Хьусайн Шовхалов "Ламазан догIа"

Х1ара жайна х1ора бусалба стагна а, йо1на а оьшу жайнан ду. Х1ора х1усамехь хила дезаш жайна ду х1ара. Х1ора бусалба к1антан а, йо1ан а хаа деза Iилма ду кху жайни чохь. Дас-нанас шайн доьзална 1амо деза х1ума ду кху жайни чохь ду.Ламаз дечун хаа дезаш долу коьрта 1илма ду кху чохь. Х1ара жайна ламазан кечам барх жайна ду, кхулла т1аьхьа шоллаг1а жайна а хира ду ламаз муха дан деза хьоьхуш, ламазах хаа деза дериг х1ума шена чохь долуш, Далмукълахь

date_range Год издания :

foundation Издательство :Издательские решения

person Автор :

workspaces ISBN :9785006094789

child_care Возрастное ограничение : 16

update Дата обновления : 08.12.2023


(3) -Яах1ума яаза а, малаза а, векхаш бен воцу к1ента[36 - – Вакхош волу.] хьат1 кхетта меттиг йиттар т1ехь дац, цунна т1е хи доьттича кхачам бу, нагахь санна хьат1ан чам, хьожа, бос д1абалахь. Д1ацабалахь д1абаккха беза.

(4) -Ж1алий, хьакхий, вакхош волу к1ента хьат1 кхетта меттиг нажасах ц1аняр хьахий вай. Амма кхи йолу муьлха нажаса цхьауза йилча тоьуш ду. Амма цхьауза йилча ц1анцалахь, ц1анаяллалца йила еза. Нажас д1айоккхуш х1ара бехкамаш ларбан беза:

– Юьлуш йолучу х1уман т1ера нажаси дег1, чам, бос, хьож д1аялийта еза.

– Йилча чам бисахь, боссий хьожий д1ааяьлла, и меттиг ц1аньелла яц.

– Йилча боссий, чаммий д1ааабаьлла хьожа д1айолуш яцахь, иза ц1ена лору.

– Йилча чаммий, хьожий д1ааяьлла бос д1аболуш бацахь, иза ц1ена лору.

– Йилча чам д1аабаьлла, хьожий-боссий цхьаний биснехь, иза ц1анъелла ца лору.

– Нажасац бехъелла х1ума юьттуш иза 1овдар т1ехь дац[37 - – Не объязательно.], амма 1оьвдича дика ду.

– Нажас д1айоккхуш саба я цу кепара кхи х1ума лело мегаш ю, цулт1ех ц1еначу хих яьккхичхан.

– Ж1алий, хьакхий, вакхош волу к1ент1а хьат1 доцуриг, кхи йолу нажас д1айоккхуш меттиг цхьауза хица йилича кхачам бу элар ас лакхахь. Делахь а, цхьауза йилча иза ц1анлахь а, шоллаг1а а, кхозлаг1а а йилар дика ду.

– Нажас юьлуш ният дар т1ехь дац.

– Нажас д1аяккха сихо яр дика ду.

ДАЛА ГЕЧ ДИНА НАЖАСАШ

Нажас д1аяккхар, цунах лар валар т1ехь ду массо хьолехь. Делахь а, шарий1ато геч дина д1аяккха хала йолчу я шех лар вала хала долчу цхьайолчу нажасах, адаман атталла яра хьам, царна т1ера хало д1аойуш. Шарий1ато геч дина нажасаш кхетта меттиг йила ца еза, я и нажас д1аяккха г1ерта ца веза, х1унда аьлча, Дала геч дина цунна. Шарий1ато геч дина нажасаш х1орш ю:

1-Б1аьрган[38 - – Б1аьрса са дика долчун б1аьрган гуш йоцург. Амма б1аьрса са вон долчун ца гарха тергам беш бац.] гуш доцу хьатт1ан ц1инш. Уьш бедарна, дег1ан, меттиган т1е кхетнехь а. Амма б1аьрган гуш долуш хьатт1ан ц1инш кхетта меттиг йила еза. Иштта б1арго ца лоцу кхи йолу нажасаш а.

2-К1езиг ц1ий, нот1 дег1ац я бедарц хилча геч дина ду, нагахь санна стага ша шена т1е тоьхна дацахь иза.

3-Дийнат ялтан т1оьхула лелаш ялтан т1е кхеташ долу дийнати хьатан, кхон геч дина.

Дийнат узуш схьаяьллу шура чу дужу кхон а хьат1ан а геч дина нагахь санна шура чу доьжна кхо а хьат1 а дукха дацахь, шура хийцал[39 - – Шури бос я чам я хьож хийцнехь, шура боьха ю.]. Амма иза дукха хилла цо шура хийцнехь, т1аккха и шура нажас ю. Ца хийцнехь нажас яц.

Дийнати шин т1ехь йолу нажас шура чу йожарна а геч дина.

4-Ч1ери боьхал хи чохь йолу геч дина, нагахь санна цунах хи хийцаделла дацахь. Олахзарийн[40 - – Птицы.] боьхалан геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера. Иза т1екхетта меттиг ц1ена лору, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.

5-Дийнатан урс хьокхучун т1екхеташ долчу ц1ийна геч дина, дийнатан урс хьаькхина вортан чуьра дог1уш хилда иза я жижигица хилда иза. Амма урс хьокхучун т1е кхетта ц1иш дукха хилахь, т1аккха царна геч ца до, д1адаха деза бедар т1ера.

6-Беро декхачу хена хьала1аьттинарг. Амма яах1ума яа дола делча 1аьттинарг д1аяккха еза, цунна геч ца дина.

Вижина волучуьн багара оьху шаттан геч дина, иза даима хуьлуш ялахь. Амма наггахь бен хуьлуш яцахь, бага ц1ан ян еза.

7-Некъаца хуьлу хот шеца нажас йолу, иза т1е кхетча цунах геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.

8-Меже яьккхича охь 1енаш ц1ий доцу са долу х1ума, ша коча х1уман чу йоьжча я цхьам цу чу кхоьссича, иза цу чохь елча цунах геч дина. Амма коча х1уман чу эгна елла йолу чохь са долу х1уманаш дукха хилла цара коча х1ума хийцнехь[41 - – Коча х1уми бос я чам я хьож хийцахь.], т1аккха и коча х1ума нажас лору.

9— Ши б1е (200) литр доцучу хинчу б1аьрго ца лоцу жима нажас йоьжнехь, цуьнца хи хийца ца деллехь и хи ц1ена ду.

– Ши б1е (200) литр доцу хинчу са долу х1ума[42 - – Кхузахь лууш йолу са долу х1ума шен меже яьккхича ц1ий ца оьхуш ерг ю, лакхахь хьахийнаш санна.] йоьжьна еллехь, масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, зинтиг иштта царех тера кхиерг а, и хи т1ох1у?р хуьлу. Хи чохь цуьнан меже яьлла ц1ий далахь а хи т1ох1у?р хуьлу.

Амма хи ши б1е литр далахь а я дацахь а, цу чу легна са долу х1уманаш дукха ялахь, уьш яла елла цара хи хийцинехь, т1аккха и хи лело мегар дац, нажас хуьлу иза.

Х1ара дериге ду нагахь санна са долу х1уманаш хи чу легаш дийна хиллехь. Амма стага елла са долу х1ума хи чу кхоьссича хи нажас хуьлу, хи ши б1е (200) литр далахь а я дацахь а. 200 литр далахь, цу чу кхоьссина елла х1умано иза хийца ца хийцнехь иза ц1ена ду.

КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: ПХЬЕГ1АШ

Муьлха ц1енчу х1умах йина пхьег1а ц1ена ю, ц1аналлехь[43 - – Ламаз оьцуш, луьйчуш, кхидолучу х1уманна хи лело.] лело мегар ю, и пхьег1а т1улгах я дечигах я ц1оках я джовхарах я кхечу муьлхачу ц1еначу х1уманах йина елахь а. Цунах юккъера доккху деший, детий. Деши, дети нажас дац, ц1ена ду и шиъ, адамо шен г1уллакхашкахь лело мегаш ду. Амма дешех, детехь пхьег1а ян магийна дац, хьарам ду иза. Дешин, детин пхьег1аца яах1ума яа а, мала а магийна дац. Цершинца хи лелош ламаз эцар, лийчар хьарам ду. Иза дериге стагна а, зудчунна а цхьабоьсса хьарам ду. Дешех я детех йина я и шиъ т1етоьхна[44 - – Позолоченный, посеребренный.] цхьа а х1ума лело мегаш яц, масала: х1ума тоьгу маха, церган юкъа 1утту х1ума, кхи йолу муьлха х1ума а.

Иштта дешин, детин пхьег1а цхьанни х1умангахь лелош яцахь а, чохь д1ах1оттина латто а хьарам ду. И пхьег1а шегахь лелор магийна дац шарий1атехь.

Иштта хьарам ю дешех, детех йина яцахь а, и шиъ т1оьхула т1етоьхна[45 - – Позолоченный, посеребренный.] йолу пхьег1а. Нагахь санна шен т1е деши я дети тоьхна пхьег1а ц1ар т1е лаьцча цунахь цхьа жиммал а деши схьадалахь я дети схьадалахь, и пхег1а хьарам ю. Амма шена т1е деши я дети тоьхна пхег1а ц1ар т1е лаьцча цунах цхьа жиммал а деши я дети схьацадалахь, и пхег1а лело мегаш ю.

– Пхьег1ан йома йилла мегаш яц дешех, йома къезиг ялахь я йоккха ялахь а. Дешех жима я йоккха йома йиллина пхьег1а хьарам ю.

Амма пхьег1ан дети жима йома йилла мегар ду нагахь санна пхег1ан дети йома тоха хьашт далахь. Амма хьаштан детех йоккха йома тоьхна пхьег1а лелор дика дац, амма лело мегаш ду, лелор хьарам дац, ца лелича мелехь ду. Амма пхьег1ан дети жима йома хазаллин тоьхнехь, и тоха хьашта доцуш и пхьег1а лелор дика дац, ца лелийча мелехь ду, лелийча къа дац. Амма пхьег1ан дети йоккха йома хазаллин тоьхнехь, хьашта доцуш иза тоха, и пхьег1а лелор хьарам ду. Амма дети йома йоккха я жима хилар нехан 1адате доьрзуш ду. Цара йоккха лорург йоккха ю, жима лорург жима ю.

Кериста неха пхьег1ашна а бедаршна а т1ехь нажас юй я яций ца хаахь, уьш лелаярха лар велча дика ду, х1унда аьлча уьш нажасах ларлуш боцун дера, делахьа йилина а, йиттина а йоцуш лело мегар ду уьш, ца лелийча мелехь ду. Амма царна т1ехь билгалла нажас яций хаахь, т1аккха лело мегар ду йилин а йиттин а яцахь а. Амма царна т1ехь билгалла нажас ялахь, нажасах ц1ан йиний бен лело мегар дац уьш. Иштта ю нажасах лар цалуш волу бусалба стега пхьег1аш а, бедарш а ю, цаьрца[46 - – Нажасах лара цалуш волу бусалба стега пхьег1аца а, бедарца а.] лелон дезарг кериста неха пхег1ашца а бедаршца а лакхахь лело дезаш билгалла даьккхинарг ду.

– Дезачу т1улгех[47 - – Брилианты, изумруды, жемчуги ти. д.] йина пхьег1аш ламаз-оьцуш, луьйчуш, чохь д1ах1иттош, яах1ума юуш а молуш а, кхечу муьлхачу белхашкахь лело магийна ду.

– Нажасах йиначу пхьег1а чохь 200 литр барамел доцу хи лело мегар дац, х1унда аьлча 200 литр доцу хи нажас-пхьег1а чу доьттича и хи нажас хуьлун дера. Амма нажасах йиначу пхьег1ачохь схьаоьцу хи 200 литр я кхиъ сов далахь, т1аккха и хи ц1ена ду нагахь санна хин чохь нажаси бос я чам я хьожа гучу ца яьллехь.

Нажасах йиначу пхьег1а чохь ц1ена йолу екъа х1ума лело мега, т1еда х1ума лело ца мега, нагахь санна и т1еда х1ума 200 литр яцахь. 200 литр яцахь, иза нажас лорур ю.

ДИОЛАГ1А ДАКЪА: СИВАК

Цергашна сивак хьакхар суннат ду. Сивак лелор бохург: дечигац я кхечу х1уманца[48 - – Бехчалг, цергаш юьлу щётка (зубная щётка) я кхи ерг.] цергаш ц1ан яр, царна гуона?р мот а, доьла а ц1андар, вуо хьожа д1аяккхар ду.

Алла?х1ан Элчо, Алла?х1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: <<Аса умматан хало йийра яцахьара, аса церга омра дийра дара х1ора ламазан сивак хьакхарца>>.

Кху хьадийсо гойту Пайхамарна Алла?х1ера салават а, салам хуьлда цунна, шен уммато сивак лело мел ч1ог1а лууш хилла. Делахь а, шен умматах къинхетам а бина, царна иза суннат[49 - – Суннат дина х1ума ца дича къа дац, амма фарз ца дича къа ду, и башхалла ю цершин юккъахь.] йина йитина цо, фарз ца еш, царна хало ца ярхьам. Делахь а, иза фарз ца ярх иза лелор т1ехь мало еш хила бохург дац иза, мелла иза лелор т1ехь ч1ог1а хила бохург ду.

Иштта Пайхамаро, Алла?х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла:

<<Сивако бага ц1ан йо, Алла?х1 реза во>>.

Цундела, сивак лелочунна Алла?х1 реза хуьлу.

Сивакац даима цергаш ц1ан яр дика ду. Массо хьелашкахь суннат ю иза марха кхобуш воцучун. Марха[50 - – Фарз я суннат марх, башхала яц.] кхобуш волучун делкъа хан хиллалц лелор дика ду, делкъан т1ехь марх дасталца ца лелор дика ду. Сивак гуттар ч1ог1а хьакхар деза лоруш къаьстина хьелаш ду, уьш:

1-Муьлха ламаза далле хьалха хьакхар, фарз-ламазна а суннат-ламазна а.

2-Ламаз эца волавалле. Ламаз оьцуш сивак хьокху меттиг куьйгаш дилича, бага-мерчу хи кхарзале ю.

3-Цергаш маж елчера ц1анярхьам, церан хаза бос хилийтархьам. Я цергашна юккъахь йисина яах1ум д1аяккхархьам.

4-Къуръан я 1илман дарс[51 - – Урок шариатских знаний.] я хьадис[52 - – Хьадис, – иза Делан Элчо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла дешнаш ду.] доьшуш.

5-Набарх сама ваьлча дийнахь хилда иза я буьйсана.

6-Шен х1усаме чу воьдуш. Микъда?д ибн Шурайхьо дийцина шен дас 1аишате[53 - – 1а?ишат Делан Элчи Делера салават а, салам а хуьлда цунна х1усам нана ю.] (Дела реза хилда цунна) хаьттинера:

<<Пайхамар Делера салават а, салам а хуьлда цунна хьалхара х1ун дора ша шен х1усаме чу веъча? 1а?ишато Дела реза хилда цунна элира: «Сивакац»>>[54 - – Муслим: 253.].

7-Багара вуо хьожа йоуьйту х1ума йиича, масала: сармсекх, хох, сигаьрк, иштта царех тера муьлха х1ума.

8-Яах1ума яаза хан яьлла багара хьожа еъча.

9-Багара вуо хьожа еъча.

СИВАК ХЬАКХАРАН Г1ИЛЛАКХАШ

Все книги на сайте предоставены для ознакомления и защищены авторским правом