9785006094789
ISBN :Возрастное ограничение : 16
Дата обновления : 08.12.2023
1-Сивак дукха к1еда ца хилар церг1аш ц1ан ца еш я дукха ч1ог1а ца хилар доьлан чов еш, к1адалини-ч1аг1алини юккъахь хилар.
2-Сивак муьлха ч1ог1ачу ц1еначу х1уманах я мегаш ду, цергин можа бос д1абоккхуш йолучух. Суннат ду сивак муьлха дечигах хилар, дечигах «1уд» олуш ерг лелор кхиъ ч1ог1а суннат ду, цуьнан хаза хьожа хилар кхиъ ч1ог1а суннат ду. 1удах йолу сивакех уггаре вуолехь ерг, хица т1адаярца къад йина ч1ог1а ерг ю.
3-Сивак цергин лакхара лаха охьа ца хьокху доьла лаза ца дайта. Амма цергийн цхьан аг1онера вукха аг1оне хьокху. Маттан а сивак хьакхар суннат ду. Маттан сивак маттан лакхара лаха охьа хьокхура ю.
4-Суннат ду сивак хьакха волалуш баган аьтто аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца бен ца хьакхар. Цулт1ехь баган аьро аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца хьакхар. Цергашна т1е сивак хьокхуш к1еда хьакха еза, доьлаш лаза цадархьам.
5-Суннат ду сивак хьаькханачул т1ехь сивак хица йилар цунна т1ера боьхал я хьожа я кхиерг д1аяккхархьам.
6-Суннат ду бера жималехь дуьйна сивакан марзадар.
7-Сивак хьокхуш суннат кхочуш деш ву ша аьлла нийят хила деза, т1аккха цунна сивак хьакхаран Делера йоккха ял хьулу.
СИВАКАН ПАЙДАНАШ
Сивакан дуккха пайданаш бу, царех бу:
Бага ц1аняр, сивак хьокхучун Дела реза хилар, цергаш к1ай яр, багара хьож дика хилар, доьла ч1аг1 дар, къеж валар т1ехьо хилар, букъ нис балар, кхетам та балар, доьла шел ца далар, г1иллакх та далар, х1ума дагахь сацар ч1аг1 далар, ял сов хилар, са атта далар, шах1адат дага диийтар[55 - – Шах1адат: Ла? ила?х1а иллалло?х1 – алар ду. 1ожул т1ееъча сивак хьокхучунна шах1адат а дага дог1ура ду.].
ПХИОЛАГ1А ДАКЪА: АДАМИ СУННАТАШ
Адами суннаташ – уьш ларт1ахь долчу адмаца хила деза х1уманаш ду. Уьш Ислам – динан г1иллакхаш ду.
1-БАГА ХИ КХАРЗАР
Ламаз оьцуш бага хи кхарзар.
2-МЕРЧУ ХИ КХАРЗАР
Ламаз оьцуш мерчу хи кхарзар
3-СИВАК
Сивак лелор тайпа-тайпанчу хьелашкахь[56 - – Сиваках лаьцна лакхахь дийцина.].
4-СТАГА МЕКХ ДАЦ ДАР
Мекх дац дар Ислам динан а, Пайхамари а (Алла?х1ера салават-салам хуьлда цунна) суннат ду. Мекх дац даран куца шиъ ду:
1-Мекх до?лу лакхарчу балда т1ера ч1ор гучу даллалц мекх дац дар, ч1оьра т1екхаччалца лах цадеш. Я д1аацадошуш.
2-Лакхара ц1е балдах т1ех долуш дерг д1адаккхар ц1е балда гучу даллалц, цулла т1ех ца долийтуш.
Суннат ду мекх дац да д1аволавалар аьтто аг1ора. Суннат ду 40 де ца далийтар мекх дац цадеш. Мекх ша дац да мегаш ду я кхечуьнга дац дайта мегаш ду.
5-СТАГА МАЖ ЯХ ЯЛИЙТАР
Йоккха еха маж хилар суннат ду. Пайхамаро, Алла?х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Маж охь хеца>>.
Кхечу шен хьадийсехь цо аьлла: <<Маж гул е>>.
Мажан яхали дикох болу барам: ч1енги т1ера буй бича буйно д1алоцург бу, цулт1ех яьлларг д1ахадор дика ду йитича а х1умма дац. Буйни барамел лахара маж лелаяр дика дац, амма къа дац. Маж яц ян мегаш ду, генара хьаьжича юьхь т1ехь маж ю аьлла гуш йолучу барамел. Амма маж д1аяшар хьарам ду, къилахь ду. Маж яхка хьокхуш лелаяр суннат ду.
Коьрта месаш шар яр, царна даьтта хьакхар[57 - – Коьртанн меш шаръяр а, даьтта хьакхар а х1ора дийнахь хила мегар дац, юкъа денош довлуьйтуш хила деза.], пайхамаро, Алла?х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шен меш йолучу, церан сий дойла>>.
Меш коьрта юккъула сиз боккхуш шина аг1ора[58 - – Аьтто а, аьро а.] д1асахьакхар пайхамари, Алла?х1ера салават а, салам хуьлда цунна, суннат ду. Корта д1абаша мегаш ду. Коьртан меш т1ера а, маж юкъара а к1ежбелла чо д1абаккхар дика дац, ша ма бар 1аддабитар суннат ду. К1ежбелла корт а, к1ежъелла маж а можачу я ц1ечу басарца басара бар суннат ду. Кхечу басаца[59 - – Можанаги, ц1енаги боцуш.] а мегаш ду. Амма 1аьржачу басаца корта а, маж а басар бар хьарам ду джих1адехь доцург. Джих1адехь волучу стагна к1ежбелла корт, к1ежъелла маж 1аьржачу басаца басар бан магийна ду, х1унда аьлча мостаг1чунна шена доьхьала волу бусалба стаг к1еж велла къанвелла стаг ву ца моттийта, Маьллаъ 1аржа месаш, маж йолуш жима къона стаг ву моттийта, цунах цунна кхерам хилийта.
Меш т1е кхи меш тийсар хьарам ду. Чкъор дагор[60 - – Татуировка.] хьарам ду.
6-М1АРАШ ХЕДАЯР
Куьйга а, кога а м1араш хедаяр суннат ду стагна а, зудчунна а. Суннат ду м1араш д1айохуш аьтто куьйга т1ера волавалар, цулт1ехь аьро куьйга т1ера вола валар, цулт1ехь аьтто коган т1ера, цулт1ехь аьро коган т1ера.
М1араш д1ахедоран хан м1араш ях яларца йоьзна ю, ях елча д1ахедора ю. Имам Шафи1ис а, Дала къинхетам бойла цунах, кхи болу 1елам наха а, Дала къинхетам бойла царех, дика лаьрра х1ора п1ераскан дийнахь м1араш д1ахедор, т1ема къелара чоьш д1адахар, бехке меттиг ц1ан яр чоьш д1адашарца. М1араш д1ахедича куьйга т1ера м1арех хи хьакхар дика ду, ц1аналла кхочуш хилар ду.
Суннат ду м1араш цахедош 40 де ца далийтар.
7-ХУТТУРГАШ ЙИЛАР
– Куьйга а, кога а п1елгин хуттургаш йилар суннат ду. Х1унда аьлча, царна юккъахь боьхала гулло.
– Лергин чухула хьоьвзина меттигаш йилар а, лерг чуьра ц1андар а суннат ду.
– Мара чуьра ц1анбар суннат ду.
– Дег1 хьацарах, ченах, кхи йолучу х1умах ц1ан дар суннат ду.
8-Т1ЕМА К1ЕЛЕНАШ Ц1АНЯР
Т1ема к1еленаш ц1аняр бохург, т1ема к1елара чоьш д1адахар ду. Суннат ду т1ема к1елара чоьш куьйгаца ийзадеш д1адахар, х1ора чо цхьацца схьаозабеш. Д1адаша а мегаш ду. Суннат ду хьалхара аьтто т1ема к1еле ц1аняр, цулт1ехь аьронаг. Т1ема к1еле ц1ан ца еш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.
9- МЕРА ЧУЬРА ЧОЬШ Д1АДАХАР
Мера чуьра дах делла чоьш ийзадеш д1адаха мегаш ду. Я д1адаша мегаш ду, ийзадеш схьаацадохуш.
10-БЕХКЕ МЕТТИГ Ц1АНЪЯР
Стагна а, зудчунна а суннат ду хьалхарчу бехке меттиган гонахьара чоьш д1адашар. Дац да а, схьаийза да а, крем хьаькхина д1адаха а мегар ду, амма стагна суннат дерг[61 - – Дезох дерг.] чоьш д1адашар ду, зудчунна суннат дерг[62 - – Дезох дерг.] чоьш ийзадеш хьадахар ду. Зудчо д1адаша а, дац да мегар ду.
Шен бехке меттиг х1ораммо ша ц1ан ян еза, кхечуьнга ц1аняйтар хьарам ду. Делахь а, зудчо шен х1усам ден бехке меттиг ц1ан я мегар ду, дикох дерг стаго ша ц1анъяр ду, шен х1усам ненига ц1ан ца йойтуш. Бехке меттера чоьш д1ацадохуш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.
10-ХИЦА Ц1АНО ЯР
Хьат1 г1уллакх[63 - – Моча.] а, доккха г1уллакх[64 - – Кал.] а дича хица ц1ано яр суннат ду. Хица ца еш, кхечу х1уманца я мегар ду. Цунах лаьцна лахахь хьахадина аса «Ламазан ц1ано яр декъехь», цигахь дойзура ду хьуна цунах дерг кхачам болуш Делан пурбанца.
11-СУННАТ ВАР[65 - – Хада вар.]
К1ант суннат вар фарз ду. Йо1а суннат яр суннат ду, фарз дац. К1ант суннат вар хуьлу цуьнан хьалхарчу бехке меттера ч1ор хада дарца корта гучу баллалц. Йо1а суннат яр хуьлу цуьнан хьат1 ара долучу меттера лакхара жиммалца ч1ор хада дарца. К1ант суннат вар бахьана, иза 1овратан коьрта т1ера ч1ор д1ацадаьккхича, цунна бухахь хьатт1ан т1адамаш дисар ду, т1аккха уьш жим-жима охьа довлу, т1аккха ламаз карар долу цунна шен даьллий ца хууш, т1аккха ламаз карахь доцуш ламазаш до цо, т1аккха цунаха йоккха дакъазалла хуьлу цунна. Вуьшта а цу ч1оьран бухахь хьатт1и т1адамаш хилча цунах лазар хуьлу. Цундела фарз ду к1ант суннат вар.
Амма йо1а суннат яр бахьана, цуьнан шах1ват[66 - – Божарий безар.] лахдархьам ду. Зудчуьн шах1ват ч1ог1а хуьлу, цундела иза хьарамчух ларъеш еш ю иза суннат. Йо1 суннат яр фарз дац, суннат ду[67 - – Суннат ду бохург – мелехь ду бохург ду, ца дича къа ца хуьлуш, делахь а суннат дар пайдехь ду цадочуллаъ.], иза суннат ца йича къа дац.
К1ант а, йо1 а ч1ог1а лерина хадо дезаш ду. Хьам-хьамма да мегар дац иза, лоьро я и болх бойзучо бен.
Все книги на сайте предоставены для ознакомления и защищены авторским правом