кешане. ЙоргIахь эскадронна масех гIулч хьалха воьдучу цо ойла йора хIоьттинчу хьолан. Нанна хьежадора Петуховн сoнтaллина а. Хьерваьлла-х ваций хIара, нохчочун мекх озо! Уьш-х, шайна йаппарш йича а, шаьлта а йоккхий, чугIоьрту. Мекх озочул, тур йа тапча тоьхнехь, гIоли ма йара цунна. Герзаца йинa чoв гечйо нохчочо. Амма ца гечдо шена буй-тIара, мийра тохар. Маж-мекх озор-м дуьйцу а цахезнарг ду! Ткъа Петуховс шен нІaьналла чекхйаьн йоцчохь йолийна. Жоьжахати гIойла иза, хIара дов а долийна, вахана!.. Рыжковс дукха дестийна дуьйцуш хила а тарло. Бехкениг схьа а ваьккхина, дерзор ду-кх.

Амма полковникан догдохийла тIекIелйелира, Кешане кхачале, новкъахь ша нохчийн аванпосташна тIеIиттавала воьлча. Герзаца кечбеллачу тIелхигбевллачу наха, цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, бист ца хуьлуш, оьгIазе тIаьхьа а хьуьйсуш, тIехбуьйлуьйтура дошлой. Батьянов ца кхетара цара лелочух. Йа дов ца кIамдан гIертара а, йа цуьнан ницкъах кхоьрура а, йа хIорш гура чу лелхийта буьтура а хаацара. Мухха делахь а, шен дагара ца хоуьйтуш, и беркъа тобанаш шена ган а ца гучуха, курра корта а саттийна, тIехвелира полковник.

Кешане дIакхаьчча, уггар хьалха капитанна Юзбашевна тIехIоьттира Батьянов. Петуховн валар хьалха цунна ма-хаззара дийцира капитано.

– Бехкениг лаьцний аш? – xaьттира Батьяновс.

– ХIан-хIа, господин полковник…

– XIунда?

– Ца кхиира. Наха кIелхьарваьккхира иза.

– И кIелхьарваьккхинарш?

– Уьш а, бевдда, Нохчмахка бахана.

– Дукха буй?

– Ах бIe гергга.

– Йуьртара бисина нах хIунда ца лецна аш?

Капитан воьхна хьаьвзира.

– Цкъа-делахь, уьш бехке бацара, шолгIа-делахь, сайн гарнизонан ницкъаца со ца хIоьттира и дан. Нохчмахкахь тийна дац бохуш, хаамаш а кхаьчна соьга.

– XIун ду цигахь? Суна хIунда ца хиъна?

– Соьга а хIинцца кхаьчна и хаамаш. Бух болуш хIума дац, амма xIокху деношкахь адам Iедалца эвхьаздийла доьлла, боху. Хьанна хаьа церан дагара…

Полковник йуьрта кхачале, хаьхкина тIаьхьавеанчу гарнизонан салтичо шен начальнике хаийтира, ах сахьт хьалха тIелеттачу ламанхоша дежийлаш тIера обозийн ши бIe ах бIe гoвр йигна, тIелатар диначу хенахь хиллачу кхийсаршкахь шиъ салти а вийна аьлла.

– ХIара-м баккъал а бунт ма йу! – йаппарш йира полковника. – Муьлхачу агIор йигна уьш?

– Зандакъехьа, хьан оьздалла! – вулaвeлира салти.

Батьянов таро йоьхна хьаьвзира. Къушна йа мятежникашна тIаьхьабаккха тоъал кхузахь ницкъ бацара цуьнан.

– Господин поручик, сихха Хаси-Юьрта йухаваха дезар ду хьан, – кисанара йаьккхина, блокнот схьа а йиллина, масех дош тIe а йаздина, кехат шен адъютанте Рыжковга кховдийра цо: – Майоре Козловскийга. Цигара гIумкийн сотня йахийта кхузара дIа уггар гергахь йолчу нохчийн йарташка. Цаьрга дIахаийта, лаьхкина говраш шун махка тIехула йигна, иза шу декъахь доцуш хилла дац, цундела жоьпалла шуна тIе дужу, шун йурт йохо тIаьххье догIуш эскар ду алий. Цул сов, кхоъ батальон сихачу маршаца схьакхачийта а ала, кху агIонгахьарчу нохчийн йарташка йахийта.

Батьянов Кешане-Юьртан майдана кхаьчча, чIу йукъа а гIур боцуш, луьста лаьтташ адам дара цигахь… Божарий хилла цa Iаш, гондIарчу керташца хIиттина зударий а цхьаьна. Дошлойн отрядца полковник гучуваьлча, гIугI доккхуш, хIорд санна, техкира адамийн кортош. Дуьхьала хьаьдда веана йуьртда а, цуьнца масех хьолахо а, воккха хьаькам шайга вист ца хилахь а, вела ца къажахь а, шайга а хьаьжна, корта мукъане а ласторе догдохуш, кхерабелла, хьестало бIаьргаш цунна тIе a боьгIна, дIахIиттира. Цхьана-шина жимачу стага, схьахетарехь, церан кIенташа, ведда тIe а веана, эпсарийн говрийн урхаш а, луьйтанаш а дIалецира. Амма полковник, хьастабелла тIeбaьхкинчу йуьртан тхьамданашка а, йа церан кIенташка а ца хьожуш, тIех а ваьлла, адамийн тобанна йуккъe вaханa, ceцира.

– Иттех дийнахь шун хьаькам хир вy co, – элира цо, хьалха лаьттачу тIелхигбевллачу божарийн къух санна йевллачу йаxxьашна тIехула бIаьрг шаршийна. – Со тIеман эпсар хиларе терра, политикех дерг хаац суна. Шyьга мотт лебан говза а, йа догдогIуш а, йа хан йолуш а вац. Суна шуьгара оьшург бакъдерг ду. Соьгара а хезар ду шуна изза. Схьадийцал чехкка, хIунда вийна аш паччахьо, шайна тIехь куьйгалла де аьлла, ваийтина хьаькам? Ас шайна тIехь ден дерг хаьий шуна?

Уллохь лаьттачу кешанойн йуьртдас мохь тоьххана гочдира полковникан къамел. Нах, шек дIа а боцуш, кхуза баьхкинарш Iедалан вeкaлш а, адамаш а доцуш, цхьа мехкан доцу акхарой долуш санна, леррина цаьрга а хьуьйсуш, тапъаьлла тийна лаьттара. Эххар а, ши-кхо гIулч хьалха велира, бакъийна гIуркх санна, векъана, веха, цIеххьана голатухуш хьаьвзина боккха мара а болуш, шовзткъe иттех шо хенара стаг. Сирдала доьллачу дуькъачу мекхех дайн куьг а хьаькхна, йовхарш тоьхна, йиш а тойина, аьрру куьг йукъарчу шаьлтанан кIайчу макъарна тIе а диллина, вaжa xaьнтIe a хIоттийна, майрра полковнике хьаьжира иза.

– Ас дуьйцур ду бакъдерг, – вистхилира иза гIоргIачу озаца. – Стенна тIехула доладелла, хоьтту ахь? И ца хууш ву хьо? Тхо ца го хьуна, хIара тIотIеш[8 - ТІотІеш – тиша, тIелхигйевлла бедарш.] оьхкина, сагIадоьхургаш санна, лела? – нохчочо, дерзинчу дегIа тIе дуьйхинчу эттIачу чоин кач дIаса а озийна, гучудаьккхира холхазах тера хьийзина, даьлла шуьйра некхан у. – Йа тхан бераш ца гина хьуна, дерзина, меца лела? Шаьш тхуна тIехь латто харцо, Iазап а ца тоьу шуна? Хьаькамаш а оха кхаба дийзи. Тхешан доларчу сту-ворданца кха тIе даха а, базара даха а, дечкe дaха а йиш тхан йац. Даим дIа шуна некъаш дохуш, шун эскарш кхалхош, шун хьаькамаш дIасалелош. И дерриг дича а, дитахьара ткъа. Схьа мел вогIург налог тоха вогIy, схьа мел вогIург, и схьало олий, вогIу. Оха мичара ло шуна налогаш, дуьйш-дерзош латта а ца хилча, кертахь даьхний а ца хилча?

– Цхьа цІока йаьккхина а ца Іа!

– ВорхІ йаккха гIерта!

– Тхан даьIахкаш тIe гам хьекха боьлла!

– Йукъа ма гIерта нах! ЯнгIулби ала вита!

Нехан гIовгIанаш дIателлац Iийна, дакъаделла, эттIачу балдех мотт а хьаькхна, йуха а вистхилира ЯнгIулби:

– Баккъал а йоцчунна тIера шарбал ворхIанга а ца йаккхайелла бохуш, кица ду нохчийн. Тхан дIадала хIума дацара, бIaьсте йаьлла йаллалц, Теркал дехьа а дахана, хьалдолчу гIалгIазкхашна йолах болх бина, йа кхин цхьа таро хиллалц, дитахьара тхо аьлча а, гIуллакх ца хуьлу. Собар а кхачийна, тхан цхьа воккха стаг чIoгIа вистхилира укурган начаьнке. Ша къена а волу дела, и къона а волу дела, тхан къоман гIиллакхна тIе a доьгІна. Ткъа начaьнко цуьнан мекх озийра.

Нахана йукъахь йуха а оьгIазе маьхьарий девлира.

– Тхо лай ду-м ца моьтту шуна!..

– Аш нанна хьежо…

– Кхидерг дерриг лайна оха, амма тхан догІмех куьйгаш ма Iитта!

– Наха бакъдерг дуьйцу, полконак, – церан маьхьарша шовкъе виначу ЯнгIулбин йуьхь йолчу тIe a Iapжйелира. – Баккъал а, тxaьш нах сийсаз ца бо оха, наха тхаьш дича а ловр дац. Мекх озочул, тур тоьхна, шина декъе векънeхь а, кху тIе дер дацара хIара. Йа, лаьцна, Хаси-Юьрта дIа а вигна, Сибрех хьажийнeхь а. Герз карахь лата а лата, дайъа а дайъа тхо, амма тхан догIмех куьйгаш ма Iитта; тхоьга, шайна тIекхаьчча, коьртара куйнаш дIадаха а ма баха! Куй а, маж-мекх а, шаьлта а стеган боьршаллин билгало йу. Шен мекх озийча, вийна воккхачу стага укурган начальник. Дика а вийна. Сайн мекх озийнарг ас а вуьйр ву!

Батьяновс леррина ладоьгIура йуьртдас гуттар чам боцчу баьккхинчу оьрсийн маттахь шена гочдечу къамеле. ТІaьрзечу нохчочо тIаьххьара аьллачу дешнашна резахилира полковник. Петуховн амалш дукха тера йогIура шен цIарах. Шен ницкъ ца хууш, гIуллакх долчу а, доцчу а гIерташ, йиш халлалц кхойкхучу, девнечу нIaьнин амалш.

– Кхин дуй шун ала хIума? – хьаьжа йуккъе шад хIоттийна, адамийн тобанан кортош тIехула бIаьрг кхарстийра Батьяновс.

– Сан дара масех дош!

Пхьаьрсийн голашца хьалхарнаш дIаса а тоьттуш, сенарваьлла[9 - Сенарваьлла – aгIорвирзина, разваьлла.] тобанна йуккъехула хьалха могIаршка веана, сeцира буто воккха стаг.

– Цул сов, полковник, тхо нуьцкъах салт доху бохуш, хабарш ду, – сих-сиха можах куьг хьокхуш, къамел долийра цо. – ТIaьххьара тхан долахь йисина лаьттан коржамаш а дIайоху, кертарчу котамийн кортойн цIарах а налог тухур йу, боху…

– Шаьш салт дахарна ма кхералаш, – бат саттийра полковнико. – Шух хуьлу салтий?! Шу тайпа хIоранаш, гуттар гIаддайча, милице-м оьцург хир йара. «Налогаш» бохуш, аш йуьйцу хабарш а эрна йу. XIинццалцчул къен цкъа а хир дац шу, ткъа шу хьал долуш хилахь, налог а йоккхур йу. Mа кхера шайн долара мохк дIабаккхарна а. Мохк бустуш лелачийн Iалашо йу шун доларчу латтанашна дозанаш тоха, шуна йукъара девнаш дIадаха. Амма, шун начальник со хилча, ма хала дара соьга шун мехкан шунаш, дозанаш къестадайта. И шунаш къyьйсуш, шаьлтанаш Іyьттуш, вовшехлеташ, кхачадолуьйтур дара ас шу.

Шина пІeлга лаьцна мекх xьовзош, тобанна тIехула бIаьрг кхарстийра полковнико. Цо хIун боху ца хууш, дист ца хуьлуш, ладоьгIна лаьттара адам.

– Сан багах цхьа дош аьлча, Хаси-Юьртара хьаладеанчу эскаро чим бийр бу шун йуьртах. Суна хаац, округан начальник вийнарг шух мила ву. Бехкениг схьалахь, цунна таIзар дийр ду ас, ца лахь – массарна a. Ойла йан цхьа буьйса ло ас шуна. Кхана Іyьйранна малх схьакхетале зуламхо сан карахь ца хуьлу-кх – тIаккха суна цІоганаш ма хьийзаделаш. Ас ца элира ала дац шуна. ХIара йурт лаьттинчохь чим хир бу, масех стаг ирхъуллур ву, бисинарш Сибрех бохуьйтур бу!

Къамел гочдича, гIовгIа йелира нахана йуккъexь.

– Маьхьарий стенна хьоькху цара? – xaьттира Батьяновс талмаже.

– Бехкениг шайна карор вац, боху.

– Цхьамма хIунда ца олу xІокхара, варраша санна, маьхьарий а ца хьоькхуш? Веханиг, ахь алал, – ЯнгIулбина тIе п?елг хьажийра полковнико.

– Начальник вийнарг, ведда, Нохчмахка вахна, – сацамболлуш схьахьедира ЯнгIулбис. – Иза воккха стаг ву, бIе шаре ваьлла. Бехк цуьнан бац, шун полконкан бу. Дала дина бехкечунна таІзар. Оцу тIехь гIуллакх чекхдалийтича, нийса хета тхуна.

– Цуьнан гергара нах схьало, ала цаьрга.

– Уьш а бац. Шайн стаг а эцна, бевдда.

– Дика ду хIета, – ла а доьгIна, вистхилира Батьянов. – Со-м хIара гIуллакх машаре дерзо гIертара. Шуна лаац-кх. И цхьаъ дIадели. Ткъа цхьа ахсахьт хьалха гIопера говраш йигнийла хаьий шуна?

– Тхуна хезна дац, хьан оьздалла, – массарна а хьалхара жоп делира кхеравеллачу йуьртдас.

– Шуна хIунда ца хаьа, – тIечевхира Батьянов, – шайн мера кIелхьара кхо бIe гергга говр йуьгуш? Хиъна а ца Iаш, шун бертахь ма йигна уьш. ХІокху минoтeхь орца даккха къушна тIаьхьа. Зандакъехьа дIайигна уьш. Сарале говраш йуха ца йерзайахь, шуна дуьйцу а ца хезна таIзар дийр ду ас йуьртана. Аш жоп дала деза шайн махка тIехь хиллачу зуламах. Iедалан хьаькам а вийна аш, эскаран говраш а йигийтина. Шайна лаьий – йигнарш йухайалайе, шайна лаьий – шайниш схьало. Кхана Іуьйранна кхин къамел хир ду вайн.

ГIайгIане эгна нах а битна, майданара дIавелира Батьянов. Улло иккхинчу йуьртдас дехар дира цуьнга, чай мала чувола аьлла, амма Батьянов цуьнга дIа а ца хьаьжира.

Полковникан хабаре леррина ладоьгIура ЯнгIулбис. Тергалбора цуьнан хIиллане бIaьргаш. Цуьнан леларх ЯнгIулби кхийтира полковник цхьа тешнабехк кечбеш хиларх.

Урамо гола тухучохь Батьянов къайла ма-веллинeхь, шeн нaкъостий схьа а лeхна, йуьртах вала сихвелира ЯнгIулби.

Суьйранна хилира иза шекваьлларг. Хаси-Юьртара схьакхаьчначу гIумкийн бIaьно а, салтийн шина ротано а, йуьртана гуо а бина, хIор а итталгIа боьрша стаг лаьцна дIавигира…

2

ТIeрга-Дукъахь баьччанийн тIаьххьара кхеташо хиллачул тIаьхьа даьлла пхи де сацам-тем боцуш дIадахара Iаьлбаган a, цуьнан герггарчу гIоьнчийн а.

Нохчмахкахь гIовттамхойн тобанаш вовшахтохар Солтмурданий, Сулиманний, ГIубхиний, Iабдул-Хьаьжиний тIe a, Aьккхахь дерг ЯнгIулбих, Органца лакхахь дерг Залмин Дадеx а тешийна, ша Салатаве a, Iаьнда а ваханера Iаьлбаг.

Цигара стомара цIа вирзина иза, массаьргара хаамаш гулбина, тахана Гати-Юьрта веанера, гIаттам дIаболоран гIуллакхан хьокъexь тIаьххьара а Берсеххий, Коьреххий дагавала.

Къайсаран хIусамeхь гIийла богучу стогаро кIуьран къаьхьа дохк хIоттийнера. Баьрчexь маьнги тIехь кенийн гIайби тIе а тевжина Іуьллучу Берсе, йухайерза ца туьгуш, йовхарш йогIура йукъ-кара. Хьешаша пхьор диъча, царна хьалхара шун дIа а даьккхина, бераш а эцна, АйзагIаьрга йахара Макка.

ЦIa чохь шаьш бисира божарий.

Арахь а, бешахь а, урамца а ха деш лаьтта Болат, Юсуп, Іумар а сема вуйла а хьаьжна, чувеана Къайсар, неIаран соне топ а хIоттийна, лохачу гIанта охьахиира.

– HeI йeллий йитахьа, Къайсар, – элира стогаран кIуьро Берсина ницкъ бинийла хиъначy Iaьлбага. – Могаш волчунна а хала ма бу хIара кIур-м.

– ХIумма а дац, Iаьлбаг, сатухур ду ас. Дийцахьа, муха ду гIуллакхаш?

Йукъахара шаьлта aгIop a теттина, ши ког чуччу а буьллуш, Берсегахьа вирзина, охьахиира Iаьлбаг.

– Доцца дуьйцур ду ас. ДаьргIахошкий, белгIатошкий, гIордалошкий догдохийла а йац. Даьттахой, гeндaргaнoй шина даггахь бу хIинца а. Билтойн, ва Дела аьлла, барт хила тигац. Важа дисина тайпанаш дерриг кхана а гIовтта кийча ду.

– Aьккхий?

– Кешане гонах берш вайца бу.

– ДегIаста?

– Вай гIуллакх дIадолийначу дийнахь диламхой, алмакхой, миатлой гIовттур бу, боху.

Арахь байн мох белира. Жимма ласта а лестина, дIабайра стогар. Чохь Іaьржа бода хIоьттира. Куьркара хаьштиг дан дагахь гIеттина Къайсар Коьрас сацийра.

– Ца оьшу, Къайсар, иштта бегIийла ду.

– Маса бIaьхо хила тарло вайн?

– Иттех эзар.

– Арен тIера йарташ йогIий царна йукъа?

– ХIан-хIа. ТІaьххьара дош дац цаьргара. Вайн бартахой бу дикка, амма гондIарчу гIаьпнашкарчу эскарех кхоьру.

– Паччахьан эскаршка хьаьжча, ма кIезиг ницкъ бу-кх вайниг! Ткъе пхеа эзар салтичунний, бIе йоккхачу тоьпаний дуьхьал – итт эзар стаг…

– Оццул хуьлий а хаац. Пхеанга мукъане а довлахьара.

– Кхузахь толам а баьккхина, аренга довлахь, тоба стамлур йу вайн. XIинца цкъа кхерахь а, тIаккха гIовттур бу нах.

– Делхьа, Iаьлбаг, церан гIуллакх ма шекoнeхь хета суна.

– ДегIаста гIаттахь, иштта ледара а хир дац.

– Шайн дош кхочушдахьара цара.

– Вайн дозанца йолчу йартех-м тешара со.

XIopш коьртачу дийцарна тIе бовлале, когийн тата хезира кертан араxь. Къайсара катуьйхира неIаран сонexь пенаца хIоттийначу тоьпах.

– Мила ву? – apaиккхира иза.

– ХIара-м со вара. Овхьад.

– Хьо лаа вуй?

– Лаа ву, кIентий, – хьурмате вистхилира иза, чоьхьа а ваьлла. – Кхаъ бу шуна! ТIом болабелла!

– XIун тIом? – цхьаьний хаттар дира Берсaссий, Іaьлбагий.

– Туркошца!

– Ахь баккъал бохий?

Все книги на сайте предоставены для ознакомления и защищены авторским правом