9785006094789
ISBN :Возрастное ограничение : 16
Дата обновления : 08.12.2023
Бусулба стага деладенна деш долу пхеа ламазо и стаг шен Аллах1ана герга во, ч1ог1ачу чуханца Цунах вехкавелла а во. Ламаз дан д1ах1уттуш стага ойла йо ша деш долчу фарз ламазан, Аллах1а и де аьлла, т1едиллина хиларан а, и дича Аллах1а шена гечдаре а, и Аллах1 реза хиларе догдохийла хиларан а.
И чуха хилар бакъ хилар гойту Аллах1ан бакъчу дашо:
«Адамаш а, жинаш а Сайна г1уллакх дайта кхоьллина Ас. Суна ца оьшу цаьргара риц1къ а, цара яа х1ума яларе сатуьйсуш а вац Со. Аллах1 Ша ву риц1къа луш а, ниц1къ болуш а.»
Аллах1ан деш долу ибадат Аллах1а де аьлла, омра динарг дар ду: ламаз, закат, марха кхабар, хьаж дар ниц1къ кхачахь. Иза Аллах1 цхьаъ веш, Мухьаммад-пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) бакъ веш тоьшалла динчул т1ехь дан дезаш ду.
шоллаГ1А ДАКЪА: ХИШ
Шарий1атехь хи деъ кепара хуьлу:
– Т1ох1у?р
– Т1о?х1ир
– Нажисун
– Муста1мал
1-Т1ОХ1У?Р
Т1ох1у?р хи, – иза Дала ша ма кхоллара долу хи ду цуьнан муьлха бос а, чам а балахь, муьлха хьожа а ялахь. Иза ша ц1ена ду, кхийолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. И хи бен 1ибадатехь[5 - – 1ибадатехь бохурга: ламаз эцар, фарз я суннат лийчар я муьлха хи лело т1едиллиначу х1умангахь т1ох1у?р хи лело деза. Иштта бусалба динехь хи лело аьлла меттиг чу лоцу 1ибадат бохучу дашо.] лело магийна дац шарий1атехь, х1унда аьлча и хи ша ц1ена ду, кхи йолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. Цундела иза кхечу хих къасто хаа деза бусалба стагна.
Масала: Дог1ан хи, х1ордан хи, татолан хи, г1у чуьра хи, шовдан хи, луонах я шанах даьккхина хи, – церан муьлха хьожа я чам я бос хилахь а. Иштта Дала кхоьллина долу муьлха хи 1ибадатан ц1ена ду, иза Дала ша ма кхоллара далахь.
Амма т1ох1у?р хи йовхо лаьттачу бовхачу махкахь, эчигах я ц1естах[6 - – Медь.] йолу пхьег1а чохь малхехь дохделла долуш леладар дика дац, х1унда аьлча, цунах ч1оьран лазар долун дера. Амма шел делча лело мегар ду иза.
2-Т1О?Х1ИР
Т1ох1у?р хи, – иза Дала ша кхоьллинчу куьцера ц1еначу х1уманца хийцаделларг ду. Ц1ена хи ду иза, делахь а шех кхеттачу ц1еначу х1умано хийцина ду. Дала кхоьллина ц1ена хи шен куьцера д1адалар хуьлу, цунах кхеттачу ц1ена х1ума бахьна Дала ша кхоьллинчу басах я чомах я хьожах цхьаъ хийцадаларца. И хийцадалар шина кепара хуьлу цуьнан:
1—1аламан бахьанца[7 - – 1аламан бахьнаца бохург (это природные явления, которые происходят без участия человека).] хийцадалар.
2-Цхьам хийцар.
1—1аламан бахьанца хийцаделла хи:
Адамо я кхийолу чохь са долчу х1умано хийцина а доцуш, 1аламан бахьанца ша хийца делла хи ц1ена ду, т1ох1у?р ду иза, 1ибадатехь лело мегар ду.
Масала:
– Дукха лаьттина шен хьожа хийцаелла я чам хийцабелла я бос хийцабелла хи, – и хи т1ох?ур ду. И бохург, кху тайпа хи 1ибадатехь лело мегаш ду.
2-Шех муьлха латта эдаларца хийцаделла хи ц1ена ду. Латта хи чу ша доьжна далахь я цхьам кхоьссина далахь а башхалла яц, т1ох1у?р хи ду иза.
3-Шена чу г1аш легна, я хица хуьлучу буц я т1улг бахьана долуш хийцаделла хи т1ох1у?р ду.
4-Хи охь дог1уш цхьан метте кхаьчна, цу меттигаца хийцаделлехь, и хи ц1ена ду. Масала: Охь дог1у хи кибрит латтах хьакхаделла, кибрит хьожа йолуш далахь, и хи т1ох1у?р ду.
Я охь дог1у хи латтанах хьакхаделла хийцалахь, цу хино цу латтин бос схьаэцахь а и хи т1ох1у?р ду.
Иштта муьлха хи т1ох1у?р ду иза Дала ша ма кхоллар далахь хийцаделла а доцуш, я 1аламан бахьнаца хийцаделла далахь а.
1аламан бахьнаца хийцаделла х1ара хиш ламаз эца а, фарз я суннат лийча а, ц1ано я а, бедар йитта а, меттиг ц1ан я а, нажас д1аяккха а, муьлха 1ибадатехь а, муьлхачу х1умангахь а лело мегаш ду, х1унда аьлча, иза т1ох1у?р хи ду.
Амма 1аламан бахьнаца хийцаделла хи яах1умангахь леладар я и малар цунах могшална зе хиларх я ца хиларх доьзна ду. Зе хуьлуш далахь мегар дац, зе хуьлуш дацахь мегар ду.
2-Цхьам хийцина хи:
Т1ох1у?р ц1ена хи 1аламан бахьнаца хийцаделла доцуш, адам я кхи йолу са долу х1ума бахьан долуш хийцаделлехь, цунаха хи ала йиш йоцуш кхи цхьа х1ума хиллехь, т1аккха цу хинаха хи ца олу, цунах хилчу х1умане хьаьжина ц1е йоккху цунах. Иза 1ибадатехь лело мегар дац.
Масала: Чай, сок, чорп, жижган чорп, коктель, пепси-кола, лимонад, стоьми сок, квас, иштта хинах йина муьлха коча х1ума, ша яа я мала а ц1ена елахь а, 1ибадатехь лело мегар яц уьш, х1унда аьлча, адамо ша Дала кхоьллинчу шен суьртера хийцина уьш, 1аламан бахьанца хийцаелла а йоцуш.
Амма ц1ена долчу хи т1е ц1ена х1ума тоьхна цхьа жиммал бен хи хийца цаделлех, шех «хи» олучур д1ацадоккхуш кхи ц1е цунаха яккхал хийцина доцуш, т1аккха и хи ша ма хилар ц1ена хуьлу, 1ибадатехь лело мегаш ду, ц1енчу х1уманца жиммал иза хийцаделла далахь а. Иза 1ибадатехь лело мегар ду. Амма дукха хийцаделлехь, т1аккха т1ох1у?р ца хуьлу иза, т1о?х1ир хуьлу, т1аккха иза 1ибадатехь лело мегар дац.
– Т1ох1у?ра хих кхи йолу шен чам, бос, хьож яйна йолу х1ума иэелча, цо т1ох1у?р хийцина гуш дацахь а, (х1унда аьлча цунах иеллачу х1уми бос, чам, хьож боцун дела) хьожура ву, нагахь санна хица иеллачу х1уми чам я хьож я бос балхьари цо хи хийцина хира далхьара, цунах деккъа хи ала йиш йоцуш, т1аккха и хи хийцаделла лору, 1ибадатехь лело мегар доцуш.
Амма хих кхеттачу ц1ена х1умано хи цхьа къезиг бен хийцина хир дацахь, т1аккха и хи 1ибадатан лело ц1ена ду.
3-МУСТА1МАЛ[8 - – Муста1мал, иза – ламаз оьцуш, фарз лийчаран луьйчуш, нажас д1айоккхуш лелийна (использованный) хи ду.]
Фарз-ламаз оьцуш я фарз-лийчаран луьйчуш я нажас д1айоккхуш лелийна т1ох1у?р хи керла фарз-ламаз эца я фарз-лийчаран лийча я нажас д1аяккха мегар дац, х1унда аьлча т1ох1у?р долчера д1аадаьлла т1о?х1ир хилла цунах, х1унда аьлча иза фарз 1амалехь лелийна дера. Боьха дац иза, делахь а шеца ламаз эцале я фарз лийчале я нажас д1аяккхли ма хиллар ц1ена хи дац иза, х1унда аьлча фарзан ц1анонгахь лелийна дера, вуьшта а меже ц1ан еш цуьнан къинош д1аэцна цо шеца. Цундела, т1о?х1ур долчера д1аадаьлла т1о?х1ир хилла цунах.
Амма ламаз оьцуш шозлаг1а я кхозлаг1а меже юьлуш лелина хи, я суннат лийчаран лелина хи – цуьнца фарз-ламаз эца а, фарз-лийчар т1ера даккха а мегаш ду, х1унда аьлча, фарзан меже ца йилина цу хица суннатан меже йилина, цундела фарзан меже юьлуш[9 - – Фарз ламаз оьцуш, фарз луьчуш.] лелийна хи суннат я фарз долу х1умангахь лело мегаш дац, амма суннат долу х1умангахь[10 - – Суннат ламаз-эцар иза: 1-ламаз карахь долушехь, цунна т1е керла ламаз эцар ду. 2-Шоллаг1а я кхозлаг1а меже йилар ламаз оьцуш. 3-Суннат лийчар, фарз доцуш.] лелийна хи – фарз меже я суннат-меже юьлуш лело мега.
– Амма Ламаз оьцуш я луьйчуш волчо хи куьйгаца пхьег1ан чуьра схьаоьцуш далахь, хи схьаэца дагахь волуш пхьег1а чу куьг 1оттахь хи ц1ена ду. Амма хи чу куьг 1уттуш хи схьаэцар дагахь доцуш куьг дилар дагахь хиллехь, т1аккха хи леладина хуьлу, кхин фарз-меже йила мегаш ца хуьлу цу хица, амма суннат меже. Цу т1ехь тидаме хила веза пхьег1а чуьра хица ламаз оьцуш я луьйчуш верг. Х1ара ду нагахь санна куьг чу 1утту хи 200 литр дацахь. Амма 200 литр далахь, куьг дила ниятац цу 200 литр йолчу хи чу 1оьттича х1умма дац.
Фарз меже юьлуш лелийначу хица нажас д1аяккха мегаш дац.
4-НАЖАС ХИ
Нажас хи – иза шена чу йоьжначу нажасо[11 - – Нажас х1ун ю, цуьнан тайпанех лаьцна, нажас юьйцу декъехь хуур ду хьуна.] хин бос я чам я хьожа хийцина хи ду, иза дукха далахь я къезиг далахь башхалла яц. Иштта башхалла яц, цу нажасац хин бос а, чам а, хьожа а хийцаелча я царех[12 - – Бос, чам, хьож.] цхьаъ я шиъ я кхоий хийцаелча а. Хин басах, чомах, хьожах муьлха цхьаъ нажасац хийцалахь и хи нажас хи ду, иза к1езиг далахь а я дукха далахь а. Нажас хи цхьанни х1умангахь лело мегар дац.
Амма ц1ена хи чу нажас йоьжнехь, делахь а цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, ишттачу хин ши хьал ду:
1-Хи ши б1е (200) литр дацахь цунна чу нажас йоьжнехь и хи нажас ду, нажасо цу хин бос я чам я хьожа хийца ца хийцнехь а, х1унда аьлча ши б1е (200) литр доцу хи к1езиг хи ду, нажасан дуьхьоло ца яло цуьнга, нажасан бос я чам я хьожа цунна т1ехь гучу ца яьллехь а.
Амма ши б1е (200) литр доцу нажасац бехделла хина т1е ц1ена хи доьттина нажасац бехделла хи ши б1е (200) литр я кхиъ сов далахь, т1аккха цу хица нажаси чам я хьожа я бос хаалуш бацахь, и хи ц1анделла ц1ена хи ду 1ибадатехь лело мегар долуш.
2-Амма хи 200 литр я кхиъ сов далахь цу чу нажас йоьжнехь, цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, и хи ц1ена ду, 1ибадатехь лело мегар ду, х1унда аьлча дукха хи ду иза, нажасан дуьхьало йина, цунна т1ехь тоь?лу иза.
– Нажасац бех делла хи ц1ан делла хуьлу, нагахь санна:
1-хица йолу нажас ша д1аялахь т1аьхьа х1ума ца юьсуш, нажасан чам а хьожа а бос а ца буьсуш хица.
2-я хин т1е дуккху хи доьттина хи ши б1е (200) литр бараме кхачахь, нажаси бос а чам а хьожа а ца юьсуш, т1аккха хи т1ох1ур хуьлу, нажас хи чохь гуш ялахь а.
Амма нажасац хийцаделлачу хина т1е латта я миска я уксус я кхи йолу муьлха х1ума тоьхча[13 - – Ц1ена хи доцург.] нажас къайла ялахь а хи ц1ан делла ца хуьлу, х1унда аьлча, цу х1умнаша нажас д1ацайоккху амма къайла йоккху, т1къа цара нажас къайлаяьккхича хи ц1анделла ца хуьлу.
– Шина пхьег1а чохь ц1ена хи ду. Цершиннах цхьана пхег1ачу нажас йоьжна хи бехделла, амма муьлха пхег1а чу йоьжна ца хаа, бехделларг х1у хи ду ца хаа я ц1ен дерг х1у хи ду ца хаа. Х1ун дийра ду? Б1аьрса са долуш валахь цо хи цуьнан 1аламаташца толлура ду ц1ена дерг боьхачух схьакъасторхьам, т1аккха цу шина хих шена ц1ена хеттарг лелор ду ламаз оьцуш я луьйчуш.
Амма ши хи тиллича ц1ена хила мегарг къаста цалахь, шийи хи д1а1анора ду, т1аккха кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду[14 - – Тема дарх лаьцна дакъа т1аьхаь схьадог1ура ду. Цигахь дойзура ду хьуна тема х1ун ду, иза муха до, кхин а дуккха х1ума цунах лаьцна.], цу темаца дина ламаз юха хица ламаз эцна доькхуш т1е дан ца деза.
Амма шина пхьег1а чохь долу боьхий ц1ений хи иэделларг б1аьрзе валахь, цо хи толлура ду цу шиннах ц1ена дерги боьха дерги къасторхьам. Цуьнга ц1ена хи боьхачух къасталахь, шена ц1ена ду аьлла билгалла даьлларг лелор ду. Амма цунна цершиннах ц1ена дерг билгалла ца далахь, цо и шиъ д1адуттура дац, б1аьрса са долчо бохург дийра ду цо.
– Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь зезагах даьккхина хи ду, цершиннах ц1еннарг муьлхнаг ду, зезаган хи муьлхнаг ду ца хаа, х1ун дан деза?
Цершиннах ц1ена дерг муьлхнаг ду хьажархьам и талла ца толлуш, шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь, тема дийра ду.
– Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь хьат1 ду, цершиннах ц1еннаг муьлханаг ду, хьат1 муьлханаг ду ца хаа, х1ун дан деза?
Шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду.
Все книги на сайте предоставены для ознакомления и защищены авторским правом