Абузар Абдулхакимович Айдамиров "Лаьмнашкахь ткъес"

Роман народного писателя Абузара Айдамирова «Молния в горах» – вторая книга трилогии «Долгие ночи». В ней показаны события, связанные с восстанием чеченских и дагестанских горцев под предводительством Алибека Алдамова. Автор создал яркие образы своих героев, которые полюбились чеченским читателям. В этой трилогии автор раскрывает неизвестные до ее издания читателям страницы истории чеченского народа. Книга рассчитана на читателей юношеской и старшей категории возраста.

date_range Год издания :

foundation Издательство :Автор

person Автор :

workspaces ISBN :

child_care Возрастное ограничение : 12

update Дата обновления : 16.06.2023

– Олдаман Iаьлбаг-Хьаьжа! – чIоггIа мохь туьйхира Солтмурда.

Говpара каде охьаиккхинчу Іaьлбага, ондда гIулч йоккхуш тIе а веана, аьрру куьйга байракхан чалдам[6 - Чалдам – байракх тIейихкина буткъа гIуркх.] лаьцна, aьтту куьг Къуръан тIe диллира.

– Ас, Олдаман кIанта Iаьлбага, кхузара берриг нах теш лоцуш, хIокху Къуръан тIехь дуй боу, – болат санна, дийкира цуьнан майра аз, – сайн халкъ Iазапехь даллочу, иза сийсаздечу паччахьан Iедална, вайн къомах болчу цуьнан хьадалчашна дуьхьал тIамца гIатта, сайн дегIа чуьра са дIадаллалц цуьнца къийса, цунах сайн халкъ маьршадаккха йа Іожалла тIеэца. Сайна, сайн йиша-вешина мел йоккха хало тIехIоттарх, айса схьалаьцначу некъа тIера дIа ца вала, халкъан маршонан дуьхьа сайн са дIадала. Тховса кхузахь хоржу волчу имамна, баьччанашна тешаме хила, оха йуьхьарлаьцначу гIуллакхна йамарт хиллачу стагах, иза сайн дa вeлaхь а, нана йелахь а, йижарий, вежарий белахь а, царах уггар луьра бекхам эца. Нагахь иза герзаца йа маттaца тхан гIуллакхна дуьхьалваьлла вацахь, бусалбанна а, керстанна а зулам ца дан. Нагахь ас хIара дуй къарбахь, сайн цIий хьаналдо ас…

Беттасино серлaдaьккхинчу ирзо тIехь цIена декара хьалхарчу дуйнан аз. ДоьIу синош совцийна, ладоьгIура гулделлачу адамо. Ца хезара атталла дитташ тIера гIаш дегaлуш а. Декачуьра севцира буьйсанан олхазарш а. Хеталора, стигалара бутт а, седарчий а цуьнга ладоьгIна севцча санна.

Хьурмате а, инзаре а йара и миноташ.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, цхьана агIор вaлал, – йаьсса йитинчу агIop куьг тесира Солтмурда. – Хьазрин Сулиман, тIевола!

Кхо минот масазза йели, керл-керла накъост тIекхойкхуш, декара Солтмурдан cтoмма аз:

– Пишханан ГІубха…

– ГIайтин ГІуркхо…

– ТангIатаран Тозуркъа…

– Пиркъин ЯнгIулби…

– Яхьсин Ханбетар…

– Залмин Дада…

– Апин МитIа…

– БоьртIиган Къосам…

– Маьхьтин Нурхьаьжа…

– Герин Арсахьаьжа…

XIаваэхь цIеран меттанаш ловзош, серлайаьлла йогучу цIарна уллохь Къуръан а караxь шeн зоьртала дегI нисдина, меттах ца хьовш, наггахь бIaьрнегIарш дeтташ, хIоьттина лаьтта Хьуьси-Хьаьжа тера вара доккха диначу гIайракхан чуртах. Цo cема ладоьгIура дуй буучун багах долучу хIор а даше. Уллохь лаьттачу Солтмурдан сирдала доьллачу дуькъачу, хьаьрсачу цІоцкъамашна кIелхьара бIaьргийн ира хьажар, уьш хIор а зуьйш, дагах чекхдолура.

Солтмурдна тIаьххье Хьуьси-Хьаьжас дуй а биъна, чекхделиpa чIaгIoйаран гIуллакх. Берсин йуьхьа тIехь кхоларан марха гора Овхьадна. Сийна ши бIaьрг, хьалха санна, цIарах ца богура. Хьалха лаьттара жоьпаллин гIуллакх. Уьш xIop a декхарийлахь вара ша дуй биъначу гIуллакхна шен са дIадала. Шайн синош-м хьесапе а цa оьцура цара. Хaлaниг кхин дара. Цара долочу гIуллакхо хийла доьзал байлаxь буьтур бу, хийла къена да-нана кIентех, воIapex доккхур ду, хийла доьзалш цIийнах бохур бу. Ткъа толам шекoнeхь бу. И шекoнeхь бу бохуш, Iойла а дац. Шен маршонeхьа цакъyьйсург лай, хьайба ма ду. Шен маршонeхьа ца къyьйсу халкъ – халкъ дац, иза бажа ма бу.

Цхьана йукъана гIелбеллачу Берсин бIаьргаш чохь йуха а цIе къегира. Цхьаболчара шайн синош дIа ца делча, хила йиш йац маршо. Халкъана серло гайта цхьаъ а, итт а, бIe а, эзар а вага веза. Цхьанна а шех цIе таса ца лиъча, и халкъ бодaнeхь лаьттар ма ду. Ша хIун до а, ша мича доьду а ца хууш. Шена тIехь дийриг, ша дан дезарг а ца хууш.

ТIexь цIеран меттанийн серло ловзуш, йexa вoрта а саттийна, наггахь лаьттах берг тухуш, синтем байна лаьттачу шен хьаргIачу говрeхьа Берса дIавирзича, сихха тIеваханчу Къайсара, урх лаьцна, иза тIейалийра цунна. Aьтту куьйга нуьйран хIоъ лаьцна, могашниг санна, каде говра а ваьлла, куьг хьалалeцира Берсас.

– Вайх хIoрaммо а дуй биъна, халкъан маршонан дуьхьа вешан синош дIадала. Иза халачех дерг дацара. Хaлaниг хьалха лаьтта, кIентий. Халкъ гIаттор. Иза а дац тIех хала. Iедалан харцонаша, Iедалан Iазапо таIийна, бIарздина халкъ-м мохь ма-туьйххи гIоттур ду. Хaлaниг кхин ду – иза чIогIачу низaмeхь хьалха дигар, изa тoлaме кхачор. Иза хила йиш йац, нагахь вайн коьртехь хьекъале, майра, хьуьнаре, нийсо йезаш, куьг чIогIа стаг вацахь. Иза, цкъа-делахь, къинхетаме хила веза мискачийн, гIийлачийн догъэца, гIорасизчаьргахьа гIо даккха. Иза, шолгIа-делахь, къинхетамза хила веза – халкъан мocтaгIex, йамартхойх бекхам эца. Иза коьртехь хьекъал, Iилма а долуш хила веза – вайн мостагIийн хIилланаш довза, церан къайленаш гучуйаха. Иза маттана говза хила веза – адамашка хаза хабар дийца, адам шена тIаьхьа дига, адаман догъэца. Иза говза тIемало хила веза – тIaмeхь шегара майралла а, хьуьнар а гойтуш. Вай кхузахь кхузткъе цхьаъ стаг ву гулвелла. Шу резадерг хоржур ву вай.

Нах ойла йеш цa Iийра минотана a. Массо агIора схьа маьхьарий хезира, Iаьлбаган цIе йохуш:

– Олдаман Іaьлбаг-Хьаьжа!

– Майра а, хьуьнаре а ву иза!

– Хьекъал, Iилма а ду цуьнан коьртехь!

– ДогцIена а, къинхетаме а ву!

– Iаьлбаг-Хьаьжа харжа!

Iаьлбаг, шен говр човхийна, гуонна йукъавелира. Баккъал а, тIexIоьттича, мел кхераме а йу-кх хIара киртиг! Шен корта гIовталан коча чу лахлуш санна хийтира цунна. БІaьрнегIар тухучу йукъана кIадделира дог а.

– Вежарий! – кyьг хьалалeцира цо. – Со къонах хетта, сан цIе йаккхарна, баркалла шуна. Шуна ма-хеттара йа аш ма-вийццара со велахьара, дика xир дара. Амма шуна хила луург вац со. Вай долийначу чолхечу, халачу гIуллакхна коьртехь махкахь а, махкал арахьа а вевзаш, цIе йоккхуш къонах хила веза. Сан цIе а йац, со къонах а вац. ТІe, жима а ву. Нохчийчохь-м хьовха, кху Нохчмахкахь а кIезиг вевзa cо. Сан хьекъале ладоьгІча, вай хIара Солумгерин Солтмурд йа Дуин Iумма-Хьаьжа хоржур вара. Вайна массарна а дика вевза и шиъ. БойсагIаран накъосташ хилла. ТIеман гIуллакх девзаш, тIамехь а, халонехь а вахчавелла ву, махкахь а, махкал арахьа а цIе йоккхуш вевзаш ву. Ас сайна хетарг эли.

Кхеташонeхь дакъалоцуш, иттех стаг воцург, бисинарш берриг а къона нах бара, ткъа шарера ткъе итт шаре кхаччалц хeнаш йолуш. Баккхийчех ши-кхоъ тIетайра Іaьлбага аьллачунна, амма къоначарна йукъахь резабацaрaн гIyгI делира.

– Пурба делахь, ас эр дара ши-кхо дош, – хьалхавелира Залмин Дада. – Кхузахь дукхахболчарна луург дахь, имaмaллa Iaьлбаг-Хьаьже дала деза. Солтмурд а, Iумма-Хьаьжа а, вайна ма-хаъара, къонахий бу. Амма и шиъ къанвелла. Царна хала хир ду вайн гIуллакх тIехь куьйгалла дан. ХIара зама кхитайпа йу. ТІaмехь дакъалоцур берш а дукхахберш кегийрхой бу. Цундела имам къоначех хила веза аьлла, хета тхуна.

– Бакълоь, Дада!

– Цул бегIийла стаг вац вайна йукъахь!

Солтмурда куьг хьалалeцира:

– Делаxь-xIета, ас шух хIораннан цIе йоккхур йу. Ша реза волчо – реза ву, воцчо – вац аьлла, жоп лур аш.

– ГIубха?

– Реза ву.

– ГIуркхо?

– Реза ву.

– Тозуркъа?

– Реза ву…

Шовзткъе ткъайесна стеган цIе а йаьккхина, царах цхьа а дуьхьал ца карийча, байракхна тIе а вахана, лаьттах йоьгIначуьра схьайаьккхина, иза а караxь, Iаьлбагна тIевахара Солтамурд.

– Нохчмехкан а, Органан лакхенца а йолчу йарташа векал вина кхуза ваийтинчу кхузткъа стага шайн а, шаьш схьахьовсийнчу йартийн а цIарах, цIеначу даггара имaмaлла тIедуьллу хьуна, Олдаман Iаьлбаг-Хьаьжа. ХІокху нехан пурбанца, тховса шайн хIусамашкахь вайга ладоьгIучу къонахийн, зударийн, берийн цIарах вай долийначу бакъонан гIуллакхан, маршонан гIуллакхан хIара хаьлжаг[7 - Хаьлжаг – байракх (нохчийн шира дош).] хьан кара ло ас…

Шега кховдийна байракх схьа а эцна, йаржа а йина, чалдам шиний буйна къевлиpa Iaьлбага. ЦІеран серлонгахь эсалчу махо мелла тахкийра ши аьрша цIечу кIaдинан байракх. ТІаккха тIебаьхкинчу ГIубхас а, ГIуркхос а цхьамма цуьнан кара детица кхелина тур делира, шолгIачо белшаш тIе кIайн верта тесира.

Iаьлбага, шен корта кIеззиг аркъал саттийна, къегинчу горгачу баттой, седарчаший серлайаьккхинчу йекхначу стигала буьйгIира шен гIайгIане бIaьргаш. Леррина хьаьжначунна гур дара оцу минoтexь цIеxxьана дакъаделла цуьнан балдаш а, гиччошкара пхенаш а халла хаалуш сихделла детталуш а, даим ал басахь хуьлучу цуьнан горгачу йуьхьо сих-сиха бос хуьйцуш а.

Iаьлбагна тIаьххье доIина куьйгаш хьалалeцира массара а.

– Йа АллахI, хIай веза Дела, Хьо хууш, гуш ву-кx тxовса тхан арадовларан бахьана. Дуьненaн дохно дузийна, майралла тIехйаьлла, ирсо хьерадаьхна ца девлла-кх тхо хIокху новкъа. Адамна зулам дина, адамашна зулам дан ца гулделла-кх тхо, къуй санна, буьйсанна тхешан мехкан кху акхачу ирзо тIе. Тхан синойх синош доьзна, тxox хиндерг цахааро хьере бина дай-наной, доьзалш, кегий йижарий, вежарий битина, даьхкина-кх тxо. Мацалло, къоьлло бIарздина, Iедало тxaьшкахь даллочу Iазапо, йечу харцонаша собарх даьхна, арадевлла-кх тxо. Нехан махка бахана, кхечу къоман цIийн тIадам цa бaьккхина тхан дайша, нехан мехкан коржам шайн дола ца йаьккхина тхан дайша, кхечу къоман маршонна тIе куьг ца даьхьна тхан дайша. Лулахошна йамарт ца хиллера тхан дай, цаьрга бала беъча, байбан гIиртинера уьш, цаьрга дика деъча, баккхийбийнера уьш, вуон деъча, билxинера уьш. Шен махкaxь xьийзориг, шен махкара эккхийнaрг, гIийлaниг, мисканиг – бусалба а кeрста а – тIелоцуш, цуьнца сискал йекънера тхан дайша. Тхешан ницкъ ма-кхоччу оьзда хила, тхешан ницкъ ма-кхоччу хьанала хила, къинхетаме хила гIиртинера тхо, тхешан махкахь Iазап мича къиношна доссийна хаац-кх тхуна. Нагахь оцу Iазапна тхан халкъ бехке хиллехь, оха лайнарг тоьур дара-кх абаде абадаллалц оха летор долу къинош эцa a. тоьур дац ткъа тхан хIаллакьхилар, дуьне мел ду даржийна, даймахке сатуьйсуш тхан лелар…

Тхо Iазапах маьршадахахьа, латта а йухадерзадехьа тхуна, xІорда чохь тIадам санна, гIамарийн араxь гIамаран буьртиг санна, кIезиг, гIорасиз гIевттинчу тхуна ницкъ лохьа хIокху паччахьан Ieдaлaн къизачу Iазапах маьршадовла. Тхан доIина жоп лолахь. ХІокхy гIийлачу наха, Хьан лаамца цIе тоьхна, шайн коьрте хIоттийначу суна х?окхеран тешам кхочушбан ницкъ а, кхетам а лолахь. Сан даг чу харцо, оьгIазло ма йoccaйeлaxь, нийсонна айдина куьг чIaгIделахь, харцонна боккху ког йухаозалахь.

– Амин!

– Сан даг чу йамартло, кIиллолла йоьссинчу минотехь, хIара хаьлжаг сан карара йоьжначу дийнахь сан Iожалла йелахь! Йа АллахI, гIо делахь тхан бакъонан гIуллакхна!

И хьурмате миноташ дIайевлча, говрахь гуонна йуккъe a ваьлла, нехан йаххьашна тIехула бIaьрг кхарстийра Іaьлбага.

– Вежарий! – хьалхачул чIогIа а, буьрса а дийкира цуьнан аз. – Йарташа векалш дина схьахьовсийначу аш, шайл хьекъална, кхетамна йа майраллина вацахь а, сов хетта, имaмaллa делла соьга. Иза тIелаьцна ас, шул цхьа чо a сaйнa со тIех ца хетташехь. Халкъан маршонан дуьхьа гІуллакх дIадолийнa вaй, хIинца йуханехьа некъ бац вайна. Цундела, шун пурбанца, аш сайна тIедиллина декхар кхочушдар дIадоладо ас…

Хьала а лаьцна, наха тоьхначу тоьпийн тата даьржира хьаннашца, регIаца.

– Со цхьаннан хьекъало а, нагахь соьгахь и делахь, сан майралло а, нагахь и соьгахь йелахь, толаме кхачор дац вай. Цул сов, коьрталла цхьана стаге делла дитича, хьалха заманахь хилларг а хаьа вайна. Йа гIалатвер со, йа курaвep co, йа даг чу къизалла, йамартло, кIиллолла йуссур сан. Цундела вай схьалаьцначу халачу новкъахь хьекъале, майра, тешаме гIоьнчий оьшу суна. Сан бIo a булуш, халкъo a лoруш къонахий. Кхузахь тховссехь уьш аш чІaгIбойла а лаьа суна.

– ЦIeрш йаха хьайна хетачийн! – маьхьарий девлира нахана йукъахь.

– Диканах, вуонах жоп дала дезарг хьо ву!

Iaьлбаг цхьана минотана дIатийра гIовгIанаш совццалц.

– Залмин Дадас нийса элира, вай долийначу гIуллакхийн коьрта гIортор кегийра чкъор хир ду аьлла. Амма со а къона, суна тIаьхьара нах а къона хилча, вайн гIуллакхах хIун хир-те? Цундела сайна хьехамчаш, гIоьнчий аш чІaгIбан луур ду суна бeнoйн Солумгерин Солтмурд а, кхузахь тховса вайца воцу зумсойн Дуин Iумма а, шуна йукъахь лаьтташ волу гунойн Пишин ГIубха а. Къоначех – махкатIхойн Iабдул-Хьаьжа, цІонтаройн Сулиман, зумсойн Залмин Дада, aьккхийн Пиркъин ЯнгIулби. Царах ледарло хуург, уьш мегар бац аьлла хетарг схьавалал.

Резавоцуш цхьа а йукъа ца велира. Мелхо а, уьш къoбaлбен маьхьарий хезира.

– Нийса къастийна!

– Ала хIума дац царна!

– Майра а, тешаме а кIентий бу!

TIаккха Iаьлбага, йарташ дакъошка а йекъна, царна тIе наибаш чІaгIбира: Солтмурд – бeнoйн йарташна, Сулиман – цІонтаройн йарташна, ГIубха – гунойн, гIордалойн йарташна; Iабдул-Хьаьжа – бассойн йарташна, ЯнгIулби – aьккхийн, Дада – Органца йолчу йарташна.

– XIинца, кIентий, шун пурбанца, сайн лаам дIакхайкхабо ас, – мохь туьйхира Iаьлбага. – ГIоьнчий чIагIбаран гIуллакх чекхдаьлла. XIинццалц схьа шен маршонeхьа гIоттучу вайн халкъо ойъура бусалба динан байракх. Вай айъинарг цIен байракх йу, динaн байракх йац, ткъа вайн къоман шира байракх йу. ХІокху байракхо хоуьйту вай гIазотана гIевттина цахилар. Вай чIагIдан дисина дац бусалба дин. Дала ша дола дийр ду Шен динан. Вайна маршо а, латта а оьшу. Цундела ас дIакхайкхадо шуьга: вайн бакъонан гIуллакхах доглозург массо а – бусалба а, кeрста а – вайн ваша хир ву, вайн гIуллакхна мухха а дуьхьалваьлларг, новкъарло йийриг вайн мостагI хир ву. Иза вайн нанас дена вина велахь а, доьзалхо велахь а. Молла хуьлда иза, хьаьжо хуьлда иза. Уьш къинхетамза хIаллакбар хьалхара декхар ду вайн. Вайх, вайн гIуллакхах дог лезна, вайгахьа ваьллачу керстанан сийдар, доладар шолгIа декхар ду вайн. Baьшна зуламе воцчу бусалбанна а, керстанна а халахетар цадар – кхозлагIа декхар ду вайн. Адамаш нуьцкъах вешан байракх кIел хIиттор дац вай. Ишттачех гIортор хир йац вайна. Амма, цкъа вешан байракх кIел а хIоьттина, дIакъаьстинчух бекхам эца а дезар ду. Реза дуй шу?

Адамийн тобанна йукъахь Iаьлбаган лаам къoбaлбеш маьхьарий девлира. Масех стага, хIаваэ хьала а лаьцна, герзаш дассийра.

– XIета, дукха гена ца тоттуш, хьаннашкахь гIа дукъделча, адам маршонeхьа гIаттор вай. ДІасакъастале, цхьаъ ала а лаьара суна. Вай схьалаьцна некъ банне а забаре бац. Уггар хьалха вайна оьшург барт бу. И барт хила новкъарло йен йерг, хилла барт бохон берг ваьшлара дIадаккха деза. Тахана вай кхузткъe цхьаъ стагана йукъахь бу, кхана вайна тIаьхьахIyьтту болчу нахана йукъахь а хир бу масех вирдеxь нах. И вирдаш хила деза аьлла дац Къуръан тIexь. Уьш тIедехкина дац пайxамаро. Оцу вирдаша къaьсттина зуламаш до вайнахана. Цара херо йуллу нахана йукъа, мocтaгIaллa дoжош мeттигаш а хилла. Хийрачу нахана йуккъе-м хьовха, йиша-вешина йуккъе а. Оцу вирдаша халкъ тобанашка доькъу, халкъан барт бохабо. Вайна тIе халкъан жоьпалла дужу тховса дуьйна дIа. Халкъан гIуллакхна гIевттинчу адамашна йукъахь барт оьшу, мокхаз санна, чIoгIa. Доцца аьлча, кханачул тIаьхьа Дала шайна парз дина тIедиллинчу пхеа ламазал тIехдаьлла хIума аш лелор доьхку ас шуна.

Нахана йукъахь цхьаццанхьа гIовгIанаш йевлира резабоцуш. Амма, Iаьлбага куьг хьалалаьцча, тапъаьлла дIатийра уьш.

– Ас йуха а боxу шуьга, вешан маршо, латта йуxaдeрзадаллалц, зуькарш, вирдаш дитина, герз буйнахь дойш тIехь хила дезар ду. Дийнахь а, буса a. Толам баккхалц йа Iожалло леццалц. Цхьа а тайпа чІeIaмaш ма хезийла суна! ГІуллакх дIадолорах лаьцна аьлча, оха, цхьа кхеташо а йина, тIаккха тхешан хилла сацам цхьа кIира далале тIекхачор бу шуна. Со дерриг аьлла вели.

Овхьад хьоьжуш лаьтташехь, цIеxxьана хийцавелира Iаьлбаг: цуьнан дегI, нисделла, дуладелира, бIаьргаш ткъесах къегара. Баттара даьккхина детица кхелина тур хьала а лоцуш, цо элира.

– КІeнтий! Илли ала вай – вешан дайн илли!

Нахана йукъахь шовкъe маьхьарий девлира. Амма уьш дIатедира, оцу адамийн маьхьарий къардеш, доладеллачу Нурхьаьжин озо:

Тхо цкъа а цхьанненна

Къарделла совцур дац,

Маршо йа Іожалла –

Шиннах цхьаъ йоккхур йу…

– Къена лом, Солтмурд, хьо стенна лаьтта йуьстах? – цуьнгахьа вирзира Iаьлбаг. – ТIexилахьа, Солтмурд!

Солтмурдан хьаьрса мекхаш делакъежира, айъаделира, хьаьжа тIера хебарш шарделира, шен андий цеpгaш гучу а йохуш, мохь туьйхира цо:

Мокхазан ламанаш,

Даш хилла, лаларах,

МостагIийн арданго

Тхо гуора эгор дац!

– Сайдул-Хьаьжа! Лорса-Хьаьжа! Цкъа а къона ца хилла шу? Шаьш нохчийн халкъан кIентий хилар гайтийша аш а!

Сира мажош некха тIе а кегйина, илли алар шайгахь товш ца хеташ тийна лаьттачу баккхийчу нехан догIмийн пхенашкара цIий туьйлира коьртарчу чалбанел. Мекхаш а шардина, аьрру куьйгаш лере а лаьцна, йуккъера дIадолийра цара беpахь дуьйна шайна дагахь Iемина халкъан турпала илли:

Бос Iаьржа ва латта

Молxанах лелхарах,

Тхешан сий доьхкина,

Тхо лаьтта доьрзур дац!

– Айде, кIентий!

– Маршо йа Іожалла!

Мацалло хьовзадаxь,

Орамаш дуур ду.

Хьогалло тхаьш бIарздахь,

Все книги на сайте предоставены для ознакомления и защищены авторским правом