Читать «Дарц» — Абузар Абдулхакимович Айдамиров онлайн
Страница 3 из 7
– Гой хьуна, Зеламха, Дала ваьшка ма де бохург а дой, иза ваьшна бохаме даьлча, Делан кхел йу лелларг, олу вай, йа бехк цхьаьннан коча бохуьйту. Шайна хиллачу бохамашна ахь ЭлсангIар бехке бо. Шайга хаьттича, ЭлсангIара шу бехке дийр ду. Ткъа бехке шу шинне агIорхьарнаш ду. Дала бусалба адамашна гайтинчу цIенчу, нийсачу шариIатан некъа тIера девлла лелла шу. IалайхIи салам, Мухьаммад-пайхамарехула бусалба адамашна Къуръан доссийна Дала. Оцу Къуръанца Мухьаммад-пайхамарехула Дала ши некъ гайтина бусалба адамашна. Цхьана агIор – диканиг, оьзданиг, адамашна пайдениг, хьаналниг, къинхетамениг, стеган дуьне а, эхарт а декъала хир долу, уьш зенех-зуламех, бохамех ларбийр болу гIуллакхаш а, гIиллакхаш а. Оцу новкъа ваханарг Ша зенех-зуламех ларвийр ву, Ша цунна гIо дийр ду, боху Дала. ШолгIа некъ гайтина Дала, оьзда доцу, боьха, хьарам, къиза, адамашна зуламе, бохаме хир долу, церан дуьне а, эхарт а декъаза хир долу гIуллакхаш а, гIиллакхаш а гойтуш. Оцу шолгIачу новкъа ваханчу стеган шегарчу къинхетаме, гIоьне, орцане догдохийла йац, Ша иза зенех-зуламех, бохамех ларвийр вац, цуьнан дуьне а, эхарт а декъаза хир ду, боху Дала. Дала ваьшна, перз дина, тIедехкина ламаз а, марха а, закат а, сагIа а леладо вай, амма Дала бусалбанашна тIедехкина важа декхарш кхочушдан ца хаьа йа ца лаьа вайна, оцу ас бийцинчу шина некъа тIехь галдуьйлу вай. Уьш дерриг а дийца воьлча, дукха хир ду, цундела хIокху шуна хиллачу бохаман бахьанаш дуьйцур ду ас. КIанта зуда йалор а, йоI маре йахар а муха хила деза, майрачун а, зудчун а, доьзалан а йукъаметтигаш муха хила йеза, церан декхарш хIун ду, уьш дерриг а гайтина шариIатехь. ЙоIа а, кIанта а маре деш, оцу шиннан а, церан дай-нанойн а бертахь, шинне агIорхьарнаш реза болуш хила деза. Бертаза, нуьцкъах йигна зуда хьарам йу боьршачу стагана. Шен цIера, дена-нанна хьалхара арайаккхале, ши теш а волуш, имама мах бан беза маре дечу шинна йуккъехь. Маре деш долу ши адам Делах тешаш а, Далла Iамал йеш а хила деза. И шиъ йа шиннах цхьаъ Далла Iамал йеш дацахь, цаьршиннан мах бар ца магадо. Цул совнаха, мах бечу хенахь а, вовшех куьг кхетачу хенахь а догIмаш цIена, ламаз карахь долуш хила деза и шиъ. Мах бечу хенахь тоьшаллина xIoттийнa ши боьрша стаг а хила веза, Делах тешаш, Далла Iамал йеш, догIмаш цIена, ламаз карахь долуш, цIена, хьанала, йамартло йоцуш. Мах бале зудчух хьакхавалар хьарам дина, дихкина. Мах бале и шиъ цхьаьна Iер зина лору, оцу хенахь кхоллавелла доьзалхо къутIа лору, иза ийманехь хир вац, иза дена-нанна а, нахана а бале вер ву, боху. Ткъа аш муха йалийнера Хушуллин йоI?
– Тхан вешина Хушуллин йоI а йезара, йоIана тхан ваша а везара. ЙоьIан да-нана реза дацара тхан веше шайн йоI йаийта. Цундела, йоьIан бертахь, тхан вашас новкъара дIайигнера иза…
– Ткъа шариIато ца магадо ден а, ненан а бертаза йоI маре йигар. ШолгIа, мах бале оцу йоIах куьйгаш ма тоьхна хьан вашас. Мах бина а боцуш, шун кертахь де-буьйса ма даьккхина оцу йоIа. Дена, вежаршна, ден дена, ден вежаршна, иштта гергарчу божаршна а бен, шен йуьхь гайтар зудчунна магош ма дац шариIато. И йоI шаьш йуьгуш, мосазза а шариIат талхийна аш, Дала аьлларг ца дина аш. Изза дина махкатIхойн йуьртдас а. ЙоьIан бертаза йига а йигна, йоьIан бертаза мах а бина, масех баттахь иза шайн кертахь латтийна цара а. ЙоьIан бертаза, нуьцкъах маре йелла ХушуллагIара а. Ша гайтинчу цIенчу, нийсачу некъа тIера ваьллачу стагана диканиг ма ца до Дала. Ткъа и захало долийчхьана дуьйна шу шинне агIорхьарнаш Дала гайтинчу цIенчу, нийсачу некъа тIера йуьстахбевлла лелла. Цундела Дала шуна иза бекхаме даьккхина. ЭлсангIара шайгара йoI схьайаьккхича, шайна эхь дина цара аьлла, церан боьршачу стеган шарбал йаккха дахана шу. Цара шух стаг вийна. Цунна дуьхьал аш Элсан вийна. Элсанна дуьхьал цара Хьамза вийна. ТIаккха аш церан Iадод вийна. Дала адамаш дайа ма ца боху. Ша кхоьллина синош Ша дIаоьцур ду, Шен гIуллакха йукъа шу ма гIерта, ма боху Цо адамашка. ХотIе а доцуш, шена хаа а хууш, бусалба стаг ма ве, ма боху Цо. Бусалба стаг вийначунна Ша гечдийр дац, цунна кечйина жоьжахате йу, иза цкъа а оцу чуьра хьалавер вац, ма боху Дала. Ткъа аш, шинне а агIорхьарчара, байъинарш Делах а тешаш, Далла Iамал а йеш болу бусалбанаш бу. ХотIе а доцуш, хаа а хууш бусалба стаг вийнарг вен магадо бусалба динехь. Куьг бехкениг. Ткъа аш, шиний aгIopхьарчара, куьг бехке боцу нах байъина. Аш къена Элсан вийна, ткъа цара къена Хьамза вийна. ТIаккха аш иштта Iадод вийна. Бехкениг къастош, шариIатехь кхел йича бен, шун бакъо ма йацара и адамаш дайа. МостагIчун цIийнах, тайпанах хилчахьана, шайн аьтто баьлларш байъина аш. Бехке боцурш а. Церан жоьра зударий бисина, бобераш дисина. Наной, хIусамнаной, йижарий, бераш делхийна. Ткъа бахьана хIун ду? Дала, пайхамара, шариIато гайтинчу новкъара йуьстахдовлар. Дала бохург вай дахьара, Цо гайтинчу цIенчу, нийсачу новкъа вай дIагIертахьара, вай ийманехь нислахьара, вайна хуьлуш долу дуккха а зенаш-зуламаш, бохамаш, баланаш хир ма бацара, Зеламха. Паччахьан Iедал бехке до ахь. Иза нийса ду. Иза керста, оьрсийн Iедал ду. Иза къинхетам боцуш, къиза, йамарт Iедал ду. Оьрсийн паччахь ницкъ болуш ма ву. Царна хIун ду нохчаша, бусалбанаша вовшийн байарх? Иза царна луург ду. Цхьажимма а вай бахьана далийтича, набахти кхуьйсу, Сибрех дохуьйту. И бахьанаш дийлийта вайна йукъа питанаш туьйсу. Ткъа вайна и бахьанаш ца дийлийта, лардала ца хаьа. Нагахь санна, Дала, пайхамара, бусалба дино бохург а деш, вай ийманехь нислахь, Дала вай зенех-зуламех, бохамех, баланех лардийр ду, Делера орца а, къинхетам а хир бу, вайн дуьне а, эхарт а декъал а хир ду. Иза иштта хилийта, Дела ницкъ болуш а, къинхетаме а, комаьрша а ву. Амма ийманехь вай ца нислахь, дуьне а, эхарт а декъаза хир ду вайн. Цуьнан цхьа а тайпа шеко йац.
3
И къамел хиллачул тIаьхьа тайп-тайпана ойланаш йора Зеламхас. Ша хаъал хилчахьана чIогIа Делах тешаш а, чIогIа Делах а, къематдийнах а кхоьруш а, шена ма-хуъу, шен ницкъ ма-кхоччу, Далла Iамал йеш а вара иза. Хьанала къахьоьгуш а, хьарамчух ларлуш а вара. Перз ламазел а, марханел а совнаха ламазаш а дора, марханаш а кхобура. Шайн даьхнина а, йалтина а тIера закат а, мискачарна caгIa а лора. Ша цIена бусалба а хетара цунна. Амма Соип-Моллас дийцинчуьнга ладоьгIча, ша цIена бусалба хиларх шекваьллера иза. Шайн доьзалшна хиллачу бохамашна Далла хьалха а, доьзалшна хьалха а ша бехке а хийтира цунна. Оцу итт дийнахь шен ламазаш тIехь Деле шена гечдар, шен доьзалшна къинхетам боьхура цо.
Амма паччахьан Iедалца а, оцу Ведана-гIопехь, тIулгийн лекхачу, стаммийчу пенашна тIехьа а левчкъина, кхузарчу мискачу адамашна тIехь харцо, къизалла латточу оцу хьакхарчашца а, церан йалхой хилла лелачу нохчийн заддашца а машар а бина, къарвелла саца ойла а йацара. Цаьрца машар муха хуьлу, цхьаннахьа а гуш нийсо ца хилча, гобаьккхина лелаш харцонаш, йамартлонаш хилча. Нуьцкъалчо гIорасизниг хьоьшу. Хьолахочо къениг вацаво. Хьекъалечо боданениг Iехаво. Iеламнаха бусалба дин шайна пайдехьа дерзадо, уьш дукхахберш паччахьан Iедална, хьаькамашна бохкабелла. ГIорасизчун, къечун, гIийлачун, мискачун цхьа а тайпа бакъо йац. Iедална а, хьолахошна а уьш адамаш ца хета. Уьш, лоьцуш, Сибрех бахийта а, байа а, текхамаш бойтуш, чIанабаха а мега. И Дела воцу мостагIий, таIзар ца деш, бекхам ца оьцуш, шайна луъург дан хецна муха бита беза? ХIара Зеламха а, xIapa саннарш а царах бекхам эца Дала къастийна, Делан лаамца лелаш хила а ма мега. Ткъа бусалба динан кIоргенеш хаа, Соип-Молла санна, Iеламстаг вац Зеламха. Иза бодане бежIу, жаIу, ахархо, асархо, мангалхо ву. Цунна, Къуръано а, шариIато а хIун боху, ма ца хаьа. Дукхахболчу нохчашна а. Йа Зеламхина бевзина молланаш а ма бац дукха кIоргера бусалба динан Iилма хууш. Цхьаммо цхьаъ дуьйцу, кхечара кхин дуьйцу. Делан Къуръано а, шариIато а бохург дерриг а цIена хууш хиллехь, Зеламхас и къинош летор ма дацара. Дала гайтинчу цIенчу, нийсачу некъа тIера йуьстахвер ма вацара. Цо ца кхеташ, лаамаза дийлийтинчу гIaлаташна, летийнчу къиношна Дала гечдийр ду цунна. Дела хууш а, гуш а ву цуьнан дагахь дерг…
Амма Дала къинхетам ца бахь, герггарчу хенахь машаречу дахаре йуханехьа некъ ца гора цунна…
Оцу шен къаьхьачу ойланех иза йукъахваьккхира арара схьахезначу когийн татанаша а, лохха дечу къамелаша а. Цхьа минот йаьлча, цIа чу велира Аюб а, Абубакар а, корта а, маж-мекх а даьлла жима стаг а. Охьаховша пурба делира царна Зеламхас.
– Мичара ву хьо?
– Гати-Юьртара.
– ЦIе хIун йу хьан?
– Соип.
– Ден цIе?
– Болат.
– Ненан цIе?
– Деши.
– Да-нана дуй хьан?
– Нана йу, да вац. Сибрехь вайна…
– Хьан дехой мичахь бу?
– Шелахь.
КхидIа хеттарш дан ца оьшура. Иза Соип-Моллас вийцинарг вара.
– Аюб, корта а, маж а даша цуьнан. Хи а дохдай, дегI а цIандайта. Бедарш хийца. Цунна тIехь йерш йагайе.
Ши сахьт даьлча, Зеламхина хьалха хIоьттира куьце, майра йуьхь-сибат долуш жима стаг.
– Маса шо ду хьан?
– Ткъе ворхI.
– Зуда йуй хьан?
– Йац.
– ХIунда йац?
– Зуда йало аьтто боцуш Iийнера. Цунна а, керт-ковхь оьшучунна а ахча даккха гIалагIазкхашна йолах болх бан Теркал дехьа ваханера со. Цигахь болабелла xIapa суна хилла бохам…
– Хаьа суна. ХIинца кхидIа хIун дан ойла йу хьан?
– Ахь пурба лахь, хьох дIакхета лаьа суна. Сан ден, да-нана махках а даьккхина, Хонкара дахийтинчу, сан да Сибрех а вахийтина, доьза вайъинчу, сан нана ткъе ворхI шарахь хеназа къанйинчу Делан мостагIех бекхам эца.
Зеламха гIайгIане велавелира.
– Тахана Соьлжа-ГIала дIавигнехь, цкъа хьалха масех баттахь набахтехь валлор вара хьо. ТIаккха суьдо вен кхел йийр йара хьуна, йа йерриг а хьайн оьмарна Сибрех а вахийтина, цигахь лийр вара хьо. Амма Дала къинхетам бина, тахана хьо Iожаллех кIелхьарваьккхина. Тхан дахар а дац цхьа минот а тешам болуш. Iожалла йу, когийн кIажаш хьоьшуш, тIаьхьахIоьттинa лелаш. Тхоьца висча а, лаьмнашкахула, хьаннашкахула, шийла, меца, лечкъаш, экха санна, ваьлла лела дезар ду хьан. ТIаккха цхьана дийнахь салташа вуьйр ву йа, Iедало лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву. Ахь Iожалла леха ца йеза, хьо вала ца веза, ваха веза. Хьан дай къонахий хилла, цара шайн синош дIаделла нохчийн къоман, бусалба динан маршонан дуьхьа. Церан тIаьхье хила йеза, иза йаха йеза. Цул совнаха, ткъе ворхI шарахь хьо кхаьбначу, кхиийнчу хьайн декъазчу ненан ойла йан а йеза ахь. Хьол тIаьхьа дола дан верас воцуш, цхьалха йуьсур ма йу иза.
Соипан корта охьабахара.
Зеламха Аюбана а, Абубакарна а тIевирзира.
– Уггар хьалха хIокхуьнан нене а, Соип-Молле а дIахаийта xIapa могаш-маьрша а, кхерам боцуш а хилар. ТIаккха генна лаьмнашка, кхерам боцчу йуьрта, вайн xьeший болчу дIавига xIapa. Цигахь хIокхунна хIусамаш а таръе, кад-Iайг, мотт-гIайба, кхин хIусамехь оьшурш а таръе. Уьш дерриг а дIанисделча, хIокхуьнан нана цига дIайига. ТIаккха хIокхунна йало зуда лаха. ХIара реза а волуш, хIокхунна реза а йолуш, ийманехь йолу йоI. Ишттаниг шайна карийча, сихха йалае. Мах бар а, там бap а шиммо а дIалиста. Тховса кхааммо а дика садаIа, кхана Iуьйранна новкъа довла. Кхетий шу?
Аюба а, Абубакара а, резахилла, кортош таIийра.
– Ткъа axь, Соип, хьо дIатарвинчу йуьртара соьгара пурба доцуш цхьа а ког дIа а ма таса.
Кегийрхой, вовшашка а хьаьвсина, бист ца хуьлуш, арабевлира. Тийналлехь цхьа висина Зеламха гIайгIанечу ойланаша йуха а йийсаре лецира…
4
ТогIи готта йолчохь шина бердан йистошна йуьхьигаш хIиттош дехкинчу дукъошна тIехула серагех дуьйцина зIараш а дехкина, лаккха айъина Хулхулона тиллинчу тIай тIе ваьлча, цхьа масех минотехь тогIица хьала-охьа бIаьрг бетташ сецира Овхьад. ТIай кIелхула сихделла охьауьдура бухара тIулгаш гуш сирла хи. Овхьадана тIехбуьйлуш, гихь а, карахь а тIоьрмигаш, таьлсаш долуш дIаоьхура базарара йухабирзина божарий а, зударий а. Хьалха лаьттачу Дишни-Веданан кешнашна тIехь бIаьрг сецира Овхьадан. Карлабелира ткъе вopхI шо хьалха цигахь хилла буьрса тIом. ХIетахь оьрсийн эскаран йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша кегдина чарташ хIинца а лаьттара кортош доцуш а, охьадеттаделла а. Доккха са а даьIна, шен чамда схьа а эцна, меллаша гIулч йоккхуш, дIаволавелира Овхьад.
ГIамap-Дукъ хадош а, изза тIеман шо карладелира Овхьадана. Малх чубуза гергабахча, ЦIоьнтара улло, Кхеташ-Корта лома тIе хьалавелира иза. Кхузара дIа бIаьрг тоьхча, цунна хьалха хIоьттира берриг а бохург санна Нохчмохк. Къилбехьа – белгIатойн, даьргIойн, цIонтаройн, гунойн, курчалойн йарташ, малхбузехьа – йалхойн, энакхаллойн, айткхаллойн, бийтаройн, къилбаседехьа – гIордалойн, шонойн, Iаларойн, бенойн, билтойн, гендарганойн, зандакъойн йарташ. И йарташ а, хьаннаш, даккъаш, раьгIнаш а, шен ши пIелг санна, дика йевзара цунна. Ткъе ворхI шо хьалха, тIеман бapxI баттахь, шелехь-дорцалахь а, дийнахь-буса а, гIаш-говрахь а дукха леллера иза оцу меттигашкахула. Кхузара дIахьаьжча, нийсса дуьхьал го Коьжалк-Дукъ. 1845-чу шарахь нохчийн наибаша, коьртачу декъана, цигахь дохийнера эла Воронцовн эскарш. Ткъе ворхI шо хьалха Iаьлбаг-Хьаьжас шен кхаа бIе тIемалочуьнца кхаа дийнахь жигара тIом бира цигахь оьрсийн эскарца. Ломана тIелеташ масех батальон салтий а, гIалгIазкхийн дошлойн масех бIо а, царал совнаха, нохчийн, гIалгIайн, суьйлийн, гIумкийн, хIирийн лаамхойн отрядаш а йара. Царна гIо деш йара йаккхийчу тоьпийн масех батарей. МостагIчунна даккхий зенаш а дина, кхоалгIачу буса шайн беллачеран декъий а, чевнаш хилларш а кIелхьара а бохуш, оцу ломара дIавелира Iаьлбаг-Хьаьжа.
Кхузара дIa гo иза винчу Гати-Юьртара масех цIа а. Овхьадана цкъа а дагара ца долура, ша Iаьлбаг-Хьаьжех дIакхетча, дас ХортIас а, воккхахчу вашас Асхьада а хьийзавар, Асхьада шена неIарна буллу гIуй тохар. Оьрсийн эскарша Гати-Юрт талош а, йагош а, салташна хьалхаваьлла лелаш, МIаьчига а, Васала а вийнера Асхьад. ХIетахь пхи бутт баьллера, Овхьад цIера ваьлла лелаш. Ваша вийна аьлла хабар деача, тIамера цIа веана иза, тезетара а, кертара а араваьккхира дас. Хьайн мезех буьзна вежарий болчу, Iаьлбаг а, Васалан Юсуп а, МIаьчиган Коьра а волчу дIагIо аьлла.
ХIетахь къена дара Овхьадан да-нана. Вежарий Асхьаб а, Iабди а, йиша Ровзан а йара. Да-нана дийна хир доцийла хаьара цунна. Оьрсийн-туркойн тIаме вахана Асхьаб дийна цIа вирзиний а, ца хаьа. ХIетахь Гати-Юьртара виъ жима стаг вахара оцу тIаме. Товсолта-Хьаьжин Хьуьси а, Борахин СаьIад а, Сатун Солтха а, Асхьаб а. Ровзан а, Iабди а жима дара Овхьадал. Оцу шиннан доьзалш а хир бу. Ткъа Овхьадан зуда а ца хилла. Хир йу ала а, ца хаьа. Иштта цхьалха къанлур ву, лийр ву иза. ТIаьхье а ца йуьтуш.
Овхьадана дагаеара шена дуьххьара йезаелла йоI Деши. Овхьадан дуьххьарлера а, тIаьххьара а безам. Гати-Юьртахь-м хьовха, цунна гондIарчу йарташкахь а цIейаххана хаза йоI йара иза. Дуткъачу, лекхочу, куьцечу дегIахь. Когийн хьорканаш тIехIуьттуш йеха, йуькъа, Iаьржа месаш. Iаьржа бIаьргаш, царна тIехула, цхьана говзачу куьйго лерина дехкича санна, хаза цIоцкъамаш. Аз дара цуьнан цхьа тамашийна кIеда, эсала, хьастаме, ца кIордош, даим дIа ладегIа дог доуьйтуш. ХIокху тIаьхьарчу ткъе вopхI шарахь даим Овхьадан бIаьргаш хьалха лаьттара оцу йоьIан сибаташ, васташ, лерехь декара цуьнан аз.
ХIетахь БуритIахь доьшуш вара Овхьад. Цкъа хьажахIотта цIа веача, хин коьрте а вахана, йоIе шен дагара дийцира цо. Амма Дешис тIе ца лецира цуьнан безам. Хьо хьал долчу нехан кIант ву, ткъа ша къечу, мискачу нехан йоI йу. Цкъа-делахь, хьан да-нана, нах реза хир бац къечу доьзалера йоI шайн кIантана йига. ШолгIа-делахь, шун хьал а, шайн къелла а цхьаьна йогIур йац, шун кертахь гIарбашан хьолехь йаха шена а луур дац. КхозлагIа-делахь, ша а йезаш, шена а везаш, ша санна къен-миска Болат ву, элира.
Цхьа а тайпа шалхо йоцуш, шен дагахь ма-дарра цо шега дийцарна, Дешина баркалла а аьлла, хин коьртера дIавахара Овхьад. Цул тIаьхьа дуккха а хан текхира цо, кхачанах а хаьдда, буьйсанна наб ца кхеташ, кийра батталуш. Дукха хан йалале Болате маре йахара Деши. Цул тIаьхьа цхьана а йоIе безам ца бахара Овхьадан. Йа мехкаршца уьйр таса а, сакъера а хан а ца хилира. Нохчмахкахь гIаттам болабелча, цуьнан кIуркIамане нисвелира иза. ГIаттам хьаьшна чекхбаьлча, Гуьржех вахара. ГIаттаман декъашхошна, атталла цуьнан куьйгалхошна йукъахь а дуьненан Iилма хууш кхоъ бен стаг вацара. Берса а, Iуммин Дада а, хIapa Овхьад а. Берса цомгаш, къена вара. Дада гIаттаман шийтта куьйгалхочуьнца цхьаьна ирхъоьллинера. Берсас шена тIекхайкхира Овхьад. Хьо къона а, хьекъале а, Iилма долуш а ву, хьо вайн къомана оьшур ву, Iедалан кара гIахь, хIаллакьхир ву, цундела хIокху махкара дIавала, элира цуьнга. Гуьржехара шен хьеший болчу дIахьажийра иза Берсас.
5
Шоьнана а, ТIуртIи-КIотарна а йуккъехь, Коьжалка-Дукъахь, малх чубуьзначул тIаьхьа, хьуьнна йуккъехула болчу новкъахь Овхьадана хьалха нисйелира гIаш цхьанхьа йоьдуш зуда. Цуьнан белшех кхозуш таьлсаш дара, букар а хьаьвзина, цхьанна гуш боцчу ницкъо ийзош санна, техкаш, гIаж гIертош, халла когаш бохуш йоьдура иза. Некъ цхьана жимачу ирзо тIе баьлча, соцунгIа а хилла, дIаса а хьаьжна, тIуьначу лаьтта охьахиира зуда. Герга кхаьчча, Овхьадана йевзира делкъехь Ведана гIопан кевнехь шена гинарг.
Овхьад тIекхаьчча, зуда цуьнга схьа а ца хьаьжира. Логах хьарчош коьрта тиллина доккха Iаьржа кортали схьа а даьстина, ши тIемаг некха тIехула цо охьахецча, Iаьржачу чухтина бухахула гиччошкахь гучуевлира ло санна кIайн месаш. Йуьртана генахь, акхароша сийсочу хIокху хьуьна йуккъехь и къена зуда а йитина, тIехваьлла дIавахар гIиллакхехь а ца хетта, цунна уллохь сецира Овхьад.
– Зуда, хьо лаа лелий садовчу хенахь? – хаьттира цо.
– Лаа йу со-м. КIадъелла, жимма садаIа охьахиъна.
– Гена йаха дезий хьан?
– Гати-Юьрта.
– Иза-м генахь ма йу кхузара дIа.
– Тховса Iаьларахь буьйса йоккхур йу ас.
– Со а ву, тховса Iаьларахь буьйса а йаьккхина, кхана Гати-Юьрта ваха везаш. ТIуьна латта дика дац дегIана. ХьалагIатта, луьйш-олуш, некъ бацбеш, цхьаьний дIагIор вайша.
Зуда, йист ца хуьлуш, хьалагIеттира.
– Хьо мичара йогIу? – хаьттира Овхьада цуьнга, тахана шена Веданахь гинарг билггала иза йуй-те хаа лиъна.
– Веданара йогIу со.
– Лаа йаханерий хьо цига?
– Цигахь набахтехь кIант вара сан. Тахана Соьлжа-ГIала дIавиги иза…
Зудчун аз дегийра. Хеттарш ца деш, масех минот йалийтира Овхьада. Цхьадика, xIapa суьйре йекхна йеана, беттаса а кхетта, новкъахь ког билла хатт кIезиг болуш меттигаш гора. Шиний aгIop лаьтта лекха, йуькъа хьун дIатийнера.
– Хьо мичара йу? – эххар а хаьттира Овхьада.
– Гати-Юьртара.
– Цигара хьенан, мила йу хьо?
– Сан да вевзар вац хьуна. Ткъа шо хьалха дIакхелхина иза. Халид йара цуьнан цIе.
Овхьадана дагавогIу Халид. Къен-миска, оьзда, доьналле къонах. Цуьнан йоI йара Деши.
– ЦIе хIун йу хьан?
– Деши.
Деши… Овхьадан дуьххьарлера а, тIаьххьара а цIена, боккха безам. ТIаьхьа цуьнан уггар тешамечу, майрачу, оьздачу доттагIчун, бIаьхаллин накъостан Болатан зуда. Болате маре йаханчул тIаьхьа Овхьада шен нус, йиша лийрина Деши…
Ткъе ворхI шо хьалхалерчу вастех а, сибатех а лар ца йисина хIинца цунна улло йаьлла, халла гIулчаш йохуш йогIучу зудчун. Деши ши шо жима йара Овхьадал. Хебарша аьхна оза, йеха йуьхь. Ло санна, кIайн гиччош. Букархьаьвзина букъ. Хьех чукхетта, кхоьлина, гIайгIане бIаьргаш. Йишхаьлла, гIopгIa аз. ХIун баланаш, бохамаш бу-те xIapa хеназа къанйинарш? Болат лаьцна, Сибрех вахийтар-м хаьара Овхьадана. Цигара цIа ца вирзина-те иза? КIант лаьцна. Болат дийна хилча, xIapa Деши Веданахула кIантана тIаьхьайаьлла лелара ма йацара…
Хьалха воьду Овхьад, саца а сецна, Дешина тIевирзира:
– Со вевзар варий хьуна, Деши?
Деши леррина цуьнан йуьхь-дуьхьал хьаьжира.
– Ца вевза суна.
– Овхьад ву со, ХортIин кIант.
Йуха а цкъа леррина хьаьжча, оцу стеган йуьхь-сибаташ, лер а Овхьадачух тера хийтира Дешина. ТIаккха шен карара гIаж охьа а тесна, мара а кхетта, Овхьадан некха тIe корта а таIийна, са уьйзуш, шен дог Iаббалц йилхира иза. Дешин озачу букъах дай куьг а хьоькхуш, цунна маслаIат дан гIертара Овхьад. Амма Дешина ца хезара цо дуьйцучух цхьа а дош. ТIаккха Овхьад ша а сецира, вист ца хуьлуш. Бераллехь дуьйна хи ца даьлла цуьнан бIаьргаш цкъа тIунделира, логашад хьала-охьа сихбелира, бIаьргаш чуьра комаьршша хиш охьахьаьлхира. Оцу цхьана минотехь цунна хьалха хIиттира къиза тIом, йогу йарташ, бIаьхойн, зударийн, берийн декъий, хьере хилла Iоьху даьхни, yгIy жIаьлеш, бIарзделла хьийза адамаш а. Iаьлбаг, Iумма, Берса, Болат, Къайсар, Коьра, Дада. Къена МIаьчиг а, Васал а. Царах цхьа а дийна вац. Байъина, белла, Сибрехь доьза байна…
ХIокху декъазчу Дешин санна, Овхьада ткъе ворхI шарахь кийрахь сецош IaьIнa къаьхьа бала, кийра буьзна, тIехбеана хьалагIоьртина, легашкара дуьхьало а хадийна, узаршца схьахецабелира. Деши мара а къевлина, шен дагна маршо йелира цо. Белшаш йегош, гIapa йоцуш, тийна вилхира иза. Бераллехь дуьйна тховса дуьххьара…
6
Овхьадана хатта лууш а, хаа лууш а дуккха а дара. Амма Дешин деган чевнаш ша карзахйахарна кхоьруш, хеттарш дан ца хIуттура. Йилхина, шен дог а Iабийна, Дешис ша дийцира цунна оцу ткъе ворхI шарахь Гати-Юьртахь хилларш а, лелларш а.
– ГIаттам хьаьшначул тIаьхьа, дуккха а нах лоьцуш, Болат а лецира. Дуьххьара Ведана вигира, тIаккха – Соьлжа-ГIала, цигара дIа БуритIа а вигна, масех баттахь набахтехь валлийра. ХIетахь Соип кийрахь вара сан. Болатах къаьстича, дог а иккхина, со лийр йу, моьттура суна. Дийнахь а, буса а наб ца кхеташ, кхачанах а хаьдда, бIарзйелла, кIелйиса йоьлча, кхин хIун дийр ду а ца хиъна, Iелин Iумарца БуритIа йахара со. Цигахь цхьана хIиричуьнга уггар лакхарчу хьаькаман цIарах дехар йаздайтира ас, сан дегIаца доьзалхо ву, Болат воцург, сан доладан цхьа а верас а вац, иза, къинхетам бай, маршаваккхахьара аьлла. Нагахь санна иза маршаваккха йиш йацахь, цуьнца цхьаьна со набахтехь а йитахьара, Сибрех а йахийтахьара аьлла. Хьаькам чохь волчу цIенойн кевнехь шина дийнахь лаьттира тхойшиъ, и дехар хьаькаме дIадала стаг ца нислуш. Эххар а хьаькам волчу воьдучу цхьана къинхетамечу оьрсичо шега дIаийцира сан дехар. Цхьа сахьт даьлча йухавеанчу оцу оьрсичо элира, сан дехар кхочушдан шен бакъо йац, боху хьаькамо, аьлла. Иштта, Болатца цхьаьна набахти а ца йитира со, Сибрех а ца йахийтира. Ткъе ворхI шо ду иза Сибрех вахийтина. Дийна ву а, ца хаьа, велла а, ца хаьа. Ткъе ворхI шо ду кертахь, урамехь адамийн, говрийн когийн тата хезча, хIинца цIа вогIуш вац-те иза, йа цунах хилларг дуьйцуш, хабар дохьуш вогIуш стаг вац-те бохуш, аралелхаш, ладоьгIуш со Iаш йолу…
– Дала мукъалахь, Болат цIа вогIур ву, Деши. Делан диканах, Делан къинхетамах дог дилла мегар дац. Со ца го хьуна? Сайнаш а Iаш хир бу, со велла йа дийна ву, ца хууш. Суна сайна а ца моьттура, со дийна цIа вoгIyp ву. Дийна а ву, цIа вогIуш а ву. Дела дика ву, ницкъ болуш ву, къинхетаме ву. Хьан дуьхьа, кIентан дуьхьа Дала цIа верзор ву. Сан дуьхьа а. Дела сан дог хууш а, гуш а ву, Деши, сайн вежарел дукхавезара суна Болат. Сан дика доттагI а, дика ваша а вара иза. Болат санна кIентий кIезиг хуьлу дуьненахь. Дала ларбо иштта кIентий. Ткъа тахана дуьйна дIа хьайн дола дан ваша вац алий, дага ма даийталахь ахь а. Вай вовшех къастталц, ас хьайх йиша алар дицделлий хьуна?
– Ца дицделла, Овхьад. Хьо волуш, цкъа а сайн ваша вац аьлла, дага а ца догIура суна. Болатана санна, оцу ткъе ворхI шарахь хьуна са а гатлора. Далла бу хастам, хьо мукъана а дийна цIа вогIу. ХIинца даг тIера ах бала дIабели суна.
Наггахь цаьршиннан некъ хадош, хьалхахула чекхлелхара цхьогалш. Йукъа-кара хьуьн чохь бухIа йека а хезара. КIадйелла Деши, шен дагара ца хоуьйтуш, гIаж гIертош, хьалхахьа дIагIертара. Iаьлара дIакхача масех чаккхарма некъ бисча, некъа йистерчу шовданна тIекхечира и шиъ. Шовданна гонаха йуьйцина йина лохха керт а, арахьа охьайиллина кхо-диъ дол попан гуьйриг а йара. Дешига жимма садаIийта, цигахь сецира Овхьад. Шен чамди чуьра схьаэцна баьпкан йуьхк а, нехча а гуьйриг тIе охьа а йехкина, кертах кхозучу кхийран зоки чохь хи деара цо.
– Охьахаал, Деши. Хьо мацйелла xир йу. Вайша Iаьлара дIакхаьчча, сихха хьалха билла кхача кечбина Iаш хир бац вайшиннан гepгapa нах. XIapa кхача бекъа белахь а, кхалла хьажахьа.
Дешис шега шозлагIа ца алийтира. Баьпкан йуьхках а, нехчех а пIелгашца кIез-кIезиг йоккхуш, меллаша Iийша йуьйлира иза.
– Ша лацале хьалхарчу буса деха, лерина къамел дира соьга Болата. Тхо гуттаренна а вовшах къаьсташ дуйла хиъна хир дара цунна. Ша жима волуш, Шелахь, Соип цIе йолуш, доттагI вара шен, бохура цо. Хонкарахь мацалла леш йоллучу шен нанна кемсийн кан баккха, буса туркойн беша ваьлча, цара къиза вийна хиллера иза. Нагахь тхойшиннан кIант хилахь, цунна Соип алий цIе тилла, йоI хилахь, шен ненан Хедин цIe тилла аьлла, тIедиллинера цо суна. Болат лаьцначул тIаьхьа Соип дуьнен чу велира. ТIаккха ши шо даьлча нана, цул тIаьхьа пхи шо даьлча, да дIакхелхира. Хьуна ма хаьа, сан ден, ненан, со цхьа йоI бен, кхин бер цахилар. И шиъ дIакхелхича, верас воцуш, гIаж санна, цхьана йисира со. Шелара Болатан гергара нах тхойша цига дIадига гIоьртира. Суна ца лиира. Шичой-маьхчой бацахь а, сан гергара нах Гати-Юьртахь ма бара. Болат а цигахь кхиънера. Гатийуьртахоша дика дола а динера цуьнан. Аьрзун, Iелин, Маккхалан доьзалех шен йиша-ваша а тардина, Iийнера Болат. Цундела, уггар хьалха, царах къаста а ца лаьара суна. Iелин кIанта Iусмана а, Аьрзун кIанта Мохьмада а керт-ковхь гIo дора суна. Кха а охура, йалта чудерзош, докъар кечдеш, цIа дохьуш, дечиг дохьуш, кхин деш а гIo дора. Ша воккха хилча, Соипа и гIуллакхаш шен кара лецира. Делахь а, мел къахьегарх, ког метта ца хIуттура тхойшиннан. Зуда йало таро ца хуьлуш, хенал тIехвелира Соип. XIopa шарахь Теркал дехьа гIалагIазкхашна йолах болх бан боьлхура вайн эвлара цхьа нах. Шина-кхаа шарахь болх бича, бахам а тарлора церан. Соипана цаьрца ваха лаьара. Со дуьхьал хуьлура. Цхьаъ бен воцу кIант цига вахийта кхоьрура. И сан кхерар эрна ца хиллера. Эххар а пурба делира ас цунна. Йуьртара а, гондIарчу йарташкара а нах боьлхуш хилча, Делан кара а велла, вахийтира. Цхьана-шина шарахь болх бича, мотт-гIaйбa а, кертахь кхин оьшург а эца, зуда йало а аьтто хир бац-те аьлла. ГIаддайна вахийтира. ТIаккха со кхийринарг хилира…
Шозза-кхузза цхьакIеззиг бепиг а, нехча а кхаьллина, йисинарг Овхьаде дIакховдийра Дешис.
– БIаьстенан йуьххьехь дуьйна гуьйре шелйала йоллалц, ворхI баттахь, дийнахь а, буса а бохург санна, са ца доIуш, болх бира Соипа цигахь. Ia герга гIоьртича, цIа ван ойла хилла, гIалагIазкхичуьнга шена йогIу йал схьайехна хиллера цо. Амма гIалагIазкхичо, цхьа сом а ца луш, боьха йаппарш йина, кертара араваьккхинера. Хьуна ма-хаъара, Болат Iаламат собаре стаг вара. Соип дега ца хьаьжнера, цIий сиха вара. Буьйса тIекхаччалц йуьрта йистерчу эрзалахь лечкъина а Iийна, адамаш набарна дIатийча, гIалагIазкхичун керта а вахана, йуха а шен йал схьайехнера цо. И гIалагIазкхи Соипаца галваларан цхьа бахьана хиллера. Хьалхарчу буса цуьнан рагIу кIелхьара говраш йигна хилла нохчаша. Оцу къоланна Соип бехке веш хилла цо. И къуй ахь тIехьехна, хьо церан декъашхо ву, бинчу балхана йал-м муххале а лур йацара хьуна, ша Iедале дIа а велла, Сибрех вохуьйтур ву хьо, бохуш. Иза шена нанна хьежош, йаппарш йан воьлча, шаьлта тоьхна иза охьа а виллина, ведда, цIа веанера Соип. ГIалагIазкхичунна Соипан цIе а, ден цIе а, Гати-Юьртара вуйла а хууш хилла. Ткъа и къена гIалгIазкхи, Iедало лоруш, воккха эпсар хилла, боху. Цо сихха цигарчу Iедале дIахаийтина, ша йолах лаьцна нохчо, къуй а балийна, шен говраш а йигийтина, шаьлта тоьхна, ша охьа а виллина, дIадиллинчуьра шайн бIе туьма ахча а лачкъийна, ведда аьлла. Цигарчу Iедало Ведана хаам бинера, тIаккха Веданарчу пурстопо, тражникаш балош Гати-Юьрта а веана, дIавигира Соип. И нохчийн къуй а, талорхой а бахьана долуш, бехк-гуьнахь а доцу, хьанала къахьоьгуш волу, цхьана волу цхьа кIант хIаллакьхили-кх сан. Ткъа Соипа гIалагIазкхичун ахча лачкъийна бохург а бакъ дац. Ишттаниг ца дан, тхойшиъ ший а мацалла долуьйтур дара цо. Кисанахь шай а доцуш, цIа веанера иза. Тахана Соьлжа-ГIала дIавиги… Наха тайп-тайпана хабарш дуьйцу. Оцу чевнах и гIалагIазкхи велла а, боху, ца леш, сакхт хилла висина а, боху. Иза веллехь, Соипана вен суд йийр йу, дийна висинехь, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вохуьйтур ву а, боху. ГIалагIазкхи дийна висинехь, цхьа дико аблакат хилча, суьде хан ца тухуьйтуш, цо кIелхьарвоккхур вара бохуш а, дуьйцу. Суна аблакат а карор ма вац, карийча, цунна дала ахча а ма дац сан. ХIокху ткъе ворхI шарахь айса лайначу баланашка ладоьгIча, хьер ца йолуш йа дог иккхина ца леш, со дIалелаш хиларх цецйуьйлу… ХIинццалц Соипана тIейуьтура со. Тахана тIе а ца йити, ас баьхьна кхача дIа а ца балийти. Азвелла, гIелвелла, корта а, маж а даьлла, ца вевзачу ваьллера…
– Ас мел маслаIаташ дарх, ненан дог Iийр дац кIантана са ца гатдеш. Амма ас тешам боллуш цхьаъ олу хьоьга. Тахана дуьйна дIа хьан а, Coипан а дола дан со ваша ву хьан. ХIокху махкахь уггар тоьлла адвокат а карор ву суна, цунна дала ахча а хир ду. Йуьртахь ши-кхо де а даьккхина, Соипан гIайгIа бан аравер ву со. Нагахь санна и гIалагIазкхи дийна висинехь, хан ца тухуьйтуш, цIа валор ву Coип, иза веллехь, yггap лахара хан а тухуьйтур йу. Дала мукъалахь, и гIалагIазкхи велла а хир вац, Соип цIа а вогIур вy. Соип Делан кара лур ву вайша, ткъа ас сайн ницкъ кхочу бахьанаш лелор ду. Варийлахь, Деши, цунах хьайна бала ма белахь, Деле хьайна собар дехалахь. ГIийлачу адамех къинхетам беш ву хьуна Иза, Соип хьуна цIа вало ницкъ болуш а ву хьуна Иза.
– Ахь дуьйцучух теша со, Овхьад. Уггар сан де доьхначу дийнахь, дог эккхал, хьер йаллал со бIарзйеллачу дийнахь, орцах вала ваша воцуш со цхьа йисинчу дийнахь суна тIе ваша кхачийначу Дала сан кIант шен декъазчу нанна йуха а лур ву. АлхьамдулиллахI, хастам бу-кх ницкъ болчу, къинхетамечу, комаьршачу вайн Далла. Цо динчунна реза ду-кх вай, Цо собар а лур ду вайна. ХIинца со паргIат йу хьуна, сан ваша…
7
Пхьуьйра хан хила гергайахча, цхьана гу тIе и шиъ хьаладаьлча, цаьршинна хьалха гучуйелира Яьсси-хин аьрру йистехь, лекхачу берда тIехь, нийсачу меттехь йаьржина Iуьллу Iаьлара. Йуьртахь чиркхийн гIийла серлонаш а, тхевнаш тIехула нийсса хьалаоьхуш кIуьраш а гора.
Овхьада доцца дийцира Дешина дIадаханчу ткъе ворхI шарахь шен хиллачу кхолламах. И беха некъ беш Овхьада шайн доьзал а, гергара нах а ца хаьттира, ткъа Дешис уьш а ца хьахийра. Дешис уьш ца хьахийча, Овхьад шеквелира, шен доьзалехь сингаттамаш хиллий-те аьлла. Iаьлара чукхачале цунах дерг хаа лиира Овхьадана.
– Тхайчарах белларш-биснарш а муьлш бу, Деши?
Деши йоьхна хьаьвзира.
– Дийцал ахь, бохамаш хилаза цхьа а вац, массарначул а тIех хьуна хилла.
– Делахь, Овхьад, йуьртах а, махках а, халкъах а ваьккхина, халонаш-баланаш а лайна цIа вогIучу хьан тIе а дог Iовжо ца лууш ма Iийра со-м. Ас хIинца цадийцарх, кхана хьуна хьайна а хуур ду дерриг а. Iожалла Делера йу, Цо кхоьллина массо а са дала дезаш ду, дийна висинарг шен де тIекхаччалц, собаре а хилла, ваха везаш ву. Хьан да-нана дIакхелхина. Асхьаб туркойн тIамера цIа ца веана. Хонкарахь вийна, цигахь дIавоьллина иза.
Да-нана дийна хир доцийла-м хаьара Овхьадана. Иза царах дIакъаьстинчу хенахь цаьршиннан кхузткъе итт сов шераш дара. Ткъа Овхьадан ваша Асхьаб хIокхул кхо шо бен воккха ма вацара. Дех а, Асхьадах а тера а воцуш, догцIена, къинхетаме, оьзда ваша ма вара иза. Да а, Асхьад а хIокхунна дов дан воьлча, даим а Овхьадехьа гIо ма доккхура цо. Нана а, Асхьаб а дац аьлча, дог Iаьвжира цуьнан.
– Ровзан а, Iабди а долуш ду. Шиннан а доьзалш а бу. Маре бахана йоIарий а, зударий балийна кIентий а бу. Берийн бераш а ду. Ткъа хьо цIахь воцуш дуккха а нах белла йуьртахь.
– Iабди хIун деш ву?
– Шун дех йисина туька жима а хетта, кхин йоккха туька йина цо. ХIокху aгIop цхьаьннан а йац иштта йоккха туька. Оьрсийн махкара тайп-тайпана товар а дохьу цо шен туькана. Iедало дика лоруш а, хьаькамашца гIуллакх догIуш а ву. Йуьрта баьхкина хьаькамаш цуьнан хIусамехь совцу.
– Асхьабаца тIаме бахнарш цIа баьхкиний? Уьш дийна буй? Товсолтин Хьуьси а, Борахин СаьIад а, Сатун Солтха а?
– Сатун Солта кхузахь тIом болуш цIа ма веанера. Туркошца тIамехь пхьарс а баьккхина. Иза а велла. Важа шиъ волуш ву. СаьIад – йуьртда, Хьуьси йуьртан къеда ву.
– Iелин а, Аьрзун а кIентий болуш буй?
– Iелин воккхахволу кIант Iумар вац. Нах леца йуьрта тражникаш баьхкича, вада гIоьртича, вийра иза. Iусман ву. Аьрзун Мохьмад дукха хан йоццуш япон тIаме вахана. Иза а, Аьрсамирзин Эламирза а, Солтхин Солта а. Аьрру пхьарс а баьккхина, цигара цIa веана Солта.
1877-чу шарахь оьрсийн-туркойн тIом болабелча, оцу тIамехь туркошна дуьхьал тIом бан Къилбаседа-Кавказерчу къаьмнех бIаьхаллин дакъош вовшахтуьйхира паччахьан Iедало. Кхечу къаьмнашна йукъахь дика чекхделира и гIуллакх. Нохчех ши полк вовшахтоха йезара, амма кхузахь цхьа полк вовшахтоха а нах ца тоьура. ТIаме воьдучу стеган шен герз а, говр а хила йезара. Ткъа къехойн иза а, важа а дацара. Цига баха луучарна йал а кхайкхийра Iедало, йолах баха луурш а кIезиг карийра. Маситта шарахь шайна дуьхьал тIом бинчу, шайн йарташ йагийнчу, шайн халкъ ах хIаллакдинчу, дийна бисинарш къизачу Iазапехь латточу оьрсийн паччахьан гIуллакхана тIаме баха а, лата а, бала а ца лаьара къехошна. ТIаккха и полк вовшахтохар хьолахошна тIедиллира Iедало. И полк вовшах ца тохахь, Iедалерчу гIоьне а, къинхетаме а догдохийла хир йоцийла а, даржашкара дIабохург хилар а хаийтира. Кхерабеллачу нохчийн хьолахоша шайн кIентий а, шайн харжах къехойн кIентий а бахийтира оцу тIаме. Гати-Юьртара виъ жима стаг вахара цига. Товсолта-Хьаьжин Хьуьси а, Борахин СаьIад а, ХортIин Асхьаб а, Сатун Солтха а. Шен доьзална даа рицкъа латто ницкъ а ца кхочуш, къен-миска стаг вара Сатун Солтха. Юьртарчу хьолахоша шена делла ахча шен доьзална а дитина, церан герзаца, говраца тIаме вахана иза кхо бутт баьлча цхьа пхьарс боцуш цIa веара. ХIинца оьрсийн-японцийн тIаме а бахана Гати-Юьртарчу къехойн Аьрсамирзин а, Аьрзун а кIентий. Уьш хIунда бахана-те аьлла, хаьттира Овхьада.
– Оцу тIаме баханчарна Iедало ахча делла бохуш, дуьйцура наха, – элира Дешис.
Овхьада ойла йира. Цунна дагаеара дIадаханчу шарахь ша йешна Энгельсан «Германин арахьара политика» цIе йолу статья. Цу тIехь Энгельса нажжаз бора хIокху тIаьхьарчу кхузткъе итт шарахь кхечу пачхьалкхийн паччахьийн йолахой а, чаьлтачаш а хилла, шайн маршонехьа къуьйсучу европейски халкъийн цIий Iенош лела немцой. Цара деш дерг дерриг а немцойн къомана доккха эхь лорура Энгельса. Ткъа хIинца нохчий а бевлла Энгельса нажжазбинчу новкъа. Дуьххьара оьрсийн-туркойн тIаме бахара. Бусалба туркошна дуьхьал тIаме. Оьрсийн паччахьо, оьрсийн эскарша нуьцкъах махкахбаьхна шовзткъе итт эзар нохчий – зударий а, бераш а, къенанаш а – тIелаьцна, царна туш деллачу бусалба туркошна дуьхьал. Шайн чалтачана, оьрсийн паччахьана бохкабелла, цуьнан йолахой а хилла. Шайн дай, наной, йижарий, вежарий байъинчу оьрсийн салташна улло а хIиттина.
Асхьаб цига воьдуш, Овхьад дуьхьал вара. Амма Овхьаде ла ца дуьйгIира ХортIас а, Асхьада а. Хьолахойн кIентий цига боьлхуш хилча, вайн доьзалера а цхьаъ ваха веза, бохура. Асхьад вохуьйтийла дац, керт-ков, бахам, туька а цуьнан йаьIни тIехь йу, цуьнан зуда а, бер а ду, бохура. Овхьад жима ву, доьшуш ву, дешар чекхдаккха дезаш ву, бохура. Асхьаб зуда йалоза вара. Иза дIахьажийра туркойн тIаме. ХортIин а, Асхьадан а сутаралло, къизалло хIаллаквина Асхьаб. Хийрачу махкахь Iожалла хилла, хийрачу махкахь лаьттах воьллина. Хьенан дуьхьа, стенан дуьхьа? Шен халкъан мостагIчун оьрсийн паччахьан дуьхьа, Россин хастаман дуьхьа.
ХIинца оьрсийн-японцийн тIаме а бахана нохчий. Шиний агIонгахьара харцонан тIом ма бу иза а. Россис а, Японис а къуьйсург йа оьрсийн а, йа японцийн а латта ма дац. Цигахь бехарш йа оьрсий а, йа японцаш а ма бац. Самг къуьйсуш лета меца, сутара ши жIаьла ма ду и шиъ. Ткъа оцу девнехь оьрсийн жIаьлехьа гIодаккха, лата, бала бахана нохчий. Къелло бигна-кх. Амма къелла а, мацалла а шаьш леш хилча а, баха ма ца безара уьш цига. Нохчийн гIуллакх ма дац оьрсийн, туркойн, японцийн, кхечеран а девнна йукъагIерта, шайн а, кхечеран а цIий Iено. Нохчийн къам декъаза, жима къам ма ду. Тоьур ма ду цуьнан хIаллакьхилар. Цо лайна халонаш, баланаш, бохамаш. Иза ша лардала ма деза керлачу баланех, бохамех. Иза ша ца ларлахь, цунна тIе бохам беача, цунна орцахдала, цунна гIo дан, цунах къахета, дог лаза дуьненахь цхьа а къам ма дац. Хилла а дац, хир а дац.
Ойланаш йора Дешис а. ДIадаханчу ткъе ворхI шарахь а, тахана а шен синтем байъина ойланаш. Уьш Овхьаде йалхийра цо.
– Делхьа хаац суна-м, Овхьад. Наха дийцарехь, шен маршонехьа, нийсонехьа къуьйсу бохуш, масех бIе шарахь тIом бина вайн къомо. Сан дас а, ден дас а, цуьнан дайша а. ТIаьххьара а Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьлча, ша къанвелла кIелвисча, герз кара ца оьцуш Iийра сан да. Со-м зуда йу, соьгахь-м хьекъал а дац, хIетте а даим а дIа леташ, тIом беш, хIаллакьхуьлуш хила деза вай? Мичахь йу цаьргахьа къуьйсуш, нохчийн къоман масех тIаьхье хIаллакьхилла и маршо а, нийсо а? Йац иза. Хьалха дIа бIаьрг тоьхча, гуш а йац. ХIун хилла оцу маршонехьа, нийсонехьа къийсинчу вайн йуьртахойх? Вайна бевзинарш а тIаьхье йоцуш байна. Аьрзу Хонкарахь вийна, цуьнан кIант японан тIаме вахана, цигара дийна цIа воьрзур вуй а, хаац. Iела Сибрехь вайна, цхьа кIант вийна. МIаьчиг а, цуьнан кIант а тIамехь вийна, тIаьхье йоцуш вайна. Болатан да Хонкарахь велла, Болат Сибрехь вайна, СоIип а цунна тIаьххье дIавахийта новкъаваьккхина. Бийца дукха бу уьш. Жимачу вайн йуьртахь а оццул хилча, йакхкхийчу йарташкахь, йерриг а Нохчийчохь мел дукха хир бу уьш. Ткъа и божарий тIамехь байъича, йа Сибрех бахийтича, дола дан верасаш боцуш бисина жоьра зударий, бобераш, къенанаш, заьIапхой? ТIамо цIенош дагийна, бахамаш хIаллак а бина, чуберза хIусамаш йоцуш бисина эзарнаш, бIе эзарнаш доьзалш? Тхуна, наношна, тIом ца оьшу. Оха тIамехь дайъийта деш ма дац бераш. Даха деш ду. Къам дебо, къам кхио. Къанделла кIелдисча, тхаьшна гIортор, гIовла хилийта. Дай, вежарий, майранаш, кIентий тIамехь байъича, оха, наноша, зударша хIун до хIокху дуьненахь даьхна? Тхоьга ларлур йуй къоман маршо, бусалба дин? Болатал а, Соипал а тIаьхьа суна маршо а, нийсо а ма ца оьшу. Дуьне а ма ца оьшу. ХIетте а кхета, хьекъале бахка дагахь а бац нохчий. ХIapa тIаьххьара цхьа ткъе итт шо лаьттинера тIом боцуш, наной ца белхош, машаре. Цул хьалха шаьш лайна халонаш а, баланаш а, шайна хилла бохамаш а, дерриг а дицдина, йуха а изза къематде хIотто, тIом боло гIерташ карзахбевлла нохчий. ХIокху аьхка Нохчмахкара цхьацца йарташ Iедална дуьхьалъевллера. Шаьш паччахьан Iедал дIадоккху бохуш. Цига далийнчу эскарша тIе йаккхий тоьпаш йитти царна. Нах лийци. Кхета, хьекъале а, иймане а бахка дагахь а бац нохчий. Массанхьа а къоланаш, талораш. Вайн жимачу йуьртахь а барт бац. Масех тобане а бекъабелла, вовшийн мостагIий а хилла, жоьжахатахь санна, хан токхуш бу. Эхь-ийман а, йахь-оьздангалла а, къинхетам а бохурш дIадевлла. Хаац, нагахь санна кхин иймане, хьекъале ца дагIахь, дуьне а, эхарт а декъаза хир ду-кх вайн къоман…
***
Нохчийн округан начальникан полковникан Белликан омрийн журнала тIера
1857 шo. 29 август. № 18.
Аш йарташка балийна молланаш го суна. Царах цхьаболчарна йоза-дешар ца хаьа, шайн декхарш а ца хаьа, тIехула тIе данне а хьекъал а дац церан. ХIетте а йуьртдайн гIуллакхашна йукъа а гIерта уьш.
1857 шо. 13 сентябрь. № 21.
Зуламхо, къу Iедале дIавийцар а, суьдехь цунна тоьшалла дар а эхь лору нохчаша, ткъа къола, талор, кхидолу зуламаш дар эхь ца лору. Цундела нохчашна йукъахь ун хилла даьржина къоланаш, талораш, кхидолу акха гIиллакхаш а, гIуллакхаш а. Мелла а низамечу цхьана пачхьалкхехь и тайпа акха гIиллакхаш лелаш цахилар дIахоуьйту ас халкъе. Оцу пачхьалкхашкахь, кхетамечу къаьмнашлахь муьлхха а зуламхо Iораваьккхина, Iедале дIавийцина, суьдехь цунна тоьшалла дина стаг халкъо лоруш а, сий деш а ву. И шайн акха гIиллакхаш а дитина, дуьненарчу массо а пачхьалкхаша, массо а къаьмнаша тIелаьцна кхочушдо законаш а, гIиллакхаш а аш лерахьара, кхочушдахьара, шуна йукъахь къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а хир дацара.
1858 шо. 25 февраль. № 13.
Халкъе дIахаийта зуламийн зама дIайалар, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дечарна таIзар а деш, хьанала къахьоьгуш, Далла хастам а беш даха дезар.
Нохчий! Шуьгахь хьекъал а ду, шун могашалла а йу, шун дика латта а ду, аш болх бахьара, хьанала къахьегахьара, шу хьоле, шун дахар ирсе хир дара.
Наибаш, йуьртдай, къаной! Сан дехар ду шуьга. Шу халкъо лоруш нах ду. Паччахьан лаам халкъе дIакхачо а, халкъ цунах кхето а декхар ду шун. Къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а дитина, вовшашца девнаш а дитина, нохчийн халкъ хьанала къа а хьоьгуш, бертахь, машаре даха лаьа паччахьана.
…Оьрсашца машар цахиларе кхойкхучу молланийн хьехамаша доккха зулам до нохчийн халкъана.
1859 шо. 14 январь. № 6.
ГIуларой! Шуна йукъахь ши стаг ву шуьга Iедална, хьаькамашна муьтIахь цахиларе кхойкхуш; чIогIа а, дукха а маьхьарий хьекхарна, аш хьекъале а, Iелам а лоруш. Аш цаьрга лерина ладоьгIча, и шиъ мел воккха ши Iовдал а, зуламхо а ву, хуур дара шуна.
1860 шо. 7 январь. № 1.
Къушна гIожмаш тухуш, ас таIзар дайтарна нохчий реза бац бохуш, хезна суна. Цхьа а таIзар а ца деш, маьрша буьтийла ма дац уьш. Цундела наибашка омра до ас: йарташкахь халкъ гулдай, хатта, къушна гIожмаш а тухуш, таIзар дан лаьа шуна йа уьш Сибрех бахийта лаьа шуна? Халкъана луург суна тIекхачаде.
IV корта. БУЬЙСАНАН ХЬАША
Буьйса. Некъо валий со кху эвла.
Диллинчу корах схьайогу серло.
Кхуьнга сатуьйсуш геннара веана
Со лаьтта, ладоьгIна гIовгIане…
М. Мамакаев
1
Эзар исс бIе пхоьалгIачу шеран чиллин шийлачу буса Гати-Юьрта вуьйлира цхьа некъахо.
Бутт гIушлакха баьллера. Куьйга дIасакхийсича санна, стигалахь даьржинчу седарчаша серладаьккхинера лайн кIайчу шаршуно хьулдина Iалам.
Хан йоцчу хенахь баьссачу урамехула воьдучу некъахочо безза ког боккхура. Хеталора, цуьнан когарчу йомеш летийнчу, тишачу, йаккхийчу валенкаша иза, йуха а озийна, аркъал охьатухур ву. ГIорийнчу валенкаша а, цо лаьтта луьйзучу шогачу гIожо а, ког мосазза боккху цIийзачу лайн гIовгIано а, наггахь тухучу йекъачу йовхарша а меттахъхьедора шиний агIор керташкара жIаьлеш. Амма уьш, шаьш Iохкуш йохйина меттиг а йитина, ураме довла мало йеш, дегаза жимма багош а тухий, дIатуьйра.
Букар хьаьвзина воьду некъахо, ураман некъаш къаьстачохь йа морзахдовлучохь соций, шен дегI а нисдой, гонаха бIаьрг бетташ, цхьана ханна хIуттий лаьттара, тIаккха, доккха са а доккхий, шен ги тесначу стоммачу гатанан тIоьрмиган доьхкарш белшашкахь нисдой, меллаша дIаволалора. Йуьрта йуккъе мел гIоьрти, лагIлора цуьнан болар, сецар а дукха хуьлура.
Эвла йуккъерчу рузбанан маьждигна тIенисвелча, буйна къевлинчу хьозанан санна, чехка тохаделира цуьнан дог. Говзачу куьйгаша цистина тIулг нийса хьажош доьттина хIара маьждиг а, лаккха хьалайахана момсар а бодашкахь лехнера цо, ша йуьртана герга гIоьртича. Амма бIаьрса гIелделлачу цунна генара ца гира уьш, ша царна тIеIоттаваллалц.
Маьждиган майданара дIасадоьлхучу некъашка бIаьрг а тоьхна, тIаккха дуккха а тилавелла леллачул тIаьхьа некъ карийнчу стагах тера, цIеххьана ша лаьттачуьра меттахваьлла, царах цхьана новкъа дIаволавелира иза.
Шина aгIop тIекхозаделлачу бIарийн дерзинчу дитташна кIелхула болчу урамехула хьалавоьду некъахо, цхьа-ши бIе гIулч дIавахча, гу тIехь хIоттийнчу шина чуртана тIекхаьчча, жимма сецира. Кошан барз боцу уллохь долу и ши чурт Сибрехь йа Хонкарахь докъаза байначеран безамна доьгIна хила тарлора. Царах цхьаннах букъ а товжийна, вехха лаьттира некъахо. Кхузара дIа цунна, керайуккъехь Iуьллуш санна, шера гора йерриг а йурт. Генна, лаха чуьра схьа, къорра хезара чехкачу Яьссин гIовгIа. Дехьо йуккъехь цхьа нIаьна кхайкхира. Дукха хан йалале шозлагIа декачу котаман гIовгIано дуьзира xIaваъ.
«ХIокху йуьртахь, и гIийла серлонаш къегачу цхьана цIенош чохь, бийшина Iохкуш хир бу сан кIентий. Айза а… КIентийн бераш а…» – ойла йира цо.
Некъахочун дог тохаделира, кхоьлина йуьхь гIийлла йекхайелира, кIадделлачу дегIе цIеххьана ницкъ беара.
Чехкка волавелла, Iинца хьала а вахана, лакха маьIIехь, бIарийн къеначу дитташна кIел, сецира иза. Гонаха керт йоцуш, дIатесна беш гича, тIепаза дайра масех минот хьалха цуьнан даг чу иккхина воккхавер. Леррина гонаха дIаса а хьоьжуш, бодашкахь цхьа хIума лоьхура цо. Цуьнан сецар а, лелар а дегIах цIе хьаьрчина хьийзачу адамах тарлора.
Дуккха а иддачул тIаьхьа бешан малхбузе маьIIехь лаьттах дикка хьалаайбелла къаьстачу борза тIехь сецира иза. И барз мацах цкъа кхузахь хиллачу цIенойх йисина херцораш йара.
Оцу борза тIе а хIоьттина, гонаха гIийлла бIаьрг беттара цо. Амма цунна ца карадора ша лоьхург, шен доьхначу дагна там беш цхьа а билгало. Цхьаьннан чIир кхобуш санна, гIайгIане цуьнга хьуьйсура наха генаш хедийна, заьIап дина бIарийн къена дитташ. ЦIенойн херцорех хIоьттина барз а, гонаха кертан хIоз боцу xIapa беш а дIатийсинчу ширчу кешнех тера хетара. Муьлххачу стеган даг тIе сингаттам тосур болуш дара хIинца цунна гуш долу сурт.
Дийнан серлонехь некъахочуьнга хьажначунна гyp дара цуьнан аьтту бIаьрган цIоцкъамна тIехула ирачу герзо йинчу чевнах бисина беха цIен муо, кIез-кIезиг кIайлуш, кийра хьаьвзинчу, цунна шений бен ца хуучу балано кхохкийна бIаьргаш, йего чIениг.
Некъахочо, стигала хьала а хьаьжна, сийна пхенаш тIедевлла озий куьйгаш хьалалецира.
– ХIай тхан ницкъ болу, къинхетаме, сийлахь Дела! Хьуна хаьа-кх ненан кийрара дуьнен чу ваьлчахьана ас лайна халонаш, баланаш. Къанвелла, дегIера ницкъ а эшна, со кIелвисинчу хенахь, ас хIинццалц лайна халонаш, баланаш бицбеш, керлачаьрца со зен воллу-те Хьо? Мичахь бу-те ткъе берхIитта шо хьалха ас кхузахь битина сан доьзал? Йиша-вешех а, доьзалх а ваьлла, цIа-цIе а доцуш, къанвеллачу хенахь, гIаж санна, цхьалха висина со гуш ву-кх Хьуна. Со хьанна хьашт хир ву-те, со хьан тIелоцур ву-те? Йалхитта шарахь тIеман цIергахула со чекхвуьйлучу хенахь Ахь Iожалла йинехьара сан… Хонкаран махкахь вешина уллохь Ахь Iожалла йинехьара сан… Йа генарчу, шийлачу Сибрехь, сан накъостийн санна, сан Iожалла хилийтинехьара Ахь… Нагахь санна керла, тIе а къаьхьа баланаш Iийша Ахь со ларвинехь, тховса Iожалла лохьа суна, xIaй ницкъ болу Дела…
Мохь тоьхна цо болийна кхайкхам, тIаьхь-тIаьхьа лахлуш, шабаре белира. Кхохкийнчу бIаьргаш чуьра йуьхьанца къорра ледда хиш, дуьхьало хаьдча санна, хeцаделира. Хеталора, цуьнан xIopa дош, къамкъаргехь кхехкаш, дуьхьалонаш кегъеш, арадолу. Воккха стага кхойкхура. Мохь бетташ а, шабаршца а, дукхахдерг бIаьргашца дехарш деш а. Амма цуьнан кхайкхамна жоп ца хезара. Воккха стаг дIатийра, амма ца тийнера цуьнан кийрахь хьере деттало дог. Иза десташ, эккха доллуш санна хетаделла, некхах катуьйхира цо.
Цунна шен кийрара кхагаран хьожа йогIура. Иза воьлхура. Воьлхура, шена гонаха дерг а, ша дуьненахь хилар а дицделла. Иза хIинца ойланца генна бералле дIаваханера.
БIаьрхиша дуьхьал бода хIоттийнчу цуьнан бIаьргашна хьалхахула, хино текхо чалх санна, цхьацца-шишша дуьйлуш, чекхдуьйлура цуьнан дахаран ирча, къаьхьа денош…
2
…Кхузткъе кхойтта шо хьалха кхузахь, хIинца иза тIехиъна Iен пенийн херцорийн барз болчохь, тIе латта тесна тхов а болуш, лохачу, кегийчу цIенойн мискачу хIусамашкахь бехара цуьнан ден Абубакаран жима доьзал.
Амма хIетахь дуьнена валазчу Iелина ца доьгIнера шен да а, иза чохь ваьхна цIенош а ган. Iаьржа Iожалла йохьуш, нохчийн йарташ сийначу цIарах йагош, Яьссица хьалаволавеллачу инарлин Розенан йаккхийчу тоьпийн татано цхьана дийнахь дохийра гатийуьртахойн машаре дахар. Iелина ца хезира оцу йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша йурт отуш, цIеран меттанаша цIенош хьерчош а, ца хезира цIеххьана оцу къематдийно хьере динчу дохнан акха Iехар а, жIаьлийн yгIap а, ца гира урамашкахула Iохкучу декъашна кIелхула йуьйлаелла цIийн Iовраш а. Цунна ца хаьара хIумма а. Иза оцу дийнахь шен ненан кийрахь вара, ткъа цуьнан нана йуьртарчу кхечу зударшца, берашца цхьаьна, оцу къематдийнах йедда, цу орцахь, йуькъачу хьаннийн хотийн кIоргехь лечкъина Iapa. Ненан кийрахь Iуьллучу цунна ца хаьара шен да а, дейтта шо долу ваша Лоьма а йогучу йуьртахь мостагIех леташ вуйла а, ткъа и шен нана, пхи шо кхаьчна Аьрзуй, цул йоккха ши йоIIий мара а къуьйлуш, важа зударий санна, йуьрта са а диллина Iаш йуйла.
Цул тIаьхьа масех шо даьлча бен ца хиира, оцу буса байъинчеран декъий дохьуш, орца йухабевллачу йуьртахоша майрачун дакъа а, чов хилла Лоьма а шена хьалха охьавиллича, шийла мохь баьлла охьайоьжначу нанас ша хеназа дуьнен чу ваккхар. Берзан кIеза санна, шен дуьнен чу валар акхачу хьуьна чохь, Iаьржачу буса хилар. И дерриг а тIаьхьа хиира цунна. Декъаза хилла цуьнан дуьнен чу волу буьйса. Йистйоцуш йеха, Iаьржа буьйса хилла дIайахана цул тIаьхьа цо дуьненахь йаьккхина хан а.
Iела тIехиъна Iачу борзан шиний aгIop кхин а ши барз бу. Царах цхьаъ атта къаьсташ, лаьттах дикка айабелла, ткъа важа лаьттаца дIашарбала гергабахана, халла къаьста. Цигахь динера церан доьзало хIетахь шайн дагийнчеран метта керла цIенош. Цул тIаьхьа дейтта шо даьлча, и цIенош лардеш вийра IелагIарна ден метта висина Лоьма. Оцу дийнахь оьрсийн эскаро цIеххьана динчу тIелатаро эрчонийн теш ша а хилира Iела.
И де Iелина гуттаренна а даг чохь дисира. Оцу дийнахь байъинчеран декъий наха дIадухкуш, иза ша а вара кешнашкахь. Декъий бармахь цига кхехьа божарий ца тоьура. Уьш ворданашкахь кхоьхьура. Дийна бисинчара лаьтте дIалора шайн байъина дай, наной, йижарий, вежарий, кIентий, йоIарий. ХIетталц беса лаьттинчу сийначу бай тIехь оцу цхьана дийнахь бIе сов кошан барз хIоьттира…
Иза тIаххьара де дацара буьрсачу тIеман. Дуьненарчу йаккхийчу пачхьалкхех йоккханиг, нуьцкъалчу пачхьалкхашна йукъахь а нуьцкъала, къизачарна йукъахь а къиза пачхьалкх шен берриг а ницкъашца жимачу нохчийн халкъан жимачу махка гIертара.
Жимачу халкъо шен маршонехьа къуьйсура. Вийначу ден метта кIант, вешин метта ваша дIахIуттура. Лоьмин метта дIахIоьттира Аьрзу а, Iела а. Оцу дийнахь дуьйна йукъахдихкинчуьра герзаш дIа ца достуш, говран нуьйрара ца вуссуш, бовха кхача а биъна, тхов кIел кIедачу метта охьавижа аьтто ца хуьлуш, дIайахара Iелин къона хан. Уьш дера летара шайн а, шайн дуьхьалончийн а цIий Iеночу оцу акхачу тIамехь. Гора-йаI, ма ца лаьара царна адамана тур-шаьлта тухийла, цхьаьннан а нана, йиша йоьлхийла! Пайда барий ткъа, царна цалаарх? Шайн догIмаш, синош, шайн доьзалш, йарташ, даймокх къизачу мостагIех лардан дезара церан.
IелагIар а ма дара адамаш. Машаре, маьрша даха лууш. Дена-нанна бераш а, берашна да-нана а дезара, кIенташна мехкарий а, мехкаршна кIентий а безара, машаре, маьрша, ирсе дахар а дезара, цуьнга са а туьйсура. Гобаьккхина тIом, оцу тIеман эрчонаш йелахь а, Iелина а йезаеллера шайн йуьртара Айза. Цаьршимма сатуьйсура тIом чекхбаларе, цхьаьнакхета, безамах марзо а оьцуш, маьрша, машаре, ирсе даха. Сатуьйсура, ши сту а боьжна, дечган нахарца шайн ирзо аха, цхьа йетт а нисбина, къен оти а денйина, шайн доьзал болоре. Амма церан сатийсар кхочушхила гена дара, тIеман чаккхе гуш йацара.
…Шемал тIелоцуш, нохчашна моьттура тIом сихха чекхбер бу, оьрсийн эскарех Нохчийчоь цIанйинчул тIаьхьа шаьш Шемал ДегIастана цIехьа эккхор ву, тIаккха шаьш, хьалха санна, машаре, маьрша дехар ду. Амма тIом ткъа шарахь бахбелира. Халкъ къиза хьийзадора: цхьана агIор – Шемалан наибаша, вукху агIор – паччахьан инарлаша. Оцу шиний агIорхьарчарна дуьхьало йеш, шайн маршо ларйан гIиртира нохчий тIеман тIаьхьарчу итт шарахь. Амма кхидIа дуьхьало йан ницкъ бацара церан. Паччахьан эскарша нохчийн тIаьххьара йурт, Ведана, дIалоцуш, ткъе ворхI шо дара Iелин. ХIетале а, оцу дийнахь а нохчийн дуккха а наибаша дIатесира Шемал. Бакъду, Шемал ша а ведира, Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а дIа а тесна, шен са дадийна ДегIастана. Веккъа цхьана бенойн БойсагIара дIа ца тесира имам. БойсагIарца цхьаьна суьйлийн лаьмнашка бахара цхьакIеззиг нохчий. Цаьрца вара Аьрзу а, Iела а, Маккхал а.
Шемал Барятинскийна йийсаре воьдучу дийнахь, БойсагIаьрца цхьаьна оьрсийн эскарийн кхолха гонна йукъара довлуш, мостагIчун туьро йинчу чевнан муо бара Iелин хьаьжа тIехь бисинарг.
Чим беш, йагийна йарташ йуьтуш, хийла доьзал байлахь буьтуш, хийла да-нана доьзалх къастош, дийна бисинчарна цкъа а дицлур доцу ирча сурт хIоттийна чекхбелира и иттаннаш шерашкахь бахбелла къиза тIом. Цо лаьхкина лелийна, гIелбелла нах йохийна шайн йарташ меттахIитто буьйлира. Масех шарахь вовшех хьегначул тIаьхьа цхьаьнакхета аьтто хилира Iелин а, Айзин а. Къоначу шиммо, кIад ца луш, къахьоьгура шаьшшиннан бахам кхолла гIерташ. Мацах шайн ден цIенош хиллачохь цхьа миска лаппагIаш хIиттийра. ЦIа чохь цхьана маьIIехь пенаца терхешна тIехIоттийна дечиган а, кхийра а масех пхьегIа а, цIенкъа тесна ши кхакха а, тиша истанг а, сийначу боьзан тIетухургаш йолуш, тIергIан кенашца дуьзна ши йургIа а, цхьа гIайба а. НеIаран сонехь кохьар а, цунна уллохь чохь цхьа гирда хьаьжкIаш йолуш йоманаш летийна гали а. Иза бара цаьршиннан берриг а бахам. Амма и шиъ хьега, кхин тоьлла бахам болуш цхьа а доьзал бацара Гати-Юьртахь. И шиъ цхьаьнакхетча, ловзар-м хьехочохь а дацара, атталла кегийрхой цхьаьнакхетта синкъерам а ца хилира. Цаьршинна совгIаташ дохьуш йуьртахой а, гергарнаш а ца баьхкира. И гIиллакхаш цкъа а ца хилча санна, моллас мах а бина, тийна-таьIна дIадерзийра.
Шайгахь мел къелла йелахь а, шаьшшиннал ирсе адамаш дуьненахь а дац, моьттура цаьршинна. Халонаш, оьшург алсам мел хуьлу, чIагIлора цаьршинна йуккъера безам. Амма иза цхьа йоца, гена гIур йоцуш йукъ йара. Мецачу барзах тера, бага а гIаттийна, тIегIертачу мацаллей, къеллей дIахьажа ца лууш, шаьш шайн Iехо гIерташ, цаьршиммо токху денош а чекхдевлира.
Гора-йаI, ма атта дара бIаьргашна гуш, дуьхьал волчу мостагIчуьнца герз карахь лата а, къийса а, вала а. Амма муха къийса деза мацаллица? Муха йицйан йеза дайшкара схьа лаьттина маршо, муха лан деза лан ца Iемина хIокху Iазапан, лоллин дукъ?
Иштта вехачул-м, хIокху дуьненара велла дIавалар гIоли ма йу, бохура хIораммо а ша-шега. Иза олий, гIоттура хIора а паччахьан Iедална дуьхьал, амма церан некъ йа тангIалкхашна тIе, йа Сибрех хуьлура. Ирхъоьллира къена БойсагIар а, Сибрех вахийтира къена Iумма а, Атаби а. Iедало, шен аьттоне хьожжий, дIасалоьхкура йарташ. Дуьйцура, нохчий гIебартойн махкий, Теркал дехьа гIалагIазкхашна йукъий кхалхийна, нохчашкара мохк дIабоккхур бу, нохчий керста дине берзор бу бохуш. Нохчийчоь сийсош оьрсийн эскарш лаьттара. ТIаккха цхьа нах буьйлабелира йарташкахула, нахе, шаьш керста дине дерзадале, бусалба динна маршо йоцчу хIокху махкара дIа а довлий, бусалба динна маршо йолчу, шайн бусалба вежарий болчу Хонкара махка дIагIо, цигахь бен карор йац шуна маршо, цигахь бен хир бац шуна синтем, цигахь йу дуьненан йалсамане бохуш.
Иттаннаш шерашкахь лаьттинчу тIамо чIанабаьхна, мацаллой, къеллой бIарзбина, кхана шайна тIе хIун керла баланаш, бохамаш богIур бу ца хууш, бIарзбелла хьийза цхьаболу нах, оцу эладитанех а тешна, Хонкара кхелхира. Аьрзу, Чора, Iела а вахара уггар хьалха новкъа бовлучаьрца. ХIорш кхуьй а кхелхина ца ваханера.
Хонкаран паччахьо нохчий шен махка дIакхойкху, цига дIабаьхкина нохчий, дика бахамаш тарбина, баха ховшор бу бохуш, цхьана наха кхузахь даржийна хабарш бух болуш дуй-те, цига хьалха дIабоьлху нах туркоша тIеэцар а, дIатарбар а муха хили-те, тIаьхьа цига кхалха ойла йолу нах совцо беза-те, йа дIакхалха бита беза-те аьлла, Хонкарахь долу хьал хаа Аьрзу а, Чора а цига хьажийра Нохчмехкан тхьамданаша. Цхьаъ бен воцу ваша гена, хийрачу махка ша ца вахийта, Iела а вахара цаьршинца.
Йуьхьанца Iелина а, цхьанна а ца хаьара нохчашна йукъахь и эладитанаш лелош болу нохчий паччахьан Iедало хIирийн Мусехула ахчанах эцна нах буйла а, нохчийн цига кхалхар оьрсийн а, туркойн а паччахьашна чIогIа лууш хиллийла а, дуьнен чохь цхьаннахьа а нийсо цахилар а. БIарзбелла нах тийшира оцу нехан мотт-эладитанех.
Iелина дагадеара 1865-чу шеран бIаьста, салтийн ха улло а хIоттийна, кхелхачеран хьалхара тоба туркойн дозанашка йигар. ТIаьхьа тIекхелхарш Хонкара дIакхаьчча, Муш, Эрзерум, Эрзинган шахьаршна гонаха пхи эзар нохчийн доьзал гулбелира. Цигахь йалх бутт хан текхира цара. КIелхIитта тхов а боцуш, йерзинчу стигала кIел. Мацалло гIелбинера мухIажарш, тайп-тайпанчу цамгарша хIора дийнахь бIе, ши бIе стаг дIахьора. Мацалла бIарзбелла нах талораш дан шозза Муш шахьарна тIелетира. Шаьш Iехийнийла хиъначу нохчаша даймахка цIа берза сацам бира. Шаьш даймахка цIа берзийтар доьхуш, Кавказан сардале кехат йаздира цара. Сардало и дехар йухатоьхча, туркойн а, оьрсийн а Iедалийн бертаза даймахка цIа берза новкъа бевлира уьш. Iелина хьалха хIоьттира хIетахь туркойн-оьрсийн дозане кхаьчначу ши эзар йалх бIе нохчочун сурт. Зударий, бераш, къенанаш. Чохь синош ду аьлча, стаг хала тешар волуш, беснаш мажделла, даьIахкаш тIе а йевлла, адамаш аьлча а, адамийн чархаш. Шаьш Россин дозане кхачар а, цигахь, туркойн эскарша шайна тIе йаккхий тоьпаш йетташ, хIоьттина сурт а. Оцу дийнахь туркойн эпсаро тапча тоьхна вийра Iелин цхьаъ бен воцу ваша Аьрзу…
3
Шен ойланашца хьалха дIадахана шовзткъа шо листина, хIинца йуха а тховсалерчу буьйсанга вирзинчу Iелин бIаьргех мела хи хьаьдира, легашка шад хIоьттира. Аьрзу вийна де дара цуьнан дахарехь уггар доьхна де. Дагабаьхкира кхузахь тIаьххьара сахьт тIехIотталц шеца даймехкан маршонехьа къийсина, Хонкарахь шеца йерриг а халонаш лайна бIаьхаллин накъостий: самукъане, амма дарвелча лоьмах тарло Мовла а, гIийла-миска, амма майра, тешаме МIаьчиг а, даим буьрса, амма догдика Къосам а, мискачеран молла, хьекъале, оьзда, майра, доьналле Маккхал а. Мел дукха бара уьш, хIокху декъазчу Нохчийчоьнан майра, тешаме кIентий.
ХIун хилла-те шух? Генарчу даймахке кхойкхуш, хийрачу Хонкарахь мацалла делла-те шу, йа, хIетахь санна, дай баьхначу лаьтте, лаьмнашка, шайн халкъе сатуьйсуш лела-те шу цигахь?